СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ктп 6-8 класса.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Ктп 6-8 класса.»

6 класс (102 с.)


Раг1

Урокан тема

Сахьт


Хан






ц1/б

планаца

хийцам

Примечани






1 чийрик (27сахьт)











1.

Вайн мотт- вайн бахам

1

Ш.3








2.

1амийнарг карладаккхар.

Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш.

1

Ш.5.








3.

Шалха элпаш

1

Ш.8.








4.

Къамелан дакъош.

1

Ш.15.








5.

Текст а, цуьнан башхаллаш.

1

Ш.19








6.

Текстан коьрта чулацам, маь1нин коьрта дешнаш.

1

Ш.22.








7.

Текстан коьрта билгалонаш. Текст а, къамелан стилаш а.

1

Ш.24.








8.

1амийнарг т1еч1аг1дар (тест).

1

Карл.бакь.








9.

Талламан болх « Нана-Даймохк»

Бийцина ца валлал, хаза, беркате мохк бу вайн. Тайп-тайпана дитташ долу хьаннаш йу, шера аренаш, лекха лаьмнаш. Чухьаьжча, йуьхь-сибат а гуш, бухдуьйлу сирла шовданаш. Исбаьхьа чухчареш йу дешица, детица кхелина.

Дитта т1е олхазар хуу. Цо вайга дагара дуьйцу, шен зевне аз вайн дегнех а хьерчош. Т1аккха ойла кхоллало: «Ма хаза а, ма зевне а бу-кх хьо, Нана-Даймохк,»-олий. Иштта вайн мохк хаза, токхе хиларна деха вайца и тайп-тайпана олхазарш.

Бес-бесара бецаш йу, шеца олхазаршна дез-деза х1у а долуш. Стоьмаш бу: кхораш, комарш, стеш, хьармакаш (шиповник)… .

Уьш олхазарийн даарш ду. Адамаша олхазарийн 1уналла дан деза.

1ай арахь йаах1ума а латтош, дитташ т1е гуйш а (кормушка) ухкуш…



(113дош. С.-М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне.»)

Грамматически т1едиллар. Морфологически таллам бе.

1-ра вариант. 2-г1а вариант.

Аренаш, ойла, стоьмаш. Бецаш, кхор, шовданаш

3-г1а вариант.

Мохк, дитташ,нана

1ам.карл.








10.

Билгалдош. Билгалдош, цуьнан маь1на

1

Ш.27.








11.

Билгалдош, цуьнан маь1на т1еч1аг1дар

1

Ш.30.








12.

Билгалдешнийн тайпанаш.

1

Ш.34.








13.

Билгалдешнийн тайпанаш т1еч1аг1дар

1

Ш.36.








14.

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

1

Ш.39.








15.

Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар.

1

Ш.42.








16.

Билгалдешнийн классашца хийцадалар.

1

Ш.45.








17.

Билгалдешнаш терахьашца, классашца хийцадалар т1еч1аг1дар. Сочиненина кечам бар.

1

Ш.49.








18.

Сочинени «Ларде вай 1алам?»

1

чекхъяккха








19.

Мухаллин билгалдешнийн даржаш.

1

Ш.52.








20.

Билгалдешнийн легарш

1

Ш.56.








21.

Билгалдешнийн кхолладалар

1

Ш.61








22.

Т1еэцна билгалдешнаш нийсаяздар.

1

Ш.65.

.







23.

Талламан болх.

Б1е ткъа километр некъ хьалхалецира автобусо. Х1ара ткъе ворх1азлаг1а вог1уш вара кху новкъа. Т1аьххьарчу ворх1-барх1 шарахь-м шера асфальт биллинчу новкъа атта йоьдура автобус. Цо делкъале кхачавора Семёновке. 1одо кхоьссича санна йоьдура и, некъа йистера ялташ ягаръеш. Кхунна х1ора колл евзара кху новкъахь. Колл-м ян а яцара. Аьхкенан малхо къиза йагийна, хьакхаделча куьйга хадор долуш, нилха йаьлла йоца ира буц йара. Цхьа 1индаг1 а дацара б1аьрго ма-лоццу д1а, анайистах хотталучу, шерачу, йалта эрина ч1анайаьллачу арахь. Аренна т1е йижинчу йовхонан йуькъачу тоьвнан тулг1еш хедош йоьдучу автобус чу довха х1о детталора.88 Шовзткъе пхоьалг1ачу шарахь кхо г1аш бинарг бара х1ара.

Х1етахь-м х1ара берриге а г1амаран бара. Ког баьккхича, мачаш къайлайовлура а багош, чуьра когаш а багош…

(112дош. Яшуркаев С. “Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх.»)

Грамматически т1едахкарш. 1. Буха сиз хьакха билгалдешнашна а, терахьдешнашна а.

2. Морфологически таллам бе.

1-ра вариант. 2-г1а вариант.

Ткъе ворх1 керла (ло)

3-г1а вариант.

ворх1-барх1 (шо)

Карл.бакъ.








24.

Билгалдош грамматически къастор.

1

§ 13 ш. 70







25.

Билгалдош грамматически къастор

1

ш. 72







26.

Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар (тест)

1

Легаде

1аьржа буьйса, майраниг







27.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

1

Ш. 69




















1.

Терахьдош.

1

Ш.74.








2.

Масаллин терахьдош

1

Ш.78.








3.

Масаллин терахьдош легадар

1

Легаде мас.

тер-ш








4.

Рог1аллин терахьдешнаш

1

Ш.84.








5.

Рог1аллин терахьдешнаш легадар

1

Ш.87.








6.

Декъаран терахьдешнаш.

1

Ш.89.








7.

Декъаран терахьдешнаш легадар

1

Легаде кхоккха, б1е цхьацца








8.

Гулдаран терахьдешнаш.

1

§18 ш. 91








9.

Гулдаран терахьдешнаш легадар.

1

Легаде ший а, ткъе барх1е а








10.

Изложени «Дуьххьарлера хьехархо»

Тхешан куьпарчу берашца школе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриг дуьне оцу сайн жимачу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашеначу ирсе кхачор ю.

Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 йара иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ц ало и де, сайн дуьххьарлерачу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, йекхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна, даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.

Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1ейуьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара. Тхуна йуккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.

