СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Лексика 5 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Тема: Лексика.

Кхетарон 1 алашо: лексиках кхетам балар, фонетиках, графиках лаьцна, 1амийнаргкарладаккхар, дешнийн лексически маьнех кхетам балар, керлачу а, ширделлачу а, т1ецначу дешнех кхетам балар, йоза шардар, дозу къамел кхиор а.

Кхиоран 1 алашо: Даймахке безам кхоллар.

Кхиаран 1 алашо: мотт шарбар, къамел кхиор.

Просмотр содержимого документа
«Лексика 5 класс»



5 класс - нохчийн мотт.

Тема: Лексика.

Кхетарон 1 алашо: лексиках кхетам балар, фонетиках, графиках лаьцна, 1амийнаргкарладаккхар, дешнийн лексически маьнех кхетам балар, керлачу а, ширделлачу а, т1ецначу дешнех кхетам балар, йоза шардар, дозу къамел кхиор а.

Кхиоран 1 алашо: Даймахке безам кхоллар.

Кхиаран 1 алашо: мотт шарбар, къамел кхиор.

Урокан некъ: 1. Ц1\б. Таллар.

Дешархоша д1айоьшу шаьш ц1ахь язйина йолу «Суна хазахета професси» аьлла

Сочинени - миниатюра. (5-6 дешархочо йоьшу). Оцу белхийн мах хадош хьехархочо кхетош-кхиоран болх д1ахьо:

—Бераш, ч1ог1а дика профессеш хаьржина хилла. Шуьга ас лерина ладоьг1ча, шун дагчу хьаьжча санна, суна уггаре коьртаниг гучудели: шу х1окху вайн махкана, пачхьалкхана, вайна нохчийн къомана пайден хила лууш хилар, шайгара дика кхечунна дан лууш ду, шу вайн кханалера лоьраш, хирургаш, педиатраш, инженераш, милиционераш, хьехархой, зоотехникаш, адвокаташ. Низам лардан лууш шу хилча, цомгашчарна дарба дан, г1оли ян лууш шу хилча, баккхийчеран аш Лерам беш хилча, шуна царах къахеташ хилча (массарна т1екхача езам ю ма ю къаналла), ц1а-ц1е доьхна лелаш берш ц1аберзо лууш цхьаберш хилча, сунна шу кхана даккхий хилча муха хир ду сурт х1оттало. И дерриге шайн дагахь дерг кхочушхилийта сиха даккхий хила лууш санна хета. Воккха хилча, воккхачуьн г1улкхаш дукха хуьлу, шаьш кегий долчуьра, аш и шаьш хаьржина йолу профессеш караерзорхьама дика деша деза.

п 2. Фронтальни хеттарш далар, 1амийнарг карладаккхар.

  1. В ай таханлера урок х!ун урок ю?

(Нохчийн меттан урок ю).

  1. Нохчийн меттан урокехь х1ун 1амадо?

(Нохчийн мотт 1амабо).

  1. Кхечу тайпана аьлча нохчийн мотт стен 1амабо вайна?

(Нохчийн мотт нохчийн грамматико 1амабо).

  1. Грамматика х1ун ю?

(И вайн меттан 1илма ду).

  1. Т1аьххьара ши дакъа аш 1амийна долу, муьлха ши дакъа дара?

(Фонетика а, графика а дара).

  1. Стенах олу фонетика?

(Аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу).

  1. Графика стенах олу?

( Элпаш 1амочу 1илманах графика олу).

1Ц З.Керлачу теманах кхетам балар.

Графика а, фонетика- оцу 1илманех лаьцна кардаьккхи вай. Аьзнаш 1аморан 1илма а, элпаш 1аморан 1илма а.

Тахна шуна девзар ду оцу грамматиках цхьа дакъа- лексика. Стенах олу лексика хьовсур ду вай.

Ойла е, вай вовшашка бийца мотт ца хилча, х1ун дийр дара вай? Мотт ца хууш ду вай, бийца мотт бац вайн, х1ун дийр дара-те вай?

—Маса дош ду вайн маттахь, хьан эр дара? (Дукха ду, дагардина вер вац). Нийса боху аш, х1окху дуьнен т1ехь мел йолчу х1уманийн, мел хуьлучу хиламийн (события) ц1е яьккхича, уьш долччул дешнаш а хир дара. Ткъа уын мел дукха ду, и хаа вайн йиш яц.

Дукха ду дешнаш. Меттан дерриге а дешнаш 1 амочу 1илманах лексика олу.

.


Хьовсийша, ойла яй, мел доккха ду Дуьне. Оьрсаша х1окху вайн дуьненах Планета олу. Дуьнен т1ехь маса къам ду алалур дарий? 240 сов хир долуш къам ду.

Маса пачхьалкх ю те? 186 пачхьалкх хир ю.

Дерриг дуьнен т1ехь мел адам ду дехаш? 5 млрд, сов адам хир ду. Уггаре дукха китайцаш, т1аккха индейцаш, оьрсий.

Дуьнен т1ехь мел долчу къаьмнийн шайн-шайн лексика ю.

