СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок чеченской литературы в 8 классе

Нажмите, чтобы узнать подробности

урок чеченской литературы в 8 классе "Ясаев М. Хьоме йурт"

Просмотр содержимого документа
«Урок чеченской литературы в 8 классе»

Хьехарсахьтан ц1е:  Ясаев Мовла «Хьоме йурт».

Хьехарсахьтан ц1е:

Ясаев Мовла «Хьоме йурт».

 1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: йаздархочун дахарх, кхоллараллех хаамаш балар, цуьнан «Хьоме йурт» повестан чулацам бовзийтар;  произведенин идея билгалйаккхар; дийцаран турпалхочух доглазар кхи­ор, адамашца кьинхетаме хила 1амор; кхетам – кхиоран: Даймахке болу безам к1аргбар .

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг

карладаккхар;

кхиоран: йаздархочун дахарх, кхоллараллех хаамаш

балар, цуьнан «Хьоме йурт» повестан чулацам

бовзийтар; произведенин идея билгалйаккхар;

дийцаран турпалхочух доглазар кхи­ор, адамашца

кьинхетаме хила 1амор;

кхетам – кхиоран: Даймахке болу безам к1аргбар .

 Урокана эпиграф:  «Хийрачу махкахь эла хуьлучул, шен махкахь  лай хилар тоьлу».  (Кица)

Урокана эпиграф:

«Хийрачу махкахь эла хуьлучул, шен махкахь

лай хилар тоьлу».

(Кица)

 Ойла т1ейерзор.  - Эпиграфна далийнчу кицанан маь1на дастийтарца урокан ц1е  а, 1алашо а йовзуьйтуш, д1айолайо урок.  - Муьлха кица ду вай тахана урокана далийна?  - Муха кхета шу цунах?  - Даймахках лаьцна кхин х1ун кицанаш девза шуна?  - Стенах олу Даймохк? Вайн йукъара Даймохк муьлха бу?  - XIopa стеган а хуьлий шен жима Даймохк? И муьлхачух олу?  - Таханлерчу вайн урокан ц1е х1ун йу? Вай лакхахь далийнчу  кицанан маь1ница дуьстича, стенах лаьцна хир йу, шуна  хетарехь, и произведени?  - Х1ун болх билгалбоккху вай тахана урокехь кхочушбан?  (Дешар­хоша йовзуьйту урокан ц1е а, 1алашонаш а.)

Ойла т1ейерзор.

- Эпиграфна далийнчу кицанан маь1на дастийтарца урокан ц1е

а, 1алашо а йовзуьйтуш, д1айолайо урок.

- Муьлха кица ду вай тахана урокана далийна?

- Муха кхета шу цунах?

- Даймахках лаьцна кхин х1ун кицанаш девза шуна?

- Стенах олу Даймохк? Вайн йукъара Даймохк муьлха бу?

- XIopa стеган а хуьлий шен жима Даймохк? И муьлхачух олу?

- Таханлерчу вайн урокан ц1е х1ун йу? Вай лакхахь далийнчу

кицанан маь1ница дуьстича, стенах лаьцна хир йу, шуна

хетарехь, и произведени?

- Х1ун болх билгалбоккху вай тахана урокехь кхочушбан?

(Дешар­хоша йовзуьйту урокан ц1е а, 1алашонаш а.)

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш: 1. Аьрзунаш лаьмнашкахь кхуьу. 2. Г1амаро хи худу, даго бала худу. 3. Леча къийган бенахь товш дац. 4. Орама хадийча, синтар дакъаделла. 5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахана. 6. Ша винчу лаьтте кхочуш латта дац.

Догдаийтаран мур.

Кицанаш:

1. Аьрзунаш лаьмнашкахь кхуьу.

2. Г1амаро хи худу, даго бала худу.

3. Леча къийган бенахь товш дац.

4. Орама хадийча, синтар дакъаделла.

5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахана.

6. Ша винчу лаьтте кхочуш латта дац.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.  Ц1ахь 1амийнарг схьайийцитар.  1. Стенах лаьцна дийцира вай д1айаханчу урокехь?  2. Поэзин къамел муха къаьста прозин къамелах?  3. Строфа стенах олу, муха хуьлу уьш?  4. Стихан ритм, рифма бохучух муха кхета шу?  5. Стихан барам х1ун йу?

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.

Ц1ахь 1амийнарг схьайийцитар.

1. Стенах лаьцна дийцира вай д1айаханчу урокехь?

2. Поэзин къамел муха къаьста прозин къамелах?

3. Строфа стенах олу, муха хуьлу уьш?

