СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка урока "Дешт1аьхье а, цуьнан нийсаязъяр а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Разработка урока "Дешт1аьхье а, цуьнан нийсаязъяр а"»

Открытый урок «Дешт1аьхье а, цуьнан нийсаязъяр»


Астамирова А.А.



Технологически карта

Хьехархо: Астамирова А.А.

  1. Класс: 10А, 10Б.

  2. Терахь: «___» _____2021 ш.

  3. Предмет: нохчийн мотт.

  4. Урокан тема: Дешт1аьхье а, цуьнан нийсаязъяр а.

  5. Урокан 1алашо: г1уллакхан къамелан дакъа дешт1аьхье довзийтар, цуьнан нийсаязъяр.

  6. Урокан тайпа: хуучу хаарех пайда эцар.

  7. Урокан кеп: шаьш беш болу болх; шишшамо цхьаьна бен болх.

  8. Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ.

  9. УМК: Джамалханов З.Д., Овхадов М.Р.

  • Планируемые результаты (х1оттаман хилам)

  • Предметни (Кхеторан): Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар.

  • Метапредметни (Кхиоран 1алашо): дешт1аьхьенийн кхоллаялар.

  • Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.


п/п

Урокан

мур

Хьехархочун болх

Дешархочун болх

Берийн ойла дешарна т1еерзор

(мотиваци)

Белхан меттигаш кийча хилар таллар.

Маршалла хаттар.

Дешархойн ойла т1еерзор.


Урокана кечам бо.

Хьехархочуьнга маршалла хаттар.

Хезчун маь1на къастор, шайн дешнашца.

Хаарийн актуализаци

Ц1ахь бина болх таллар.

1амийнарг карладаккхар.

Дешархошка хаттарш:

  • Стенах олу куцдош? (даран, хиларан билгалонаш гойту)

  • Куцдешнийн муьлха тайпанаш девза вайна? (хенан, меттиган, бахьанин, 1алашонан, мухаллин я даран суьртан, масаллин я бараман)

  • Куцдешнийн тайпанийн масалш даладе.

Дешнийн диктант:

  • Сарахь, кхузахь, кхузара, шелонна, цундела, даьлккъалц, шортта, шозза, юьртахь, кхушара.

(куцдешнийн тайпанаш билгалдаха; 3-4 предложени х1оттае)


Ц1ахь 1амийнарг карладоккху.

Хьехархочун хаттаршна жоьпаш ло.







Тетрадаш т1ехь болх.

Дешнаш т1ехь болх бар, предложенеш х1иттор.

Керла коьчал йовзийтар


«Хилча х1ун ду дашна т1ехьа?

Дац и хьуна х1умма иэхье.

Дешнаш х1уттуш болх цо бо,

Церан ууйраш латтайо»

(дешт1аьхье)


Лач дожарехь долчу ц1ердешан а, цуьнан маь1нехь лелачу дешан а кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойтучу г1уллакхан къамелан декъах дешт1аьхье олу, масала: Дитташ т1ехь хаза олхазарш дека.

        1. Дешт1аьхье (послелог) дешхьалхенах (приставкех) къасто хаа деза. Дешхьалхе (приставка) дешан дакъа бен дац, цундела иза дашца цхьаьна яздо, масала: Хи чудоьжна (гамхделла, лахделла, жимделла). Йо1а меллаша кор д1адиллира. Схьавог1учу дешархочо, шегахьа схьаозош, не1 схьайиллира.

        2. Дешт1аьхье (оьрсийн предлоган метта йолу вайн послелог) къамелан дакъа ду, цундела иза къастана язйо, масала: Хи чу доьжначу кехатах дина жима кема. Бешарчу дитташ т1ехь олхазарш дека. 1уьйрана баца т1е диллина сирла тхи дара. Класса чохь тийна дара. Заргана шен книгаш книжни шкафа чу ехкира.

        3. Нагахь дешхьалхе хандашна т1ехьа нислахь, иза кхаьстана язйо, масала: вола чу (чувола), эца схьа (схьаэца), йилла д1а (д1айилла).

        4. Дешхьалхе къаьстана язйо, нагахь цунний, орамний юккъе дакъалгаш ца, ма, а нислахь, масала: схьаоьцу – схьа ца оьцу; схьаэца – схьа ма эца, схьа а эцна, д1авахара иза.


1амийнарг т1еч1аг1дар

  • Еша 32-г1а бакъо.

