Урокан ц1е: Рашидов Шах1ид. «Ден весет» поэми т1ера к1анте дина весет.
урокан тайпа: хаарш т1еч1аг1дар , тобанашкахь болх бар, урок – кхетор, говзалла лакхаяккхар
урокан г1ирс: учебник, тетрадь, ручка, ИКТ г1ирсаш слайдаш.
х1оттош долчун хьесапаш(гайтамаш)1алашонаш:
кхеторан: Яздархочун кхоллараллах хаарш шордар.
Поэмин т1ехь стеган халкъаца, шен махкаца йолу юкъаметтиг билгалъяккхар.
кхиоран Поэтан патриотически дог-ойла а, синхаам а, меттан исбаьхьаллин башхаллаш йовзийтар.
Литературан теори. Эпически, лирически долчух кхетамбалар
кхетош—кхиоран: Нохчийн литературе болу безам кхиор.
Слайд -1 -(РашидовШах1идан суьрташ)
1.Хьехархочун дош:
Тахана вайгахь хьошалг1ахь хьехархой бу.Шу марша а дог1ийла.
Хьехархо кхерчан серло ю, дешархой цу серлонан з1аьнарш ю.Ткъа шу , дешархой,цу кхерчан гуонах хьийзаш, и з1аьнарш серлайохуш хила деза.
Иштта оцу кхерчан гонах д1ахьур ю вай вешан урок
Хьалхарчу урокехь вай йийцаре йира нохчийн поэтан, прозаикан Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла. Дийцира цуьнан «Ден весет» поэмех лаьцна а.
Болх вай тобанашца д1ахьур бу.
2.Ц1ахь бина болх таллар.
Хаттарш.
1.Мичахь , маца вина Рашидов Шах1ид?
2.Мичахь белхаш бина поэто, маца волавелла и стихаш язъян?
3.Поэтан цхьа а сборникаш евзий шуна?
4.Х1ун билгалонаш ю цуьнан поэзин, стенах лаьцна яздо?
Дагахь 1амо елла « Ден весет» (кийск) йоьшуьйту.
Хаттарш а, т1едахкарш а:
а) х1ун хан ю поэми т1ехь юьйцуш ерг?
б) т1еман къизаллех муха аьлла поэта?
в) стеган вахаран ирс стенах го авторна?
3.Керла коьчал:
-Х1инца вай тобанашца болх д1ахьур бу.
Дешархоша васт х1оттош йоьшу «Ден весет» поэмин кийсак.
Хьехархо:
Гор-я1, зама, хьо,
Сихъелла зама.
1аламехь дерриге
Ахь тишдо, оту,
Я нисдо, я хаздо,
Цхьанна ло бала,
Вукхунна и 1ехош
Туо а лой кхочу.
Мухха а делахь а
Хаза ду дахар.
-Хан- зама яьлча воккха стаг к1елвисна,цо чу кхойкху, шен к1ант весет дан.
1-ра тоба:
Оьздалла дахаран Сихалло г1алатло
Хазалла хета, Йожайо хьоьха,
Хилалахь оьзда, Собаре хилалахь
Стаг товш ву массанхьа Кхаьчначу меттехь
Дуьйцучух кхеташ,
Массо дош далийта
Хьекъалах доьзна
2-г1а тоба:
Г1иллакхо стаг хазво, Нана а цхьаъ бен яц,
Шегахь и доцург, Даймохк бу иштта.
Хаалахь, яхь йоцу Цаьршиннах къаьстинарг-
Стаг иза вуйла. Декъаза гуьйриг,
Къонаха даима
Халкъалахь веха.
Куралла,сонталла
Ца евза цунна.
Къонаха ша валлалц
Да хуьлу эхьан.
Къен хиларх стаг хилар
Оьшуш ду хьуна.
3-г1а тоба:
Ненан дог эцалахь- Малхбалехь,малхбузехь
Карор яц шолг1а, К1ур баьлча наггахь,
Хьажалахь массеран Баккхийчийн, кегийчийн
Дегнашкахь ваха, Йо тахна ойла.
Шиннан барт боьхначохь Т1еман къахь г1аттахь
Хилалахь молха, Юха а дуьнен т1ехь
Т1аккха хьан эрна дац Наноша х1ун дийр ду?
Дуьнен т1ехь вахар. Иза ма гойла!
Тобанаша вовшашка ден хаттарш:
Поэта сий лардеш хьенан дуьхьа ваха веза боху?
Оьздаллех лаьцна муха аьлла авторо?
Г1иллакхах доцург муха лерина?
Ненах а Даймохках къаьстинарг муха лерина?
Дешнаш т1ехь болх:
Хьаг1- оьрсийн маттахь -зависть.
Сисазван-позорить.
Т1епаза- пропасть,беследно
Г1улч-шаг.
Шах1идан кхоллараллех лаьцна дийца дуккха а хир дара.Х1инца вай, поэте шега ладуг1ур ду.
Цуьнан шен поэтически хазачу матте.
Слайд:
Рашидов Шах1идан ц1арах видео клип гойту.
Рефлекси
Суна урокехь зеделларг
Дешархоша маьлхан з1аьнарш йохку, шаьш пайдаэцначу мехала хьехамийн дешнашца.
Хьехархочун урок ерзоран дешнаш:
Урок йолалуш вай кхерчана гонаха йолийра и,
Ткъа х1инца ерзош, маьлхан з1аьнаршца серло луш ерзор ю вай.
Ц1ахь бан болх:
«Оьздангалла а, дахарехь цо лело маь1на а» ц1е йолчу темина жима дийцар язде.