СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ
Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно
Скидки до 50 % на комплекты
только до
Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой
Организационный момент
Проверка знаний
Объяснение материала
Закрепление изученного
Итоги урока
Шардар № 1. ДIаязъе. Деепричастешна буха сиз хьакха. Дийца, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло.
I. БIаьрг сацош, вехо-о хьалахьаьжча, бIагор хьаьвза цу ломан локхаллина. 2. Чхерийн лаба хьалха а оьзна, тIехарца кечбелча санна лаьтта и буьрса лам. 3. Шеран еа хенан къастам ца беш, дохк-мархаца хьулдо цо шен оьгIазе амат. 4. Iай-бIаьста а, гурахь-аьхка а кIайн кирхьа кхозу цу ломана дуьхьал. 5. Белхаран къурдашца боьра а бекош, лакхара охьатуьйсу цу ломо шовда. 6. Кхоаме хетта цунна шех схьакъаьста тIадам. 7. ГIийла чIуг етташ, тача доккху цо шена. 8. Некъан бохаллица, ша гIелдаларе терра, хьесталуш доьду и шовда Орган чу. 9. Арц бекош Iаьха кура цIоькъа-лом, боьраца охьадаьржа цуьнан оьгIазе аз.
Шардар № 2. ДIаязъе. Буха сиз хьокхуш, билгалъяха деепричастеш. Муьлхачу дешнашца уьйр ю церан?
I. Лоьмах кхералой, цхьана мете хьаьвза стешха чIагIалкх. Масех гуо боккху цуо, юткъа тийжаш, тIаккха коьллашна кIел дIатеба чIагIалкх. Ира муцIар хьала а уьйзуш, сема ладоьгIу парталчу чено. ГIовгIане садоIуш, гаьннаш а кегдеш, йолало иза. Лоьман аз ца хеззе дIайоьду ча. Олхазар а дIатоь шен бенахь, лом доладелча. Жирга меттиг ю-кх, адаман кийра синггаттам тосуш, дегIе зуз доуьйтуш. 2. Юьрта чохь Iуьйранна хIоьттина дуькъо дохк а долуш, цхьакIеззиг тIесерсачу дерзаца, хьуьнах жIоламаш ян ваха ветталуш, цхьацца пхьоланаш деш воллура Шаба. (А.Ш.). 3. Дукха хан ялале, стигалан цхьацца кийсакаш къарзъеш, седарчий гучудевлира (М.Н.). 4. Лазартни лаьттара батто яйн къегош, ширачу беша юккъехь йина яра цуьнан ерриг а гIишло. 5. Бералла дага а лоьцуш, цо тIулгаш кхуьйсура дIо кIоргехь кIукIмани кхехкаш, тIулгех хьере детталуш, чопа а тесна догIучу Орган чу (О. Х.).
Шардар № 3. Деепричастийн карарчу хенан чаккхенашна кIел сиз хьакха. Барта дийца уьш муха кхолладелла.
Буьйсанан набарха йолий,
Сирла бIаьрг дуьнен чу боьллий,
Сахуьлий тIекхочу гIоттий
Эсалчу бIаьстенан Iуьйре.
ЦIен зезаг гарманан арахь,
Бай кхолуш, тIамарца гIотту,
Тхи къиэгош, баьццарчу бай тIехь
Кегийра седарчий гIуьтту. (I. Мамакаев)
Шардар № 4. ДIаязъе, деепричастешна буха сиз хьокхуш. Барта дийца, муха язйо депричастешца дацаран дакъалг ЦА.
Молнесарта лулахочуьнгара ша бехна беана яй дIа ца хьош цхьа кIира хан елира. Амма Куржани, цхьанне а кера ца йогIуш, цкъа цхьанхьа, тIаккха вукхузхьа гучу а йохуш, хьош яра дистинчу хиэ. Цхьаъ каде хьийзарх, болх сиха дIа ца боьдуш меттигаш дукха нисло. Боккхачу новкъа а ца бовлабелла, лекхачу кхура кIел охьахевшира уьш. Оьшучу хенахь говрашкара охьа а ца диссина, уьш дукха сиха кIадйира оха.
