СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн оьзда г1иллакхаш

Категория: Внеурочка

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн оьзда г1иллакхаш»

Чу-ара меллаша валар



Хаттар: Чу-араволуш неI дIа муха къовла еза?

Жоп: ЧIогIа тIе а ца кхоьтуьйтуш, меллаша дIакъовла еза неI.



Хаттар: НеI тIетохар бусалба динца догIуш дуй?

Жоп: Дац, хIунда аьлча бусалба дин кIеда а, мерза а ду.



Хаттар: ХIара дешнаш хьенан ду: «Цхьана а хIуманца кIеда–мерза хилар хир ма дац, цо и хIума хаздиний бен»?

Жоп: Хьадисехь деъна ду и дешнаш, Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) элира аьлла.





Салам далар



Хаттар: Бусалба дин шеца девзуш долу маршалла хаттар муьлхург ду?

Жоп: «Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабаракатухI» аьлла, салам даларца девзу бусалба дин.



Хаттар: ХIун маьIна ду «ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабаракатухI» бохучу дешнийн?

Жоп: «АллахIера маршалла хуьйла шуна, Цуьнгара къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьйла шуна» бохург ду иза.



Хаттар: Нагахь бусалба зударий шайга Iарбийн маттахь салам дала марзбелла бацахь, цаьрга маршалла муха хоттур ду?

Жоп: «АллахIера маршалла хуьйла шуна», - я, - «АллахIера къинхетам хуьйла шуна», - я, - «АллахIера беркаташ хуьйла шуна», - эр ду.



Хаттар: Хьадис чекхдаллалц дIадеша.

Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) аьлла: «Шу ялсамане гIур ма дац, шу иман диллина хиллалц, шу кхоччуш иман диллина а хир ма дац, ……..».

Жоп: Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) аьлла: «Шу ялсмане гIур ма дац, шу иман диллина хиллалц, шу кхоччуш иман диллина а хир ма дац, шу вовше деззалц».



Хаттар: Бусалба нах вовше безаран билгало хIун ю?

Жоп: Бусалба нах вовше безаран билгало - цара шайна юккъехь салам даржор ю.



Хаттар: Къамел чекхдаккха.

Нагахь бусалба динера салам а дитина, хьо кхидолу маршалла хаттарна тIе валахь, ахь салам далар ...

Жоп: Доь, урс хьокхий.



Хаттар: АллахIан Элчано (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) хIун аьллера Анасе салам даларх лаьцна?

Жоп: Цо (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) аьлла: «Хьо хьайн доьзална тIевоьдуш а, хьайн хIусам чу волуш а салам лойла ахь. Ахь цаьрга салам делча, хьуна а, хьан охIланна а цунах беркат хир ду».



Хаттар: Муьлхха а мажлисе кхаьчча, уггар хьалха дан дезарг хIун ду?

Жоп: Салам дала деза.



Хаттар: ДIайсакъаьсташ луш долу салам дезох дуй вовшахкхетча лучул а?

Жоп: ХIан-хIа, цаьршиннан дозалла цхьаъ ду.





Чоьхьаволуш хаам бар



Хаттар: Цхьаьннан керта я хIусам чу воьдучо цкъа хьалха хIун дан деза?

Жоп: Цу кертарчу нахе хаам бан беза, ша чувогIуш вуй.



Хаттар: Ткъа ша чувогIуш вуй хаам бан безаш хиларан бахьана хIун ду?

Жоп: Нах кхера ца балийтархьама а, уьш хьо тIелаца кийча а боцуш, чоьхьа а ваьлла, церан сакхташ лехьориг ца хилархьама а беш бу хаам. Иштта хьайна бало хьанал болчу зударийн Iовраташ гарх ларвалархьама а, шайн чохь паргIата Iаш болу, духар тIедоха ца ларо тарло уьш.



Хаттар: Хьо хIусам чуволуш, хаам муха бийр бара ахь?

