СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ
Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно
Скидки до 50 % на комплекты
только до 24.05.2025
Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой
Организационный момент
Проверка знаний
Объяснение материала
Закрепление изученного
Итоги урока
Шардар №1. ДIаеша текст. Цу юкъара куцдешнаш схьа а лахий, сьаязде.
Велха кIордийнехь а, я кIадвеллехь а, Муса дIатий. Наб зий. И дIатийча жимма меттаеана Зайба, и охьа а вуьллий, пешахь цIе латон юлу. ЦIе хьалха хьалагIаьттинчо латайо. Хьалха хьала гуттар а хIара гIотту. ЦIе а гуттар а кхуо латош ю. Кху чохь кхин карахь берд олуш зуда а яц. Хиллачийнаш делла, церан наной цхьаццанхьа балха дIасабахана. ХIара а яхара цкъа дуьххьара шен кIант а эцна балха, амма бригадира ца йитира цигахь. Кхуо шен кIант ги а воьллина, бригадире куьйгаэшарехь йишмаIаш йира, ша иштта, хIара гихь а волуш болх бийр бу аьлла, кара бел а эцна дIа а хIоьттира, амма важа кIад ца велира. Шен карарчу шедан кхожа ююьхьиг хьажийра юрт йолучу агIор. Бригадехь шортта бара биргадирана белхалой…
Шардар №2. Лахахь далийначу къамелан дакъойх куцдешнаш кхолла.
Го, кор, маца, суьйре, йист, маса, корта, чоь, кхоъ, готта, кура, бакъо, бегаш, зударий, дог, барт, маца, суьйре, хан, зама, ирхо, хийист, вала, хада, гIап, асар, къепе, божарий, шело.
Шардар №3. Куцдешнаш даладе. Муьлхха а цхьа хандо йозанъун тIе дIа а яздой, цуьнца догIуш долу куцдешнаш даладе олу. Цул тIаьхьа церан тайпанаш билгалдоху.
Масала, вогIу – (меллаша, хаза, дика, бертахь, къайлаха, хIуьттаренна, дуьххьара, сиха, чехка, наг-наггахь, сарахь, Iуьйранна, стохка, уллехь, гIаш, динахь, говрахь, ирх, юьрта, гIала, нацкъара, геннахь, гергахь, юьстаха, чаболахь, хьала, охьа, хIоккхуза.
Шардар №4. ТIадамийн метта куцдешнаш а хIиттош, тIера схьаязъе предложенеш. Хаттарш а луш, къастаде, муьлхачу тайпанара ду и куцдешнаш.
ДоттагIчун … сийсара Хьамида хIоттийначу шуьне баьхкина хьеший тахана дIасаоьхура.
… герзан ницкъе ца кхевдаш, уьш махках баха вайна цхьаъ бен некъ ца буьсу. Малх … къайлабелира, дера корех бетталуш цIийзара аренгахьара схьахьоькху шийла мох. … хьлакъеддачу буьйдачу бацо сенйинера маьлхан басенаш. Кху тIаьхьарчу ткъе итт шарахь … хIаллакдинера церан ялташ. … шен доттагI волчохь буьйса а яьккхина, Iуьйранна базара ваьллера иза. … кIовделла лаьтташ масех гиба даьтта а, дукъделла, шекар хилла лаьтташ масех гуьмалк моз а хуьлура. … шок етташ къилбаседехьара схьахьекхна шийла мох эцна дIадахара Iа. … шарахь лаьттинчу тIамо лаьхкина лелийна нах, шайн йохийна ярташ меттахIитто буьйлира. Иза … хьаьжира дехар деш, … шега хьоьжучу вешин чу хиш хIиттинчу гIайгIанечу бIаьргашка.
… баьхнера цуьнан дай, оцу лаьттан коржама тIехь ваьллера иза ша а дуьнена. ЦIе йоккха летта йоллушехь, дукха … цунна герга гIертара нах.
