СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Конспект к уроку чеченского языка во 2-м классе

Нажмите, чтобы узнать подробности

конспект к уроку чеченского языка во 2- калссе

Просмотр содержимого документа
«Конспект к уроку чеченского языка во 2-м классе»

Нохчийн мотт

Тема: «Предложени а , дош а»

1алашо: предложених дашах кхетам балар.Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гайтар хаийтар, дашо цхьа х1ума, цуьнан билгало, цуьнан дар билгалдар хаийтар.Ненан меттан хазалла гайтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду предложенин , дешан йолу башхалла, предложении дешнех лаьтташ хилар хуур ду, предложенино кхочуш хиллаяьлла ойла гатар хуур ду, дашо цхьа х1ума, цуьнан билгало, цуьнан дар гайтар хуур ду.Текстах болу хаамаш т1еч1аг1бир бу бераша.Бераша хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала 1емар ду.Учебника т1ехь болх бан, оьшург каро 1емар ду.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 199 аг1о 84

2.Ц1ена язъяр

Чайта1 челла керчаш го,

•чано иза чехайо.

-Муьлха элп яздийр ду вай тахана?(Ч)

Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч

3.1алашо йовзийтар

Уьн т1е д1аяздо

Со , ву, классехь , шолг1ачу , доьшуш

Со шолг1ачу классехь доьшуш ву

-Х1ун ю аьрру аг1ора ерш? (Дешнаш)

-Аьтту аг1ора ерш?(Предложени)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай урокехь?(Дашах, предложенех лаьцна дуьйцур ду вай)

-Вайна тахантахана 1емар ду предложенин, дешнийн башхаллаш йовза.

4.Керла тема хьехар.

1.Дешан тидам бар

Шардар № 203 аг1о 86

-Вайна гонахарчу х1уманийн ц1ераш яха.(Ручка, шкаф,хьехьархо)

-Уьш х1ун ю?(Дешнаш)

-Х1ун билгалйо дешнаша:(Дешнаша х1уманаш билгалйо).

Х1ора х1умано дийриг дийца.Х1ун до хьехархочо? (хьоьху)

-Ручкано? (Язйо)

-Х1ун гойту дашо? (Дашо билгалдо дар)

-Х1ора х1уманан билгалонаш йийца.Муха ву хьехархо? (Дика)

-Муха ю ручка ? (Ц1ена, сийна)

-Кхи х1ун гойту дашо? (Х1уманийн билгалонаш гойту)

-Д1адеша 86 аг1он т1ера бакъонан хьалхара дакъа.

-Х1ун гойту дашо?Даладе масалаш.

аь)Дешан а , предложенин а тидам бар, башхаллаш йовзийтар.

Шардар №204 аг1о 86

-Д1адеша дешнаш.Х1ун гойту цара? (Дешнаша билгалйо х1ума, церан билгало, дар)

-Д1аеша предложенеш.Х1ун гойту предложенино?Д1адеша 87 аг1он т1ера бакъонан шолг1а дакъа,

-Предложенино кхочушхилла ойла гойту.

-Д1аеша хьалхара предложении.(Вайна вешан мохк беза)

-Маса дош ду цу предложенин?(Диъ дош ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (Вайна)

-Шолг1аниг?(Вешан)

-Кхоалг1аниг?( Мохк)

-Доьалг1аниг? (Беза)

-Схьаязъе предложенеш.

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а, ахьехар.

Бераш,х1оттае шиъ предложени,язаде пхиъ дош.

7.Рефлекси.

-Х1ун билгалйо дашо?

-Х1ун гойту предложенино?

8.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хиира шуна урокехь?

9.Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 205 аг1о 86

Бакъо аг1о 86,Шайна луачо 3преложени,4дош язде.

-

-