СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 27.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка урока на тему: "Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи".

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Разработка урока на тему: "Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи".»

.

Нохчийн мотт 5-г1а класс.

Урокан ц1е: Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи.

1алашо: Предложенин коьртачу меженех кхетам балар. Подлежащи 1амор. Дешархойн къамел кхиор; кхетош кхиор.

Урокан тайпа: керланиг довзийтаран урок.

Урок д1аяхьар.

  1. Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.

  • Маршалла хаттар.

  • Урокан оьшу г1ирс кечбар.

  1. Актуализацин мур.

  1. Фронтальни хаттарш

  • Вайн къамел стенах лаьтта?

  • Синтаксис стенах олу?

  • Предложени стенах олу?

  • Аларан 1алашоне хьаьжжина маса тайпана хуьлу предложенеш?

  • Дийцаран предложени стенах олу?

  • Хаттаран предложени стенах олу?

  • Т1едожаран предложени муьлхачух олу?

  1. Предложени бохучу дашна кластер х1оттае.



  1. Керла коьчал йовзийтар.

  1. Предложенин меженаш хуьлу коьрта а, коьртаза а.

Предложенин коьрта меженаш ю подлежащий, сказуемий.

Предложенехь долу дар я хилар кхочуш а деш, сказуемино шех лаьцна дуьйцучу предложенин коьртачу меженех подлежащи олу.

  1. Нохчийн маттахь подлежащи хила тарло ц1ерниг, доланиг, лург, меттигниг дожаршкахь. Цундела вайн маттахь подлежащин хаттарш хуьлу: мила? муьлш? х1ун? хьан? стен? хьанна? стенна? хьаьнга? стенга? хьенан? стенан?

Масала:

  1. Хьава (мила?) дика доьшуш ю.

  2. Мархин (хьенан?) институте яха ойла ю.

  3. Луизас (хьан?) книгашший, тетрадашший ц1ена леладо.

  4. Хедина (хьанна?) вуно хазаяздан хаьа.

  5. Амнате (хьаьнга?) стихотворени дика ешало.

  1. Нохчийн маттахь сказуемина т1ера х1оттича атта ду подлежащина хаттар.

  • Доьшуш ю мила? – Хьава;

  • Яха деза хьенан? – Мархин;

  • Леладо хьан? – Луизас;

  • Яздан хаьа хьанна? – Хедина;

  • Ешало хьаьнга? – Амнате.

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  1. Еша 9-г1а бакъо.

  2. Кхочушде 53-г1а шардар.

Подлежащина буха сиз хьакха, барта хаттарш х1иттаде, дожарш билгалдаха

  1. Дешархойн къамел кхиор.

  1. Предложенеш бохучу дашах керла ц1ердешнаш кхолла.

Предложенеш – ло, шело, до, шо, жоп, дош, лор, ор, пеш, пен, дошло, де…

  1. Доттаг1алла бохучу дашах керла ц1ердешнаш кхолла.

Доттаг1алла –доттаг1, г1ала, дог1а (дождь), дог, 1ад, латта, г1а, г1о, да, да1, г1ад, талл, ло, г1алат, ага, гата, га, дог1а (ключ)…

  1. Урокан жам1 дар.

Дешархошна 1амийнарг билгалдаккхар, бинчу белхан мах хадор.

  1. Рефлекси.

  1. Суна хаьа…

  2. Суна хаа лаьа…

  3. Суна хии…

  1. Ц1ахь.

  1. 9-г1а бакъо 1амае.

  2. 55-г1а шардар кохчушде.

Предложенеш бохучу дашах керла ц1ердешнаш кхолла:




























Доттаг1алла бохучу дашах керла ц1ердешнаш кхолла:



























Предложенеш юккъера подлежащеш билгалдаха:

  1. Селитин сакъералора тахана.

  2. Гуьйренан т1аьххьара бутт хаза беара оцу шарахь.


















Предложенеш юккъера подлежащеш билгалдаха:

  1. Денош декхна дог1ура.

  2. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх.



Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя