2 ВАРИАНТ
Болх кхочушбаран инструкци
Экзаменационни болх кхаа декъах лаьтташ бу, шена чохь 9 тIедиллар а долуш.
Нохчийн меттан экзаменационни болх кхочушбарна луш 3 сахьт 55 минот хан ю (235 минот).
1-чу декъана юкъадогIу цхьа тIедиллар. Иза ладоьгIначу текстан буха тIехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбен жима йозанан болх бу. Тексте шозза ладугIу.
И тIедиллар кхочушдо къаьстинчу кехата тIехь.
2-гIа дакъа лаьтта 7 тIедилларх (2-8). 2-чу декъан 3 тIедиллар кхочушдо ешначу текстан буха тIехь.
2-8-чуй тIедахкарийн жоьпаш дIаяздо дешан (дешнийн цхьаьнакхетаран), терахьан, терахьийн хьалха-тIаьхьаллин кепехь белхан текстехь жоп яздан билгалйинчу меттехь.
Нагахь 2-чу декъан тIедахкаршна нийса жоп ца яздинехь, цунна тIе сиз хьакхий, юххехь керла жоп дIаязде.
3-чу декъан тIедиллар кхочушдо 2-чу декъан тIедахкаршца айхьа болх беш ешначу текстан буха тIехь.
3-чу декъан болх болош, далийначу кхаа тIедилларх (9.1, 9.2 я 9.3) цхьаъ харжа. Оцу тIедилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло.
И тIедиллар кхочушдо къаьстинчу кехата тIехь.
Экзаменехь бакъо ло орфографически лугIатах пайдаэца.
ТIедахкарш кхочушдеш, черновиках пайдаэца мегар ду. Белхан мах хадош, черновик тIехь дина йозанаш лоруш дац.
Ахь кхочушдинчу тIедахкаршна яьхна ерриге а баллаш вовшахтуху. Хьайн ма-хуьллу дукха тIедахкарш кхочушдан а, баллаш яха а хьажа.
Дала аьтто бойла!
1 дакъа
Тексте ла а догIий, къаьстинчу кехата тIехь 1-ра тIедиллар кхочушде. Цкъа хьалха тIедилларан номер дIаязъе, цул тIаьхьа – йозанан болх. |
Тексте ла а догIий, жима йозанан болх кхочушбе.
Хаалахь, хьо декхарийлахь ву, хIора хаттарна дуьззина (1-2 предложеница) жоп дала.
Жоьпаш терахьашца билгалдаха.
Хаттарш къаьстинчу кехата тIе схьаяздан ца оьшу.
Йозанан болх кхочушбе цIена а, йоза къаьсташ а.
Хаттарш:
Дехьа басарчу хьуьнхара схьахезаш х1ун хуьлу?
Вайн хьаннашкахь эшарш хаза йолуш муьлха олхазарш ду?
Буьйса муха новкъайоккху цара?
Муха билгалдаьлла ду мокха хьоза?
Х1унда 1алашдан деза и олхазар?
2 дакъа
2-8 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь дIаяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-тIаьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар). |
Синтаксически анализ.
Д1аеша текст.
(1)Сарахь, ерриге стигал д1алоцуш, 1аьржа мархаш гулъелира, Эскинойн т1ехула бода х1оттош. (2)Селита, коре а хиъна, арарчу бодане хьоьжуш 1ара.(3)Ц1аьххьана кора б1аьргах, тата а доккхуш, геннахь гулделлачу дог1анан дуьххьарлера т1адам кхийтира. (4)Стелахаьштигийн цхьамзанаш х1инца лаьмнийн некхех хьалхачул а сих-сиха деттара, шайн татанаш генна даржош. |
Нийса грамматически лард къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.
1) мархаш гулъелира (1-ра предложени)
2) бодане хьоьжуш 1ара (2-г1а предложени)
3) дог1анан т1адам кхийтира. (3-г1а предложени)
4) татанаш даржош (4-г1а предложени)
Пунктуационни анализ.
Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.
Хьанна ца евза и таме(1) хьожа йог1у буц? 1аждарбуц хьалайолу т1уьна йоцчу хьуьнхахь(2) ирзошкахь(3) хинан бердашкахь. Вайн лаьмнашкахь буц йолучу меттехь(4) иза массанхьа ю. 1аждарбуц дуккха а(5) шерийн буц ю. Иза деба орамашца а(6) х1уца а.
Жоп _____________________________________________________
Синтаксически анализ.
Сан ирсана, мох со волчу аг1ор хьоькхуш а бара, башха шийла а бацара.
Предложенера юкъадало дош схьаязде.
Жоп ___________________________________________________
Орфографически анализ.
Билгалдаьккхина дош яздаран нийса т1еч1агдар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.
1) КЕЧЙО – цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан г1оьнца кхолладелла чолхе хандешнаш цхьаьна яздо.