Массанхьа а тхоьца йара Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа? Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1.

(160 дош) А.Айдамиров

1ам.карл.







11.

Билгалза-масаллин терахьдешнаш.

1

§19 ш. 96








12.

Билгалза-масаллин терахьдешнаш легор

1

Легаде пхи-ялх, иттех дитт








13.

Эцаран терахьдешнаш.

1

§20 ш. 99








14.

Эцаран терахьдешнаш легадар

1

Ш. 102








15.

Дакъойн терахьдешнаш

1

§21 ш. 105








16.

Дакъойн терахьдешнаш легадар

1

Легаде шиъ доьалг1а, ялх вуьрх1итталг1а








17.

Терахьдешнийн х1оттам

1

§22 ш. 107








18.

Талламан болх Ши к1ант тилар

Деъна са хилира. Гобаьккхина хьун яра лаьтташ. Цхьана а меттехь некъан лар йацара гуш.

Ши к1ант ц1ехьа верза лууш вара. Амма муьлхачу аг1ор ваха веза ца хууш, тиллера и шиъ. Мацвелла кийра 1ийжара.

Делкъхан хиллера. Бажа лелла некъаш карийча жимма сапарг1ат даьллера шина к1ентан. Ламанан дежийлашкахь гуш дара жа а, бежнаш а. Дукха гена валале, бетта мохь хезира шина к1антана.

Ц1ера т1аьхьа даьлла орца, сахиллалц маьхьарий, детташ, 1аннаш цоьстуш леллера. Лечий, 1алхий царна карор вара, и шиъ цхьаьна аг1ор д1аихна гена ваьлла ца хиллехь.

Шаьш 1ачу к1отарара вуьрх1итта-берх1итта километр хиллал д1аихна хиллера и шиъ. (Х-А. Берсанов)

Т1едиллар: 1. Терахьдешнаш билгалдаха. 2.Кхоалг1ачу предложенина синтакс. къастам бе.







19.

Терахьдешнийн легадалар

1

§ 23 ш. 107








20.

Терахьдешнийн нийсайаздар.

1

§ 24 ш. 121








21.

Терахьдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар (тест)

1

Бакъонаш карл.
































1.

Ц1ерметдош

1

§ 25ш. 124








2.

Ц1ерметдош т1еч1аг1дар

1

Ш.130








3.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш.

1

§ 26 ш. 131








4.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш т1еч1аг1дар

1

Ш. 137








5.

Йаххьийн ц1ерметдешнаш, а, церан легар.

1

§ 27 ш. 138








6.

Дерзоран ц1ерметдешнаш, а, церан легар

1

§28 ш. 142








7.

Дерзоран ц1ерметдешнаш, а, церан легар т1еч1аг1дар

1

Ш. 144








8.

Доладерзоран ц1ерметдешнаш

1

§29 ш. 152








9.

Сочинени «Хьоме Даймохк»


Б. карлаяха








10.

Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш

1

§30 ш. 155








11.

Дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш т1еч1аг1дар

1

Ш. 157

.







12.

Гайтаран ц1ерметдешнаш

1

§31 ш. 158








13.

Къастаман ц1ерметдешнаш

1

§32 ш. 161








14.

Къастамза ц1ерметдешнаш

1

§33 ш. 167








15.

Дацаран ц1ерметдешнаш

1

§34 ш. 170








16.

Хаттаран, юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш

1

§35 ш. 172








17.

Ц1ерметдош къастор

1

§36 ш. 179








18.

Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар (тест)

1

ш. 182

.







19.

Талламан болх

Олхазарийн дуьне.

Берахь дуьйна хилла со олхазарш дезаш. Х1инца воккха мел хили а, ч1аг1луш схьабог1у сан цаьрга болу безам. Царех вуно ч1ог1а самукъадолу а сан. Дала ма-кхоллара, ц1ена, исбаьхьа ду олхазарийн дуьне. И дуьне девза-черан синош даима а сирла, ц1ена хир ду , Дала азаллехь кхоьллина ма-хиллар.

Сан дов хилла олхазарийн бенаш дохош болчаьрца, уьш лазош, заь1апдеш болчаьрца. Уьш адамех теша, ткъа цхьадолу адамаш къиза хуьлу цаьрца, къинхетам бохург х1ун ду а ца хууш. Делах ца кхоьру хир бу-кх уьш.

Олхазарша, пайда бар бен, зен ца до.Уьш ца хилча сагалматаш дебар яра. Ораматийн дуьне г1ийла хир дара я хиллане а хир а дацара.

Олхазарш вайх тешна ду,-вай царех тешна ду. Дуьненахь Дала мел кхоьллина х1ума вовшашца йоьзна ю.

(116дош. С.-М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне.»)

Грамматически т1едиллар. К1ел сиз хьакха ц1ерметдешнашна. Билгалдаха церан тайпанаш







20.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Хандош.

1

§37 ш. 186








21.

Хандош т1еч1аг1дар

1

Ш.190








22.

Хандешан билгалза кеп.

1

§38 ш. 194








23.

Хандешан билгалза кеп т1еч1аг1ъяр

1

ш. 198








24.

Хандешан хенаш.

1

§39 ш. 201








25.

Талламан болх.

1

карл. бакъ.








26.

Г1алаташца болх.

Хандешан карара хан.

1

§ 40 ш. 212








27.

Хандешан карара хан т1еч1аг1ъяр.

1

§ 40 ш. 213





















1.

Хандешан йахана хан.

1

§ 41 ш. 217








2.

Хандешан йахана хан т1еч1аг1ъяр

1

Ш. 222








3.

Хандешан йаханчу хенан кепаш

1

§ 41 ш. 225








4.

Хандешан йаханчу хенан кепаш т1еч1аг1ъйар

1

Деша,лара, ала-яханчу хенан массо а кепашка даха








5.

Хандешан йог1у хан

1

§42 ш. 228








6.

Хандешан йог1у хан т1еч1аг1ъйар.

1

§42 ш. 232








7.

Хандешнаш йог1учу, хинйолчу хене дахар

1

Ш. 235








8.

