СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка урока "Барзо 1ахарца мохк къовсар".

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Разработка урока "Барзо 1ахарца мохк къовсар".»

План урока

по чеченской литературе в 5Б классе

на тему: «Барзо 1ахарца мохк къовсар»


Астамирова А. А.


Нохчийн литература 5-г1а класс

Урокан ц1е: «Барзо 1ахарца мохк къовсар».

1алашо: Туьйранан чулацам а, коьрта турпалхой а бовзийтар. Церан г1иллакх – амалш: къаза, сутара борз, х1илла долу цхьогал, г1ийла миска 1ахар а, тешаме, майра ж1аьла а. Акхаройн дийнатийн дахар адаман дахарх тардина гайтаран маь1на дар. Дешархойн кхетам кхиор.

Дешархошна хуур ду: Туьйранан чулацам схьабийца а, бакъдерг харцонал толо дезаш хилар а.

Урок д1аяхьар.

  1. Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.

  1. Маршалла хаттар.

  2. Урокана оьшу г1ирс кечбар.

  1. Актуализацин мур.

  1. «Кхо ваша» туьйранан чулацам схьабуьйцу 4-5 дешархочо.

  2. Хаттаршна жоьпаш ло:

- Ша валале дас кхаа к1анте х1ун весет дира?

- Хьуьнарш къовсуьйтуш, эло х1отточу тойне мича хьолехь воьду кхо ваша?

- Жимахволчу вашас баьхначу толамех а, цуьнан хьуьнарех а лаций дийца.

- Шуна муха хета х1унда тоьлла шен воккхачу шина вешел а жимахверг?

  1. Керла коьчал йовзийтар.

  1. Хьехархочо бовзуьйту туьйранан чулацам «Барзо 1ахарца мохк къовсар».

«Барзо 1ахарца мохк къовсар» дийнатех, акхаройх лаьцна долу халкъан туьйра ду. Туьйранан коьрта турпалхой: къиза, сутара, сонта борз, х1илла долу цхьогал, г1ийла миска 1ахар а, тешаме, майра ж1аьла. Туьйранахь гойту бакъдерг харцонал тола дезаш хилар. Барзо 1ахарца мохк къовсар а, хьекъалой, хьанал хиларой харцдерг эшор.

  1. Туьйранан чулацам боьшу.

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  1. Дешархошка хаттарш:

- Туьйрана коьрта турпалхой?

- Х1ун 1алашо йолуш хьедина дов барзо 1ахаре? Нийса дарий и?

- Тоьшалла дан муьлш хаьржина хилла барзой, 1ахарой?

- Муха ю берзан а, цхьогалан а амалш?

  1. Т1едиллар.

- Туьйранан чулацамца дог1у сурт дилла.

- Барта дийца цунах лаций.



  1. Словарни болх.

Пана – генна, адам доцу арс.

Жен ж1аьла – жа 1алашдеш долу ж1аьла (кавказская овчарка).

Дийнат – животное.

Сонта – глупый, бестолковый.

Акхарой – звери.

1ахар – ягнёнок.

Экам – чувствительный.

  1. Урокан жам1 дар.

Дешархоша 1амийнарг, кхочушдинарг билгалдаккхар. Дешархошна оценкаш х1иттор.

  1. Рефлекси.

Синквейн

  1. 1ахар.

  2. Жима, экама.

  3. 1оьху, бежа, охьабуьжу.

  4. Жима 1ахар барзал а туьйлира.

  5. Дийнат.

  1. Борз.

  2. Къиза, сонта.

  3. Дарло, мацло, къовсу.

  4. Барзо 1ахарца мохк къуьйсура.

  5. Экха. (зверь)

  1. Ц1ахь.

  1. Аг1о 26-28 еша, чулацам схьабийца.

  2. Туьйранан чулацамца дог1у сурт дилла.