2) ЦА ДИЙЦИНЧУХ – дакъалг ЦА лаамечу причастица къаьстина язйо.
3) ДУЬЙЦА – хьалхарчу спряжени чудог1учу хандешан чаккхенгахь «А» хуьлу.
4) ТУР – дукхаллин терахьехь х1окху ц1ердешан чаккхенгара мукъаза аз шала ца долу.
Жоп _____________________________________________________
Текст дIа а еший, 6-9 тIедахкарш кхочушде. |
(1)Тахана хьалххе самавелира барх1 шо кхачаза волу Мохьмад. (2)Цуьнца цхьаьна самаелира цуьнан цхьайтта шо долу йиша Малика а, ненанана Ровзан а. (3)Ровзан Соьлжа-Г1алин юккъерчу цхьана ишколехь болх беш яра, нохчийн моттий, литературий хьоьхуш, ткъа Мохьмаддий, Маликий оцу ишколан шолг1ачуй, пхоьалг1ачуй классийн дешархой бара. (4)Ишкол дикка генахь яра кхарна, делахь а, г1аш лелара уьш. (5)Ровзан тахана а яра шен шина дешархочуьнца ишколе йоьдуш. (6)Х1орш дукха гена бовлале, Мохьмадан лере цхьа г1ийла, узаме аз деара. (7)Ведда, аз хезначу аг1ор д1авахара Мохьмад.
(8)Д1акхаьчча к1антана гинарг ирча сурт дара: бетонан экъан т1ехь 1уьллуш жима цициган к1орни яра. (9)Цуьнан хьалхара ког, цхьана г1орг1а жарж боккхучу хьера к1ел нисбелча санна, «аьхьна» бара, цул сов, цхьана лерган ах яцара. (10)Мохьмад шена т1екхоччушшехь, цхьа г1ийла, орца доьхуш, узам болийра цо. (11)Ишта а, Ровзана «Къинхетаме дог» олий хьостуш волчу кхунна, лерина нисдича санна, нисделлера х1ара сурт х1инца. (12)Мохьмадан дог 1аьвжира, лезира, кийрара схьадала санна. (13)Мохьмада, цициган к1орнина коьртах куьг а хьаькхна, халла хозуьйтуш элира: «Писолиг, аса г1о дийр ду хьуна, суна хаьа, х1ун дан деза, хьо дала ца далийта…». (14)Иштта Мохьмад холчух1оьттина воллуш, т1екхиира Ровзан а, Малика а. (15)Цара шайн ницкъ кхочу г1о дира Писолигна. (16)Х1орш Писолигна г1о деш 1аш, дикка хан елира, т1аккха х1орш, т1аьхьацабисархьама, д1абахара шайн дешаран хьукмате.
(17)Мохьмадна дуьхьалх1уьттура новкъахь шена гина ирча сурт. (18)Цо шен беран хьекъалца туьдура шен жимачу коьрте хьийза ойланаш: «…Суна-м, г1о эшча, орцахъяла неннана а ю, ткъа мила вер ву Писолигна орцах, цуьна-х яц я нана а, я неннана а?»
(19)Жима велахь а, Мохьмадна дагахь дара: «Адамаш, уггар хьалха, къинхетаме хила деза, цул т1аьхьа дешар, болх… (20)Адаман кийрахь къинхетаме дог дацахь, иза акхаройх къаьсташ хир ма дац…». (21)Цу ойланаша хьийзош, чекхдевлира дерриг а хьехарсахьташ.
(22)Мохьмад чехка вог1ура ц1а. (23)Амма кхуьнан сихвалар эрна хилира: х1ара т1екхача сихвелла Писолиг дацара ша хьалха хиллачохь. (24)Т1аккха цунна г1о дан шен ницкъ цакхачарна, Мохьмад, корта а оллийна, лаьтта б1аьра а хьоьжуш, ц1а кхечира.
(25)Х1инца Мохьмад, кхин д1а ша х1ун дийр ду ца хууш, йиш йоьхна виснера. (26)Шен даг т1ера бала жимма байбалийта, шен хьомечу шина ненвешига д1абийца дагадеана чувахара, амма и шиъ чохь вацара, т1аккха цо ненада лехира. (27)Мохьмада, т1е а вахана, хаьттира: «Дада, Ислам а, Исма1ал а стенга вахана?» (28)Ненадас жоп делира: «Текхна, вайн уьйт1а еанера ж1аьлеша 1ийшина дакъазъяьккхина цхьа жима цициган к1орни, иза а эцна дийнатийн дарбанан ц1ийне вахана и шиъ». (29)Ненадас аьллачух ч1ог1а цецваьлла Мохьмад, х1ара дерриг дуьне шена схьаделча санна, самукъадаьлла д1ах1оьттира.
(30)Дукха хан ялале, Мохьмадан ши ненаваша ц1а веара, Писолигна кхоъ операци а яйтина, иза дарбанан ц1а чу а дижийна.