Изложени Мухтар

1уьйранна школе воьдуш вара Мухтар. Маржанг1еран кет1а нислушшехь, берийн мохь хезира цунна. Саца а сецна, ладуьйг1ира Мухтара бакъонца тийшира иза кхераделлачу берийн аьзнаш хиларх. Кхин хьем ца беш, ведда ц1ийнан не1аре вахана, и схьаелла г1оьртира Мухтар, амма схьа ца еллаелира, чухула дог1а тоьхна хиллера цунна. Т1аккха ведда коре а вахна, корах чухьаьжира к1ант чохь буькъа к1ур, бара. Хиира Мухтарна чохь ц1е яьллий. Г1уллакх мало ян а, я т1аьхьататта йиш, йолуш дацара. «Же, Мухтар, сих 1алела! Г1о де берашна, к1елхьара даха уьш» – бохура цо ша шега. Буй тоьхна, ангали а дохийна, коран ши дакъа схьа а диллина, маьнги к1елахь мохь оьхуш 1ен йо1 араяьккхира цо. Ц1ийнан цхьана сонехь, бертал а воьжна, г1ийла узарш деш 1уьллу жима к1ант а ара ваьккхира. Йуха, ведда ураме а ваьлла, шен доггаха мохь бетта велира: «Орца дала! Ц1е йаьлла, ц1а догуш лаьтта», – бохуш. Цуьнан мохь хезна лулахой а, урамехь нисбелла нах а схьахьаьлхира. Цара догучуьра ц1енош а, дукхах йолу чуьра х1умнаш а к1елхьараехира.

Бакъонаш карлаяха





9.

Хандешнийн классашца хийцадалар


§43 ш. 238








10.

Хандешнийн классашца хийцадалар т1еч1аг1дар


Ш.240








11.

Хандешнийн терахьашца хийцадалар


§44 ш. 244








12.

Хандешан цхьаллин, дукхазаллин кепаш.

§45 ш. 247








13.

Хандешнийн терахьашца хийцадалар т1еч1.


Ш. 249








14.

Хандешан терахь а, кеп а вовшахкъастор


§46 ш. 251








15.

Хандош къастор.


ш. 253








16.

Хандош къастор.т1еч1аг1дар


Ш. 258








17.

Хандашах 1амийнарг т1еч1аг1дар (тест)


3 предл. синт. къаст








18.

Талламан болх

Шеран талламан диктант

Г1опал ара ца ваьлчхьана маьрша витинера к1ант. Уьйт1ара д1ахьаьжча гира цунна йовхонан тов хьийзочу мархана йуккъехула долу лаьмнаш. Цигахь ша вина юрт хилар дагара ца долура. Г1опара вада салаьттара.

Г1опана гонаха бина лекха пен бара. Хаш маь1-маь11ехь лаьттара. Делахь а дог ца дуьллура к1анта. Аьтто лехарх карош бац. Хьуна дагахь а доцуш нисло иза. Иштта цкъа аьтто белира 1алин а. Ха деш волу салти цхьа г1уллакх хилла юьстахвелира. Сиха д1асахьаьжира к1ант. Пен телхина, ког билла киртигаш йолу меттиг гира цун-на. Дукха маса цунна т1е а хьаьдда, дехьаиккхира иза.

Дехьа хехь лаьттачу салтичунна гира ведда воьду к1ант. Цо орца а даьккхина, ши-кхо дошло т1аьхьахецавелира. К1ант г1опа юхавалийра.

(106 дош. 1.Гайсултанов. «Кегий йийсарш»)

Г1алаташ т1ехь бен болх. 6-чу классехь 1амийнарг карладаккхар Грамматически т1едахкарш. 1. Хандешнашна буха сиз хьакха.

2. Морфологически талламаш бе.

1-ра вариант 2-г1а вариант

к1ант ши-кхо (дошло)

3-г1а вариант

иза

3. Хандешнаш хенашца хийца: витинера, даьккхина.






19.

Г1алаташ т1ехь бен болх. 6-чу классехь 1амийнарг карладаккхар


1ам.карл.








20.

Къамелан дакъош.

Билгалдош

1

4 билгалдош легаде (лааме а, лаамаза)








21.

Терахьдош

1

Массо а тай -пана цхьацца терахьдош легаде








22.

Ц1ерметдош

1

ц1ерметдешнаш легаде








23.

Хандош

1

5предл.синтакс. къастае








24.

Жам1 даран урок

1

Бакъонаш карл.

.






























































8 класс



Раг1

Урокан тема

Сахьт

Хан





Ц1ахь

планаца

хийцам

Примечани




1чийрик(27сахьт)








1.

Ненан мотт дахаран хазна

1

Ш. 1






2.

5-7-чуй классашкахь 1амийнарг карладаккар. Элп Й яздар.

1

Ш. 4






3.

Дешан чаккхенгахь н яздар. Къамелан дакъош.

1

Ш. 5






4.

Дешхьалхе, дешт1аьхье

1

4 предл. деш хьалхе а, деш т1аьхье йолуш






5.

Орфографи

1

§1 Ш. 8






6.

Орфографи т1еч1аг1дар.

1

Хаттаршна жоьпаш ло





7.

Талламан болх: «Ирсе к1охцал» 1

Цхьана хьуьнхахь ехаш-1аш йара зу. Цуьнан к1охцалех цхьаъ ирсе хилла, дикачу адамашна беркат дохьуш. Иза луларчу юьртарчу нахана хезна. Амма цхьаннеа хууш ца хилла, ирсе к1охцал муьлханиг ду. Т1аккха уггаре а сутарчу стага аьлла: «Вай и зу схьалоцур ю. Цуьнан к1охцалш дерриш а схьа а даьхна, х1оранна цхьацца д1алур ду. Иштта а хуур ду ирсениг муьлха ду».

Цул т1аьхьа нах зу лаха бахна, цхьаъ воцург. «Садолу х1ума йен а йийна, даьккхина ирс суна ца оьшу»,- аьлла, ц1ахь 1ийна иза.

Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йистхилла иза:

Хьан догц1ена ойланаш а, хьанал дахар а девза суна. Сайн ирсе к1охцал ас хьуна д1ало. Зуламечу нахана со карор яц, - аьлла, к1охцал д1а а делла, д1айахана зу.

Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткъа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош

Бакъонаш карлаяха






8.

Г1алаташна т1ехь бен болх. Дешнийн цхьанакхетарш а, церан тайпанаш а.

