СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн меттан олимпиада

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн меттан олимпиада»

Нохчийн меттан олимпиада /7 кл./

  1. Хандош къамелан дакъа ду. Цо …гойту.


а) хIуманан билгало;

б) масалла я рогIалла;

в) дар я хилар.


  1. Хандешан … спряжени йу.


а) 2;

б) 5;

в) 6.


  1. Хандешан … саттам бу.


а) 2;

б) 9;

в) 4.


  1. Лааран саттаман суффиксаш … йу.


а) -хь,-ахь;

б) -иг,-ниг;

в) -йла, -лда.


  1. Хандешан хаттаран кепаш кхоллало ... тIекхетарца:


а) суффикс -й, -ий;

б) дешхьалхе -чу,-тIе;

в) суффикс -р, -рш.


  1. Маса кепара хуьлу хандешнаш?


а) 3;

б) 4;

в) 5.


  1. Дацаран дакъалг ца, ма хандашна хьалха хилча … йаздо.


а) цхьаьна;

б) къаьстина;

в) наггахь цхьаьна.


  1. Хандешнийн латтамийн кепаш хуьлу… тайпана.


а) хенан, меттиган, Iалашонан, бехкаман;

б) берта, бертаза;

в) грамматмчески, логически.


  1. Причастица муьлхачу къамелан дакъойн билгалонаш хуьлу?


а) цIердешан, терахьдешан;

б) билгалдешан, цIерметдешан;

в) билгалдешан, хандешан.


  1. Причасти йоьрзу….


а) цIердешнашка, билгалдешнашка;

б) терахьдешнашка, куцдешнашка;

в) цIерметдешнашка, хандешнашка.


  1. ХIун йу деепричасти?


а) предложенин меже;

б) къамелан дакъа;

в) хийцалуш йоцу хандешан форма.


  1. Масдар олу…


а) хандашах хиллачу цIердашах;

б) гIуллакхан къамелан декъах;

в) предложенин тайпанех.


  1. Масдарх предложенехь …хуьлу.


а) латтам, къастам;

б) подлежащи, хIоттаман сказуеми;

в) нийса кхачам, лач кхачам.


  1. Куцдашо …гойту.


а) дар йа хилар;

б) масалла, рогIалла;

в) даран йа хиларан тайп-тайпана билгалонаш.


  1. Куцдешнийн … тайпа ду.


а) 5;

б) 9;

в) 7.

  1. Куцдешнийн 3 дарж ду.


а) юьхьанцара, дустаран, тIехдаларан;

б) цхьалхе, чолхе, хIоттаман;

в) къастаман, къастамза, дацаран.


  1. Дацаран дакъалг ца куцдешнашца … йаздо.


а) къаьстина;

б) цхьаьна а, къаьстина а;

в) цхьаьна.


  1. ДештIаьхье стенах олу?


а) дешан декъах;

б) гIуллакхан къамелан декъах;

в) предложенин меженах.


  1. ДештIаьхьенийн тайпанаш ду:


а) юьхьан, юьхьза, билгалза - юьхьан;

б) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам;

в) хенан, меттиган, даран суьртан, Iалашонан, юкъаметтигаллин.


  1. Хуттургаш хуьлу…


а) берта, бертаза;

б) коьрта, коьртаза;

в) цхьаьнакхетаран, карара.


  1. Карарчу хуттургийн тайпанаш ду…


а) дозаран, дуьхьлара, къасторан;

б) йаххьийн, цIеран, айдаран.

в) бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан.


  1. Синтаксически къастам бе предложенешна:


а) Сарахь доладелира мела догIа.

б) Сан дедас со чIогIа хьоьстура.

в) Гуьйренан махо лестадора гIаш.


  1. Дешан хIоттаман къастам бе дешнашна:


дешархо, хьолада, бешлелорхо.


  1. Дакъалгаша дешнашна йа предложенешна ло …


а) керла маьIна;

б) тайп-тайпана маьIна;

в) лексически маьIна.


  1. Дакъалгийн тайпа … ду.


а) 3;

б) 7;

в) 8.


  1. Айдардош … ду:


а) гIуллакхан къамелан дакъа;

б) коьрта къамелан дакъа;

в) предложенин коьртаза меже.


  1. Нохчийн меттан дожар …ду:


а) 3;

б) 6;

в) 8.


  1. Дешан хIоттаман дакъош ду:


а) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам;

б) кхачам, къастам, латтам.

в) дешхьалхе, орам, суффикс, лард, чаккхе.


  1. Вайн алфавитехь нохчийн мукъа элп … ду.


а) 6;

б) 5;

в) 4.


  1. Шуьйрачу новкъа меллаша йогIура машен. ХIокху предложенехь меллаша

боху дош …


а) къастам бу;

б) латтам бу;

в) кхачам бу.