Жоп: Я йовхарш тоьхна, я вистхилла, я мачашца жимма гIовгIа йина хаам бийр бара ас.



Хаттар: Стаг шен доьзална тIе воьдуш, Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) дан цамагийнарг хIун ду?

Жоп: Цаьрга хаам а ца беш, царна тIе вахар ца магийна.



Пурба даккхар



Хаттар: Ден-ненан, йиш-вешин я кхечеран чоь чу вахале хIун дан деза?

Жоп: Церан чоь чу вахале хьалха цаьргара пурба даккха деза.



Хаттар: И пурба массаьргара а даккха дезаш дуй?

Жоп: ХIаъ, и пурба массаьргара а даккха деза!



Хаттар: ХIун бахьана ду и пурба даккха дезаш хиларан?

Жоп: Цу чохь верг шен духар хуьйцуш хила тарло, я паргIатваьлла Iуьллуш хила тарло, я ган йиш йоцу бедар а, кхиерг а хила тарло охьайиллина чохь.



Хаттар: IабдуллахI ибн МасIуда хIун деш хилла, шен чу валале?

Жоп: Йовхарш тухуш хилла цо.



Хаттар: ХIун Iалашо йолуш тухура цо йовхарш?

Жоп: Шена цадезаш долу сурт ца гархьама: чохь низам доцуш я зуда кечъелла йоцуш.



Хаттар: Воккхачо даккха дезий пурба, шен кхиина ваьллачу доьзалхочун чоь чу волуш?

Жоп: Деза.



Хаттар: Кхиина даьлла доцучу беро муьлхачу кхаа хенахь даккха деза пурба, ша чудалале?

Жоп: Iуьйре тIекхачале а, дийнахь а, буса а.





НеI тохар



Хаттар: ХIусам чу волуш неI муьлхачу барамехь тоха еза?

Жоп: Чохь волчунна неIарехь цхьаъ вуй хуур долчу кепара.



Хаттар: НеI чIогIа тоха хIунда мегар дац?

Жоп: Цу хIусам чуьранаш кхерабала тарло.



Хаттар: ЧIогIа неI етташ верг хьанах тера ву?

Жоп: Зуламхойх тера ву иза.



Хаттар: Ша неI тоьхча цхьанна а ца хезнехь, юха тохале мел хан ялийта еза?

Жоп: Я ламаз эца, я ламаз дан, я диъ ракаIат дан езачу хан чохь собар дийр ду, шолгIа неI ца тухуш.



Хаттар: Кхузза неI тоьхча, хIусамдас схьа ца йиллича, хIун дан деза?

Жоп: ДIаваха веза.



Хаттар: НеIарна хьалха лаьтташ а волуш, неI тухуш, муьлхачу агIора верза веза?



Жоп: Я аьрру, я аьтту агIора верза веза. ХIунда аьлча нийсса дIавирзича, хIусам чохь ган цадезарг ган тарло, и гича хIусамда реза а хин воцу.





Ша мила ву хоуьйтуш, шен цIе яккхар



Хаттар: НеI тоьхча, - «хьо мила ву?», - хаттахь, муха жоп дала деза?

Жоп: Хьо вевзур волу цIе яккха еза.



Хаттар: «Хьо мила ву?» - аьлла хаьттича, хIун ала мегар дац?

Жоп: «Со ву», я «цхьаъ ву», я «адам ду», я «стаг ву».



Хаттар: Нагахь ахь неI тухучу хIусам чохь волчунна хьан аз девзуш делахь, хьайн цIе яккхар тIерадолий хьуна?

Жоп: ЦIе яккхар тIера ца долу, хIунда аьлча адамийн аьзнаш тера догIуш хила йиш ю.

Хаттар: «Мила ву?», - хаьттича, - «со ву», - аьлла жоп далар хIунда ца дезаш хилла Пайхамарна (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна)?

Жоп: Цхьа а маьIна доцу жоп долу дела иза.





