Просмотр содержимого документа
«Презентация к уроку: Яшуркаев С. "Напсат" дийцар.»
Тема: Яшуркаев Султанан дийцар «Напсат»
Хьехархо – Астамирова А.А.
МБОУ «СОШ №1 с. Гехи»
Чулацам:
Вовшахтохаран мур. Мотиваци.
Хаарийн актуализаци
Дешнашца болх бар
Т1еч1аг1дар
Сада1аран минот
Чулацам:
Т1едахкарш
Урокан жам1 дар
Ц1ера болх
Рефлекси
Вовшахтохаран мур.
- Маршалла хаттар.
- Урокана оьшу г1ирс кечбар.
Хаарийн актуализаци.
- Д1адеша лакхахь далийна дешнаш. Мила ву церан автор? (Авторан а, произведенин а ц1ерш йоху)
- Шуна хезний баккхийчаьргара ццу тайпана халонех лаьцна?
- Вай тахана стенах лаьцна дуьйцур ду? (Урокан ц1е билгалйоккху)
Керланиг довзийтар.
1аламо хазйинчу ламанан юьртахь Хорачахь 1942-чу шарахь вина Яшуркаев Султан Сайдалиевич.
Нохчийн халкъ махкахдоккхучу хенахь ши шо кхаьчна волчу Султана лайна шен къомаца цхьаьна халонаш.
- Яшуркаев Султанан дахар а, кхолларала а.
- Дийцар « Напсат »
Керланиг довзийтар .
«Напсат» дийцар т1ехь, яздархочо гайтина шийлачу Сибрехахь мацаллий, халонашший лайна нохчийн халкъ дай баьхначу махка ц1аберза сатесна хиларх а, новкъадаларх а лаьцна.
«Напсат» дийцаран коьрта турпалхо иэсехь тилла йоккха стаг Напсат ю. Дуьххьара, Напсатан васт а, и иэсах тилар гойту ядархочо, шозлаг1а, цуьнан бахьана довзуьйту, кхозлаг1а, Сибрехахь яьккхина хала зама гойту, доьалг1а, и цу Сибрехахь йисар гойту.
Керланиг довзийтар.
Напсатин карахь хьехан текх ду, и цхьа текх доцург кхин х1ума яц цуьнан Дег1астанара д1аяьхьина. И текх карара охьа ца дуьллу, Напсата безамца хьоьсту.
Хелхар деш а карара охьа ца дуьллу, цуьнца къамелаш до. Цу текхаца дечу къамелаца а гойту Напсата шена Даймахке ц1аерза лаар:
- Вайша ц1а доьдуш ма ду… Вайша динчу ц1а… Хьо дечигах динчу, со нанас йинчу ц1а…
Дешнашца болх.
- Хьехан текх - шун (тарелка из липы)
Дешнашца болх.
йоманаш – кучана латина х1ума (заплатки)
- г1айбин чкъуьйриг – наволочка
Дешнашца болх.
- шалонаш – вагоны, эшалоны
Т1еч1аг1дар.
Хаттаршна жоьпаш ло.
- 1.Х1ун ойланаш, синхаамаш кхоллабалийти шун Яшуркаев Султанан «Напсат» дийцаро?
- 2.Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?
- 3.Дийцаран турпалхочо х1ун те1аткъам бира шуна?
- 4.Напсат халкъаца ц1а ца йоьдуш Казахстанехь йисаран х1ун бахьана ду?
- 5.Яздархо шен дийцарца а, Напсатан вастаца а х1ун ала г1ерта?
Т1едахкарш. Хьалхара т1едиллар
- 1. Яшуркаев Султанан «Напсат» цIе йолчу дийцарехь хIун гайтина автора?
а) нохчийн гIиллакх-оьздангалла;
б) нохчийн шира Iадаташ;
в) махкаха даьккхинчу адамийн шайн цIа са латтар;
г) нохчийн Iадаташ;
- 2. Яшуркаев Султанан дахаран шераш … ду:
а) I902-I984;
б) I920-I979;
в) I899-I985;
г) 1942-2018.
- 3. Къамелехь адамийн синхаам кIарг а беш, хIума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух хIун олу?
а) эпитет;
б) эпиграф;
в) эпилог;
г) метафора;
- 4. Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?
а) 1917ш;
б) 1841ш;
в) 1944ш;
г) 1945ш;
- 5 . Муьлха символически маь1на доллу Напсатан вастехь?
а) йоманаш летийна коч;
б) хьехан текх;
в) хелхар;
г) г1айбан чкъуьйриг;
- Т1едиллар нийса кхочушдина – 3 балл;
- Т1едилларехь цхьа г1алат далийтина – 2 балл;
- Т1едилларехь ши г1алат далийтина – 1 балл;
- Т1едилларехь шиннал сов г1алат далийтина – 0 балл.
- Шолг1а т1едиллар. Кицанаш вовшахтаса:
- Бу, мерза, мазал, мохк, вина.
- Ц1а, ц1ен, шен, ц1а.
- Вахна, воккхачо, цадинарг, аьлларг, бердах.
- Хилар, лай, эвлахь, нехан, хуьлучул.
- Кицанаш нийса вовшахтесна– 3 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш цхьа г1алат далийтина – 2 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш ши г1алат далийтина – 1 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш шиннал сов г1алат далийтина – 0 балл .
Урокан жам1 дар.
- Вайн халкъо цкъа а дицдийр дац 1944 - 1956–чу шерийн терахь. Кхойтта шо хан яьккхина цо хьомечу Даймахках хаьдда.
- Хьоме дешархой, тахана вайна девзи Яшуркаев Султанан дахар а кхолларалла а, «Напсат» дийаран чулацам а.
- Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
Ц1ахь.
- Аг1о 243-250 еша, чулацам схьабийца.
- Дийцаран чулацамца дог1у сурт дилла.
- Дешархойн хааршка хьаьжжина лур бу ц1ера болх
Рефлекси.
- Даймохк – бохучу дашна синквейн я кластер х1оттае.
- Даймохк.
- Хьоме, хаза.
- Ларбо, 1алашбо, беза.
- Хьомечу Даймахко ваха ницкъ ло.
- Нохчийчоь.
Рефлекси .
Нана
Да
Ненан мотт
Даймохк
Хьаннаш
Вина юрт
Аренаш
Лаьмнаш
Хиш
Кхойтта шо, кхойтта шо зама,
Пхи эзар сов 1аьржа де,
Б1е эзар сов 1аьржа бала.
Кхи цхьанна ма бойла т1е.
/Рашидов Шаид/
Баркалла! 1одика йойла!