Шардар №5. Хаттаршна метта деепричастешца дозуш долу дешнаш а далош, сацаран хьаьркаш а дохкуш, дIаязъе предложенеш.
(Маца? мичахь?) Iийна, гIелделла, хьагделла, мацделла цIа даьхкира цIа даьхкира бераш. (Муха? хьаьнга?) а хьаьжна Ислам хье ца луш больнице вахара. Хьун юккъехь (муха? хIун?) дIасадаржийна лаьттара боккха кхор. ЧIогIа накъосталла дира аша, дешархой (хIун? хьанна?) схьа а кхайкхина. Схьагулбинчу белхалоша тIай тиллира (хIун? стенца?) вовшах а хуттуш.
Шардар №6. ДIаеша. Къовларшна юккъехь долчу дешнех карарчу хенан деепричастеш а еш, дIаязъе уьш. 1. КIайн, Iаьрда, можа – юьхь басца ца (хоьржу): нагахь хьо, дог цIена, тешамашца (вагIахь), гIийлачийн паргIато ахьа дагца (лехахь), адаман лааме (ладогIа) гIертахь, хьо оьшу суна (М. М.). 2. Нагахь тIулг ахьа (айхь), и хьуна (кхетар), цIий (Iано) хьо гIертахь, хьан мерах (догIур) (М.М.). 3. Полларчий хIаваэхь дегалуш (кхерста), шовданан куьзганахь бес-бесар (леца) (М.Н.). 4. Къевкъинчу цу стигалахь цIаьххьана (йогIу), догIанца мархаша (хIоттабо) бода, лаьтта тIе малх (гучуболу) (М.I.). 5. Ламанан хотешкахь, кIорнина тоьхча, дарлой, и лам (бека), лоьмо мохь бетта (Б.С.). 6. Са мел долу хIума буьйсанан бена (доьрзу), денъеллера суьйре. 7. Кхетам (болу), эсала берд буи за. 8. Шадерг шен-шен метта хIутту: малх (хьожу), олхазарша эшарш (лоькху), жиманиг воккха (хуьлу) [27, а.114].
Шардар №7. ХIара деепричастеш юкъа а лоцуш, предложенеш хIиттае. Пхьаьрсаш а дуьлуш, корта а лоцуш, вота а тухуш, кор а цIандина, дуьйцур долуш, ламаз деш, иллеш дохуш, салам а луш.
Шардар №8. Яханчу хенан причастешна кIел цхьа сих хьакха, деепричастешна ши сиз хьакха. ЧIогIа сакъераделла дIасалелхара ловзуш берш, и чоь а ца тоьаш. Сакъераделла кIентий ловзаргахь мехкаршка забарш еш бара. Шина юьрта юккъехь хина тIехула тIай а тиллина, паргIатбевлира цигара бахархой. ТIай тиллина болу белхалой, дукха ца хьебелира цу меттехь.
Шардар №9. ДIаеша. Схьаязбе байташна юкъара деепричастин карчам. Деепричастин хан билгалъяккха.
Хьийза, стигал къайлайохуш, Арахь шийла лайн чимаш, Махо, чехка Iин чу кхоьхьуш, Долий гIийла узамаш. Буьрса цIийзаш, букме хьийзош, Дерриг Iалам хьулдина, Диттийн генаш лаьтта ийзош, Керта, тогIе диллина. (Гацаев С.)
Шардар №10. Деепричастешна тIера хаттарш хIиттаде царах дозуш долчу дешнашка. ЧIагIде уьш карчамаш хилар.