Бехказавалар



Хаттар: Нагахь, хьалххе хаам а ца беш, хьайн бусалба ваша волче а вахана, цо хьайга аьлча: «Бехк ма биллалахь суна, йиш яц сан», - цуьнан бехказло къобалъян декхар вуй хьо?

Жоп: Цуьнан бехказло къобалъян еза, хIунда аьлча шен чуьра хьал цунна дикох девзу. Масала, цомгуш адам хила тарло чохь.



Хаттар: Цуьнан бехказло къобалъяр фарз дуй?

Жоп: Ду. АллахIа Шен Сийлахьчу Къуран чохь билгалдина и!



Хаттар: Бусалба гIиллакхашца догIуш дуй - «бехк ма биллалахь суна, йиш яц сан», - алар?

Жоп: Ду. Мелхо, ала деза, эхь а ца хеташ.



Хаттар: Хьалха хиллачу баккхийчу Iеламнаха хIун дора, шаьш цхьаьнга дахале?

Жоп: Цара хоттуш хилла: «Хьан хан хир юй? Мукъа хир вуй хьо? Цхьанхьа а ваха везаш-м вац хьо?», - олий.



Хаттар: Хьо волче хьаша-да веъча, цуьнга хьо цIахь вац олуьйтур дара ахь я, дуьхьал а ваьлла, хьайн йиш цахилар ма-дарра дIаэр дара?

Жоп: Дуьхьал а ваьлла, сайн йиш цахилар довзуьйтур дара ас. ХIунда аьлча чохь вац алар - харцлер хир дара.







Нехан чу ца хьежар



Хаттар: Нехан хIусам чу ваха пурба доккхуш велахь, стенах ларвала веза хьо?

Жоп: БIаьрса лардан деза: нехан хIусам чу а ца хьоьжуш, хьайна хьарам хин долчу хIуманах лар а луш.



Хаттар: Нехан хIусам чу хьажале пурба даккха дезий?

Жоп: Деза, хIунда аьлча пурба а ца доккхуш чухьажар - пурба а ца доккхуш чувахар санна ду, ткъа иза хьарам ду!



Хаттар: Шена пурба далале хIусам чу хьаьжначуьнан Далла хьалха муха хьал ду?

Жоп: АллахIана муьтIахь волчера дIаволу иза.



Хаттар: Ша шен месаш нисъеш а волуш, жимачу Iуьргахула чухьоьжуш стаг хиллий хиъча, хIун элира цуьнга АллахIан Элчано (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна)?

Жоп: Цо (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) элира: «Хьо чухьоьжуш вуй суна хиънехь, ас хIара ехк бIаьрга Iуттур яра хьуна!».





Мачаш тIейохаран-дIаяхаран гIиллакх



Хаттар: Муьлхха а хIусам чуволуш ларъян еза коьрта бакъонаш схьайийца.

Жоп: Уьш ю:

• Чувалар а, аравалар а кIеда-мерза, паргIата хилийтар;

• БIаьрса а, аз а (гIовгIа ца еш) лардар;

• Мачаш шен меттахь дIаяхар а, нис а йина дIахIиттор а, цIена хилийтар а, тIехь боьхалла я хатт боцуш.



Хаттар: Мачаш тIейохаран-дIаяхаран гIиллакхаш дийца.

Жоп: Мачаш тIейохар аьтту кога тIера доло деза, дIаяхар - аьрру кога тIера.





ХьошалгIахь нийса охьахаар



Хаттар: ХьошалгIахь хьайга охьахаа аьлча, хIун дан деза?

Жоп: ХIусамдас билгалйиначу метте охьахаа веза, кхечанхьа хаа мегар а дац.



Хаттар: Дийца, хIунда ду и иштта.

Жоп: Шен чуьра хьал хIусамдена дикох девзу. Цо билгалйиначу метте а ца хууш, хьо кхечанхьа охьахиъча, ган цадезарг ган тарло хьуна. Масала, дIайсалелаш болу зударий.



Хаттар: Нехан чохь ламаз деш, цу чуьра хIусамдена имамалла дан, ша хьалхавала мегар дуй хьаша?

