СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

5 класс презентация

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«5 класс презентация»

 Хьехарсахьтан ц1е:  Предложени. Предложенин тайпанаш .

Хьехарсахьтан ц1е:

Предложени. Предложенин тайпанаш .

 1алашонаш.  1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;  кхиоран: предложенин х1ун билгалонаш йу хаар, дешнийн йукъара уьйр йовзар, предложени чаккхенгахь соцунг1а йар, интонацин маь1на, предложени чекхйаларан билгалонаш, предложени чекхйаьлча х1иттош долу хьаьркаш, аларца предложенеш тобанашка нисйар: дийцаран, хаттаран, айдаран, къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш йеша хаар, церан пунктуаци нисйазйар;  кхетам - кхиоран: оьздангалле болу безам к1аргбар.

1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: предложенин х1ун билгалонаш йу хаар, дешнийн йукъара уьйр йовзар, предложени чаккхенгахь соцунг1а йар, интонацин маь1на, предложени чекхйаларан билгалонаш, предложени чекхйаьлча х1иттош долу хьаьркаш, аларца предложенеш тобанашка нисйар: дийцаран, хаттаран, айдаран, къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш йеша хаар, церан пунктуаци нисйазйар; кхетам - кхиоран: оьздангалле болу безам к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Х1етал - металш: 1. Ша йоза хууш бац,  амма массо хена йаздо? 2. Буса - доттаг1ий, дийнахь -  тесна 1уьллург? 3. Ша жима ду, амма мел  йоккха х1ума такхайой д1ахьо.

Догдаийтаран мур.

Х1етал - металш:

1. Ша йоза хууш бац,

амма массо хена йаздо?

2. Буса - доттаг1ий, дийнахь -

тесна 1уьллург?

3. Ша жима ду, амма мел

йоккха х1ума такхайой д1ахьо.

 Нийса дуй талла.  Х1етал – металш: Къолам.  Мотт – г1айба.  Зингат.

Нийса дуй талла.

Х1етал – металш:

  • Къолам.

  • Мотт – г1айба.

  • Зингат.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.   Ц1ахь бина болх таллар.  Дешархошка йоьшуьйту шаьш ц1ахь кхочушдина шардар. Массийта дешархочуьнга хаттарш а дина, оценкаш йахка мегар ду.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур. Ц1ахь бина болх таллар. Дешархошка йоьшуьйту шаьш ц1ахь кхочушдина шардар. Массийта дешархочуьнга хаттарш а дина, оценкаш йахка мегар ду.

 Керла коьчал йовзийтар.  Т1ейеара1аьржабуьйсахьоькхурашийламохцу  мохолестадоралекхадитташдог1урагуьйренан  кхевсинадог1а. Д1адеша уьн т1ехь йаздина дерг. Кхетий шу оцу  йозанан маь1нех? Х1унда ца кхета? Цхьанна а  хуур дарий и йоза кхетачу аг1ор нийса д1айаздан? - Дешархоша уьна а, тетрадаш т1ехь а йазйан ма  йеззара д1айазйо лакхахь цхьа бакъо ца ларйеш  йазйина предложенеш.

Керла коьчал йовзийтар.

Т1ейеара1аьржабуьйсахьоькхурашийламохцу

мохолестадоралекхадитташдог1урагуьйренан

кхевсинадог1а.

  • Д1адеша уьн т1ехь йаздина дерг. Кхетий шу оцу

йозанан маь1нех? Х1унда ца кхета? Цхьанна а

хуур дарий и йоза кхетачу аг1ор нийса д1айаздан?

- Дешархоша уьна а, тетрадаш т1ехь а йазйан ма

йеззара д1айазйо лакхахь цхьа бакъо ца ларйеш

йазйина предложенеш.

Т1ейеара 1аьржа буьйса. Хьоькхура шийла мох. Цу мохо лестадора лекха дитташ. Дог1ура гуьйренан кхевсина дог1а. - Х1ун ала мегао ду вай дийцинчух:  а) дешнийн цхьаьнакхетарш?  б) предложенеш?  в) дешнаш? - Х1унда олу царех предложенеш?

Т1ейеара 1аьржа буьйса. Хьоькхура шийла мох. Цу мохо лестадора лекха дитташ. Дог1ура гуьйренан кхевсина дог1а.

- Х1ун ала мегао ду вай дийцинчух:

а) дешнийн цхьаьнакхетарш?

б) предложенеш?

в) дешнаш?

- Х1унда олу царех предложенеш?

