20-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш б ,Б . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.
Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан.Берашна девзар ду керла дош була , Ц1ен Книга.
3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу 1аламе безам . Лаам хир бу и довза , 1алашдан.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Стенах тера ду элп?
Кертахь крант ю хьаьвзина
Бухахь - лаьтта шелиг.
Б - элп царах девзина,
Цеце хьоьжу Ч1ирдиг.
-Муьлха элп ду байт т1ехь далийнарх? (Элп Б).
-Стенах тер аду элп Б? ( Кранта к1елла диллина шелигах тера ду).
-Х1ун ю ШЕЛИГ? (Бочка ду ).
-Даладе хьалхахь аз (Б) долу дешнаш. (Баба , бамба, буру , бел).
-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Б)? ( Б –элпаца).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
- Бераш вайна тахана гулдан деза ж1аьлин нускалш. Шуна хаза хетий уьш? Оцарна т1еяздина ду вай тахана кхочушдан деза т1едахкарш. Муьлханаш кхочуш далур ду шуьга х1оранга ? Шайн белхан план х1отта е. (Бераша билгалбоккхку шаьш бийр болу болх).
-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б. 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь кхечу элпех хуттуш а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б довзийтар ,яздар.
-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш б , Б . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш б , Б ? Схьагайта.
-Х1ара йозанан жима элп б ду,х1ара йозанан доккха элп Б ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б).
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп б яздан).
-Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу буьллуш аьрру аг1о охьавог1у . Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьтту аг1ор тасалуриг юьллуш лахкрчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту аг1о гола а тухуш д1авоьрзу.
-Х1инца вай элп б х1аваэхь дуьллу.
Хьехархочо д1ааларца , бераша яздо йозанан жима элп шайн дагара.
(Хьехархочо яздойту ша д1а а олуш ялх элп. Уггаре хазаниш билгал а дохий , уьш тидаме а оьцуш д1аяздо бераша).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп б яздан).
-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у сиз хьокхуш лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь ч1ара а буьллуш , хьаьвзина сизах дехьа а волу. Кхузахь хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Лаха кхочуш и сиз чухьокху язйинчу меженна герга кхаччалц. Шолг1а меже юьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъехула пурхнехьа сиз хьокхуш.
Х1аваэхь яздар.
Кисточкица яздар.
-Д1аязбе и мог1а тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха элп Б яздан).
-Бераш , аса д1айоьшу йоца байташ. Аша т1етоха цхьа дош.
Ц1ахь ца 1а со мало еш, -
Кхиош ву со 1ежийн.... (Беш)
Ловза цхьа со воцуш лела:
Сагатлуш со ву цундела,
Тахана сан воккха ваша
Бажо вахна юьртан... . (Бажа)
Хьуьна уллехь бу цхьа барз,
Цу т1ехь буса уг1у – (Борз).
-Муьлха дешнаш т1етуьйхи аша ? Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь хеза аз (Б)).
-Маса дешдакъа ду БОРЗ дашехь? (Цхьаъ).
-И дешдакъа диллина ду я къевлина ду? (Къевлина).
-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (БО).
-Муха билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу еък1овца).
-Маса аз ду БОРЗ дашехь? (Диъ).
-Маса элп ду ? (Диъ).
-Йилла массара и схема. (Бераша юьллу. Цул таьхьа массара а нисдо кхачамбацарш).
5. Сада1аран миноташ.
Бакъи озавели - цхьаъ,
Охьатаь1и - ду и шиъ,
Хьалатаь1и - ду и кхоъ,
Д1анисвели - ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,
Вовшахтуьйхи - ялх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.
(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)
6. Дешдакъошкахь йозанан доккха а , жима а элпаш яздар.
(Уьн т1е е , тептарш т1е е д1аяздина хила деза дешдакъош).
-Муха хутту йозанан доккха элп Б кхечу элпех ? (Лахара сиз хьакхарца).
-Д1аязде и дешдакъош тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъошкахь йозанан докха а , жима а элпаш б , Б яздан).
Б + бер тахкон г1ирс =? (Бага).
Б + к1иранан кхоалг1а де=? (Була).
Б + кха т1е йийна х1ума нилха а еш, буц д1а а йоккхуш бен болх =? (Басар).
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Бага , булла , басар).
-Х1ун ду церан юкъара? (Царна массарна юьххьехь ду аз (Б)).
-Муьлха дашах ца кхета шу? ( Була).
