СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

«Хандешан карара хан»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урокан ц1е: «Хандешан карара хан»

1алашо: хандешан карарчу хенах кхетам балар. Карарчу хенан хандешан маь1на, хаттарш довзийтар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: Бераша кхин д1а шорбийр бу шайн хандешнех болу хаамаш. Хандешан карарчу хенан маь1на а, хаттарша а девзар ду берашна. Берашана 1емар ду текстехь карарчу хенан хандешнаш каро уьш билгалдаха. Берашна хуур ду предложенеш оьшу хандешнаш дохкуш юза.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш алсам хир болчу кепара д1анисбан. Берашна хуур ду шайн кхиамин бахьнаш довза, царех пайдаэца. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, цунах пайдаэца.
  • Коммуникативни: берашна хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна вистхила, кхиниг кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла, оьшург хатта.
  • Познавательни: берашна евзар ю хандешан карара хан

3. Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла, лаам хир бу и дика 1амо.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Изложени «Дийнатийн къовсам»

2. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Задани.

Дахказа элпаш дохкуш д1анисде дешнаш.

…хке, …ам, риц…а….

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Хандешан карарчу хенах лаьцна.

3.1амийнарг карладаккхар.

Караде нийса жоп.

  • Х1ума билгал а еш, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах олу… А)Хандош Б)Билгалдош В)Ц1ердош
  • Х1уманан билгало гойтуш, муха? муьлха? муханиг? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех олу…

А)Терахьдош Б)Билгалдош в)Хандош 1

Чакхъяккха сан ойла.

  • Дар я хилар гойтучу къамелан декъах …… олу.
  • Хандешан………… кеп.
  • Билгалзачу кепо цхьа а ………билгал ца йо.
  • Билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенаш ………….хуьлу.
  • Билгалзачу кепо жоп ло: …………хаттаршна

4.Ц1ена язъяран минот.

-Х1етал- метал хаийла шуна: Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх х1усам а йо.

-Х1ун ю и? (ч1ег1ардиг)

Доккха а, жима а элп Ч1 ч1 яздар.

Кхоллараллин диктант.

Олхазарш бошмийн доттаг1ий ду.

Бошмашна зен деш йолу садолу х1уманаш йоу цара.

Олхазарш 1алашдан деза.

Царна баннаш дан деза.

Олхазарш кхехко ца деза.

3. Керла тема хьехар.

а) Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Х1ун до?

Х1ун хуьлу?

Масала: Яздо, доьшу, дека.

-Нагахь сана орамехь О, ОЬ, У, УЬ, Ю, ЮЬ делахь -У яздо.

МАСАЛА: ЛОВЗУ, ДУЬЙЦУ…

-Д1аеша. Муьлха хандешнаш ду?

Мерза дош аларо

Ненан дог деладо,

Там ч1ог1а хиларо

Ог1азениг велаво

2

Бакъо таллар. (аг1о 153 -154)

Шардар № 304, 305 аг1онаш 153-154.

1уьйранна йо1 хьалаг1отту,юьхь юьлу, т1е х1ума юху, яах1ума юу, школе йоьду.

-Д1аязде шардар.Карарчу хенан хандешнашна буха сиз хьакха.

4. Сада1аран минот.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Карарчу хенан хандешнийн тидам бар.

Цу маттахь бералло Хьоьсту шен тайниг. Цо дагахь латтайо Аганан йиш. Цу хазчу эшаран Мукъам а тайна, Декош ю Нохчийчоь Шен хьаьъна хиш. Матто вай 1амадо Назманаш ала, 1амадо биц ца бан Вайн наной.дай, 1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала…

С-М Гелагаев

Берашка шайга болх байтар. Шардар № 307, аг1о 154.

3

  • Болх ца бечо яах1ума ца ….
  • Дика лулахо вешел….
  • Книга йоьшучун хьекъал ….
  • Дикачу к1анта ден дог ….
  • Меттан когаш бац, амма гена…(Кхочу, деладо, тоьлу, йоу, совдолу).

6. Рефлекси.

-ЛОВЗУ, ВОДУ, ХЬОКХУ, МАЛЛО, ШЕЛЛО, 1АРЖЛО, БЕЖА, ВЕХА, ЕЖА,

-Кхаа тобане декъа уьш. Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (ЛОВЗУ, ВОДУ, ХЬОКХУ)

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Чаккхе У ю)

-Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (МАЛЛО, ШЕЛЛО, 1АРЖЛО)

-Муьлха хандешнаш далийна хьалхарчу тобане? (БЕЖА, ВЕХА, ЕЖА)

-Х1ун ду церан юкъара? (Уьш карарчу хенан хандешнаш ду)

-Муьлха чаккхенаш хуьлу карарчу хенан хандешнийн? (А,О,У)

7.Жам1 дар.

-Муьлхачу хаттршна жоп ло карарчу хенан хандешнаша?

8.Ц1ахь бан болх балар. Шардар № 306 (аг1о 153-154)

4

06.02.2023 10:20


Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!