Xlopa къоман меттан элпаш ду, Нохчийн маттахь 49 элп ду. Оьрсийн маттахь 33 элп ду, англ, маттахь , немецки маттахь- , латински маттахь 25 элп ду.

Хьовсал, вайн маттахь- 49 элп ду.

Вайн мотт хьалдолуш хилар го-юс в айна. Оцу 49 элпанца вовшахтуху в ай дешнаш.

Xlopa дешан шен лексически маь1на ду. Хьовсалаш, х1инца ас шуна хазахеташ долу цхьа дагардар д1аэр ду, х1ун маь1 на ду ас аьллачун, маь1на даккхалаш? Акети-бакити-чукати-ма Агуль-магуль-гульман-на Экс, пеке, пели-пекс-нав.

Ас х1ун дийцира хиирий шуна?Ца хиира, хаа йиш яц. Оьрсаша ма-аллара, цхьа « детский лепет», мотт нийса цабийцар санна х1ума дара.

Кхид 1 а ладог 1 ал:

Дешархой, шайгарчу ирсан хама белаш, Дешалаш, дешалаш,

Мало ма елаш.

Серах бен х1оз балац - олуш ду дайша, Жимачохь динарг бен карош дац шуна!

Кхеташ дарий ас шуна дина хьехар!

Xlopa дешан шен маь1на, пунах лексически маьхна ду олу.

К 4.Учебникаци болх бар.

Arlo 100. Хьовсал, стомма зорбанца сиз. Хьаькхна

илгалдаьккхина «Лексика».Вай 1амор долу 1илма ду иза.

—Маса дош ду нохчийн лексикехь?

—Стенах олу «Лексика»?

—Хьехархочо бакъо йоьшу.

—Х1ун хьийхи вайна бакъоно?

1 Лексика кхуъуш хилар лексика юкъа керла дешнаш юкъадахарца.

  1. Цхьайолу х1уманаш в айн дахарера д1айовларца юкъара дешнаш д1адовлу.Царех «архаизмаш» олу.

  2. Кхечу маттера т1еэцна дешнаш ду в айн маттахь. Компьютерная лексика: дискет,файл.

Уггаре халанаш дагахь латто муьлха дешнаш ду?

—Ширделла дешнаш ду дагхь латто хала.

i/ 5. Т1еч1аг1дар.

Дешархочо къастош д1адоыну дешнаш. Т1едиллар ду шуна, шаып маь1нех ца кхеташ долу дешнаш схьалахийша: бирданг (бирданка), къудал, ешап, бухка (йоъ1арийн к1удал д1айоъхку бухка), мажар, пурстоп, кохъар, верша, истанг, черт.

—Х1орш х1ун дешнаш ду? Ширделла дешнаш ду. Х1орш оынуш дад аьлла, кхийсина д1адахийта йиш юй вайн? Яц.

Истории толлуш, литературни произведениш йоыыуш ч1ог1а дика хаа дезаш ду уын. Уьш вайн матта юкъара д 1 адевлладела, дагахь латто хала ду. Церан маь1наш хаа деза, уьш вайна оынуш ду.

Дешархоша д1аяздо шира дешнаш тетрада т1е.

2/ 6. Ловзаран кепехь болх д1абахьар.

Конкурс «Муьлха ряд г Шли ю».

Цхьацца дешархо уън т1е а воуьйтуш, д1аяздойту пхиппа дош xlopa б1ог1аме.


Керла дешнийн:

Компьютер

Интернет

Спутник

Ракета

Мобильник

Ширделла д-ш:

мажар

верта

черт

к1удал

истанг

Т1еэцна д-ш:

справка

билет

класс

парта

школа

Vji 7. Модульца болх бар.

Х1ун го шуна сехьа? (Малх го). Дехьа малх. Х1орш маьлхан дашо з1аьнарш ю.

Малхо дуьне дохдо. Оду малхо санна дог дохдеш долу дика дешнаш схьаалийша: ирс, тешам, яхь, безам, къинхетам.

Ба1 гонах муьлха дешнаш гулдийр дара? - тешнабехк, ямартло, дабе зам, гамо, хьаг1, т1ом.

8. Ц1 \б балар.

Тидам бе 180 упр-нин. Х1араупр-ни санна болх бан езаш ю иза а. Амма ца девзачу дешнийн маъ1на лохур ду аш учебникана т1ехьа йолчу кхетаман дошамехь (словарехь).

Цунах пайдаэца беза (парагр. 37 уп. 180аг1о 170- домаш.).

С 9. Урокан жам 1, бинчу белхан мох.

—Х1ун 1амийра вай тахана? Стенах олу лексика? Х1ун хии вайна керланиг лексикех лаьдна? Лексика кхуъуш хилар керла дешнаш юкъадовларца.

—Кхин х1ун хии? Х1уманаш юкъара д1айовларда, дешнаш а ширлуп юкъара д1адовлу.

—Кхин х1ун дира вай урокехь? Модульца болх бира. Керла, т1эцна, ширделла дешнаш дийцира, суьрта т1ехь сочинени язйира.

Дика болх бира аш. «5»дохку болх дика бинчарна.