Пайдаэцна дешнаш: лахара хьала, лерина, оьгIазе, сийсара, хIетта, цIеххьана, шелбаларна, сийнна, мосазза, кхузахь, ларми чохь, цундела, хьалххе, маситта.
Шардар №5. ДIаеша. ТIера схьаязъе предложенеш. Куцдешнашна кIел сиз хьакха. Барта дийца, муха кхолладелла уьш.
Вехха лаьттира и, хьалабаьллачу малхо, тIехьахул, коьшкала хиъначу цициго санна, вортанах мела гилдигаш дохкуш. ЦIеххьана, ша цхьаъ къоначохь талла ихина хан дагаеана, дог айъаделира цуьнан. Шена оьшуш мел йолу хIума хьарччийна схьа а эцн, уьш а карахь, дехьа чу елира иза. Цкъа маццах Миклайн хенахь обарг хилла бохуш, хIинца а ведда лела везаш-м вац хIара Iедалх? Дешна даьлла кехат шалха а дилина, ойлане вахана, жимачу корех арахьаьжира талмаж. ХIетахь стиглахь кхо седа къегира; лаьтта хьаьдира, сирла лараш юьтуш – тхоьга тIелата боху буьйр дара иза. ДIадаханчу шарахь шозза веанера и шиъ болх бан Гати-Юьрта.
Шардар №6. Лахахь далийначу хандешнех куцдешнаш де, орамера мукъаза аз а хуьйцуш.
Ластийна – (ласттийна)
Тешийтина – (тешшийтина)
Хьарчийн – (хьарччийна)
Дуьзина – (дуьззина)
Карчийна – (карччийна)
Лахьийна – (лаххьийна)
Шардар №7. Лалахь далийначу илгалдешнех куцдешнаш кхолла, орамера мукъаза аз а хуьйцуш.
Жима – (жимма)
Онда – (ондда)
Доца – (доцца)
Луьста – (луьстта)
Дика – (дикка)
Лекха – (леккха)
Сиха – (сихха)
Шардар №8. Дага а лоцуш дIаязде дош карладоккхуш а, ши дош цхьаьнакхеташ а кхолладелла чолхе куцдешнаш. Уьш юкъа а лоцуш, масех предложени хIоттае.
Кеп: юх-юха. Хьалакхевдий, юх-юха а Iожа тIера а боккхуш, иза а кхоллуш, вовшашка къамелаш деш лаьттара кегийрхой бешахь.
Шардар №9. Дустаран, тIаккха тIехдаларан држе даха куцдешнаш.
ГIийла – гIийло – тех гIийла
Лоха – лохо – тIех лоха
Дика – дико – тIех дика
Готта – готто – тIх готта
Луьра – луьро – тIех луьра
Юххе – юххехьо – дукха юххехь
Уллехь – уллехьо – сов уллехь
Ледара – ледаро – тIех ледара.
Шардар №10. Юста хIара предложенеш. Билгалдешнашна кIел цхьа сиз хьакха, куцдешнашна – ши сиз хьакха. Барта дийца, хIунд ду уьш билгалдешнаш я куцдешнаш. Куцдешнийн даржаш къастаде.
ПохIма долучу артисташа сов хаза концерт елира Соьлжа-ГIалахь. Къоначу артистан аз йоккхачу зала чохь сов хаза декара. Юьхь тIера дIора хаза а вацра Iалаш. Массо а йиш бохург санна, хаза лекхира артиста. Сатоссуш хIоьттиначу дахкарна юккъехь гIийла къегара хи. ТIехьаьжча товш велахь а, тахана гIийло дара тхан накъостан куц-кеп. Лаха чуьра, хи долучухьара, хьалахьоькхура гIийло мох. Больница Iаьнна кечъяран гIуллакхаш ледаро гуш дара. Хьалхе дуьйна кечам бина хиллехь а, хьеший тIеэцар ледаро чекхделира. Ислама кетIахь, комарийн дитта кIел, ши хьокха а тоьхна, царна тIехула у а диллина, виъ тIе хаъал гIант дира.
