СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Открытый урок по родной литературе

Категория: Литература

Нажмите, чтобы узнать подробности

Открытый урок по родной литературе. Кусок хлеба.

Просмотр содержимого документа
«Открытый урок по родной литературе»

4 класс Нохчийн лит-ра

Урокан ц1е: 1.Ахмадов «Баьпкан юьхк».

1алашо: 1.Ахмадовн «Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къизачу т1ам т1ехь адамаш лайна бала бовзийтар, къаьмнашна юкъахь хилла барт, дотаг1алла берашка д1акхачор. Къамелан говзалла, ойлаяр, тидамбар кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархошна хуур ду билгалдинчу дийцаран 1аламонаш хьехархочун г1оьнца билгалъяха. 1емар ду хезаш, ч1ог1а, къастош еша. Дешархойн алсамдер ду ешаран сихалла. Юха ешарца шаьш даьхна г1алаташ нисдан хуур ду.

2.Метапредметни:

Регулятивни: дешархошна хуур ду билгалдинчу дийцаран 1алашшанаш хьехархочун г1оьнца билгалъяха. 1емар ду и 1алашонаш кхоушйийр йолчу кепара шайн болх д1ах1отто.

Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. 1емар ду шайн хетачух вовшашца дагабовла. Коьртачу турпалхочу амал, цуьнан майрала, хьуьнарш хасто дешнаш каро.

Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан. Оьшу х1ума лаха. Дешархой т1екхуьур бу вайн махко толам баккхаран бахьнашна (вошалла, вовшийн г1о лацар, Даймохк безар). 1емар ду и билгалонаш йолу к1айдаргаш лаха.

3.Личностни: дешархойн амалехь кхуьур бу дика аг1онаш: шайн къомах дозалла дар, къечу къаьмнашка лерам.

Урок д1аяхьар

1.Маршалла хаттар.

2.Ц1ера болх таллар.

3.Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо.

Оьзна оьснаш эцна оьрси ор чу воьсси.

-Д1адеша чехкаалар.Дагахь 1амаде.Къовса,нийса ала.

4.1алашо йовзийтар.

-Вайна тахана девзар ду 1.Ахмадовс яздина «Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар. Шуна девзар ду цу халчу заман чохь къаьманаша вовшийн лаьцна дакъа,вовшашна дина вошалла.

-Вай х1инца т1емах лаьцна ролике хьовсур ду.

5.Керла тема хьехар.

А) Яздархочух лаьцна дийцар

1умар Ахмадов вина 25 октябряхь 1927 шарахь Урус-Мартаняхь. Джамбульский областяхь г.Мерке дашо медальце чекхъяьккхина 1умарс школа. Цул т1аьхьа яздархочо дешна физико-математически факультетахь Алма-Атехь. 1957 шарахь 1умар Ахмадов Грозняхь болх беш хилла республикански редакцияхь. 1.Ахмадовс арахецна дуккха берийн дицарш, сборникаш дийцарш, поэмаш.

Б) Дошам мацалла-голод

Чевнаш-рана

Йийсар-плен

В) Хьехархочо д1адоьшу 1.Ахмадовс яздина «Баьпкан юьхк» ц1е долу дийцар.

6.Сада1аран мотт.

7.Чулацамах лаьцна къамел дар.

А) –Мила ву дийцаран коьрта турпалхо?(Исмаь1ал.)

-Стенгара ца веана ву иза? (Иза т1ам т1ера ц1а вирзина ву.)

-Х1ун де шву и? (И ву берашна т1мах лаьцна дуьйцуш.)

-Х1ун бохура цо долош? (И дара 1942-чц шарахь.Сталинград йолчу аг1ор эскар юхадовлуш дара.)

-Муха йийсаре ваханера Исмаь1ал? (Церан отделенино го бинера. Моссо аг1ор т1еетташ х1аллакйира иза. Исмаь1ал чов йина кхетам чохь воцуш йисаре виггера.)

-Хьанах туьйхира иза кхетаме веъча? (Йийсаре бигначу салтехь туьйхира Исмаь1ал кхетам чу веъча.)

-Хьаьнца доттаг1алла тасаделира Исмаь1алан? (Исмаь1ална вевзира оьрсийн Федор Максимович.Цу шиннан доттаг1алла тасаделлира.)

-Стенга буьгура салти?(Уьш буьгура Сальски аренашкахула д1а.)

-Муха боьлхура уьш? (Царна юкъахь бара лазийна салти.Могушчара г1о дора царна.Юххе тийсина ж1аьлеш даа, галваьллачух катоха кийча.Ца вахалуш волчунна тоьпаш тохара немцоша.)

-Х1ун хилира царна новкъахь? (Немцойн эшалонна вайн кеманаша т1е бомбанаш туьйхира.Немцоша йийсарехь болу нах юучух хадийра.)

-Муха хьал хир ду чквнаш хиллачу нахехь юург ца хилча? (Церан г1ад довр ду.)

-Муха дара адамийн делкъал т1аьхьа хьал? (Адам мацалло г1елдинера.Сих-сих тоьпаш тухе гуттара г1ад дайнарш бойура.)

-Муха Хьал хилла Исмаь1алехь? (Исмаь1алан а дайнера г1ад.)

-Х1ун накъосталла дора Федара? (Федара хабарца накъосталла дора «Сатохалахь»-бохуш.)

-Х1ун дара Исмаь1алан коьртехь? (Сатохалур дац, кхин д1а вахалур вац ша аьлла хетара цунна.)

-Муха к1елхьарваьккхира Федора Михайловича Исмаь1ал? (Шена СА тохалур ду сарралц аьлла, Федара шегара бепиг делира Исмаь1ална. Исмаь1ал валарх к1елхьара велира.)

-Х1ун хийцамаш хилира суьйренца? Суьйранна юург елира цепан бовда ницкъ кхечира.(

-Муха велира Федор Михайлович?(Фашистийн склад эккхийтина х1орш схьабог1уш Федор вийра.)

-Х1ун ду дийцаран кьорта маь1на? Д1адеша Исмаь1ла аьлла дешнаш.(Доттаг1ллин ницкъ, 1ожаллел туьйлира.)

Б) Дешархошка ешийтар

В) Кицанаш: 1.Доттаг1 верг ваьлла, эзар етт берг вайна.

2.Хьекъала долчу коьртехь куралла хир яц.

-Алал,муьлха кица дог1у вайн дийцарна? (Кицано гойту моссо а х1уманал мехалниг доттаг1алла хилар.)

-Федора х1ун еллера Исма1ална?(бепиг)

Г) Кица: Бепиг массо а х1уманан корта бу. (Хлеб всему голова)

-Бепиг, вайн стоьла т1е кхачале мел беха некъ бо цо хаий шуна?

Д) Ролик о хлебе

-Иштта беха некъ бо бепиго вайн стоьла т1е кхачале. Бепиг ца хилча вай меца хир ду. Цундела бепиган хам бан беза. Лаьттахь ченала а кхоьссина 1уьллуш бепкан юьхк гича, аша х1ун дан деза?

8. Стих о войне.

9.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай? Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна ду иза?

10.Ц1ахь бен болх балар. Итоги,оценкаш.

1.Дешархоша д1адоьшу 1.Ахмадовн «Баьпкан юьхк» ц1е йолчу дийцар.