(31)1а д1а а даьлла, б1аьсте а т1ееара. (32)То а делла, т1ера чо шар а белла, доккха цициг а хилла, д1ах1оьттира Писолиг.
(Магомадова Р. А.)
Текстан чулацаман анализ.
«Х1ун бахьана дара Мохьмад ши ненаваша волчу чувахаран?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?
1) Цициг дарбанан ц1ийне дига ала воллура Мохьмад.
2) Шина ненавашас схьакхайкхинера цуьнга.
3) Шен даг т1ера бала жимма байбалийта, шина ненавешига д1абийца дагадеанера цунна.
4) Ненананас аьллера цуьнга, цициг цу шингахь ду аьлла.
Жоп _____________________________________________________
Меттан суртхIотторан гIирсан анализ.
Меттан суртх1отторан г1ирс–фразеологизм шеца долу предложени билгалъяккха.
1) Ведда, аз хезачу аг1ор д1авахара Мохьмад.
2) Х1инца Мохьмад, кхин д1а ша х1ун дийр ду ца хууш, йиш йоьхна виснера.
3) Ишкол дикка генахь яра кхарна, делахь а г1аш лелара ишколе.
4) То а делла, т1ера чо а шарбелла, доккха цициг а хилла, д1ах1оьттира Писолиг.
Жоп _____________________________________________________
Лексически анализ.
17-чу предложенера «ирча» бохучу дашна антоним ялае. Д1аязъе иза.
Жоп ______________________________________________________
3 дакъа
2-чу декъера ешначу текстах пайда а оьцуш, къаьстинчу кехата тIехь 9.1, 9.2 я 9.3 тIедахкарех кхочушде ЦХЬАЪ. Оцу тIедилларна, ялийначу клишех пайда а оьцуш, дуьззина йозанан жоп ло. Сочинени язъян йолаяле, дIаязъе хаьржинчу тIедилларан номер:91, 9.2 я 9.3. |
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлаяр язъе, Усларан П.К. «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу» бохучу дешнийн маь1на а достуш.
Хьайн жоп т1еч1аг1деш, ешначу текста т1ера ши масал даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Лингвистически материал т1ехь тема схьайоьллуш, 1илманан я публицистически стилехь болх язбан таро ю хьан.
Сочинени д1айоло мегар ду Усларан П.К. дешнашца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Ешначу текстана (ялийначу текстана) т1е а ца тевжаш язбинчу белхан мах хадош бац. Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Цу т1ехь авторца (авторан ц1е) реза ца хила йиш яц ...
2. Масала, текстера ... предложенехь ...
3. Текстан ... предложени ешча, ...
4. Вайн т1еч1аг1дан йиш ю ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе сочинени-ойлаяр. Дийца, муха кхета хьо х1окху предложенин маь1нах: «Адаман кийрахь къинхетаме дог дацахь, иза акхаройх къаьсташ хир ма дац».
Сочиненехь айхьа ешначу текстера хьайн ойлаяр нийса хилар гойтуш долу ши т1еч1аг1дар (аргумент) даладе.
Масалш далош, оьшучу предложенийн терахьаш билгалдаха я цитированих пайдаэца.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
1. Еллачу текстан маь1нах со иштта кхета ...
2. Сайн жам1аш т1еч1аг1деш, ... предложенера (-шкара) масал далор ду ас.
3. ... предложенино (ша) т1еч1аг1йо ойла ...
4. Дерзорехь билгалдоккху ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Муха кхета хьо КЪИНХЕТАМ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.
Лахахь ялийначу клишех пайда а оьцуш, язъе «Муха хила веза къинхетаме стаг?» темина сочинени-ойлаяр айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. Къинхетамах лаьцна айхьа билгалдаьккхинарг т1еч1аг1деш, ши масал-т1еч1аг1дар даладе: цхьа масал-т1еч1аг1дар даладе ешначу текстера, шолг1аниг - хьайн дахарехь зеделлачух.
Сочиненин барам 70 дашал к1езиг хила ца беза.
Нагахь санна сочинени ша ма-ярра схьайийцина я схьаязйина юьхьанцара текст хилахь, цхьа а комментари йоцуш, и санна болчу белхан мах ноль баллаца хадабо.
Сочинени язъе ц1ена а, йоза къаьсташ а.
Клишеш:
Къинхетам – иза ...
1. Еллачу текстан анализ еш, ...
2. Х1окху текстан автора нийса билгал ма-даккхара ...
3. Х1ара ойла т1еч1аг1ъян таро ю г1араваьллачу (1илманчин, яздархочун, суртдиллархочун) дешнашца.
4. Ойла йинчул т1аьхьа вайна билгалдолу ...
Магадо: ялийна клишеш хийца.
Догlа
2 ВАРИАНТ
Т1едилларан терахь | Жоп |
2 | 1 |
3 | 2,3,6 |
4 | сан ирсана |
5 | 1 |
6 | 3 |
7 | 2 |
8 | хаза |