СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ВПР по чеченскому языку .РТБ. 4кл.

Внимание! Все тесты в этом разделе разработаны пользователями сайта для собственного использования. Администрация сайта не проверяет возможные ошибки, которые могут встретиться в тестах.
ХААРШ К1АРГДАР.

Список вопросов теста

Вопрос 1

Билгалдаха  цхьанатайпанара подлежащеш  .

Цара шайн дуьнен чу евлла к1орнеш кхиайора ,1алашйора,уьш когайохуьйтура.Акхарой а ,олхазарш а синтем боцуш лелара.

Варианты ответов
  • кхиайора ,1алашйора,когайохуьйтура
  • Акхарой ,олхазарш
  • дуьнен чу евлла к1орнеш
Вопрос 2

Билгалдаккха х1ора дешнийн къамелан дакъа:

Т1ееара беркате ,йовха аьхке.

Варианты ответов
  • билгалдош ц1ердош хандош билгалдош
  • хандош билгалдош билгалдош ц1ердош
  • билгалдош ц1ердош хандош ц1ердош
Вопрос 3

Лахахь ялийначу предложенехь шена чохь элпел аьзнаш  сов долу дош схьакараде.

Массо а дешархо юьртахь 1аш ву.

Варианты ответов
  • массо
  • юьртахо
  • дешархо
Вопрос 4

Шалха  элпаш долу дешнаш  билгалдаха.

Х1инца ,бераш,урам,йина,

Къона,бедар,лекха,бешахь

Варианты ответов
  • Х1инца ,бераш,урам,,бедар
  • Къона,бедар,лекха,бешахь
  • Х1инца,къона,лекха,бешахь
Вопрос 5

Текстан коьрта ойла билгалйаккха:

1)Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.2)Екхна йолчу хенахь некъ бовза таро ю малхаца ,баттаца ,седарчашца.3)Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?

   4)Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.5)Къасттина дика иза хаало баганан дитта т1ехь,х1унда аьлча цуьнан кевсиг сирла хуьлу.6)1аьржа аса даима а къилбаседехьара аг1онехь хуьлу.7)Кхоллало иза т1уналла сацар бахьна долуш.8)Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.9)Довхачу дийнахь баганан а,базанан А г1ода т1ехь бокхан янтаран т1адамаш довлу.10)Билгалдаьлла ду г1одан къилбечу аг1онехь ч1ог1а дуккха бокх гучуболуш хилар.

11) Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ .12)Цара шайн туьйлигаш ,дукхахьолахь,муьлхха а цхьана диттана,юьхкана я куллана уллохь йо,даима а къилбера аг1онехь.13)Маьлхан йовхонах  буьззина пайдаэцархьама йо уьш  оцу кегийчу къинхьегамхоша иштта.14)Цу кепара туьйлигца а билгалдолу къилбаседе мичахь ю.15)Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.

Варианты ответов
  • Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.
  • Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.
  • Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.
Вопрос 6

Текстан план билгалйаккха:

1)Хьуьнхахь тилвеллачу стаган нийса некъ гойгуш я ца евзачу меттехь лела г1о деш дуккха а къилбанаш ду 1аламехь.2)Екхна йолчу хенахь некъ бовза таро ю малхаца ,баттаца ,седарчашца.3)Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?

   4)Кхоьлинчу хенахь хуьнхахь анайистан аг1онаша къасто йиш ю дитташца,лаьттара дуьйна диттан буьххье кхаччалц яьржинчу 1аьржаччу асанца.5)Къасттина дика иза хаало баганан дитта т1ехь,х1унда аьлча цуьнан кевсиг сирла хуьлу.6)1аьржа аса даима а къилбаседехьара аг1онехь хуьлу.7)Кхоллало иза т1уналла сацар бахьна долуш.8)Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.9)Довхачу дийнахь баганан а,базанан А г1ода т1ехь бокхан янтаран т1адамаш довлу.10)Билгалдаьлла ду г1одан къилбечу аг1онехь ч1ог1а дуккха бокх гучуболуш хилар.

11) Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ .12)Цара шайн туьйлигаш ,дукхахьолахь,муьлхха а цхьана диттана,юьхкана я куллана уллохь йо,даима а къилбера аг1онехь.13)Маьлхан йовхонах  буьззина пайдаэцархьама йо уьш  оцу кегийчу къинхьегамхоша иштта.14)Цу кепара туьйлигца а билгалдолу къилбаседе мичахь ю.15)Туьйлиган къилбера аг1о лег1ана хуьлу,ткъа къилбаседехьара-дикка охьанехьа.

Варианты ответов
  • 1.Тилвелла стаг. 2 Дитташца хуьлу билгалонашю 3.Сагалматашца хуьлу билгалонаш.
  • 1Сагалматашца хуьлу билгалонаш. 1.Тилвела стаг. 2 Дитташца хуьлу билгалонашю 3.Екхначу хенахь хуьлу билгалонаш.
  • 1.Екхначу хенахь хуьлу къилбанаш. 2 Дитташца хуьлу билгалонаш. 3.Чохь садолу къилбанаш.
Вопрос 7

Муха кхета хьо ""кхоьлина ""бохучу дешан маь1нах

Варианты ответов
  • т1уьна
  • бодане
  • 1аьржа
Вопрос 8

Гергара маь1на долу дош даладе кху дешан ""Яшайо"

Варианты ответов
  • т1адайо
  • якъайо
  • 1анайо
Вопрос 9

Кху предложенехь караде схемица бог1у х1оттам болу дош;
Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.

орам+суффикс+чаьккхе

Варианты ответов
  • ерриге
  • диттийн
  • т1уналла
Вопрос 10

Билгалдаха предложенера массо а ц1ердош  цу предложенехь далийначу кепехь.

Билгалъяккха  муьлххачу а цхьана ц1ердешан кепан класс, терахь, дожар, легар  (шайна луъучун).

Чохь садолу къилбанаш лору зингаташ

Варианты ответов
  • зингаташ, садолу кх.кл. 2 л. цх.т. Ц1.д
  • чохь, къилбанаш, кх.кл. 2 л. дукх..т. Ц1.д
  • къилбанаш, зингаташ - кх.кл. 1 л. дукх.т., Ц1.д
Вопрос 11

Билгалйаккха  предложенера  массо а билгалдешан кеп, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна. Билгалдаккха терахь, дожар, кеп (лааме я  лаамаза) муьлххачу а цхьана билгалдешан кепан (шайна луъчун).

Ткъа стигал юькъачу 1аьржачу мархаша д1ахьулйинехь?

Варианты ответов
  • стигал юькъачу, цхь. т., Др.д., лаамаза
  • 1аьржачу мархаша дукх.т.,Ц1.д., Лаамаза
  • юькъачу 1аьржачу ( мархаша) дукх. т., Др.д.,лаамаза
Вопрос 12

 Схьакараде предложенера массо а хандош .

Диттийн кевсиг ерриге а яшайо,амма кхечу аг1онашкара иза сиха якъало,ткъа къилбаседехьара,малх к1езиг болчохь ,т1уналла дукха лаьтта.

Варианты ответов
  • яшайо,якъало,дукха
  • кевсиг, яйшайо, лаьтта
  • яшайо,якъало,лаьтта.
Сохранить у себя:

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!