Просмотр содержимого документа
«Урок х1оттийнарг : Зайтемиров Сайдик 2-г1а класс Нохчийн мотт Урокан ц1е: Талламан болх «Дешархо».»
Урок х1оттийнарг : Зайтемиров Сайдик
2-г1а класс
Нохчийн мотт
Урокан ц1е: Талламан болх «Дешархо».
1алашо: 1амийнарг т1еч1аг1дар; Дешаре безам кхиор;
г1иллакхе-оьздинга 1амор.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна хуур ду 1амийначу орфограммашна дог1у дешнаш каро;1амийначу бакъонех пайда а оьцуш уьш нийса д1айаздан.
Метапредметни
Регулятивни: хуур ду шайн белхан шаьш мах хадо, кхачамбацарш каро, уьш д1ататта.
Коммуникативни: 1емар ду шайга дуьйцучунга ладог1а, пайдаэца.
Х1ума довзаран: 1емар ду текстаца болх бан; алсамдер ду ойлайар, тидамбар.
Личностни: дика деша лаам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
I.Урокан кечам бар.
II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
III. Ойла т1еерзор.
IV .Керла тема хьехар.
1.Хьехархочун дош.
2.Талламан болх бовзийтар.
3.Талламан болх д1айазбайтар.
Дешархо
Со дешархо ву. Ас дика доьшу. Ас нанна г1о до. Нанас сунна, дика к1ант ву, олу. Со школе т1аьхьа ца вуьсу.
V. Т1едиллар.
2-чу предложенера коьрта меженеш къастайе.
VI. Жам1 дар.
-Тахана урокехь х1ун дира вай?
-Стенах лаьцна йара иза?
VII. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
VIII. Ц1ахь бан болх балар: 1амийнарг карладаккхар.