СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан ц1е ". Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин стихашкахь повесть «Тимуран тур».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урокан ц1е ". Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин стихашкахь повесть «Тимуран тур».»

Урокан ц1е:

Арсанукаев 1абдулмуслиман Шайхин стихашкахь

повесть «Тимуран тур».


Iалашонаш: «Тимуран тур» стихашкахь йолчу повестан чулацамах кхетор; берийн ойла а, дагалацам а кхиор; дийцаран исторически бух бовзийтар; исторически бакъдолчунна а, яздархочун исбаьхьалли декхаршна а юккъехь йолчу башхаллех кхетам балар; дешархойн вай исторех долу хаарш т1едузар.

Кхочушдан лоружамlаш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала, ойла ян, дуста; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адах 1ама беза шайн кхиамаш, кхачамбацарш довза, царах пайда эца.

Хьехаран некъаш: прогнозировани, хьехархочун дош, 1аматца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар.

Урок д1аяхьар

    1. Урокана кечам бар.

    2. Ойла т1еерзор.

Урок д1айолайо Арсанукаев Шайхин стихашкахь язйинчу повестан ц1арна т1ера.

  • Хьан эр дара аша, бераш, «Тимуран тур» х1унда ю-те вай тахана 1амо леринчу произведенин ц1е? Мила ву-те и Тимур? Исторически цхьа а личность евзий шуна и ц1е йолуш?

  • Нохчийчоьнца х1ун уьйр хилла-те цуьнан? Шуна хезний цо вайца т1ом бина бохучух х1умма а? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

  • Хьан эр дара аша, стенах лаьцна хир ю, шуна хетарехь, вай таха­на йоьшур йолу «Тимуран тур» повесть? (Дешархошка шайга урокан 1алашонаш, декхарш би лгал доху ьйту.)

    1. Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгал- боху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

  • Дахаран х1ун аг1онаш а, муха а йовзуьйту 1илмано?

  • 1илмано лучу хаарсх муха къаьста литературо ло хаарш?

  • Литертурни произведенийн х1ун тайпа жанраш евза шуна?

  • Стенах олу повесть? Х1ун тайпа повесташ 1амийна вай? Ц1ерш иха церан шайн авторшца.

  • Стихашкахь повесть хила йиш юй-те? Оьрсийн литературехь а цхьа а евзий шуна стихашкахь язйина повесть? (1-2 дешархочуьнга до­нца дуьйцуьйту Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна.)

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар. 1. Хьехархочун дош. XIV б1ешеран чаккхе. 1395-чу шеран б1аьста, апрель баттахь, Нох- чийчу кхочу Астаг1чу Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца Астаг1чу Тимара т1ом бо кхечу мехкашд1алецархочуьнца Гохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул т1аьхьа Тимар ерриг а Де- г1астанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1чу Тимара Къилбседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хад- даза дуьхьало йо мехкашд1алецархочунна. Оцу къаьмнашна г1oдина, уггар хьалха, церан майралло, доьналло, маршоне доза доцчу безамо, шолг1а - юькъачу хьаннаша а, хийла б1еннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардинчу лаьмнаша а.

Вай хьахийначу историн хиламех ю нохчийн вевзаш волчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу стихашкахь повесть, Нохчийн истори евзачарна бевзаш болу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу. XIapaпроизведени ша кхуллуш авторо шена хьалха х1оттийна 1алашо Астаг1чу Тимаран, нохчийн вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца 1а, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра х1етахьлера политика а, 1ер-дахаран хьелаш а, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, х1етахьлерчу къизачу хенахь даьх- начу адамийн синкхетам.

2.1амат-хрестоматица болх бар.

(Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дакъош.)

    1. Хаттарш:

  • Муьлхачу стихкхолларан барамехь язйина ю «Тимуран тур» поэ-| ма? (Деадешдекъехь лаьтташ йолу дактиль, рифмаш ж1арийн, зударийн.)

  • Драматургии башхаллех муха пайда оьцу поэто?

  • Турпалхойн сурт-сибат гойтуш муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех пайда оьцу поэто?

Авторо 1аламан исбаьхьалла гойту меттигаш билгалъяха.

    1. Дешнаш т1ехь болх. Пхьаьрчий (пхьу) - боьрша ж1аьла; назбар - г1айба;

зов - звон,звук;

баьчча - вождь;

г1арол - караул, стража; гоьмукъ - копье; чхар – боккха т1улг

йийсар - пленник;

г1аг1 - кольчуга;

боьра - овраг, лощина; гечо - брод;

саьнгар - канава, ров.


V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

1. Хаттаршна жоьпаш:

  • Мила вара «мотт» бахьаш веанарг?

  • Х1ун 1алашо йолуш веанера иза?

  • Х1ун хьехар дира цо Тимурна?

  • Схьабалийна йийсарш мухачу хьолехь бара?

  • Мискачу йийсарех х1ун хилира?

2. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 1, 2-г1ий т1едахкарш.

  1. Урокан жам1 дар.

  • Мила ву Тимур?

  • Бахьана х1ун ду цуьнан Нохчийчу варан?

  • Накъостий муха бу Тимуран?

  • Дийца царах лаций.

  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми ...

Суна хии ...

Суна кхета хала дара ...

Со ца кхийти ...

Хаарийн мах хадор. (Мах дешархошка шайга хадабойту.)

  1. Ц1ахь кхочушдан дезарг. (Т1едахкарш декъа мегар ду де- шархошна.)

1. Арсанукаев Шайхин кхолларалла 1амо.

  1. Аг1онаш 111 – 123 йеша, чулацам хаьа.