1) Ша а кхийтира иза рицкъанах, воккхахволчу кIанте а хьоьжуш. 2) Нохчий цIера баьхна дIаелира дуккха а хан. Синкъерамаш беш, ткъа дойтучо зикарш а деш, нах кога бахара. (М. Мут). 3) Зударшна тIе а вахана, Iодика ян вуьйлира МIаьчиг. 4) Ткъа муттане Мичка, церан иллигий, цара ечу кхийсаршкий ла а доьгIуш, шекдоцуш охьаоьхура. (А. Айд). 5) ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо юлуьйтуш, сапаргIат вогIура Тавсолта. 6) ГIо дан йиш а йоцуш, Тавсолта хьоьжура кулла тIехьара. (М. Сул). 7) Буьйсанна наб йоцуш, кху денна кхаьбна ас, хьо жима расха дин. (Н. Ф). 8) Дукха воьхна, ша хIун леладо а ца хууш, лаьттара Абубешар, цкъа Баянт дIаяханчу машенна тIаьхьахьаьдира, машен къайлаяьлча, юхахьаьдира. (I. Хам). 9) Къилбехьа лахлуш, генна дIабахло къегана арц, цуьнан йистошца йозуш, шерра яьржина го нийса аре. 10) Белхаран къурдашца боьра а бекош, лакхара охьатуьйсу цо ломо шовда. 11) Бекх белшах а кхуллий, тхов гезбеш лелара Мита. (С. К).
Шардар №11. Деепричастина тIера деллачу хаттаршна жоп а луш, кхолла деепричастни карчамаш. Дийца, муьлха меженаш ю уьш предложенехь.
1) Хьаьнца? Муха?) къамел деш вогIура хийисте ши доттагI. 2) (Мила? Муха?) ца соцуш маьхьарий хьоькхура бераша. 3) (Муха? Маца? ХIун?) а дина, накъосташца майдана буьрканах ловза вахара со. 4) (Муьлхачу? Стенца?) Мел? ХIун?) даьккхина, рагIу кIел хьаладоьттира ас. 5) (Мичахь? ХIун деш болчу?) Хьаьнга?) схьа а кхайкхина цаьрга дIадийцира ас сайна селхана бераша вовшашка дуьйцуш хилларг. 6) (Мичара? ХIун?) схьа а лаьцна, озийна бухъяьккхира Бауддис. 7) (Муха? Мел?) ца юуш, дIаваха кечвелира хьаша. 8) (ХIун деш? Мила?) дIаса а хьаьжна, дIаволавелира. 9) (Мила? Мичахула?) сема ла а доьгIуш, вогIура.
Шардар №12. Деепричастин карчамаш билгалбе. ТIера схьаязъе.
1) Вуьйш совцу, динан архаш а къуьйлуш. 2) ТIаккха, лайн Iовраш а уьдуш, довха де деара. (М. А.). 3) ЧIагIонан гIопах а ваьлла, дIакхечира иза Асланбек вехачу. 4) Башха лечкъа а ца лечкъаш, шина а урамехьара охьабогIура кIайн салтий. (Х. Ош). 5) Дуьхьал хIумма а ца олуш, ехха Iийра йоккха стаг Вассас аьллачун ойла еш. 6) Шен да, хIара вуно жима волуш, Сибрех вахийтира бохучунна тIера долийра цо къамел. (М. И). 7) Сиха дуьхьал а хьаьдда, хIусамдас ков дIадиллира, силам хьаькхначу новкъахула керта а текхна, машина еттинчу кибарчигийн цIенойн ангалин учи хьалхахь сецира. (Н. М.). 8) Юьртан бажа а лаьхкина, йийсар дина пхи бер а дуьгуш, духадирзира эскар. (I. Г.). 9) Мел сацо гIертарх ницкъ ца къаьчна, беснеш тIехула шершина охьабеана, боккха ши тIадам, хIоьттинчу тийналлехь тIохъаьлла тата а доккхуш, кхунна хьалха Iуьллучу книги тIе буьйжира. I0) Кхарна улле хена тIе а лахлой, дехха къамелаш дора цо. (Хь. Я.).
-80%
© 2021, Гугуева Иман Дуквахаевна 916