СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан тема: Цхьанах1оттаман а, шина- х1оттаман а предложенеш.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урокан тема: Цхьанах1оттаман а, шина- х1оттаман а предложенеш.»

Урокан тема: Цхьанах1оттаман а, шина-

х1оттаман а предложенеш.

Урокан 1алашонаш: цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенех кхетам балар; церан башхаллаш йовзийтар; цхьанах1оттаман предложенехь коьрта меже лаха.

1амор: къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

I. Урокан кечам бар.Маршалла хаттар.

II. Дешархой балхана юкъабалор:

1 .Шийла1а. Карае башхалла ю.

2. Т1екхечи шийла 1а.

-/жоьпаш хила мега: хьалхара предложени шина дашах лаьтта, шолг1аниг кхаа дашах/

- ткъа коьрта а, коьртаза а меженашка хьаьжча, х1ун башхалла ю?

III.Керла тема йовзийтар.

1. Хьехархочун дош: подлежащи, сказуеми предложенин коьрта меженаш ю, ткъа хила йиш юй предложени коьрта цхьа меже бен йоцуш? Коьрта цхьа меже бен ца хилча, и предложени маь1-на долуш хуьлий?

2.Уьна т1ехь синтаксически къастайо предложенеш.

Шийла 1а.Т1екхечишийла.

Жам1:

- подлежащий, сказуемий-шиъ коьрта меже йолчу предложених шинах1оттаман предложен иолу.

--шена чохь подлежащих, сказуемих коьрта меже цхьаъ бен йоцчу предложених цхьанах1оттаман предложени олу.

3. Кхочушдо 96 шардар./шишша цхьаьна а тухуш болх бойту./

4. Барта кхочушдо 97шардар.

Т1едиллар: схьалаха, хьалха цхьанах1оттаман предложенеш, шолг1а-шинах1оттаман.

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар. /тобанашца болх бо/

Арахь х1инца а сирла ю.2. Сингаттаме ду есачу аренца. 3. Меллаша техкаш йоьлху к1айн мархаш. 4. Сира, беса стигал. 5. И дерриг а б1аьргашна хьалха маьлхан з1аьнаршлахь ловзу, хелхадуьйлу. 6. Суьйре. 7. Ворх1алг1а сахьт. 8. Тов лаьтта. 9.Меттамотт болучохь сингаттаме тийналла. 10. Йовхоно хьере вина массо а стаг

-схьаязъе:.

1-ра тоба-цхьанах1оттаман предложенеш.

2-г1а тоба-шинах1оттаман предложенеш.

3-г1а тоба- яржаза йолу предложенеш

VI. Жам1 дар.

-аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу…

-коьрта а, коьртаза а меженашка хьаьжжина предложенеш хуьлу…

-шена чохь йолчу коьртачу меженашка хьаьжжина предложенеш хуьлу…

VII. Ц1ахь бан болх балар.

  1. 20§, 73 шардар. 2. Сочинени чекхъяккха.

Рефлекси: шаьш бинчу балхана мах хадор.