4. Стихан ритм, рифма бохучух муха кхета шу?

5. Стихан барам х1ун йу?

Ясаев Мовла Данкаевич  (1912 – 1986)

Ясаев Мовла Данкаевич

(1912 – 1986)

Ясаев Мовла нохчийн литературехь йоккха меттиг д1алоцуш ву. Говза прозаик, драматург, гочдархо хилла иза. Вина 1912 - чу шарахь Шуьйтан к1оштарчу Бена - Йуьртахь ахархочун доьзалехь. Шен говзаршца нохчийн литература кхиийначарех, цуьнан таронаш шортта хилар Iалашйинчарех цхьаъ ву иза. Шена даржаш а, балхахь, дахарехь аьттонаш а ца лоьхуш, хьанал къахьоьгуш, ша йаздинарг дешархошка д1а а кхаьчна, царна иза мелла а пайде а, говза а хеттехь, цунах воккхавеш ваьхна и дика стаг, дика йаздархо. Ясаев Мовлас белхаш бина Соьлжа - Г1аларчу «Ц1ен варзап» заводехь; Смоленск - г1алахь rг1аш - салтийн полкехь батальонан командиран даржехь; Шуьйтан к1оштахь прокуроран болх; Г1ирг1изойн махкахь Токмак - г1алахь, жилкомхозехь а, Г1алин дахаран урхаллехь (Горжилуправление) куьйгалхочун даржехь а; 30 шарахь гергга къахьийгира Нохч - Г1алг1айн АССР - н телерадиокомитетехь, оьрсийн маттера нохчийн матте материалаш гочйеш.

Ясаев Мовла нохчийн литературехь йоккха меттиг д1алоцуш ву. Говза прозаик, драматург, гочдархо хилла иза. Вина 1912 - чу шарахь Шуьйтан к1оштарчу Бена - Йуьртахь ахархочун доьзалехь. Шен говзаршца нохчийн литература кхиийначарех, цуьнан таронаш шортта хилар Iалашйинчарех цхьаъ ву иза. Шена даржаш а, балхахь, дахарехь аьттонаш а ца лоьхуш, хьанал къахьоьгуш, ша йаздинарг дешархошка д1а а кхаьчна, царна иза мелла а пайде а, говза а хеттехь, цунах воккхавеш ваьхна и дика стаг, дика йаздархо.

Ясаев Мовлас белхаш бина Соьлжа - Г1аларчу «Ц1ен варзап» заводехь; Смоленск - г1алахь rг1аш - салтийн полкехь батальонан командиран даржехь; Шуьйтан к1оштахь прокуроран болх; Г1ирг1изойн махкахь Токмак - г1алахь, жилкомхозехь а, Г1алин дахаран урхаллехь (Горжилуправление) куьйгалхочун даржехь а; 30 шарахь гергга къахьийгира Нохч - Г1алг1айн АССР - н телерадиокомитетехь, оьрсийн маттера нохчийн матте материалаш гочйеш.

Мовлас шен дика ц1е йитина - дахарехь а, литературехь а. Иза ша санна, оьзда а, г1иллакхе а бу цуьнан турпалхой. Цуьнан говзарш йоьшуш, х1apa, дагалаьцна, шегара кхоьллина ду, дахарехь ишттаниг хуьлуш дац аьлла, ойла ца кхоллало йешархочун, х1унда аьлча авторо гайтинарг шена гонаха дерг, ша йа шена уллерчо лайнарг, шена гинарг, хезнарг дара. Нохчийн 1адаташ, ламасташ шена дика девзаш хилар гайтина авторо шен говзаршкахь а. Ц1ена а, васте а бу Ясаев Мовлин говзарийн мотт. Цо боккха пайда оьцу халкъан фольклорах. Халкъо кхоьллина аларш, кицанаш, хьекъале дустарш дуккха а ду цуьнан прозехь.

Мовлас шен дика ц1е йитина - дахарехь а, литературехь а. Иза ша санна, оьзда а, г1иллакхе а бу цуьнан турпалхой.

Цуьнан говзарш йоьшуш, х1apa, дагалаьцна, шегара кхоьллина ду, дахарехь ишттаниг хуьлуш дац аьлла, ойла ца кхоллало йешархочун, х1унда аьлча авторо гайтинарг шена гонаха дерг, ша йа шена уллерчо лайнарг, шена гинарг, хезнарг дара. Нохчийн 1адаташ, ламасташ шена дика девзаш хилар гайтина авторо шен говзаршкахь а.

