СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп м , М яздар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп м , М яздар».»

12-г1а урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп м , М яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш м , М довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш м , М. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар ду зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду (Пе).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • М элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах ер аду элп?

Вовшийн юххехь

Ши стаг лаьтта.

Куьйгаш леци,

Пе хили,

М – элпах тера хили.

(Хьехархочо д1ааларца дагахь1амайо байт).

-Стенах лаьцна ю байт? (М элпах).

-Муьлха дош ду шуна ца девзарг? (Пе).

-Пе тоьхна олу ши адам аг1ор дирзина д1ах1оьттича.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш м,М).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай тахана дуур ду б1араш. Шуна дезий б1араш? Цхьацца б1ара схьа а оьцуш, шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш баха дагахь душ у?

  • Суна девзар ду керла элп.

  • Суна 1емар ду и д1аяздан.

  • Суна хуур ду хьехархочун хаттаршан жоьпаш дала.

-Тахана вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш м , М. 1емар ду и элпаш д1аяздан.

4. Йозанан доккха а , жима а элпаш м , М довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш м,М. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш м , М ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп м ду,х1ара йозанан доккха элп М ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш м,М).

  • Йозанан жима элп м яздар.

-Т1адам буьллу , мог1анна юккъе, охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг а юьллуш охьавог1у юха лахарчу мог1анна т1е кхаччалц, хьаьвзаш хьалавог1у . Юха а лечкъарг а юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз яздо.

  • Хьехархочо д1ааларца ,бераша д1аяздо элпаш.

(Хьехархочо д1ааларца ,бераша д1аяздо элпаш).

-Уггара хаза яздинчу элпана т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?(Суна 1еми йозанан жима элп яздан).

  • Ловзар : «Чакхдаккха алар».

-Аса д1аэр ду цхьацца х1уманаша деш дерг, аша чакхдаккха сан алар.

Говр терса, ткъа атто .... («MIy-у» олу)

Ж1аьла лета, ткъа цициго .... («М1аьв» олу)

Пийлачу ц1аро йотту, ткъа чехкачу ц!аро .... (Морцу)

5. Сада1аран миноташ.

Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

К1ено охьатаъ1ий,

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.


6. Йозанан доккха элп М яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту М элп яздар.


-Моганна юккъе т1адам буьллу. Лахарчу мог1анна т1е кхаччалц охьавог1у ,кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна ,г1оьнан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц . Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду . Юха лечкъарг а юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз хьакха.

-Д1аязбе шайн тептарш т1ера мог1анаш.

  • МАМА дешан схема х1оттор.

-Х1инца шуна хаа деза д1алечкхина дош каро.

-Муьлха дош ду иза?( МАМА).

-Маса дешдакъа ду МАМА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (МА).

-Шолг1аниг? (МА).

-Маса элп ду масса дашехь? (Диъ).

-Маса аз ду? (Диъ).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Шиъ)

-Х1унда? ( И дешдакъош диллина ду).

-Муха хила еза х1ора еък1ов? (Ши бос болуш).

Ц1

С

Ц1

С

(Бераша цхьацца уьн т1е а вог1уш бо болх).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна тахана? (Тхуна девзи элп Мм).

-Муьлха аз билгадо Мм элпо? (Аз(М)).

-Элп Мм мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан гулди уггара дукха б1араш?



13-г1а урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима элп м яздар».

1алашо: йозанан жима элп м кхин д1а а довзийтар. Йозанан жима элп м юкъахь а долуш дешдакъош ,дешнаш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а девзар ду йозанан жима элп м . 1емар ду элп м дешан юьххьехь , юккъехь кхечу элпашца хотта .

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар ду ду эделла дешнашна юкъара дешнаш нисдан. Берийн алсамдер ду тидаме хилар ,ойлаяр. Хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язъеш хилар.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ребус таллар.

- Бераш , хьанна девза вайна дерриге элпаш. Вай цхьаний толлр ю ребус. Цу юкъахь ю йо1ан ц1е. Хьалхара элп ду М .









-Муьлха ц1е ю иза? (МАЬЛХАЬЗНИ).

-Муьлха аз ду цу дешан юьххьехь? (Аз (М)).

-Кхин муьлха дешнаш хаьа шуна хьалхахь аз (М) долуш? (МАЛХ, МОВЛА).

-Аз (М) муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь? (М элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай тахана 1амор ду элп м яздан).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай тахана лахьор ю конфеташ. Шуна езий конфеташ? Х1ора конфета т1ехь яздина т1едиллар ду. Шайна далур дерг схьакъастаде , шайн белхан план х1оттае.

(Бераша план х1отта йо).

-Вай тахана юха а 1амор ду йозанан жима элп м яздан. 1емар ду элп м юкъахь долуш дешдакъош х1итто , уьш яздан. Дешнаш яздан а 1емар ду вайна тахана.

4. Йозанан жима элп м яздар.

  • Хьехархочо д1ааларца д1аяздо элп м. (Хьехархочо яздеш дерг муьлха элп ду ца дуьйцун, яздаран рог1алла юьйцу).

-Муьлха элп ду аша яздинарг? Муьлхачо яздина и нийса?

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан жима элп м яздан).

  • Элп м юкъахь долуш дешдакъош кхоллар.

Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.

-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (МА).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (МО).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (МУ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (МИ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош яздан).

  • Эделла дешнаш юкъара дешнаш карор.

МИЛАМИ

-Д1адеша дош. Цу дашна юкъахь д1алечкъина шиъ дош . Вайна уьш каро деза. (Берашна карадо дешнаш: мила, лами ).

5. Сада1аран миноташ.

6. Дешнашкахь элп м яздар.

  • Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

-Д1аязде дешнаш. Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? (Ама).

-Х1унда яздина АМА дош доккхачу элпаца? (Берийн жоьпаш).

-АМА адаман ц1е ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.

Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш яздан).

-Х1ун керланиг хиишуна? (Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздан).

  • Ц1енааларш 1амор.

-Х1инца вай шуна дика 1амийта элп м , ц1енааларш 1амор ду.

Ма - ма - ма - дуьхьал йола Ама.

My - му - му - ков д1аделла, бог1у му - у.

Ми - ми - ми - схьало соьга нами.

Мо - мо - мо - сох катуьйхи цхьаммо.

7. Жам1 дар.

- Муьлха элп яздира вай? (Элп Мм).

-Муьлха элп дайна дешнашкахь: ЛА…., ЛО…..

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Муьлхачарех дозалла до аша? Уггаре дукъа конфеташ хьаьнгахь ю?