Жоп: Мегар дац.



Хаттар: Ткъа хIусамдас хьалхаваьккхича мегар дуй хьешана имамалла дан?



Жоп: Мегар ду.





ХьошалгIахь бIаьрса лардар



Хаттар: Нехан хIусамехь буьйса йоккхуш соцучо лардан дезарг дийца.

Жоп: Нехан чохь буьйса йоккхург ларвала веза:

• Чохь дIайсахьежарх;

• Къевлина йолу хIума схьаястарх;

• Ган ца дезачуьнга хьежарх.



Хаттар: Лакхахь хьахийна белхаш бусалба динан гIиллакхашца догIуш хIунда дац?

Жоп: ХIусамдас, хьох теша а тешна, буьйса яккха чуваийтина волу дела хьо.





ХьошалгIа вахаран хан



Хаттар: ХьошалгIахь мел хан яккха мегар ду?

Жоп: ХIусамден а, хьешан а юкъаметтиге хьаьжжина хила еза йоккхуш йолу хан.



Хаттар: ХьошалгIа ваха мегар доцу хенаш йийца.



Жоп: Чохь берш дIабуьйшучу хенахь: делкъанна хуьйла иза я буса, бен а дац. Цара хIума юучу хенахь а. ХIусамдас садоIучу хенахь а.





Къамел даран гIиллакх



Хаттар: ХьошалгIахь къамел муха дан дезаш ду?

Жоп: Хьоле хьаьжжина дан деза къамел. Дуьйцуш цхьаъ долуш, юккъехула кхидерг долор а, забарш яр а гIиллакхехь дац. Иштта доцца дан а деза къамел.



Хаттар: Мажлисехь жимахверг вистхила маца мегар ду?

Жоп: Я шега баккхийчара хаттар дича, я ша олург, царна хазахетар долуш, пайде хIума делахь вистхир ву жиманиг.



Хаттар: Ткъа вистхилар муха хир ду цуьнан?

Жоп: Аз ца айдеш, баккхийчарна хаззал барамехь дийр ду цо къамел, дукха дах а ца деш.





Чуволуш салам далар а, куьг далар а



Хаттар: Мажлисе дуьххьара чоьхьаваьлча хIун дан деза?

Жоп: Салам дала деза.



Хаттар: Нагахь санна ахь салам куьйгаца луш хилча, хьанна тIера волавала веза?

Жоп: Шен хенаца, я Iилманца, я АллахIах кхерарца лакхара дарж долчуьнга лур ду хьалха салам.



Хаттар: Кхечунна тIера дIаволавала мегар дац?

Жоп: Мегар дац.





Шинна улле охьахаар а, къамел дар а



Хаттар: Шина адамна юккъе охьахаа мегар дуй?

Жоп: Дац. Цаьршинна я аьтту агIора, я аьрру агIора охьахаа веза.



Хаттар: Ткъа цаьршиннан пурбанца, юккъе охьахууш хилча, охьахаар муха хила деза?

Жоп: Цушинна новкъарло а ца еш, когаш дIайса а ца бохуьйтуш охьахаа веза.



Хаттар: Цаьршимма шайна юккъехь дечу къамеле ладогIа мегар дуй?

Жоп: Дац, ирча хIума ду и.



Хаттар: Нахана лууш а доцуш, церан къамеле ладугIучунна къемат-дийнахь хIун Iазап хир ду?

Жоп: Лалийна даш дуттур ду цуьнан лергаш чу.



Хаттар: Цхьаьна Iаш кхо стаг а волуш, шимма къайлаха къамел дан мегар дуй?

Жоп: Дац. ХIунда аьлча царна юккъера марзо дIаяла тарло.



Хаттар: Уьш кхоъ а воцуш, виъ хилча мегар дуй шимма къайлаха дийца?

Жоп: Мегар ду.





