СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.»

Урок № 1

Класс – 9

Терахь ______

Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.


1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо

йовзийтар; царна доьзалх болу юкъара кхетам балар; нохчийн

къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна

бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор.


Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»


Урокан некъ


I Догдаийтаран мур


Дахаран къайленаш йостуш ду дкшар

Массарна хууш ду и ч1ог1а иэшар,

Цундела, иэшаеш массо а хало,

Ахь 1илма 1аморехь ма елахь мало.


II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.


- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.


III Керла тема: «Доьзал» - бохучу дешан кхетаман маь1на.


- «Доьзал» - дешан маь1на дан г1оьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь» - шен маь1ница «х1у» дашна гергахь ду. Доьзал – и доь (х1у) хилар, доь долор ду. Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма-бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а, вовшахкхетар ду. Нохчийн 1адатехь доьзал – да, нана, бераш хилла ца 1а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзал – массо декъашхо меттахь волуш, буьззина а, буьззина боцуш а хила тарло. Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарех цхьаъ ду, х1унда аьлча, Дала боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь: Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: адамах шех, цуьнан доьзалх, цуьнан даьхнех. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1еззиг х1ума бахьанехь вовшех а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду. Доьзал – иза шина аг1ор жоьпалла ду: ден, ненан – берашна хьалха, берийн – дений, нанний хьалха.

Дешнаш т1ехь болх:


Доь долор– х1у долор

Доьзал - иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма-бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а, вовшахкхетар ду.


I V 1амийнарг т1еч1аг1дар


- «Доьзал» - бохучу дашах кхетам ло.

- «Доьзал – шина аг1ор жоьпалла» - бохучун маь1на хьан дийр дара аш?

- Муха хуьлу доьзал?

- «Доьзалан корта – да» - маь1на де цу дешнийн.

- Маса стаг ву шун доьзалехь?

- Стенах олу доьзал? Муха хуьлу иза? (буьззина…)


V Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, доьзалх лаьцна кицанаш, дийцарш.