План урока по чеченской литературе в 10 А классе
Поэма «Сийлаха»
Сийлаха а, Ибрах1им а.
Астамирова А. А.
Урокан ц1е: Поэма «Сийлаха». Ибрах1им а, Сийлаха а.
Урокан 1алашо:
Поэми т1ехь дуьйцург кхеле диллар.
Дешархоша шайна хетарг алар, нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ довзар.
Синквейнах кхетам балар.
Урокан д1аяхьар
Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.
Марщалла хаттар.
Урокана оьшу гйирс кечбар.
«Хьоме к1орни дог1ий хьаьжна,
Сан б1аьргийн нур кхулуш лаьтта»
/Мехкарийн йиш/
Ойла т1еерзор.
Актуализаци.
Маца, мичахь вина Эдилов Хасмохьмад? (1922-чу шарахь, Валаргт1ехь).
Яздан маца волавелла Эдилов Хасмохьмад? (1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волуш).
Ц1ерш яха поэтан стихотворенин («Алжирка», «Даймохк кхойкху», «Машаран урам», «Буьйса», «Ненан ирс», и. д1. кх.).
Маца, мичахь д1акхелхина Эдилов Хасмохьмад? (1991-чу шеран 11-чу ноябрехь Соьлжа-Г1алахь).
Керланиг довзийтар.
Хьехархочун дош:
1957 шеран май баттахь «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь зорбатоха йолийра Эдилов Хасмохьмадан дуьххьарлера поэма «Сийлаха». Драматически чулацам болу и поэма хиллачийн буха тIехь язйина яра. Шен цIена, оьзда безам ца ларбина йолу поэмин турпалхо Сийлаха ша дакъаза а йолу, и бахьанехь нахана даккхий зуламаш а хуьлу. Шен ойланехь, гIуллакхашкахь, леларехь ша шена хьалха а, нахана хьалха а стаг жоьпалли хила везаран ойла йойту автора поэма йоьшуш волчуьнга. ГIеххьа йоккха лиро-эпически поэма ю «Сийлаха». Поэмин дIахIоттамехь хьалахара дош а, итт дакъа а, дерзор а ду. Иттанах хIор дакъа шена хьалха ялийна эпиграф йолуш ду. Цхьайолу эпиграфаш халкъан иллешний, мехкарийн эшаршний тIера схьаэцна ю, вуьйш нохчийн кицанех лаьтташ ю, кхиерш яздархойн произведенеш тIера ялийна ю. Масала: «Маржа яI, зингат, хьо а гIерта-кха даха» (I. Мамакаев), «Хила я ца хила! – Иштта ду гIуллакх!» (Шекспир. «Гамлет»). Хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэмин эпически агIо цуьнан сюжетаца ю. Ардаме сюжет ю поэмин. Шайн доладалар а, кхиар а, дерзар а долчу хиламех лаьтташ ю иза. ИбрахIим, Сийлаха, Эдалха, Аружа – оцу персонажийн лехамаш бу поэмин сюжетехь. Шен безамца, шен лаамехь ИбрахIиме йоьду Сийлаха. ЦIена, хьанал ду къоначу доьзалан дахар. Амма совдегаран Эдалхин безам бахна Сийлахе. Нехан цIе тIехь йолу зуда, Аружа юкъа а лоьлуьйтуш шена тIе а ерзайой, ялайо цо. Сийлахас ца ларбина ИбрахIиме хилла шен мерза безам. Цуьнан цIийндех ИбрахIимах цуьрриг ийзалуш вац Эдалха, иза цхьалха стаг ву, шена тIаьхьа хIитта нах болуш вац, къоьлла токхуш а ву, цундела цуьнгара зуда яккха а мегар ду, боху цо шен дагахь. Амма ИбрахIим шен сий лардийра долуш ву. Эдалха а, цуьнан цIийнах кхо стаг а вуьйжира ИбрахIиман карах. ИбрахIим а кхелхира церан карах. Цу тайпана, Сийлахас шех инзаре доккха зулам далийтина.
О
цу хиламех лаьттачу сюжетаца билгалболу поэмин эпически чулацам. Къеггина шен лирически агIо а ю поэмин. Иза авторан ойланца билагалйолу. Поэмин хьалхара дош а, дерзор а авторера ду. Поэми тIехь алссам ду юьстахдийларш. Автора, сюжетана юьстах а вуьйлуш, цу тIерачу хиламех лаьцна йолу шен ойланаш, синхаамаш гучубоху. Цара поэмин чулацам кIарг а бо, текстан исбаьхьалла са а йоккху. ИбрахIиммий, Сийлахий хин йистехь мерза захалу дуьйцуш гайтинчул тIаьхьа автора сирлачу ойланца боху:
Шабарш деш догIучу
Валарган йистехь
Дуьххьарий, тIаьххьарий
Балхабац безам.
Хийла йоI, елалой,
КIаг хIуттуш юьхь тIехь,
Суьйренца цIа йоьрзу,
Хуьлий дог реза.
Т
къа кхано тIаьхьа ИбрахIиман, Сийлахин барт ийгIина, и шиъ халонца дIасакъастар гойтучу хенахь кхечу кепара ю авторан ойла:
Малх бу шен болар деш,
ГIушлакха баьлла,
И стенна оьшура
Дуьненна кхета?
Сирла бу, бовха бу
Цунна хьан аьлла?
Мила ву цо вохвеш?
И хьанна къеда?
Авторан ойла, синхаамаш шен турпалхойн ойланашца, церан синхаамашца цхьаьна богIуш бу. Иза ИбрахIиман, Сийлахин накъост ву. Церан хазахетарех самукъа долу цуьнан, церан халахетарш сингаттамца Iаьткъа цунна.
Поэмин драматизм цуьнан сюжетехь ю, иза Эдалхин, ИбрахIиман юккъерчу къовсамца ю. Бакъду цу шинна юкъара къовсам хилла ца Iа иза, цуьнан социальни маьIна ду. Социальни тайп-тайпанчу тобанах ву и шиъ.
Цу тайпана, лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьана ийна ю «Сийлаха» поэми тIехь.
«Сийлаха» поэма нохчийн литературехь эпически поэзин керла кхиам бара.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Дешархошка доьшуьйту поэмин дакъа.
Ешнарг йийцаре йо.
Поэмин чулцамца дог1у суьрташ дохку. (уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а болх бо.
Дешнаш т1ехь болх.
Рефлекси.
Ибрах1им, Сийлаха дешнашна синквейн х1оттае.
Ибрах1им. Къона, тешаме. Къахьоьгу, сатуьйсу, воккхаве. Ибрах1им къинхьегаман стаг ву. Къонах. | Сийлаха. Оьзда, каде. Сакъерало, йоккхае, веза. Сийлаха Ибрах1им везаш ю. Йо1. |
Урокан жам1 дар:
Ц1ахь:
Поэма еша, чулацам схьабийца.
Поэмица доху суьрташ дахка.