СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поурочный план по теме "Талламан болх "Шовда"" 2 классехь

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Поурочный план по теме "Талламан болх "Шовда"" 2 классехь»

2-г1а класс

Нохчийн мотт

Урокан ц1е: Талламан болх «Шовда».

1алашо: 1амийнарг т1еч1аг1дар; 1аламе безам кхиор;

г1иллакхе-оьздинга кхетош 1амор.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна хуур ду 1амийначу орфограммашна дог1у дешнаш каро;1амийначу бакъонех пайда а оьцуш уьш нийса д1айаздан.

Метапредметни

Регулятивни: хуур ду шайн белхан шаьш мах хадо,нийса йаздан, кхачамбацарш каро, уьш д1ататта.

Коммуникативни: 1емар ду шайга дуьйцучунга ладог1а, пайдаэца.

Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлайар, тидамбар, т1едахкарш нийса кхочуш дан.

Личностни: дика деша лаам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан кечам бар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

III. Ойла т1еерзор.

IV .Керла тема хьехар.

1.Хьехархочун дош.

2.Талламан болх бовзийтар.

3.Талламан болх д1айазбайтар.

Шовда

Со йуьртахь 1аш ву. Тхуна йуххехь шовда ду. Шовданан хи шийла ду. Шовданан хи ц1ена, сирла ду. Оха шовданан хи молу. Тхан йуьртахь шовданаш дуккха а ду.

V. Т1едиллар.

3-чу предложенера коьрта меженеш къастайе.

VI. Жам1 дар.

-Тахана урокехь х1ун дира вай?

-Стенах лаьцна йара иза?

VII. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Х1ун халахийтира шуна?