СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: Тешам а, тешнабехк а. Этика 7 класс

Категория: ОРКиСЭ

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: Тешам а, тешнабехк а. Этика 7 класс»

Урок № 13

Класс – 7

Терахь ______

Хьехархо:


Тема: Тешам а, тешнабехк а.

1алашо: берашца комаьршаллина, кхоаме хиларна, б1аьрмецигаллина

юкъара башхаллех лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар; тешамах,

тешнабехках юкъара кхетам балар; дош лардар тешамца

доьзна хилар довзийтар; тешаме, оьзда, комаьрша, къоман

г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

«Исбаьхьа шовда»,

«Халкъан кицанаш, аларш», газетан вырекаш.


Урокан некъ


I.Догдаийтаран мур


Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,

Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.

Халкъана, махкана лелахь пебетташ,

Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.



II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур


- Х1ун башхалла ю комаьршаллина, кхоаме хиларна юкъахь ерг?

- Х1ун башхалла ю кхоаме хиларна, б1аьрмецигаллина юкъахь?

- Муьлхарг ву б1аьрмециг стаг?

- Цу кхаьннах стагца уггар коьрта хила дезарг муьлхарг ду?

- Даладе масалш комаьршаллах, кхоаме хиларх, б1аьрмецигаллах лаьцна.


III . Керла тема. Тешам а, тешнабехк а.


План:

  1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

  2. Тешамах лаьцна юкъара кхетам балар.

  3. Тешнабехках лаьцна юкъара кхетам балар.

  4. Дош лардар тешамца доьзна хилар дийцаре дар.

  5. Халкъан кицанаш, тидамаш, аларш:

- Тешам дешел а мехала бу.

- Тахана тешнабехк бинчух кхана ца теша.

- Нахана бина тешнабехк ша шена боьду.

- Харц лийчи – безам бов; аьшпаш боьттича – тешам бов.

- Теша а, деза а сих ма ло. Хьуо ца тешахь а, хьайн шеко лачкъае. И ца дар оьзда дац,

иэхье ду.

- Дош дош ду, нагахь санна шен хеннахь аьлла и делахь.

- Дош цхьаъ доцчун доттаг1 а хир вац.


Дешнаш т1ехь болх:


Тешам – доверие;

Тешнабехк – предательство;

Аьшпаш – (пуьташ), ложь

Шеко – сомнение


IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар


- «Тешам» - бохучу дашах муха кхета шу?

- Тешнабехках лаьцна х1ун эр дара аш?

- Х1ун башхалла ю тешамна, тешнабехкана юкъахь?

- Х1унда ду дош лардар тешамца доьзна?

- Тешамах, тешнабехк барах лаьцна дийцарш, туьйранаш хьан дуьйцур дара аш?


V. Урокан жам1 дар.


- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;


VI. Рефлексин мур


-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?


VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш