СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн Республикан халкъан поэтаца Рашидов Шах1идца цхьанакхетар.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн Республикан халкъан поэтаца Рашидов Шах1идца цхьанакхетар.»



Нохчийн Республикан

халкъан поэтаца

Рашидов Шах1идца цхьанакхетар.































Подготовила: Библиотекарь Зулкарнаева Л.Х.









Ведущий: Ненан мотт ларбеш, цуьнан сий деш и толлуш, ша нохчи хиларх воккхавийна ца волуш, цунах ца 1ебаш, шен а, нехан а дог девзаш, адамалла, ц1ано, юьхь,яхь, г1иллакх, къинхетам, нийсо, эхь, бехк, оьздангалла, ларам,бакъо, сий, шен ден-ненан хьашташка хьажар, уьш доза доцуш безар, боккха безам шен дагчохь лелош волчу к1антана лерина долу цхьанакхетар д1адахьа вовшахкхетта вай тахана. И ву вайн къоманна делла дика а, совг1ат а Рашидов Шах1ид Рашидович, Нохчийн халкъан поэт. Нана, Безам, Даймохк боху дешнаш вовшех къасто таро йоцуш деха вай. Уьш вайн дегнех д1аийна ду. Уьш вайна хезна ваьш кога ирх1уьттуш дуьйна. Вайн махках вай Нана- Нохчийнчоь олу. Вайн Нохчийнчоь цхьаъ бен яц. Цо йовхо ло вайна. Стигларчу седарчаша ваьшка къамел дой-те олий хетта. Вайн Даймехкан, ден-ненан, вешан сий наха лардийр дац, вай-ваьш ду церан дай. Вайн дайша йитина ю вайна йоккха бог-ненан мотт .И ларбан беза. Х1ара цхьанакхетар д1адолалуш «Ненан мотт» ц1е йолчу байте ладог1а таро хир ю вайн. Дешнаш Рашидов Шах1ида ду, д1айоьшу Курбанова Раянас.

Байт: «Ненан мотт»

Кхул т1ахьа вайн цхьанакхетар д1ахьур ду вайн школерчу дешархоша. Вайна хезар ю Рашидов Шах1идан байташ а, царна т1ехь даьхна иллеша, цуьнан таро хир ю ша мел ч1ог1а даг чу вижина, ша муха лору хаа а.



  1. Ведущий: Де дика хуьлда шун тхан лераме хьаша а, цуьнан сий деш, тахана кхуза мел веанчун а!



  1. Ведущий: Тахана вовшахкхетар докха совг1ат ду вайна х1оранна а. Вай Нохчи хилар а, вешан Даймохк безар а, цунах шен мотт ца къастор а гойту Рашидов Шах1ида шен байташкахь. Ушь д1айоьшур ю 6-7чу классашкарчу дешархоша:

  1. Арсанукав Идриса «Вина латта»

  2. Абубакаров Рахьима «Даймахке безам»

  3. Дараев Хьамзата «Дахарехь»

  4. Багакашвили Керима «Даймехкан некъашца»

  5. Сельмурзаев Юсупа «Сан Нохчийчоь»



  1. Ведущий: Цхьанна а къоман дац аьлла хета суна шен да-нана вай санна ларар, уьш доза доцуш безар а. Шен нене болчу безамо дахаран ницкъ луш, цуьнгара масала эцаро г1алатах ларвеш, чолхечу «дахаран аренах» корта айъина чекхваьлла Рашидов Шах1ид.



  1. Ведущий:Цо язйо байташ шен ненах, дог доьлхачу, дог доьлучу нанойх лаьцна, кхерчан са Нана хилар а довзуьйтуш.

Царех цхьаерш йоьшур ю 7 классерачу дешархоша: Чутаева Фаризас «Ас наной хестабо», Мирзаева Имана а «Ненах дош».

  1. Ведущий: Зевне ду поэтан аз, иза геннара хеза, цкъа хезча юх-юха а хаза лаьа.

Халкъан дагах д1аийна иза. Цунах халкъан аз хилла. Цуьнан байташ т1ехь даьхна дуккха а иллеш ду. «Гечделахь, нана» ц1е йолу илли д1аэр ду Сагариева Даянас, Висамбиева Хьавас.



  1. Ведущий :Шен ц1еначу а, оьздачу а, г1иллакхашца хестайо цо муьлхха а нохчийн йо1. Ша хазхиларх массо х1ума д1аг1ур ду моттар нийса доций а хоуьйту.Т1ейог1у къона б1аьсте дуьненан б1аьрг боьллуш юй хоуьйтуш ю цуьнан х1ора байт а.

  1. Ведущий : Къона а, къена а, йоьхна а, яьржина а ойланаш хьостуш, безамо велучуьнан, цо велхочуьнан дог парг1ат-доккхуш ю цуьнан безамах лаьцна йолу байтанаш. Уьш д1айоьшур ю вайна

Темирсултанов Зелимхас «Безам», Исаева Селимас «Хаалахь», Абубакаров Сайхана «Ас лехнариг», Висамбиева Хьавас «Вог1у со», Багакашвили Хедас «Хьан байташ йоьшу»



  1. Ведущий:Безам боккха шен дагчохь болчо бен иштта мерза уьш язйийр яра аьлла ца хета. Безамах дог ца 1ебаш, дог ц1ена волчу Рашидов Ших1ида язйинчу «1аьржа б1аьргаш» ц1е йолчу байтан дешнаш т1ехь яьккхинчу эшаре ладог1а таро хир ю вай. Д1аолу 7 классерачу мехкарша.



