СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ц1ерметдош 1аморна лерина карточкаш

Нажмите, чтобы узнать подробности

1-ра карточка

ДIадеша могIанаш. Схьаязде цу тIера цIерметдешнаш. Царах шиъ легаде.

ВогIуш а ца веана бIе салтица, эпсарца,

Воьдуш а гIур ма вац, нохчийн кIант цаьрца,

Тептар дIаэцарх билгало ло соьга.

Хьаша ахь ларарх бехк буьллу даций шун,

Хьуьйсуш бац вайшинга сан ехкан вежарий,

Со идо ма волу ламана боьду некъ.

2-гIа карточка

Оьшу цIерметдешнаш а дохкуш, дIаязде кицанаш. Церан тайпа а, терахь а, дожар а билгалде.

Нехан махкахь эла хуьлучул, … эвлахь лай хилар тоьла.

… далург нахе де ма ала.

… дош – дош дацахь, дуй – дуй бац.

Тахана харцдерг … дийцахь, кхана … хьох тешар бац.

3-гIа карточка

Муьлха дешнаш дац цIерметдешнаш? Схьаязде цIерметдешнаш.

хьан кхин мила цигахь

шолгIа мел кIадда а цхьанхьара

милла цига масийтта мацца

цхьацца хIуъа тхойшиъ кхузахь

4-гIа карточка

  1. Дукхаллин терахье даха цIерметдешнаш.

Изза, хIарра, массо а, дерриге а, кхин, важа, оццул, дIора, хIор, сайн, ша.

  1. Далийна цIерметдешнаш юкъа а далош, предложенеш хIитта е.

Тхешаниг, шен, церан-шайнаш, важа.

5-гIа карточка

  1. ТIадамийн мета маьIница догIу цIерметдешнаш а дохкуш, дIаязъе предложенеш.

Суна… ца оьшу шуьгара. Сох … тешар вац, аса докъар ца духку аьлча. … лелош гергарло а дац. Амма иза … тергал ца вора. Иза цо … гойтуш а дацара? ГIара ца вуьйлуш, … хIумма а ца дуьйцуш, Iадда Iелахь.

  1. Далийна цIерметдешнаш дожаршца легаде.

ХIора, церан-шайнаш, ваьш.

6-гIа карточка

  1. Лааме кеп кхоллалучу цIерметдешнех лааменаш кхолла.

Шен, кхузара, уьзаш, хьан-хьайниг, суна-сайна, иза, цуьнан, дIочул, массо а, хIокхуьнга, кхин, хьенехах.

  1. ЦIерметдешнаш оьшучу дожаре а доьхкуш, схьаязде кицанаш. Билгалдаха церан тайпанаш.

Нехан воне ца хьийзинарг, (ша) вонехь ша висна.

(Хьо) догIург аьлла Iийча, нахана цкъа а кIордор вац хьо.

Малх хьаьж-хаьжначу хIу таса – хIу тес-тесначу IиндагI хIуттур ду (хьо).

19.03.2021 01:21


Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!