СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация по чеченскому языку на тему "Шакъаьстина меженаш"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Шакъаьстинчу меженех  долу хаарш карладахар;  шакъаьстинчу йуххедилларх кхетам балар; 

Просмотр содержимого документа
«Презентация по чеченскому языку на тему "Шакъаьстина меженаш"»

Урокан тема:   Шакъаьстина йуххедиллар.

Урокан тема:

Шакъаьстина йуххедиллар.

Урокан 1алашонаш : шакъаьстинчу меженех долу хаарш карладахар; шакъаьстинчу йуххедилларх кхетам балар; предложенешкахь йуххедиллар къасто а, сацаран хьаьркаш х1итто а 1амор; нийсайаздаран син иралла а, къамел а кхиор.

Урокан 1алашонаш : шакъаьстинчу меженех долу хаарш карладахар; шакъаьстинчу йуххедилларх кхетам балар; предложенешкахь йуххедиллар къасто а, сацаран хьаьркаш х1итто а 1амор; нийсайаздаран син иралла а, къамел а кхиор.

1амийнарг карладаккхар. Т1ейеара суьйре. Ц1еххьана дохк-марха йаьлла, деанчу дог1ано ц1андинера х1аваъ. Г1ийла хьоькхучу махо меллаша дегадора диттийн г1а-патарш. Шен дашо з1аьнарш йаржийна, чубуза кечбеллачу малхо ц1ийдинера дуьне. Жимма хьалха бес-бесара лепначу стела1одан х1оз а буткъбеллера.

1амийнарг карладаккхар.

Т1ейеара суьйре. Ц1еххьана дохк-марха йаьлла, деанчу дог1ано ц1андинера х1аваъ. Г1ийла хьоькхучу махо меллаша дегадора диттийн г1а-патарш. Шен дашо з1аьнарш йаржийна, чубуза кечбеллачу малхо ц1ийдинера дуьне. Жимма хьалха бес-бесара лепначу стела1одан х1оз а буткъбеллера.

дохк-марха, г1а-патарш .

дохк-марха, г1а-патарш .

Х1уманна керла ц1е а луш, иза билгалйеш цунна йуххех1уттучу ц1ердашах хиллачу къастамах йуххедиллар олу. Йуххедилларо гойту адамийн говзалла, корматалла, гергарло, къам. Йуххедилларехь ший а дош йукъара делахь , царна йуккъехь дефис йуьллу. Масала: нана-котам, зуда-ламанхо, йо1-дешархо, халкъ-турпалхо. Йуххедиллар газетийн, журналийн, предприятийн ц1ерш йелахь, уьш даккхийчу элпашца кавычкаш чохь йазйо. Йуххедиллар долаххьий, йукъарий х1уманийн ц1арах лаьтташ делахь (адам доцчу кхечу х1уманийн ц1ерш), долахь долу дош йуххедиллар лору. Масала: Соьлжа-Г1ала, г1ала Соьлжа. Йукъара ц1е йуххедиллар лору, нагахь санна цуьнца адамийн ц1е йелахь.

Х1уманна керла ц1е а луш, иза билгалйеш цунна йуххех1уттучу ц1ердашах хиллачу къастамах йуххедиллар олу. Йуххедилларо гойту адамийн говзалла, корматалла, гергарло, къам. Йуххедилларехь ший а дош йукъара делахь , царна йуккъехь дефис йуьллу. Масала: нана-котам, зуда-ламанхо, йо1-дешархо, халкъ-турпалхо.

Йуххедиллар газетийн, журналийн, предприятийн ц1ерш йелахь, уьш даккхийчу элпашца кавычкаш чохь йазйо.

Йуххедиллар долаххьий, йукъарий х1уманийн ц1арах лаьтташ делахь (адам доцчу кхечу х1уманийн ц1ерш), долахь долу дош йуххедиллар лору. Масала: Соьлжа-Г1ала, г1ала Соьлжа.

Йукъара ц1е йуххедиллар лору, нагахь санна цуьнца адамийн ц1е йелахь.

Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу йуххедилларх шакъаьстина йуххедиллар олу. Масала: Ког ма боллу чехка охьанехьа,  цанаш йолчухьа , йоьдуш йара говр. цанаш йолчухьа -шакъаьстина йуххедиллар ду, шина а аг1ор запятойца къастийна вай йуххедиллар.

Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу йуххедилларх шакъаьстина йуххедиллар олу. Масала: Ког ма боллу чехка охьанехьа,  цанаш йолчухьа , йоьдуш йара говр.

цанаш йолчухьа -шакъаьстина йуххедиллар ду, шина а аг1ор запятойца къастийна вай йуххедиллар.

Йуххедиллар ша маца къаьста, довзийтар. Даьржина йуххедиллар шакъаьста, нагахь иза долахьчу ц1арна т1ехьа нислахь, масала: Айдамиров Абузаран,  сийлахьчу йаздархочун , «Йеха буьйсанаш» ц1е йолу говзар йезаш т1еийцира кхиазхоша а, баккхийчара а.

Йуххедиллар ша маца къаьста, довзийтар.

Даьржина йуххедиллар шакъаьста, нагахь иза долахьчу ц1арна т1ехьа нислахь, масала: Айдамиров Абузаран,  сийлахьчу йаздархочун , «Йеха буьйсанаш» ц1е йолу говзар йезаш т1еийцира кхиазхоша а, баккхийчара а.

Даьржина йуххедиллар шакъаьста, нагахь йукъарчу ц1арна йа ц1ерметдашна т1ехьа нислахь, масала: Тхо,  школера дешархой , хьехархочуьнца музей дахара.

Даьржина йуххедиллар шакъаьста, нагахь йукъарчу ц1арна йа ц1ерметдашна т1ехьа нислахь, масала: Тхо,  школера дешархой , хьехархочуьнца музей дахара.

Даьржина а, даржаза а йуххедилларш шакъаьста, нагахь йуьхьан ц1ерметдашна хьалха, т1ехьа латтахь, масала: Вай,  къинхьегамхой , декхарийлахь ду, ницкъ ца кхоош, Даймехкан дуьхьа хьанала къахьега.

Даьржина а, даржаза а йуххедилларш шакъаьста, нагахь йуьхьан ц1ерметдашна хьалха, т1ехьа латтахь, масала: Вай,  къинхьегамхой , декхарийлахь ду, ницкъ ца кхоош, Даймехкан дуьхьа хьанала къахьега.

Лахахь далийначу дешнех пайда а оьцуш, царах шакъаьстина йуххедилларш хуьлуьйтуш предложенеш х1иттор йу. Нохчийн г1араваьлла компзитор. Г1араваьлла 1илманча. Сийлахь-воккха йаздархо. Г1арайаьлла артист. Суртдиллархо.

Лахахь далийначу дешнех пайда а оьцуш, царах шакъаьстина йуххедилларш хуьлуьйтуш предложенеш х1иттор йу.

Нохчийн г1араваьлла компзитор.

Г1араваьлла 1илманча.

Сийлахь-воккха йаздархо.

Г1арайаьлла артист.

Суртдиллархо.

Иштта хир йу вай х1иттийна предложенеш: Димаев 1ела, нохчийн г1араваьлла композитор, дозанал арахьа а дика вевзаш ву. Алироев Ибрех1има, г1араваьллачу 1илманчас, нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1ейуьзна. Айдамиров Абузар Абдулхакимовича, сийлахь воккхачу йаздархочо, къоман литературехула говза гайтина вайн мотт хьоле хилар. Багалова Зулайс, г1араяьллачу артиста, ладог1архойн дагах кхетуьйтуш, хаза д1ахьо радиохула ша ден къамел. Закриев Мохьмадан, Нохчийн Республикан суртдиллархочун, тоьллачарех долу суьрташ гайтира выставкехь.

Иштта хир йу вай х1иттийна предложенеш:

  • Димаев 1ела, нохчийн г1араваьлла композитор, дозанал арахьа а дика вевзаш ву.
  • Алироев Ибрех1има, г1араваьллачу 1илманчас, нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1ейуьзна.
  • Айдамиров Абузар Абдулхакимовича, сийлахь воккхачу йаздархочо, къоман литературехула говза гайтина вайн мотт хьоле хилар.
  • Багалова Зулайс, г1араяьллачу артиста, ладог1архойн дагах кхетуьйтуш, хаза д1ахьо радиохула ша ден къамел.
  • Закриев Мохьмадан, Нохчийн Республикан суртдиллархочун, тоьллачарех долу суьрташ гайтира выставкехь.
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду вай. Дага а лоцуш, д1айазйийр йу вай предложенеш, лахахь далийна дешнаш йукъа а лоцуш (цхьана предложенехь йуххедиллар долуш, вукху предложенехь шакъаьстина йуххедиллар долуш). Воккха стаг –хьархо, йо1- хьехархо, Иштта хир йу предложенеш. Керлачу дешеран шарна кечам беш йара йо1-хьехархо (йуххедиллар.) Хеда Саидовна, йо1- хьехархо , керлачу дешаран шарна кечам беш йара( шакъаьстина йуххедиллар.) Нахана йалта охьуш г1о деш хуьлура воккха стаг- хьархо (йуххедиллар.) Хилдехьарчу 1усмана, воккхачу стага-хьархочо , т1ехь буьйсанаш йохуш, нехан йалта охьура. (шакъаьстина йуххедиллар.)

Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду вай. Дага а лоцуш, д1айазйийр йу вай предложенеш, лахахь далийна дешнаш йукъа а лоцуш (цхьана предложенехь йуххедиллар долуш, вукху предложенехь шакъаьстина йуххедиллар долуш).

Воккха стаг –хьархо, йо1- хьехархо,

Иштта хир йу предложенеш.

Керлачу дешеран шарна кечам беш йара йо1-хьехархо (йуххедиллар.)

Хеда Саидовна, йо1- хьехархо , керлачу дешаран шарна кечам беш йара( шакъаьстина йуххедиллар.)

Нахана йалта охьуш г1о деш хуьлура воккха стаг- хьархо (йуххедиллар.) Хилдехьарчу 1усмана, воккхачу стага-хьархочо , т1ехь буьйсанаш йохуш, нехан йалта охьура. (шакъаьстина йуххедиллар.)

Вай х1инца къемел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къестош, цадевзарг довзуьйтуш, д1айаздийр ду. Къехо, йуккъерхо, цхьалхахо, керлахо, хьолахо, мехкада, къинхьегамхо, къовсам, къийсам -девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.

Вай х1инца къемел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къестош, цадевзарг довзуьйтуш, д1айаздийр ду.

Къехо, йуккъерхо, цхьалхахо, керлахо, хьолахо, мехкада, къинхьегамхо, къовсам, къийсам -девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.

Къехо  (бедняк)-хьал доцу, таро йоцу миска стаг; йу ккъерхо  (середняк)-шена таро йалуш, г1еххьачу барамехь вехаш волу вахархо;  цхьалхахо  (единоличник) – шакъаьстина шен бахам лелош хилла ахархо;  керлахо  (новатор)-йукъараллин балхахь пайде керланиг йукъадалош верг;  хьалхо, хьолахо  (богач, капиралист)-бахам, хьал т1ех алсам долу стаг;  мехкада  (помещик)-хьалха, паччахьан заман чохь хьолахой мехкашкахь хилла волу мехкан долахо;  къинхьегамхо  (трудящийся,труженик)-шен къинхьегамца вехаш волу, къахьега 1емина хьуьнаре белхан стаг;  къовсам  (спор)-къовсаме долу х1ума йа дош къовсар;  къийсам  (борьба)-дахарехь новкъарло йечунна дуьхьал къийсар.

Къехо  (бедняк)-хьал доцу, таро йоцу миска стаг; йу ккъерхо  (середняк)-шена таро йалуш, г1еххьачу барамехь вехаш волу вахархо;  цхьалхахо  (единоличник) – шакъаьстина шен бахам лелош хилла ахархо;  керлахо  (новатор)-йукъараллин балхахь пайде керланиг йукъадалош верг;  хьалхо, хьолахо  (богач, капиралист)-бахам, хьал т1ех алсам долу стаг;  мехкада  (помещик)-хьалха, паччахьан заман чохь хьолахой мехкашкахь хилла волу мехкан долахо;  къинхьегамхо  (трудящийся,труженик)-шен къинхьегамца вехаш волу, къахьега 1емина хьуьнаре белхан стаг;  къовсам  (спор)-къовсаме долу х1ума йа дош къовсар;  къийсам  (борьба)-дахарехь новкъарло йечунна дуьхьал къийсар.