Воккхачуьнца гIиллакхе хилар



Хаттар: Воккхачуьнца цхьаьна новкъахула дIавоьдуш хилча, цунна муьлхачу агIора вала веза?

Жоп: Аьтту агIора вала веза.



Хаттар: Чу-араволуш воккхачунна хьалхавала мегар дуй?

Жоп: Мегар дац, гIиллакх цахилар ду и.



Хаттар: Пайхамарна (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) аьтту агIо езаш хилла, ткъа воккха стаг аьрру агIора волуш, хьо аьтту агIора хилча, цунна хьалхавала мегар дуй?

Жоп: Дац. Суннатца догIург - хьалха воккханиг я даржехь лакхарниг чу-аравалийтар ду.



Хаттар: Кхин хIун гIиллакхаш лардан деза воккхачуьнца?

Жоп: Воккхачуьнца лардан дезарг:

• Цуьнга салам далар а, цуьнгара салам схьаэцар а;

• Могшалла, хьал хаттар;

• Цо дечу къамеле леррина ладогIар;

• Цуьнан къамел хьалхадаккхар;

• Цуьнца деш долу къамел кIеда-мерза хилийтар;

• Цуьнан цIе нийса яккхар.

Масала, Iеламстагах «Шайх» олуш. Дарже я Iадате хьаьжжина яккха еза цIе.





Хьошалла лелорехь воккханиг а, везаниг а хьалхаваккхар



Хаттар: Хьошалла лелорехь мила хьалхаваккха веза?

Жоп: Воккханиг я даржехь лакхарниг.



Хаттар: Цул тIаьхьа хьанна тIера волавала веза?

Жоп: Цул тIаьхьа аьтту агIора болчарна тIера волавала веза.



Хаттар: ХIун бахьана ду иштта и дан дезаш хиларан?

Жоп: Пайхамаран (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) суннат лелоран билгало ю и.



Зуда ялош мах бечахь а, тойнехь а лелийча дика долу гIиллакхаш



Хаттар: Зуда ялош мах бече ваха везий?

Жоп: Ваха веза, хIунда аьлча цига вахар суннат ду. Ткъа нагахь хьоьга-хьайга кхайкхинехь, важиб хуьлу цунах, цигахь хьарам хIуманаш хир долуш дацахь. Амма, къаьсттина хьоьга олуш а доцуш, «шу кхайкхина ду шуна, схьадуьйлалаш», - аьллехь, важиб долчера дIадолу, суннат хуьлу.



Хаттар: Мах бар маьждигехь хилийтар дика дуй?

Жоп: Дукхахболу Iеламнаха ала-м аьлла иштта, делахь а, цунна тоьшалла деза. Дика хиллехь, Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) лелийна хир дара иза. Амма мага-м мегар ду, байккхийчара йоьIан цIерачаьрца маьждигехь мах бан. Мегар дац нускал чу а далош-м. Иштта, маьждигехь мах бар деза ду, цунах беркат хуьлу бохучу кхетамца лелош хила а ца деза, цунах бидIат хир ду.



Хаттар: ХIун ният хила деза тойне воьдучуьнан?

Жоп: Пайхамаран (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) суннат кхочушдан ният хила деза.



Хаттар: Тойнехь хIун гIиллакхаш лело деза?

Жоп: Тойнехь лело деза гIиллакхаш ду:

• Хаза духар доьхна вахар;

• Цигахь сингаттаме хIуманаш ца дийцар;

• Пайхамара (Делера салам а, маршалла а хуьйла цунна) деш хилла долу доIа дар: «Дала беркат дойла шух (хьох). Дала беркат дойла шуна (хьуна). Шуьшиннан цхьаьнакхетар Дала диканца дойла».





Деца-ненаца гIиллакхе хилар



Хаттар: Шайца дика а, гIиллакхе а хила уггар чIогIа хьакъ берш муьлш бу?

Жоп: Да-нана ду.



Хаттар: Цушиннах хьакъ хиларехь лакхара муьлхург лору?

Жоп: Нана ю хьалхара.