Ц1ена а, васте а бу Ясаев Мовлин говзарийн мотт. Цо боккха пайда оьцу халкъан фольклорах. Халкъо кхоьллина аларш, кицанаш, хьекъале дустарш дуккха а ду цуьнан прозехь.

 Керла коьчал йовзийтар.  1. Ясаев Мовлин «Хьоме йурт» дийцар къастош дешар.  Текст хьехархочо ша йоьшу йа шен харжамца, кар - кара оьцуш,  дешархошка йоьшуьйту.  2. Дийцаран чулацаман хьокъехь къамел дар.  - Х1ун ойла кхоллайели шун повесть йешча? Муьлш бу цуьнан  коьрта турпалхой? (Белхан тептар, 2 - г1а т1едиллар.)  - Муха кхаьчна Лox - Беташ шен доьзалца Тянь - Шанан лаьмнашка?  (Белхан тептар, 3 - г1а т1едиллар.)  - Х1ун синх1оттаман хьал ду Лox - Беташехь, цуьнан х1усамненехь?  - Муха туьду Серижас Лох - Беташна тина г1ан? (Белхан тептар, 4 - г1а  т1едиллар.)  - Хийрачу махкахь Даймахках болу дагалецамаш стенца боьзна бу  Лох - Беташан?  - Лох - Беташан амалан коьрта билгалонаш йийца?  - Доьзал хьалакхиале шена т1ера «декхар» д1адала Даймахка ц1а верза шен  хилла сацам Лох - Беташа бовзийтича, Серижас далийна кица схьайазде.

Керла коьчал йовзийтар.

1. Ясаев Мовлин «Хьоме йурт» дийцар къастош дешар.

Текст хьехархочо ша йоьшу йа шен харжамца, кар - кара оьцуш,

дешархошка йоьшуьйту.

2. Дийцаран чулацаман хьокъехь къамел дар.

- Х1ун ойла кхоллайели шун повесть йешча? Муьлш бу цуьнан

коьрта турпалхой? (Белхан тептар, 2 - г1а т1едиллар.)

- Муха кхаьчна Лox - Беташ шен доьзалца Тянь - Шанан лаьмнашка?

(Белхан тептар, 3 - г1а т1едиллар.)

- Х1ун синх1оттаман хьал ду Лox - Беташехь, цуьнан х1усамненехь?

- Муха туьду Серижас Лох - Беташна тина г1ан? (Белхан тептар, 4 - г1а

т1едиллар.)

- Хийрачу махкахь Даймахках болу дагалецамаш стенца боьзна бу

Лох - Беташан?

- Лох - Беташан амалан коьрта билгалонаш йийца?

- Доьзал хьалакхиале шена т1ера «декхар» д1адала Даймахка ц1а верза шен

хилла сацам Лох - Беташа бовзийтича, Серижас далийна кица схьайазде.

 Сада1аран минот.  Чехкааларш:  1. Цеца чохь цу ца соцу.  2. Цициго цастар цергашца цоьсту.

Сада1аран минот.

Чехкааларш:

1. Цеца чохь цу ца соцу.

2. Цициго цастар цергашца цоьсту.

 Кхетарх дуьххьарлера таллам.  Практически болх.  Литературни турпалхочунна анализ йаран плане хьовса. Планах пайда оьцуш  характеристика ло Лох - Беташна а, цуьнан х1усамнанна Серижина а.  Царна характеристика лучу хенахь цу йукъара схьахаржа шайна оьшург.  Литературни турпалхочун вастана анализ йаран план.  1. Кхечу васташна йуккъехь цо д1алоцу меттиг. Кхечу персонажашца а,  произведении хиламашца а цуьнан йолу уьйр.  2. Васт кхуллуш авторо пайда эцна кепаш:  - Цунна тиллинчу ц1еран маь1на.  - Произведенехь дуьххьара гучувалар.  - Куц - кеп (портрет). Хьенан б1аьргашца го вайна турпалхо?  - Турпалхочун синх1оттамца йозайелла пейзажаш.  - TIepa духар, кхийолу х1уманаш, цуьнан амал билгалйеш йолу.  - Турпалхочун къамел.  - Цуьнан амал гойтуш цо дийриг.  - Кхечу персонажаша цуьнан хадош болу мах.  - Авторан шен турпалхочуьнга болу хьежам.

Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Практически болх.

Литературни турпалхочунна анализ йаран плане хьовса. Планах пайда оьцуш

характеристика ло Лох - Беташна а, цуьнан х1усамнанна Серижина а.

Царна характеристика лучу хенахь цу йукъара схьахаржа шайна оьшург.

Литературни турпалхочун вастана анализ йаран план.