1

§2 Ш. 12






9.

Дешнийн цхьанакхетарш а, церан тайпанаш а т1еч1аг1дар

1

Ши предл.язъе, дешнийн цхьанакхетарш схьаязде






10.

Предложенехь дешнийн уьйр. (цхьанакхетаран, карара уьйр).

1

§3. Ш. 14






11.

Карарчу уьйран кепаш (бартбар)

1

Ш.16.






12.

Карарчу уьйран кепаш (урхалла)

1

Ш. 16






13.

Карарчу уьйран кепаш (т1етовжар)

1

§3. Ш.18






14.

Предложенийн уьйрех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.

1

Бакъонаш карлаяха






15

Изложени: «Вайнехан доьзал»





Бакъонаш карлаяха






16.

Предложенин коьрта меженаш (подлежащин хилар)

1

§4-5 Ш.20





17.

Предложенин коьрта меженаш (подлежащин хилар) т1еч1аг1дар

1

Ш.23






18.

Хандешан цхьалхе сказуеми

1

§6 Ш. 25






19.

Хандешан цхьалхе сказуеми т1еч1аг1дар

1

Ш. 27






20.

Ц1еран х1оттаман сказуеми

1

§7 Ш.29






21.

Ц1еран х1оттаман сказуеми т1еч1аг1дар

1

Ш.32






22.

Подлежащиний,

ц1еран х1оттаман сказуемий юккъехь тире.

1

§8 Ш. 33






23.

Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуемий юккъехь тире т1еч1аг1дар.

1

Ш. 36






24.

Хандешан х1оттаман сказуеми.

1

§9 Ш. 39






25.

Хандешан х1оттаман сказуеми т1еч1аг1дар

1

хаттаршна жоьпаш язде






26.

Талламан болх: 1

Хи чуьра ч1ерий дохуш сакъералора Хьажмурдан. Къаьсттина ч1ог1а сакъералора цуьнан дай чу хьоьжуш. Шен воккхах волчу вашас бина жима дуо бара к1ентан хи чу буг1уш лелош. Дуьйрийн мижарг а, йагийна ма1а а, багийна хьаьжк1ан кан а, сискал а тосура Хьажмурда цу чу. Башха хи к1оргачу метте а ца буг1ура цо иза. Шалажа а дацара иштта доккха хи а. Маь1-маь11ехь дог1ура и. Лохачу бердан к1ел, хи к1оргачохь, дуо буг1уш меттиг яра Хьажмурдан. 1уьйранна а, сарахьа чу моссаза хьожу а, чабакх а, ирг1у а, ч1ерий дохура цо.

Цхьана буьйсанна стигал къекъаш дог1а а деана, хиш дистира. 1уьйранна самаваьллачу Хьажмурдана хезаш яра дистинчу хино ен г1овг1а…

Ши-кхо де даьллачул т1аьхьа, хи дистинчуьра чудоьжча, хьажа ваханчу Хьажмур-дана шен дуо ца карийра… (117 дош. Х-.А.Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а.)

Грамматически т1едахкарш. 1. Билгалъйаха коьрта меженаш.

2. Предложенешна юккъера схьайазде дешнийн цхьаьнакхетарш, билгалъйаха уьйраш:

1-ра вариант 2-г1а вариант

1-ра предложени. 5-г1а предложени.

Бакъонаш карлаяха






27.

Г1алаташна т1ехь болх бар. 1амийнарг карлад.

1

Ш.40.
























1.

Предложенин коьртаза меженаш

1

§10 1амо






2.

Нийса кхачам

1

§11 Ш. 41






3.

Лач кхачам

1

Ш.44






4.

Кхачам т1еч1аг1бар

1

Ш. 46






5.

Къастам (берта а, бертаза а)

1

§12 54






6.

Къастам т1еч1аг1бар

1

Ш. 58






7.

Йуххедиллар

1

§13 Ш. 59






8.

Сочинени

1

чекхъякка






9.

Латтам

1

§14 Ш. 62






10.

Даран суьртан латтам

1

§15 Ш. 66






11.

Бараман латтам

1

§16 Ш.69






12.

Меттиган латтам

1

§17 Ш.71






13.

Хенан латтам

1

§18 Ш. 76






14.

Бахьанийн латтам

1

§19 Ш. 81






15.

1алашонан латтам

1

§20 Ш. 85






16.

Бехкаман латтам

1

§21 Ш. 86






17.

Дуьхьалара латтам

1

§21 Ш. 92






18.

Коьртаза меженаш т1еч1аг1ъяр

1

Ш.95.






19.

Тест (коьртаза меженаш)

1

Бакъонаш карлаяха






20.

Талламан болх 1

Ло дог1у даккхийчу чимашца, массо х1ума а хьулдеш. Малх ма-кхийтти, гуча-м дер ду дерриге а… Вон а, дика а. Жаьмбикна-м гуттар а и иштта дуьйла хаьара. Х1инца санна ца хиънехь а, геннахь, кхетаман к1оргенехь, йехара и ойла. Цо сецавора цхьадолчу некъашна т1е ца волуьйтуш. Хало-о-м дара иза, х1етте а и хало лан а лайна, т1ехъйаьлча, декхна хетара денош а, буьйсанаш а…

Йукъ-йуккъера екхна йу стигал. Мархашна йуккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. Куй д1а а баьккхина лаьттачу цуьнан коьрта т1ехь соьцу уьш, йуха деша.

Цо д1атуьллу куй. Т1аккха хьаннашлахь 1уьллучу жимчу йуьрте б1аьрг бетта. Д1атийна йурт. Йукъ-йуккъехь бен стогарш а гац. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бошмаш а. Тийна йу кхуьнан х1усам а… (117 дош. М.Ахмадов. «Мохк бегийча.»/

Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе.

1-ра вариант.

Мархашна йуккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш.

2-г1а вариант.

1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бош-маш а.















21.

Г1алаташна т1ехь болх бар. 1амийнарг карладккхар.

1

1ам.карл.









3 чийрик (30сахьт)








1.

Цхьалхечу предложенийн кепаш Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенеш.

1

§22. Ш 97






2.

Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенеш т1еч1аг1ъйар

1

Ш. 99






3.