Хаттар: Дена-нанна хьалха а ваьлла ваха мегар ду?

Жоп: Мегар дац.



Хаттар: Да-нана охьахаале, охьахаа мегар дуй?

Жоп: Мегар дац. ХIума яа охьахууш хуьйла, я новкъахь хуьйла, я кхечу хьолехь а, да-нана охьахаалц собар дийр ду.



Хаттар: Ден-ненан цIе яккхар гIиллакхехь дуй?

Жоп: Дац. ГIиллакх доцуш хилар ду цаьршиннан цIе яккхар.



Хаттар: Деца-ненаца дика хилар фарз дуй?

Жоп: Ду.



Хаттар: Деца-ненаца лело мегар доцучух лаьцна дийца.

Жоп: Кураллаш лело а, тIечеха а, аьлларг цадан а, аз айдан а, везван а, «уфф» ала а мегар дац.



Хаттар: Ден-ненан самукъадаккхар, царна хазахетийтар - дика Iамал юй?

Жоп: Уггар езачу Iамалех цхьаъ ю иза.



Хаттар: Суннат-ламаз деш а волуш, дас-нанас кхайкхича, хIун дийр ду?

Жоп: Ламаз дацдийр ду, цаьршинна сихха жоп далархьама. Фарз ду дас-нанас кхайкхича сихха жоп далар.



Хьешаца лело деза гIиллакх



Хаттар: ХIун гIиллакхаш лело деза хьешаца?

Жоп: Хьешаца лело деза гIиллакхаш ду:

• Лерам бар а, сий лардар а;

• Юккъера барамехь яахIума ялар;

• Охьахуу меттиг дика хилийтар;

• Делкъанна а, буса а дIавуьжу меттиг хилийтар;

• Къилба мича агIора ю билгалдар;

• ЦIано ян меттиг а, ламаз оьцу меттиг а гайтар, цIена гата далар, наб ларъяр.





Шен куц-кеп хаза лелор



Хаттар: Муьлххачу а стагана дуьхьалвоьдуш я цуьнца вовшахкхеташ хилча, куц-кеп а, духар а муха хила деза?

Жоп: Духар а, куц-кеп а хаза хуьлуьйтур ду шен.



Хаттар: ХIун бахьана ду и иштта хиларан?

Жоп: БIаьргана тов куц-кеп а, духар а хаза хилча!



Хаттар: Стенах ларвала веза куц-кеп хаза лело гIертарг?

Жоп: Бала боцуш хиларх ларвала. Масала, кач нисбарехь а, мачаш цIанъярехь а.





Цакхеттарг хаттар



Хаттар: Цакхеттачо, къамелана юкъара а воккхуш, хаттар дала мегар дуй?

Жоп: Мегар дац. Къамел дина валлалц собар дан деза.



Хаттар: Муьлхачу мажлисехь мега стаг къамелана юкъара а ваьккхина, цуьнга хаттар дала?

Жоп: Iилма Iамочехь мега, амма цигахь а цхьа бехкам ларбан беза - хаттар кIеда-мерза далар. Наггахь цхьайолу меттигаш хуьлу, хьехархо ца мегаш, ша цхьаъ дуьйцуш а волуш, шега хаттар делча, ишттачу хьолехь лур дац хаттар, къамел дина валлалц.





Кхечуьнга диначу хаттарна жоп далар



Хаттар: Хьо мажлисехь Iаш волуш, кхечуьнга хаттар делча, цуьнан метта жоп дала мегар дуй?

Жоп: Мегар дац. Цул сов, цу къамелана юкъагIерта а йиш яц, хьайга хатталц.



Хаттар: ХIун бахьана ду иштта дан мегаш цахиларан?

Жоп: Хаттар диначуьнан сий ца деш хуьлу хьо, цкъа делахь. ШолгIа, хьайга хоьттуш доцуче юкъагIерташ хуьлу.





Вижиначуьнан хьал лардар



Хаттар: Вижина стаг волчу чохь лардан дезарг дийца.