-Була – иза акха дийнатийн цхьа тайпа ду (зубр). Буланаш дукха йисина яц дуьнен чохь. Цундела уьш Ц1ечу Книги т1е яхна. Вай декхарийлахь ду уьш ларъян.
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи йозанан жима а , доккха аэлпаш б,Б).
-Муьлха аз билгалдо Б элпо? (Аз (Б) билгалдо).
-Аз (Б) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).
-Даладе масалаш элп Х хьалхахь долуш. (Бел , болх , буру).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лахьийна уггаре дукха ж1аьлин нускалш?
21-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш б ,Б . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан. Предложенеш язъян а 1емар ду берашна.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.
Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан.Берашна девзар ду керла дош баркалла. Хуур ду оцу дешан мах хадо.
3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу дика г1уллакхаш дан. Лаам хир бу шайн амалехь диканиг дан , вониг д1ататта.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
-Дош кегаделла бераш. Иза нисдан деза .
БАЛЛРККАА
-Муьлха дош ду иза? (Баркалла).
-Маса олу и дош? (Дика г1уллакх дича).
-Шуна аьллий иштта дош цкъа а ? (Аьлла).
-Х1ун дика г1уллакх динера аша? (Берийн жоьпаш).
-Муьлханиг ду цу дашехь хьалхара элп ? (Б).
-Хьан далор дара элп Б хьалхахь долуш дешнаш? (Баба, буру).
-Юккъехь долуш? (Абу , саба).
-Чаккхенгахь? (Ч1об).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан доккха а , жима а элпаш б , Б дешнашкахь яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , вай долчохь хьолг1ахь ю тарсал. Цунна г1о оьшу 1аьнна кечам бан. Цо 1ай дуу б1араш , ж1аьлин нускалаш. Вайгара г1о оьшу цунна. Шуна т1ахана даийтина т1едилларшца ж1аьлин нускалш. Дика г1уллакх дан лууш волчо цунна и ж1аьлин нускалш лахьо деза. Х1оранна мел лахьалур ду хьовсуш , белхан план х1отта е.
(Бераша схьаоьцу шайна оьшачулла ж1аьлин нускалш).
-Вай тахана 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б дешнашкахь яздан. 1амор ду предложенеш язъян.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б хоьттина яздар.
-Ж1аьлин нускалш гуттара элпаш хаза яздиначунна бен лур дац . Цундела тидаме хила.
(Уьн т1ехь гойту хьехархочо элпаш хуттуш).
-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса язди йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х вовшах хоьттина).
Б + ч1ера чуьра доккху даар б1ов (Б1ов).
Б + реза вацаран хьокъехь кехат, хабар =? (Барз)
-Муьлха дешнаш хили шун? (Б1ов , барз).
-Х1ун ю Б1ОВ? (Берийн жоьпаш).
-Б1ов –иза шира заманчохь нохчаша шайна т1е мостаг1 вог1уш хаийта дина лекха ц1енош ду.
-Х1ун ю БАРЗ ? (Латта я ялта т1ек1елдиллича хуьлу барз).
-Схема х1оттор вай БАРЗ дешан. Маса дешдакъа ду БАРЗ дешан? (Цхьаъ).
- Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй БАРЗ дашехь? (Ду БА).
-Муха билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу еък1овца).
-Маса аз ду БАРЗ дашехь? (Диъ).
-Маса элп ду? (Диъ).
-Йилла цу дешан схема.
-Хьан бина уггар дика болх? (Толлу бераша).
-Х1ун кхиамш бехи аша? (Тхуна 1еми дашна схема йилла).
-Хьан гулдина ж1аьлин нускалш?
5. Сада1аран миноташ.
6. 1амийнарг т1ечг1агдар.
Йозанан жима а , доккха а элпаш б ,Б дешнашкахь яздар.
Уьн т1е д1аяздо.
-Муьлха дош яздина доккхачу элпаца ? Х1унда?
-Д1аязъе дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш яздан).
-Со х1инца хьожу , хьан дина тарсална г1о.
Уьн т1е д1аязйо.
-Муьлхачу элпаца йола йо предложени? Х1ун юьллу чаккхенгахь?
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложени язъян).
-Хьан гулдина ж1аьлин нускалш?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш девзи шуна? (Йозанан жима а , доккха аэлпаш б , Б).
-Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?
Б –элпо билгалдо аз … (Б).
Аз (Б) ца лакхало , цундела из аду …(Мукъаза).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лахьийна тарсална б1араш? Хьан дог1у дош БАРКАЛЛА?