Цхьанах1оттаман предложенеш. Билгала-йуьхьан предложенеш.

1

§23. Ш.101






4.

Билгалза-йуьхьан предложенеш

1

§ 24 Ш.105






5.

Юкъара –йуьхьан предложенеш

1

§25 Ш. 107





6.

Билгалза-йуьхьан а, йукъара –йуьхьан предложенеш йуккъера башхалла йовзар

1

Кхоккха масал даладе






7.

Йуьхьза предложенеш.

1

§26 Ш. 111






8.

Сочиненина кечам бар

1

Соч. кечам бе






9.

Сочинени «Нохчийн къоман зуда»

1

Бакъонаш карлаяха






10.

Ц1еран предложенеш

1

§27 Ш 113






11.

Йуьззина а, йуьззина йоцу а предложенеш

1

§28 Ш.117






12.

Цхьалхечу предложенийн тайпанаш т1еч1аг1дар.

1

Х1ор тайпана цхьацца предл. ялае






13.

Предложенин цхьанатайпана меженаш.Предложенин цхьанатайпанчу меженех йукъара кхетам

1

§29 Ш.121






14.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш.

1

§30 Ш. 125






15.

Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш т1еч1аг1ъйар

1

Ш. 127






16.

Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастам

1

§31 Ш. 128






17.

Цхьанатайпанарчу меженешца йукъара дешнаш

2

§32 Ш. 133

(2дакъа)





18.

Цхьанатайпанарчу меженешца йукъара дешнаш т1еч1аг1дар

1

Ш. 135






19.

1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар (тест)

1

Бакъонаш карлаяха





20.

Талламан болх 1 1 Цхьалла.

Буьйса. 1аьржа, тийна буьйса.

Цхьалла…Г1орасиз, синтем байна цхьалла.

Ма цхьаьна йог1у шуьшиъ! Вовшах къаста ца луш, б1ешерийн дохалла ши йиша хилла схьайог1у.

Амма йац шуьшиннан вовшашца йа марзо а, йа безам а. Ца ваьллачу денна д1акхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса йаьлла д1айахча а ца йуьту цхьалло…

Берх1итта шо ду и шиъ х1окху ц1ийнан дукъ гихь схьадог1у. Айманис лерина луьсту шен дахаран х1ора аг1о. Йерриге а беса ю, цхьа а йац воккхаверан лар йитина. Дега1ийжамаш, хьешна сатийсамаш, дегайовхонаш. Ур-атталла, ирсан з1ийдиг тесна меттиг йац.

И х1инца а инзаръйуьйлу шаьшшиннан дахаран некъ, кхин ца хедаш, х1окху хене схьакхачарх…

Берийн дуьхьа лаьлла садетташ. Цара ницкъ а, доьналла а делла и хан йаккха. Иштта д1аихна шераш… (111дош.)


Грамматически т1едиллар. Билгалъйахначу предложенешна синтаксически талламаш бе.

1






21.

Г1алаташ т1ехь болх бар

1







22.

Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш. Т1едерзар

1

§33 Ш. 143






23.

Йукъадало дешнаш а, предложенеш а.

1

§34 Ш. 145






24.

Йукъадало дешнаш а,преложенеш а т1еч1аг1йар

1

§34 Ш. 148






25.

Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш преложенеш

1

§35 Ш 149






26.

Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш преложенеш т1еч1аг1ъйар

1

Ш. 150






27.

Айдардешнаш-предложенеш

1

Ш. 154






28.

Тест Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш.

1

4 предложени предл. уьйр йоцу дешнашца






29.

1амийнарг т1еч1аг1дар. Т1едерзар.

1

Легаде кхоккха ц1ердош, билгалдош






30.

Йукъадало дешнаш а, предложенеш а.

1

Легаде кхоккха терахьдош, причасти








4 чийрик (24 с.)








1.

Предложенин шакъаьстина меженаш.

Предложенин шакъаьстинчу меженах йукъара кхетам

1

§36

Ш. 157






2.

Шакъаьстина латтамаш

1

§37 Ш 158






3.

Шакъаьстина йуххедиллар

1

§38 Ш 161






4.

Юххедиллар а, т1едерзор вовшех къастор

1

Ш 169






5.

Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш

1

§39 Ш. 172






6.

Тест 1амийнарг т1еч1аг1дар

1

Деепричастин карчамаш болуш 3 предл.






7.

Ма-дарра а, лач а къамел

Ма-дарра а, лач къамелах а йукъара кхетам

1

§40.Ш 174






8.

Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш

1

§41 Ш 178






9.

Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор

1

§ 42 Ш.182






10.

Цитаташ а, церан нийсаязъйар а.

1

§43 Ш. 185






11.

Изложени «Оьзда мотт» 1



Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш цхьа г1иллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду «Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьадаьллачу дешан лай ву хьо» боху кица. Нахалахь айхьа мел аьллачу дашах жоьпалла ву бохург ду и. Далла а, нахана гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болчу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду.

Дош хила тарло г1ийлачун, мискачун, дархочун дог-ойла хьостуш к1еда, мерза, аьхна, довха а, я г1ийлачунна хьовха, поп санна волчу къонахчунна а луьра а, къиза а. Меттан хазалла а, меттан говзалла а гучуяккхар магийна ду вайнехан 1едалехь. Далла 1ибадат деш, йо1е безам балхош, адамашна юкъахь лелла дов дерзош, ч1ирхошна юкъахь масла1ат деш, да-нана хьостуш.

Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна 1ама веза, баккхийчаьрга ла а дуг1уш, цьргара масал оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца 1а, иза вайх х1ораннан сица, кхетамца хила дог1у жовх1ар ду. Цо г1о до оьзда боцчу нехан лаамна к1ел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь ц1ена чекхвала а. (Уциев А.Х.)


Бакъонаш карла яха






12.

Изложени йийцаре йар. Тест (предл. шакъаьстина меженаш, ма-дарра къамел)

1

Оьзда мотт грамм. талла






13.

Грамматически талларш (фонетически таллар)

1

Фонтически. Таллам бе 5 дашна






14.

Грамматически талларш (морфологически таллар)

1

Морфолог. талла предл.Сулима, доккха са а даьккхина, уьйт1ахула д1аволавелира






15.