Жоп: И стаг самаваккхарх а, цунна новкъарло ярх а ларвала веза.



Хаттар: ТIаккха и стаг сама ца ваккха хIун лело деза вай?

Жоп: Аз лахдина хила деза, чохь меллаша лела веза, татанаш дан ца деза.





Бусалба зуда хьошалгIа яхар



Хаттар: ХIун лардан деза бусалба зудчо хьошалгIа йоьдуш?

Жоп: Бусалба зудчо хьошалгIа йоьдуш лардан дезарг:

• ХьошалгIа воьдучу хенахь яхар: дукха Iуьйранна а ца йоьдуш я нах дIабуьйшучу хенахь а ца йоьдуш;

• ХьошалгIа яхча, нахана новкъарло ца яр, кIеда-мерза хилар;

• ХьошалгIахь дукха ца Iар.



Хаттар: ХьошалгIахь дукха Iар дика хIунда ца лору?

Жоп: Пайде дерг дийцина даьлча, эрна къамелаш а, эладиташ а, доцург а дийца долало дела адам.



Цхьамма шега цхьаъ дуьйцуш хилча, дуьйцург шена хууш дуй цахаийтар



Хаттар: Цхьамма хьайга дуьйцург хьайна девзуш хилча, хIун дийр ду?

Жоп: Цо дуьйцург хууш дуй ца гойтуш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладугIур ду цуьнга. Цуьнан къамелана юкъа а гIертар вац.





Халахеташ, лазаме долу хIума довзийтар



Хаттар: Бес-бесара хьелаш нисло, цхьаьнга лазаме долу хIума дIаала дезаш. Масала, гергара стаг веллехь я лазийнехь. ТIаккха муха бан беза и хаам?

Жоп: ДIадолор кIеда-мерза хила деза. Масала, «Суна хеззера и (цIе яккха еза) чIагIвелла ву бохуш…».



Хаттар: Стаг велла хилар муха хаийта мегар дац?

Жоп: «Мила велла хаьий хьуна!», - аьлла, хаам бан мегар дац. Адам кхерадала тарло, шен гергара нах дага а баьхкина. Цундела веллачуьнан цIе йоккхур ю.

Аз ца айдар



Хаттар: Цхьаьнца къамел деш, вистхилар муха хила деза?

Жоп: КIеда-мерза, паргIата, аз ца айдеш дан деза къамел. ХIунда аьлча хьашто йоцуш аз айдар – гIиллакх цахилар ду.



Хаттар: Нийсархочуьнца а, уллера доттагIчуьнца а мегий аз айдина къамел дан?

Жоп: Мегар дац. Мел уллера адам делахь а, гIиллакх лело деза.



Хаттар: Къаьсттина леррина хьаьнца лело деза и гIиллакх?

Жоп: Деца-ненаца а, уьш санна лерамечу баккхийчу нахаца а.





Кадам бар



Хаттар: Кадам бар мелехь дуй?

Жоп: Ду, шеко а йоцуш.



Хаттар: Кадам муха бан беза?

Жоп: Цуьнан бала хьайн бала а хеташ, цунах дог лозуш бан беза кадам.



Хаттар: Ял йоцург, кхин хIун карайо стагана кешнийн кертахь, адам дIадуллуш?

Жоп: Хьехар карадо – вайн хIораннан а чаккхе мичахь хир ю дагадогIу цунна.



Хаттар: ХIун гIиллакхаш лардан деза кадам бечехь?

Жоп: ХIара гIиллакхаш лардан деза:

• Кадам беш, веллачунна доIа дар;

• Тайп-тайпана аяташ, хьадисаш далор, оцу стагана атта хилийта и бала лан. Масала, вай а и велларг санна дIадаха дезаш хилар дагадаийтар, хIора адам дала дезаш хилар, собаречарна АллахIа ял лург хилар дагадаийтар;

• Эрна къамел цадар, пайде дерг дийцар.