  • Кицанийн маь1на даста, дешт1аьхьенаш билгалъяха:

  • Хих веддарг, хьера к1ел иккхина.

  • Гу т1ера чухьаьжначунна ша лекха хета.

  • Хьаша ца вог1учу ц1а чу беркат ца дог1у.

  • Къа ца хьегча, хи чуьра ч1ара а ца баьккхина.

  • 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна.

  • Кхочушде 82-г1а шардар.


  • ДЕШТ1АЬХЬЕ – керла ц1ердешнаш кхолла.

  • Шад, т1аьхье, шеда, теш, хьет, хье, хьашт, 1ад, да, даш, т1а, хат1, шат, таш, ша, и д1. кх.

  • 32-г1а бакъо йоьшу.

  • Кицанийн маь1на досту, тетрадаш т1е д1аяздо.

  • 82-г1а шардар кхочушдо.

Ц1ахь бан болх

  • Бакъо 32, шардар 83.


Дешархоша ц1ера болх тидаме оьцу.

Рефлекси

  • Муха хийти шуна урок?

  • Керла х1ун хиира шуна?

  • Реза дуй шу вай бинчу балхана?

Дешархойн хаарийн мах хадабо.


Урокехь 1амийнарг билгалдоккху.

  • Д1аеша предложенеш, дешт1аьхьенаш схьаязъе:

  • Ламеш т1ехь чубаханчу наха охьаехкина мачаш яра.

  • Хазачунна т1ехь сацийра цо шен б1аьрг.

  • Цунна юххе а вахана, цхьаъ элира Рамзана.

  • Г1анта т1ехь бабин кортали 1уьллура.

  • Керта уллехь жима ор деккхира цо.











  • Д1аеша предложенеш, дешт1аьхьенаш схьаязъе:

  • Ц1ийна т1ехьа дохна-керт яра.

  • Цхьана божли чохь говр лаьттинера цхьана хенахь.

  • Хье т1ебаьлла ши б1аьрг а къерзош, лаьттара Ешап.

  • Хи берда т1е даьлла даьржина д1адахара.

  • Дошлой дойшна т1е хевшира.











  • Д1аеша предложенеш, дешт1аьхьенаш схьаязъе:

  • Дешархо йозануьн т1е кхойкху хьехархочо.

  • Дошлой дойшна т1е хевшира.

  • Хье т1ебаьлла ши б1аьрг а къерзош, лаьттара Ешап.

  • Керта уллехь жима ор деккхира цо.

  • Ламеш т1ехь чубаханчу наха охьаехкина мачаш яра.







  • Д1аеша предложенеш. Билгалъяха дешт1аьхьенаш, дешхьалхенаш.

  • Чу веанчу стага массаьрга а салам делира.

  • Куьзган чу хьаьжначу йо1ана шен ц1ийбелла ши б1аьрг гира.

  • Суна а гуш, не1арх чуелира цхьа йоккхастаг.

  • Доьдуш долучу хи чу воьжна к1ант хьалаваккха д1ахьаьдира масех стаг.

  • Т1ехь стом боцучу дитта т1е г1орзолгаш ца кхуьйсу.

  • Цуьнга диллича башха доккха х1ума а дац вайна т1ех1оьттинарг.















  • Д1аеша предложенеш. Билгалъяха дешт1аьхьенаш, дешхьалхенаш.

  • Чу веанчу стага массаьрга а салам делира.

  • Куьзган чу хьаьжначу йо1ана шен ц1ийбелла ши б1аьрг гира.

  • Суна а гуш, не1арх чуелира цхьа йоккхастаг.

  • Доьдуш долучу хи чу воьжна к1ант хьалаваккха д1ахьаьдира масех стаг.

  • Т1ехь стом боцучу дитта т1е г1орзолгаш ца кхуьйсу.

  • Цуьнга диллича башха доккха х1ума а дац вайна т1ех1оьттинарг.



  • ДЕШТ1АЬХЬЕ – керла ц1ердешнаш кхолла.

















  • ДЕШТ1АЬХЬЕ – керла ц1ердешнаш кхолла.

















  • ДЕШТ1АЬХЬЕ – керла ц1ердешнаш кхолла.

Бешарчу дитташ т1ехь олхазарш дека.





Йо1а меллаша кор д1адиллира.



1уьйранна баца т1е диллина сирла тхи дара.



Предложенеш х1иттае дешт1аьхье юкъа а ялош.