Грамматически талларш (синтаксически таллар)

1

5и предл. язъе, уьш синтакс. къастае






16.

Грамматически талларш (орфоэпически, орфографически, пунктационни талларш)

1

§44 Ш. 188






17.

1амийнпрг карладаккхар. (Предложенин коьрта меженеш).

1

Ш. 191






18.

1амийнпрг карладаккхар. (Предложенин коьртаза меженеш).

1

Ш. 193 (I)






19.

Берта а, бертаза къастамаш

1

Ш. 195(2)






20

Шеран талламан диктант 1

Маьрк1ажал т1аьхьа ц1акхечира нана. Цецъелира иза гинчух. Йиттина ирхъоьхкина берийн бедарш, чохь йуучух хаза йаьлла хьожа, бовхачу маьнги т1ехь ловзу ши к1ант.

-Дукха йаха хьо! Хьо-м х1инца аса цадийриг а деш, йоккха ма хилла. Хьан да, ц1аваг1ахь, тешар а вац, ахьа иштта г1уллакхаш до аьлча.

Амма йоь1ан б1аьра хьаьжча, ненан бос хийцабелира. Йо1 т1орказ чу хьаьжний а, цо цу чуьра кехат дешний а, хиира.

Кехат нанас Х1азанах лечкъоран шен бахьана дара. Нанна дика хаьара, Х1азанна шен сил а дукха да везийла. Тидаме эцнера баккхийчийн санна йолу йоь1ан амал, ойла, мотт. Цундела йо1ана, и ирча кхаъ хезча, цхьа х1ума хиларна кхоьруш ца аьллера нанас да валарх лаьцна. Хан йаьлча, х1ума ширло, цул т1аьхьа сатоха хала цахир-кх аьлла, дитинера…

(115 дош. С.-С. Саидов. «Мажъелла кехатан цуьрг.»)


Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе:

1-ра вариант 2-г1а вариант

1-чу предоженина 7-чу предложенина.


Бакъонаш карлаяха





21.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Синонимаш, антонимаш, омонимаш.

1

Ш. 200






22.

Цхьанатайпана меженаш

1

Ш. 203






23.

Нийса а, лач а кхачам

1

Ш.205






24.

Жам1 даран урок

1

1ам.карл


1
































































6-г1а класс



п/п

Урокан тема

Сахьт

Хан





Ц1ахь

планаца

хийцам

примечани



1 – ра чийрик(18 с.)





1

Халкъан барта кхолларалла.

1

3-5 аг1о чул. схь.








2

Эвтархойн Ахьмадан илли.

1

6-12 аг1о чул схь.






3

Эвтархойн Ахьмадан илли

1

13-17аг1о чул. схь






4

Таймин Бийболатан илли.

1

18-25 аг1о чул. схь






5

Иллех а, церан исбаьхьаллин билгалонех а.

1

26-29 аг1о чул. схь






6

Наьрт-Аьрстхойн паччахь Наураз.

Наьрт-Аьрстхойн паччахь Наураз дийцарх лаьцна

1

30-33 аг1о чул. схь.


.




7

Ницкъ болу Солса. Гермачигара наьрташ

1

34-40 аг1о






8

Гермчигара наьрташ, Наьрст-Аьрстхой кхерор.

1

40-46 аг1о чул. схь






9

Классал арахьара дешар. Наьрт-аьстхойл тоьлла Куллуби

1

аг1о 281






10

Гайсултанов 1.«Нийса кхел»

1

47-57 аг1о чул. схь






11

Гайсултанов 1. «Барзо амалш ца хуьйцу» Басня жанрах лаьцна

1

58-62 аг1о чул. схь






12

Сатуев Хь. «Ломмий, цхьогаллий».

1

63-67 аг1о чул. схь






13

Сочинени «Сан каникулаш»

1

1амийнарг карл.






14

Гадаев М-С. «Дарта»

1

69-73аг1о чул. схь






15

Ошаев Х. «Чайра»

1

74-80 аг1о чул. схьаб.






16

Мохьмаддий,Чайрий

1

80-88 аг1о






17

«Чайра» дийцарх лаьцна


88-91 аг1о






18

Литературни произведенин турпалхочух лаьцна


91-92 аг1о







Классал арахьара дешар Дуьме ца кхаьчна цициг


283 аг1о








2 – г1а чийрик (14 с.)








1

Мамакаев 1. Дахар а, кхолларалла а.

«Дагалецамаш» поэмех лаьцна

1

93- 95аг1о чул. схьаб.










2

1

96-106 аг1о




.

3

Сайдуллаев Хь. Дахар а, кхолларалла а. «Ненан б1аьрхиш» 1–2 дакъа

1

107-115 аг1о чул








4

«Ненан б1аьрхиш» 3–5 дакъа

1

115-127 аг1о чул








5

Пейзажах лаьцна кхетам

1

128-129 аг1о








6

Изложени «Наж»

Иштта стомма г1ад а, шуьйра баьржина бухь а болуш даккхий дитташ дукха ца хуьлу. Хьуьнан белхан говзанчаша цуьнан барх1 б1е шо хир ду олура. Йалх-ворх1 стага куьйгаш лаьцна го бича, мара тарлора иза.

Къена белахь а, цунах рицкъ долуш дукха акхарой хуьлура.. Цуьнан нежнаш дуура черчаша, тарсалша, ч1ег1агаша. Ножан г1одаюккъехь йоккха херо яра.

Цхьана дийнахь ворданахь дечиге ваханчу Доча-Борзерчу Жамалайлина хааделира оцу ножан хари чохь цхьаммо ц1е латийна хилар. Чу а воьссина, хьаьжира иза. Дуккха а дечиган к1ора бара чохь. Чухула аг1ор г1ад ч1ог1а даьгнера. Иштта битича, наж бакъабала кхерам бара.

Шолг1ачу дийнахь гаммий, беллий эцна, ворданахь вухавахара Жамалайла. Хари чу а ваьлла, белаца к1ора аратесира цо. Оцу к1орано ворданан ц1а хьаладуьзира. Т1аккха гам хьокхуш, ножан чухулара г1ад ц1андан волавелира иза. Йуьхь, дег1 к1урзех дуьзнера. Хьацаро вашийнера. Амма хари чоь а, пенаш кхоччуш д1ац1андира цо. К1оранах ворда йоьттира Жамалайлас.