Цо хIинца дина ков хьалхалерачул готто дара. Де къагош лакъхаболуш болучу маьлхан зIаьнарша сов исбаьхьа къегадора доьжна даланза долу тхи. Кху аренех ша сов чIогIа хьегарна лерина дIаса а хьоьжуш, гIулч тессина вогIура Заур.
Шардар №11. ДIаязъе кху лахара предложенеш. Билгалдаьхначу куцдешнийн тайпанаш билгалдаха.
Дешархоша шайн экскурси чIогIахаза дIаяьхьира тахана. Берах лела ваьлла воккхастаг, са а хаьдда, велла. Декъачу лаьттах духдуьйлу шовдано меллаша, гIовгIане еттара шен тулгIеш. БIаьста хьуьнхахь хаза дара. Суьйранна болх сацо кхо сахьт дара. Ков цIеххьана дIаделладелира. Кхушара Iа шийла деанера. Иштта дIадахара ши шо. Шелонна шаш лелхара. Луиза цIехьа яхара. Йовхонна зIакарш а гIаттийна, тIемаш а охкийна лаьттара котамаш. Заргана шен доттагIчунна Таисина совгIатна книга елира.
Шардар №12. ДIаязъе предложенеш. Билгалдаха куцдешнаш, церан тайпанаш къовларшна юкъахь билгалдаха. Схьайийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
Къаьттина дукха адамаш хуьлу кхузахь сарахь. Аьхка кхузахь болчу нехан уггар самукъане меттиг ю хIара. Кхуза лийча а, садаIа а дукха а дешархой богIу. Кхузахь, хIораннан а бохург санна, керташкахь стоьмийн бошмаш ю. Хин чехкалла цунна тIехула гилакема лелалуш дац. Луиза а, Хеда а ехха уьйтIахь хIоьттина лаьттира. ЛуизагIар бехха уьйтIахь хIиттина лаьттира. Селхана регIахь догIа деара. Марема а, Заргана а кест-кестта керла книгаш дукха йоьшу. Къарш-къиршшехь кегий дечигаш кегйора цара. Шехеннахь а, сих-сиха а хи тохахь, дIайийна наьрсаш, помидораш дика хир яц. И кIант тIоф-ьлла чехка дIатилира.
Шардар №13. ДIаеша. Схьаязъе предложенеш юкъара куцдешнаш, билгалдаха церан тайпанаш.
Школехь дечиг дара, амма мехкадаьтта дацара. ТIеда дечиг хенахь ца летара. Классашкахь кIуьрн хьожа хаалора, шийла лаьттара, цкъацкъа пIелгаш а дIахьош. Тахана къаьсттан гIайгIа яра оцуьнан массо а дешархошна…. Шелонна арахь дукха ца латталора баккхий нах. Кхоьссина хIума санна, чехка йогIура массарал хьалхаяьлла йогIу сира говр. Билалина хIуьттаренна леладо цо ша мел деш дерг. Зинас безамца кховдийна книга схьа ца оьцуш, гIеххьа сацаелира Зараъ. Къаьсттана дукха адамаш хуьлу рузбанан дийнахь маьждигехь. Кхушара аьхке башха йовха еанера. Декъачу лаьттах бухдуьйлу шовдано меллаша, гIовгIане еттара шен тулгIехь. Ков цIеххьана дIаделладелира, Дени сихха уьйтIа веара.
Шардар №14. Йозанъуьн тIе дIаязйо я хьалауллу хIара таблица. Лахахь ялийна текст дIа а ешна, цу тIехь долу куцдешнаш таблици чу дIаяздан деза дешархоша.