Предложенеш д1айолалуш доккхачу элпаца йазйо,  цунна йукъа дог1у дешнаш вовшашца уьйр йолуш  хуьлу, предложенино чекхйаьлла ойла гойту. Кхин  йуй вайна хууш предложенин билгалонаш?  Предложенин чаккхенгахь оьшуш йолу хьаьрк х1оттайо  (т1адам йа хаттаран, йа айдаран хьаьрк).  Предложенеш 1аларан 1алашоне хьаьжжина дийцаран,  хаттаран, айдаран хуьлу. - Ирс, ахь х1ун до? Стенга доьду? Беркат долчу доьзале! Барт, ахь х1ун до? Стенга боьду? Ирс хиллачу доьзале.  (Сулейманов А. ) - Д1айазйе шайн тетрадаш т1е и байт.
  • Предложенеш д1айолалуш доккхачу элпаца йазйо,

цунна йукъа дог1у дешнаш вовшашца уьйр йолуш

хуьлу, предложенино чекхйаьлла ойла гойту. Кхин

йуй вайна хууш предложенин билгалонаш?

Предложенин чаккхенгахь оьшуш йолу хьаьрк х1оттайо

(т1адам йа хаттаран, йа айдаран хьаьрк).

Предложенеш 1аларан 1алашоне хьаьжжина дийцаран,

хаттаран, айдаран хуьлу.

- Ирс, ахь х1ун до? Стенга доьду?

  • Беркат долчу доьзале!
  • Барт, ахь х1ун до? Стенга боьду?
  • Ирс хиллачу доьзале.

(Сулейманов А. )

- Д1айазйе шайн тетрадаш т1е и байт.

 1амийнарг т1еч1аг1дар.  1. Кхочушде шардар № 29.  2. Синтаксически талла хьалхара кхо  предложени.

1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. Кхочушде шардар № 29. 2. Синтаксически талла хьалхара кхо предложени.

 Сада1аран минот: Зезаг долуш самадели, Тохадели, меттахдели. Мохо патарш лестадо, Г1ийла зезаг техкадо. Малх схьакхийти, айабели, Бода лоллуш серлайели. Полла г1оттуш, т1емабели, Т1емаш лестош, лакхабели .

Сада1аран минот:

Зезаг долуш самадели,

Тохадели, меттахдели.

Мохо патарш лестадо,

Г1ийла зезаг техкадо.

Малх схьакхийти, айабели,

Бода лоллуш серлайели.

Полла г1оттуш, т1емабели,

Т1емаш лестош, лакхабели .

 Тобанашкахь болх бар. Кхочушдо шардар № 30. Кхочушдо шардар № 31 (6 предложени). Легаде: хан, когаш.

Тобанашкахь болх бар.

  • Кхочушдо шардар № 30.
  • Кхочушдо шардар № 31 (6 предложени).
  • Легаде: хан, когаш.

 Дозуш долу къамел кхиор.  Дешархочунна шена гуш долчу гуьйренан 1аламе  хьаьжжина сурт х1отто 1амадо.  Денош гуьйранна дахделла йа дацделла?  1уьйренан суьйре муха хуьлу?  Стигал муха хийцало?  Дитташ кечлуш дуй 1аьнна к1еладаха? Стенах  хаьа шуна и?  Аренаш т1ехь хиллий хийцамаш?  Олхазарийн эшарш йуй хезаш? Шуна гирий уьш  д1адоьдуш?  Акхаройх лаьцна дийцалур дарий хьоьга х1умма  а? Церан дахарехь х1ун хийцало гурахь?

Дозуш долу къамел кхиор.

Дешархочунна шена гуш долчу гуьйренан 1аламе

хьаьжжина сурт х1отто 1амадо.

  • Денош гуьйранна дахделла йа дацделла?
  • 1уьйренан суьйре муха хуьлу?
  • Стигал муха хийцало?
  • Дитташ кечлуш дуй 1аьнна к1еладаха? Стенах

хаьа шуна и?

  • Аренаш т1ехь хиллий хийцамаш?
  • Олхазарийн эшарш йуй хезаш? Шуна гирий уьш

д1адоьдуш?

  • Акхаройх лаьцна дийцалур дарий хьоьга х1умма

а? Церан дахарехь х1ун хийцало гурахь?

 Рефлекси йар:   Суна хии…  Суна хазахийти…  Со ца кхийти…

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх: 1. 1амайе параграф 3. 2. Кхочушде шардар 31  (чекхд.).

Ц1ахь бан болх:

1. 1амайе параграф 3.

2. Кхочушде шардар 31

(чекхд.).

Массарна а баркалла!!!

Массарна а баркалла!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!