Туьйранахь вуьйцу 1аьржа-Хожех тарвелла Жамалайла ц1а веача, ц1еранаш а, лулахой а ч1ог1а цецбевллера. Цо дийцира ша динарг.

Жамалайлас лоьралла лелор бахьана долуш, наж бакъа ца белира


План:

  1. Къена наж. 2. Ножан пайда. 3. Жамалайлина гинарг.

4. Ножан херо ц1анъйар

5.Наж дийна бисна.

1









7

Изложени йийцаре йар. Сулаев М. «К1анте»

1

130-133 аг1о








8

Эдилов Х. «Ненан безам»

1

134-137 аг1о дагахь








9

Ахмадов 1. «Воккха дада»

1

138-149 аг1о чул








10

Айдамиров А. «Вина мохк»

1

150-153 аг1о








11

«Вина мохк» стихотворенех лаьцна

1

154-156 аг1о








12

Эпитетах лаьцна.

1

156-158 аг1о чул








13

Классал арахьара дешар «Жималлин суьйренаш»

1

301 аг1о








14

Жам1 даран урок

1









3 – г1а чийрик (20 с.)






1

Ахматова Раисин дахар а, кхолларалла а.

1

159-160 аг1о










2

Ахматова Р. «Ма хала ду цунах кхета»

1

160-163 аг1о








3

«Ма хала ду цунах кхета» стихотворенех лаьцна

1

162-163 аг1о








4

Саракаев Хьамзатан дахар а, кхолларалла а.

1

164-165 аг1о








5

«Ирсе б1аьрхиш» К1ентан галвалар

1

165-166 аг1о чул








6

«Ирсе б1аьрхиш» нанна к1ант каравар

1

168-174 аг1о








7

Классал арахьара дешар. Ширачу г1опехь

1

286 аг1о








8

Сочинени «Нана»

1

1амийнарг карл








9

Арсанукаев Шайхин дахар а, кхолларалла

1

175-177 аг1о








10

Арсанукаев Ш. «Мохкбегор»

1

177-178 аг1о








11

Окуев Шимин дахар а, кхолларалла а

1

179-180 аг1о








12

Окуев Ш. «Б1аьсте»

1

180-182 аг1о къастош








13

Олицтворенех лаьцна

1

183-184 аг1о








14

Кибиев Мусбекан дахар а, кхолларлла а.

1

185-186 аг1о








15

Кибиев М. «Меттан сий»

1

186-188 аг1о








16

Классар арахьара дешар. Саидов Б. «Ненан мотт»

1

284 аг1о








17.

Дикаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.

1

190-191 аг1о








18

Дикаев М. «Къинхетаме Нохчийчоь»

1

191-193 аг1о








19

Рашидов Ш. «Ломара ц1е»

1

194-198 аг1о дагахь








20

Классал арахьара дешар Дикаев М. «Сан Даймохк»


1

312 аг1о









4- г1а четверть (16 с.)






1

Мамакаев Эдуардан дахар а, кхолларалла а.

1

200-201 аг1о








2

Мамакаев Э. «Х1орд»

1

202 аг1о дагахь








3

Махмаев Жамалдин дахар а, кхолларалла а.

1

204-205 аг1о








4

Махмаев Ж. «1аьржачу баьпкан юьхк»

1

205-210 аг1о








5

Классал арахьара дешар Бексултанов М.. «Генара а, гергара а денош»

1

319 аг1о








6

Нунуев Сайд-Хьамзатан дахар а, кхолларалла а.

1

211-212 аг1о








7

Нунуев С-Хь. «Хьайбаха»

1

212-221 аг1о чул








8

«Хьайбаха» дийцарх лаьцна

1

222-224 аг1о








9

Яхъяев Лечин дахар а, кхолларалла

1

225-226 аг1о








10

Яхъяев Л. «Даркеш»

1

226-232 аг1о








11

Изложени «Хазахетар»

Ч1ег1ардигаш схьадаьхкина хан яра иза. Сулимина ч1ог1а дукхадеза и олхазар. Цо церан тидам а, терго а йора.

Цхьана 1уьйранна раг1у к1елхьара бенара ч1ег1ардиг ч1ог1а шега хьоьжуш санна хийтира Сулимина. Цуьнга хьоьжуш а лаьттина, ишколе д1авахара иза. Амма ишколехь ч1ег1ардигана сагатдеш, цхьа дагахьбаллам хилла хан яьккхира цо. Урокаш чекх ма-евллинехь, хье ца луш ц1а а веана, бене хьалахьаьжира иза.Ч1ег1ардиг тохара ма – хиллара 1аш дара. Хьежар хьалхалерчул а г1ийла хийтира кхунна.

Кхин д1а ойла ца еш, лами а беана, сихха хьала а ваьлла, бен чу куьг кховдийра Сулимас. Ч1ег1ардиг, меттах ца хьовш, жимма хебира. Меллаша иза бен чуьра схьаэцначул т1аьхьа Сулима доллучух кхийтира: ч1ег1ардиган когах хьирчина, уьш меттах баха йиш йоцуш, чилланан теш хиллера. Сулимас охьа а воьссина, ч1ег1ардиг лар а деш, иза парг1атдоккхуш, кераюккъехь когаш т1е охьа а диллина, вукху куьйгаца дайн меттах хьадийра. «Д1аг1о хьайна парг1ат ду хьо»,-олуш. Ч1ег1ардиг, ца тешаш санна, керайуккъехь тийна, меттах а ца хьовш а 1ийна, ц1еххьана «ч1ир-ч1ир» аьлла хьалаиккхина, лами цхьана т1ег1ан т1е охьахиира.

Цул т1аьхьа т1ом делира иза, хаддаза «ч1ир-ч1ир» деш. Сулимина т1ехула ши-кхо го а баьккхина, х1аваэхь къайладелира. Цу г1уллакхан хазахетаро дог дузийна, вехха лийлира Сулима.

1

1амийнарг карладаккха








12

Бексултанов М. «Некълацар»

1

234-248 аг1о








13

Ахмадов М. «Телефон»

1

249-258 аг1о








14

Яралиев Ю. «Кад»

1

259-261 аг1о








15

Классал арахьара дешар.Берсанов Х.-А. «Ши к1ант а, зу а.»