Кепаш |
Хаттарш |
Масалш |
Хенан |
маца? мацале? маццалц? |
Масалш |
Меттиган |
мича? мичахь? мичахула? мичахьахула? |
|
Даран суьртан |
муха? мича кепара? |
|
Бахьанин |
мича бахьанина? хIунда? хIун бахьана долуш? |
|
Iалашонан |
мича Iалашонца? стенна? ХIун Iалашо йолуш? |
|
Бараман |
Мел? Мича барамехь? Мосазза? |
|
Аьхкенан хенахь кхузарчу бахархойн уггар самукъане меттиг ю хIара. ХIинца денна а хаьара, шен кIант хьаннашкахула хIунда лела. Буьйса тоъал Iаьржа яра, масех гIулч хьалха дерг гуш а дацара. Лулахочун хIуьттаренна жимма дIа а оьзна йира цо керт. Шелонна арахь Iа ца лора уьш. Къаьсттина дукха кегий нах гулло сарахь хийисте. Кхоьссина хIума санна, чехка йогIура массарал хьалхаяьлла йогIу сира говр. Хин чехкалла, цунна тIехула гила-кема лелалуш дацара. Цундела хила мега иза массарна а дика вевзаш. Хаза де доллушехь, соьца хьуьнах ца веара иза. Лазар сов сиха даге гулделла, массарна хаа а луш, бос баьхьира цуьнан.
Шардар №15. ХIокху куцдешнашна юкъара меттиган куцдешнаш схьалаха:
Цигахь, гергахь, хаддаза, хецца, юьстаха, дукха, кест-кеста, йовхонна, шелонна, цигара, харцонна, майданахь, Iай,цигахь, цигахьа, уллохь, эццахь, лахахьуо, буса, гIаш, новкъахь, сов шийла, тап-аьлла, эццахь, дIога, тIаьхьа, регIахула, кIезиг, цундела, цхьатерра, эзарза, тIехула, лаххара, сов чехка, вуно сиха.
Шардар №16. ХIокху предложенеш юкъара меттиган куцдешнаш схьаязде.
Арсбина къаьсттина дукхаезара ша кхаьбна а, кхиийна а йолу «Леча» цIе йолу къона говр. Сел лерина стенна хьоьжу – те хIара цаьрга аьлла, тIевара и СаьIид. Малхбалехь кIеззиг синбилгало елира. Эвла йистехь дIакхийсинчура шайна яахIума лоьхура жIаьлеша. Гена боццуш товханаш чуьра хьалабуьйлуш кIур бара. Седарчий бос бовш лаьттара, доттагIий чуьра хьалабевлира. Цигара дIавоьдуш, коьрта боьдучу новкъа дIавирзинчу хенахь, цIеххьана шен дин сацйра Арсбис. КхозлагIчу дийнахь шена яа сискал а, кхехкийна хIоа а, кIеззиг туьха а эцна малх схьа а кхетале кха тIе вахана вара Iела. Шайгара гIийла кхача уьрда юьххье ахьа а биллина, хIетта схьакхеттачу маьлхн зIаьнарша лепош йолу хьачкIех бIаьрг туьйхира доттагIаша.
Шардар №17. Хенан куцдешнаш юкъахь долу предложнеш схьаязъе тест юкъара.
Iуьйранна гIеттича дуьйна хьежа велира со Iеле: сан са дуьллу меттиг яйнера. Дада а тахана цIахь вара, шоьта дийнахь, садоIуш. Хьаби цхьа барз хIумнаш а гулйина, уьш юьттуш йоллура арахь. Кест-кестта араоьккхура со, иза яьллий хьажа. ХIоразза а бIаьргаш хих бузий, чухьодура – Хьаби аьттехьа а яцара яьлла. Лоьма мосазза вела ло дог оьшура сан, цунна наб ца кхетарна. Iела а вацара вогIуш. Сан дерриг са, ойла тхо кулоькех левзинчохь яра. Иза а хир ма ю цигахь. Iела хIунда ца вогIу те?
Шардар №18. Дага а лоцуш, хIора тайпана догIу куцдешнаш дIаязде. Уьш юкъахь долуш пхи предложени хIоттае.