1. Кхечу васташна йуккъехь цо д1алоцу меттиг. Кхечу персонажашца а,

произведении хиламашца а цуьнан йолу уьйр.

2. Васт кхуллуш авторо пайда эцна кепаш:

- Цунна тиллинчу ц1еран маь1на.

- Произведенехь дуьххьара гучувалар.

- Куц - кеп (портрет). Хьенан б1аьргашца го вайна турпалхо?

- Турпалхочун синх1оттамца йозайелла пейзажаш.

- TIepa духар, кхийолу х1уманаш, цуьнан амал билгалйеш йолу.

- Турпалхочун къамел.

- Цуьнан амал гойтуш цо дийриг.

- Кхечу персонажаша цуьнан хадош болу мах.

- Авторан шен турпалхочуьнга болу хьежам.

 Урокан жам1 дар.  - Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?  - Мила ву «Хьоме йурт» повестан автор?  - Вай х1оттийнчу 1алашоне кхаьчна аьлла, хетий  шуна?

Урокан жам1 дар.

- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

- Мила ву «Хьоме йурт» повестан автор?

- Вай х1оттийнчу 1алашоне кхаьчна аьлла, хетий

шуна?

 Синквейн.  Йурт.  Хьоме, хаза.  Йеза, хестайо, йуьйцу.  Вина мохк х1ора адамна хьоме бу.  Даймохк.

Синквейн.

Йурт.

Хьоме, хаза.

Йеза, хестайо, йуьйцу.

Вина мохк х1ора адамна хьоме бу.

Даймохк.

 Г1иллакх - оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.  1. Нохчийн доьзалехь хила деза г1иллакхаш муха гайтина  повестехь? Нохчийн х1усамненехь хила йеза амалш муха  билгалйовлу Серижин вастехь? Лох-Беташан амалан коьрта  билгалонаш йовзийта. (Бел­хан тептар, 9, 11-г1а т1едиллар.)  2. Ден - ненан берашна хьалха долу жоьпалла, 1уналла муха  гайтина йаздархочо повестехь?  3. Нохчийн кьам кхечу къаьмнашца бертахь, оьздангалла ларйеш,  даьхна ду. Повестехь къеггина гайтина ду иза. Дийца цунах  шайна хетарг.  4. Нохчийн г1иллакх - оьздангаллехь коьртачу мехаллех цхьаъ йу  къинхетам. Иза муха т1еч1аг1до авторо шен повестехь?

Г1иллакх - оьздангаллин хаттарш дийцаре дар.

1. Нохчийн доьзалехь хила деза г1иллакхаш муха гайтина

повестехь? Нохчийн х1усамненехь хила йеза амалш муха

билгалйовлу Серижин вастехь? Лох-Беташан амалан коьрта

билгалонаш йовзийта. (Бел­хан тептар, 9, 11-г1а т1едиллар.)

2. Ден - ненан берашна хьалха долу жоьпалла, 1уналла муха

гайтина йаздархочо повестехь?

3. Нохчийн кьам кхечу къаьмнашца бертахь, оьздангалла ларйеш,

даьхна ду. Повестехь къеггина гайтина ду иза. Дийца цунах

шайна хетарг.

4. Нохчийн г1иллакх - оьздангаллехь коьртачу мехаллех цхьаъ йу

къинхетам. Иза муха т1еч1аг1до авторо шен повестехь?

 Хаарийн мах хадор. Урокехь бинчу балхе хьаьжжина, шаьш - шайна йа вовшашна дешархошка шайга хадабайта мегар ду белхан мах.

Хаарийн мах хадор.

Урокехь бинчу балхе хьаьжжина, шаьш - шайна йа вовшашна дешархошка шайга хадабайта мегар ду белхан мах.

 Ц1ахь кхочушдан дезарг.  (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь  кхочушбойту болх.)  1. «Хьоме йурт» повесть шера йешарна кечам бе.  2. Г1иллакхах лаьцна 3 кица д1айазде.  3. Повестан чулацамца дог1уш Даймехкан сурт дилла.  (Белхан теп­тар, 4 - г1а т1едиллар.)

Ц1ахь кхочушдан дезарг.

(Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь

кхочушбойту болх.)

1. «Хьоме йурт» повесть шера йешарна кечам бе.

2. Г1иллакхах лаьцна 3 кица д1айазде.

3. Повестан чулацамца дог1уш Даймехкан сурт дилла.

(Белхан теп­тар, 4 - г1а т1едиллар.)

Хьоме бераш,  даггара баркалла шуна!!!

Хьоме бераш,

даггара баркалла шуна!!!