СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Сочинени " Гуьйре"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Сочинени " Гуьйре"»

Гуьйре гергакхачаран тидамех уггар хьалхара бу дитташ т1ера г1аш маждалар, цхьадолчу диттийн г1аша ц1ег1а бос эцар. Цул т1аьхьа долало г1а охьадожа, т1етт1а алсам хуьлу церан охьаэгар. Эххар а дерзина дуьсу дитташ. Дог1анаш дар а хуьлу гурахь шатайпана. Цеций чухула луьйсуш санна, кегийра оьху дог1а, стигал а ца къекъа. Шийла а хуьлу. Малх хьаьжна денош к1езга лаьтта. Дог1а, ца соцуш, масех дийнахь а дог1у. Лаьтто д1а а ца худу и, аьхка санна. Цундела хатт а дукха хуьлу. Цунна аьлла ду: «Б1аьста дукха дог1а деъча, цхьак1еззиг хатт болу, гурахь цхьак1еззиг дог1а деъча, дукха хатт болу». Гуьйренан т1аьхьарчу деношкахь г1ура озайо. Юьхьанца г1ура буса озайо, ткъа дийнахь ястало. 1уьйранна, хьалххе хьала а г1аьттина, хьо ара- ваьлча, якъаелча санна хетало, хатт ца хуьлу. Амма делкъангахьа хан лестича, г1ура яста а лой, хатт болу. Иштта денош дукха ца лаьтта. Ерриг аренашна г1ура озош, хишна ша беш, т1едог1у шийла 1а.