Шардар №19. ХIокху куцдешнаш юкъара бараман куцдешнаш схьаязде.
Цигахь, юьстаха, сов, дукха, шелах, Iаламат, харцонна, алссам, майданахь, маь1Iехула, гIеххьа, улехь, тIех,лахахьуо, цигара, тIехула, шортта, сингаттаме, карахь, цул тIаьхьа, шийла, кIеззиг, вуно, цхьажимма, дуьззина, тоъал, инзаре, хийлаза, тIех, хийлаза, Iуьйранна, хьуьнхахь, тIехула, тамехь, кест-кестта, сихха.
И тайпа болх куцдешнийн кхидолу тайпанаш схьахоржуьйтуш дIабахьийта а мегар ду, масала, хенан, меттиган, Iалашон, даран суьртан дI.кх.а. Уьш схьакъастийначул тIаьхьа маь1ница догIу хандешнаш далдайта мегар ду дешархошка, царна тIера куцдешнаша хаттарш а хIиттадойтуш. Болх берзош, предложенеш хIиттаяйта мегар д дешархошка, и куцдешнаш юкъа а далош.
Шардар №10. ХIокху куцдешнашна дуьхьал маь1на долу куцдешнаш даладе, къстаде церан маь1на.
Кхушара – (стохка)
Iуьйранна – (суьйранна)
Геннахь – (уллехь)
Цигахь – (кхузахь)
Дийнахь – (буса)
Сиха – (меллаша)
Дуккха – (кIеззиг)
Шийла – (йовха)
Хаза – (ирча)
Хьалха – (тIаьхьа)
Наггахь – (кест-кестта)
Алссам – (гIеххьа).
Шрдар №20. ХIокху байташ тIера куцдешнаш схьаязъе, царна дуьхьала куцдешнаш-антонимаш даладе. Билгалдаха церан тайпанаш.
Тийналлехь, ладоьгIуш, дIайижна аре,
Лаьмнаша боданехь лечкъадо кортош,
Соьлжано сеттайо дахкаран аса,
Шан тархаш идаеш гIречу йортахь.
Тарделла набарха девллачу берех,
Шовданаш Мартанца къамел дан гIерта,
Лаамза дIахедаш кхоьллинчу бердех,
Мартанан юькъачу тулгIешка кхерста.
Дахкаран ховхачу юргIанах хьерчаш,
ГIелвелла стаг санна, ца хоьржуш гIовла,
ЧIагIонна къевлина гIийла ков-керташ,
Iалхан-Юрт са сема дIайижна тховса.
Шардар №21. Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, цхьа маь1на долу куцдешнаш даладе. Уьш юкъа а далош, масех предложени хIоттае. Масала:
Куцдешнаш – синонимаш: бегашна, забарина; сов, тIех, инзаре; уггаре а, вуно, Iаламат; тохара, хIетахь; хийлазза, дукхазза; кIеззиг, жимма; цигахь, дIогахь; алссам, дукха, дикка; сиха, чехка.
Предложенеш.1. Нохчмехкан дозанерчу яртех уггар а хьалдолуш яра иза. 2. Iедалан белхало кIадван а везара жимма, даьтта, хIума а хьаькхна. 3. Халид маьждиган майдана кхаьчча, кхузахь гулбелла инзаредукха нах бара. 4. Цигахь Хьонкаран паччахье цо дийцира, ДегIастанера хьан динан вежарий холчохь бохку, латта доцуш мацалла бIаьрза хьийза, уьш хьан махка битахьара аьлла. 5. Кху таьхьарчу шерашкахь хийлазза хIаллакдинера кхеран ялташ. Чувахана, Эсета чехкаяла а аьлла, чохь йоькаш йолу кхийра кад эцца араваьлла иза, юха а ворданна гонаха хьаьвзира. 6. Кхечу нахаца йолу юкъаметтиг Iаламат дика ю цуьнан
© 2021, Гугуева Иман Дуквахаевна 983