СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Билгалдош 1аморна лерина карточкаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

1-ра карточка

  1. Лахаь далийначу дешнашна дуьхьал билгалдешнаш язде:
  2. Чам, бос, амал.
  3. Лахахь далийначу билгалдешнашна хаттарш а хIиттош, церан тайпанаш къастаде. Йовха, гIодмийн, гIийла, зезагийн, бецийн, цIена.

2-гIа карточка

  1. Лахахь далийна билгалдешнаш дустаран дарже а дохуш, дIаязде. Терк, Соьлжа (доккхалла), мокхаз, тIулг (чIогIалла), гIуркх, хьокха (йохалла), була, бугIа (нуьцкъалла), деши, дети (йозалла), аьхке, бIаьсте (йовхалла).
  2. ДIадеша кицанаш. Царна юкъахь долу бигалдешнаш схьалаха. Церан дожарш а, легарш а билгалдаха.

Керлачу норо нехаш цIена йоху. Вежарийн безам – тIулгал а чIогIа бу. Боца муш а тоьла десачу къамелал. БIаьрг стешханиг – куьг майра.

3-гIа карточка

  1. Далийначу билгалдешнашна маьIница догIу дешнаш даладе я церан маьIна даста:

Чола, торгIал, бероза, ал, шола, саьхьара, аьхна, шола, хьаьрса.

  1. Шина богIаме дIаязде билгалдешнаш: 1) дефисца яздеш дерш; 2) цхьаьна яздеш дерш.

Юьрт (бахаман), дог(цIена), юткъа(еха), цхьайтта(шеран), лекха(лоха), итт(шеран), сирла(сийна), акха(гIайренан), къаьхьа(дуьра), чолхе(карара), чо(шера).

4-гIа карточка

  1. Ялийна таблица оьшу суффиксаш тIекхетарца кхолладелла билгалдешнаш а яздеш, хьалаюза.

-ахь

-за

-ан

  1. Лаамазчу билгалдешнех лааменаш кхолла.

Горга буьрка, сийна ах,

Муьлха еза боху ахь?

Я юккъера – 1аьржа сиз,

Я ц1ен зезаг – г1орасиз [23, а. 30].

5-гIа карточка

  1. Хаал шуна хIун ю иза? Схьалаха хIетал-метална юкъара билгалдешнаш. Билгалде церан терахь, тайпа, легар.

Горга ю и, ю каде

Яха дIа и кхоссаелла.

Хиларх даим юсаелла,

Цуьнца ду самукъане. (б….)

  1. Лаамечу билгалдешнех юххе цIердош а хIоттош, лаамазанаш кхолла.

Юьртараниг, мекараниг, хьомениг, сийлахьниг.

6-гIа карточка

  1. Далийначу билгалдешан морфологически таллам бе.

Зевне аьзнаш.

  1. Далинйа билгалдешнаш синонимашца хийца.

Керла хIаваъ –

Керла гIаш –

Керла книга –

19.03.2021 01:16


Рекомендуем курсы ПК и ПП