1

313 аг1о








16

Жам1 даран урок

1



















8 класс

Урокан ц1е

Сахьт


Хан


Примечани

Ц1ахь


планаца


хийцам




1

Мотт бацахь, къам а дац.

1

Аг1о 3-5






2

Бадуев С. кхолларалла

1

Аг1о 6-9




3

Бадуев С. «Олдам»

1

Аг1о 10-17




4

Исбаьхьаллин вастах кхетам

1

Аг1о 19-20




5

Мамакаев М.кхолларалла

1

Аг1о 21-25




6

Мамакаев М. «Лаьмнийн дийцар»

1

Аг1о 26-29




7

Стихотворенин ритмах, рифмех, барамах а лаьцна

1

Аг1о 29-31




8

Классал арахьара дешар Мамакаев М. «Пондар»

1

Аг1о 324-326




9

Изложени «Партала ча»

1

1ам. карл.




10

Ясаев М. кхолларалла

1

Аг1о 32-35




11

Ясаев М. «Хьоме йурт»

1

Аг1о 36-49




12

Ясаев М. «Хьоме йурт»

1

Аг1о 49-54




13

Сочинени «Хьоме йурт»

1

1ам. карл.




14

Хамидов А-Х. кхолларалла

1

Аг1о 55-56




15

Хамидов А-Х. «Д1а – коч, схьа – коч»

1

Аг1о 56-61




16

Классал арахьара дешар Хамидов А-Х. «Экзамен хаттар»

1

Аг1о 347-349




17

Сулаев М. кхолларалла

1

Аг1о 65-66




18

Сулаев М. «Ца вевза доттаг1»

1

Аг1о 66-67 дагахь 1амае




19

Сулейманов Ахьмад кхолларалла

1

Аг1о 68-72





20

Сулейманов Ахьмад ««Дахаран генаш», Къинхетам.

1

Аг1о 73-79




21

«Дахаран генаш», «доьзалан да

1


Аг1о 80-86




22

«Дахаран генаш», Собар

1

Аг1о 87-95




23

Классал арахьара дешар Бисултанов А. «Гой шуна, доттаг1ий»

1

Аг1о 350




24

Изложени

1

1ам. карл.




25

Эдилов Э. кхолларалла

1

Аг1о 98-100




26

Эдилов Э. «Сий делахь, Латта»

1

Аг1о 101-103 дагахь




27

Арсанукаев Ш. кхолларалла

1

Аг1о 105-110




28

Арсанукаев Ш. «Тимуран тур». Тимур лам чохь

1

Аг1о 111-120




29

Арсанукаев Ш. Бахьаган мотт

1

Аг1о 121-134




30

Арсанукаев Ш. Айтамиран илли. Борзаб1аьрг

1

Аг1о 134-146




31

Сочинени «Тимуран тур»

1

1ам. карл.




32

Классал арахьара дешар Ахмадов М. «Боч1а»

1

Аг1о 327-337




33

Хасбулатов Я. кхолларалла

1

Аг1о 149-152




34

Хасбулатов Я. «Дош»

1

Аг1о 152-153




35

Хасбулатов Я. «Стаг хила ваьллехь хьо ара…»

1

Аг1о 155-156




36

Гацаев С. Кхолларалла

1

Аг1о 157-161




37

Гацаев С. «Кавказ»

1

Аг1о 161-162




38

Гацаев С. «Б1аьстенца къамел»

1

Аг1о 163-164




39

Классал арахьара дешар Гацаев С. «Чурт»

1

Аг1о 338-339




40

Сатуев Х. кхолларалла

1

Аг1о 165-167




41

Сатуев Х. «Нашхахь»

1

Аг1о 167-171




42

Сатуев Х. «Нашхахь»

1

Аг1о 171-175




43

Умхаев Х. «Нашха»

1

Аг1о 176-177 дагахь




44

Талламан болх (тест)

1

1ам. карл.




45

Яшуркаев С. кхолларалла

1

Аг1о 178-179




46

Яшуркаев С. «Маьрк1аж бодана т1ехь к1айн хьоькх».

1

Аг1о 179-185




47

«Маьрк1аж-боданна т1ехь к1айн хьоькх». Дег1астанара кхача.

1

Аг1о 185-197




48

«Маьрк1аж-боданна т1ехь к1айн хьоькх». Зайнди доьзал.

1

Аг1о 197-209




49

«Маьрк1аж-боданна т1ехь к1айн хьоькх». Мада-ахархо.

1

Аг1о 209-227-




50

«Маьрк1аж-боданна т1ехь к1айн хьоькх».

1

Аг1о 227-242




51

Сочинени «Маьрк1аж-боданна т1ехь к1айн хьоькх».

1

1амийнарг карлд.




52

Классал арахьара дешар «Дика ду хьо волуш»

1

Аг1о 340-345






53

Шайхиев 1. кхолларалла

1

Аг1о 245-247




54

Шайхиев 1. «Дарцан буса»

1

Аг1о 248-254




55

Шайхиев 1. «Дарцан буса»

1

Аг1о 254-255




56

Талламан болх (тест)

1

1ам.карл.




57

Абдулаев Л. «Маьлхан каш»

1

Аг1о 256-261




58

Абдулаев Л. «Маьлхан каш»

1

Аг1о 261-267




59

Бексултанов М. кхолларалла

1

Аг1о 268-271




60

Бексултанов М. «Дари»

1

Аг1о 271-276




61

Бексултанов М. «Дари»

1

Аг1о 276 -282




62

Ахмадов М. «Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош»

1

Аг1о 362-369




63

Ахмадов М. «Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош»

1

Аг1о 283-297




64

Ахмадов М. «Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош»

1

Аг1о 297-307




65

Сочинени «Лаьтта т1ехь лаьмнаш а х1иттош»

1

Аг1о 307-314




66.

Бисултанов А. «Дег1аста»

1

Аг1о 315-320




67

Бисултанов А. «Шийла чилла йижна лайца…»

1

Аг1о 312-323 дагахь




68.

Классал арахьара дешар Гадаев М.-С. «Рег1ера поп»

1

Аг1о 345-346




69

Жам1 даран урок

1

1ам. карл.







Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!