СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок по чеченской литературе "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашонаш: Абдулаев Лечин дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; дешархойн ойла а, тидам а кхиор; нохчийн литературе болу безам ч1аг1бар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, цунах лаьцна коьртаниг дагахь латтадан а, шайна хетарг ала а; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

 

Просмотр содержимого документа
«Урок по чеченской литературе "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а"»

Урок-конспект "Абдулаев Лечин дахар а, кхолларалла а"

Абдулаев Шарипан Леча. Дахар а, кхолларалла а.


1алашонаш: Абдулаев Лечин дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; дешархойн ойла а, тидам а кхиор; нохчийн литературе болу безам ч1аг1бар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, цунах лаьцна коьртаниг дагахь латтадан а, шайна хетарг ала а; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.


Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, дешархойн хаамаш, комментари ярца текст ешар.


Гайтаман г1ирс: яздархочух лаьцна йина презентаци, «Орга» а, «Вайнах» а журналаш.


Урок д1аяхьар


  1. Урокана кечамбар.


  1. Ойла т1еерзор.

- Хьоме дешархой, дагадаийтий вай, х1ора шеран оханан беттан 25-г1а де х1ун аьлла билгалдина ду вайн къоман?

- Нохчийн маттахь дуьххьара арадаьллачу газетан ц1е муха хилла вайн?

- Тахана а долуш ду аьлла хетий шуна и? Хьан йоккхур яра аша цуьнан ц1е?

- 1990-чу шарахь республикин «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор х1оьттина а волу, уггар хьалха оцу газетан ц1е «Даймохк» аьлла хийцина волчу нохчийн г1араваьллачу поэтан ц1е яккха хуур дарий шуна? Мила хилла те и? (Абдулаев Леча).

- Хьан эр дара аша, хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?


( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)



  1. Дешархойн хаарш жигардахар


Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

- Мичахь, маца вина поэт Шайхиев 1алвади?

- Шен дуьххьарлера стихаш хьаьнга йоьшуьйтуш хилла 1алвадис?

- Маса шо долуш зорбанехь араяьлла къоначу поэтан дуьххьарлера стихотворени?

- Мичахь белхаш дина Шайхиев 1алвадис?

- Коьртачу турпалхочун х1ун амалш билгалйоху авторо «Дорцан буса» поэма йолалуш?

- Х1ун хьехар до цунна дас?

- Муха т1еоьцу к1анта ден хьехар?

- Ден хьехам кхочушбеш, х1ун сацам т1еоьцу к1анта?

- Муха гучуволу к1антана шен накъостех бакъволу доттаг1?

- Муьлхачу амалшца къаьста бакъволу доттаг1 кхечу накъостех?

- Билгалдаккха поэмин коьрта маь1на


«Тешаме доттаг1 – ч1аг1онна йоьттина б1ов» рефератах дош.




  1. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.


  1. Хьехархочун дош.


Тахана вай шуьца карлабоккхур бу Абдулаев Лечин дахаран а, кхоллараллин а некъ.

«Аре дукха шийла хилла хиларна хир ду и, аре суна кхин хIара аьлла дага а ца йогIу: тхо, бераш, гуттар бохург санна чохь хуьлура. Да балхара чувогIу хан а яра гуттар ларош. Да даим векхна-велавелла хуьлура. Иза боккха синтем а, синкъерам а бара. ХIетахь дуьйна иштта цунах дIаволарх суна хIинца а ца хаьа иза сингаттаме, гIайгIане ган. Иза сингаттаме, дог ца догIуш хаавелча, суна суо бехке хетта. Ишттачохь тIаьхь-тIаьххьалц цуьнга хоттуш Iедал а дара сан: «Соьгара цхьа ледарло-м ца яьлла?»

Дас суна гуттар а цхьацца дуьйцура. Суна хIетахь дуьххьара девзира Кавказ, ДегIаста, ДецIа, БIаьсте боху дешнаш. Суна цу дешнийн чам хаалора багахь. Суна и берриг цхьа кхетам а бара. «ЦIа гIур ду» боху хиндолчу диканан нуьре гIаларт дара гуттар бIаьргашна дуьхьал лаьтташ. Цкъа а цхьанхьа а вахна воцчу суна суо цхьанхьара схьавеъна вуйла хаьара, юхаваха везаш, юхаваха бакъо а, декхар а долуш.

I957-чу шарахь тхо цIа даьхкира. «Вай цIа дохуьйту!» – дас и кхаъ баьккхина дагадогIуш санна хета суна, и боккхуш цуьнан хилла бIаьргаш дуьхьал а лаьтташ. Аьлча а, иза деккъа суна хетарг хила тарло. Амма и некъ, Кавказ, ДегIаста, ДецIа, БIаьсте йолчу махка тхаьш цIа бина и беха некъ, юха тхаьш схьакхачар а суна билггал дагадогIу. Бохамочул дикано, халхетарочул хазхетаро, къастарочул юхагаро чIогIахо велхош хиллийла а хиира хIетахь дуьххьара»,- иштта дуьйцу Абдулаев Лечас шен дагалецамашкахь.

Оцу къамелаца а йовза йиш ю вайн авторан амал. Цуьнан дена муьт1ахь хилар, шегара цхьаъ даларна кхоьруш, лерина хилар. Ткъа иштта хила ца веза муьлхха а доьзалхо? Нохчийн 1адаташца йог1ург а и кеп бен ма яц… Вовше ларам а, барт а, дегайовхо а йолуш… Шен сил дукха Даймохк а безаш… Кхин цкъа а ладог1а кху мог1анашка ( д1айоьшу билгалъяьхна предложенеш), иштта дешнаш яздан ма муьт1ахь хила веза шен доьзална а, Даймахкана а.

Ткъа вай тахана вийца лерина волу Леча Абдулаев ван а ву иштта. Нагахь вацахьара, сих кхетар дацара мел ч1ог1а говза кечдина къоламца яздинарг.


  1. Учебник т1ерачу статьяца болх бар.

( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту статьян дакъош)


  1. Дешнаш т1ехь болх.

Г1аларт- силуэт, призрак.

Аккази- акация

Элхьамчаш- боярышник

Коканаш- терн

ГIундалгIеш-бузина траянистая

Ц1ийнан лард- ц1ийнан бух (фундамент).


  1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттарш:


- Маца д1аболабелла Абдулаев Лечин кхоллараллин некъ?

- Муьлхачу лит-цхьаьнакхетарраллехь дакъалоцуш хилла иза?

- Шен бераллех муха дуьйцу поэто?

- Нохчийн къоман эшарш а, иллеш мичахь, маца девзина Поэтана?



V. Урокан жам1дар

- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

- Мичахь, маца дуьненчу ваьлла нохчийн г1араваьлла поэт, яздархо, гочдархо Абдулаев Леча?

-Муьлхачу шерашкахь нохчийн литературина юкъавеана иза?

- Дас х1ун т1е1аткъам бина поэтана бераллехь?

- Муьлхачу васташкахь карийна поэтана Даймохк?

- Абдулаев Лечин книгийн ц1ераш яха



  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).


VII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Учебник-хрестомати т1ерачу 1-7-чу хаттаршна жоьпаш кечдар.

2. «Маьлхан каш» поэма еша.