  1. Ведущий:Рашидов Шах1ида муьлххачу байтехь 1алам хьосту. Йо1 1аламе хазйойтуш, коча седарчий,малх уллуш, кечйо цо шен «И туьтеш сийна» ц1е йолчу байта т1ехь.Цу т1ехь даьккхина илли д1аэр ду 7 классерчу йо1арийн тобано.

  2. Ведущий: Вайн дайшкахь дуьйна к1ант а, йо1 а хаза хелха далар ловзаргахь а, синкъерамехь а дозалла хилла-кх. Йо1 хелха йолуш гича муьлххачу а к1ентан даьлла ца 1аш, самукъа массера а долу вайна шен хелхарца самукъадаккха кху цхьанакхетаре еана ю Курбанова Раяна, цуьнга хьовсур дув ай.

  1. Ведущий: Раянас хаза хелхар гайти, х1инца вешан дегнаш айделларчуьра, Шах1идан дешнаш т1ехь язйинчу цхъана самукъанечу эшаре ладуг1ур ду вай. Д1алокху 7 классерчу мехкарша «Хьо хаза».



  1. Ведущий: Дукха юьйцу Шах1ида шен къоналла. Ша хаза, ирс долуш, марзо , доьналла, яхъ йолуш кхиар. «Нохчо-элах схьаваьлла, лай шен сих ваьлла» олуш кица ду вайн къоман. «Къонаха» ц1е йолу байт д1айоьшур ю вайна Сагариева Даянас.



1.Ведущий: Вайн жима къам ду болатах дича санна, вай мел чехадарх , дохийна хьийзадарх, ца х1иттина вай цхьанна а хьалха гора. Бехке-м дина вай майра лоьмаш долу дела.

Цхьа хаза байт язйина Рашидов Шах1ида вайн нохчех лаьцна. Д1айоьшу Бадаева Замас «Бехке бо нохчий».

  1. Ведущий: Дела ву-кх масо х1уманна а. Цхьа дика т1аьхьа долуш бен вон ца делла-кх цо.

Вай массо цо кхоьллина ву «Вай-м Дала кхоллина дай» д1айоьшу Муцалханова Хьавас.

Хьехархо: Шах1ада яздеш долчух ала лаьра суна. И дац мич-мичара, схьаэцна, бен-бен доцу дешнаш, уьш шайна чохь доккха маь1на долуш, дешан бакъо ша йолуш вуй хоуьйтуш , шайца гиперболаш йолуш-дуьйцург т1ех доккха гойту исбаьхьаллин кеп, дустарш –х1ума тера долчух юстар, шен идея йолуш- коьрта ойла, лирика –адамийн синхаамаш бовзар, метафарш- кхечу маь1нехь далийна дош, мифаш-хьадисаш, легендаш , назманашца язйина, пейзаж 1аламан сурт.

Хьехархо: Шах1ид, оха тхайна хьо везарна а , хьо веана хазахетарна а, хьан кхолларалла тхайна мел еза хаийта г1ерташ, хьо дикка хьеви, хьуна дош ца луш. Тхуна цу т1ехь къинт1ера а вала. Х1инца дош хьуна дала лаьар-кх.

Дийцахь, ахь хаза дуьцур дар –кх, дагах кхеташ.



Вайга хьошалг1а веанчу Рашидов Шах1ида шех лаьцна дуккха а хаза, беламе а 1ийжаме хаза х1уманаш дийци. Вайн ч1ог1а самукъа а дели. Оха хьайн байташ, цу т1ехь яьхна эшарш галъяьхна ешнехь я лекхнехь къинт1ера а

вала. Тхо долчу юха а вар т1едиллина бен д1авохуьтуш вац хьо. Хьо д1авахале хьуна лерина язйина байт йоьшур ю Исаев Салавата.



Оьздачу нанас оьзда кхиийна,

Хьо волчу дена дика к1ант хила,

Махкана, къомана хьанала ваьцна

Волу хьо, Шах1ид, декъала хуьйла.

Вайн халкъан, меттан

Сий, пусар дина,

Дарже хьо валаре ца туьйсуш са,

Доккхачу дуненна хьайн дог а даржийна

Д1алур долуш хьайн, эшахь кийрара са.

Оха боху баркалла тхаьш долчу варна!

К1езигчу хенахь тхан дог ахь эцарна.

Вайн нохчийн мотт хестош, ахь байташ яхарна

Вуьззина къонах нохчийн к1ант хиларна.



Вай долчу баьхкинчу хьешашна лерина байт д1айоьшур ю Эльмурзаева Раянас.

Вай вовшах кхетар а цхьа Делан лаам бу.

Вай бертахь хилар а вай вовше ларар ду,

Оьздангалла цу Дала массарна екъана яц,

Х1ораммо ша шена цу Деле ехна ю.

Хаза зама д1аайоьду, йоьдий ца хууш,

Мел т1аьхьа хьо идарх, т1аьхьа ца кхуьуш.

Дехийла лаьара х1умма а ца къуьйсуш.

Массо а х1уманан мах хадош Дала.

Хадийна ца хила цо стеган мах,

Ехачу оьмарехь вехачу хенахь,

Цунна т1едиллина шен хадо мах.

Шена т1едиллина и доккха декхар

Кхочуш дан долийла х1ораннан ка,

Безарца шен Даймохк и нана санна,

Ца бицбеш шен беза и ненан мотт.

4