СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 25.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн меттан де

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн меттан де»

Нохчийн Республикан Президентан  Указ 11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207 Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца: «Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо». Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.

Нохчийн Республикан Президентан Указ

11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран,

кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:

«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де –Нохчийн меттан де д1акхайкхо».

Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.

Нохчийн мотт

Нохчийн мотт

Билал Саидов «Хьо ца безаш волчо  Шен нана лорур яц,  Ненан сий цадечо  Мехкан сий лардийр дац…»

Билал

Саидов

«Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий цадечо

Мехкан сий лардийр дац…»

 Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.  Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

« Шен ненан мотт халкъо  Сий ойуш 1алашбахь,  Цу халкъан парг1ато  Цхьаммо а хьошур яц » .

« Шен ненан мотт халкъо

Сий ойуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц » .

«Ваха а ца оьшу,д1ахаьдча цунах, Бицбина вехаш верг ю еса ботт. И саннарг карор бац мел лехарх хьуна. Даймехкан дозалла сан ненан мотт!!!»

«Ваха а ца оьшу,д1ахаьдча цунах,

Бицбина вехаш верг ю еса ботт.

И саннарг карор бац мел лехарх хьуна.

Даймехкан дозалла сан ненан мотт!!!»

 Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.  Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарех лаьтта кхераме дог1маш ду. Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма- хиллара, баьрче баккха беза вай.

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта, Ладог1а,яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна,бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт…

Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта,

Ладог1а,яккхий д1а лергара потт:

Йист йоцу х1орд санна,бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт…

«Нохчийн мотт –  г1иллакхийн  хьоста»

«Нохчийн мотт –

г1иллакхийн

хьоста»

Нохчийн мотт гуттар ширачу меттанех цхьаъ бу. Масийтта б1е, эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна, чарташна, б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина элпаш, дешнаш, кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.

Нохчийн мотт гуттар ширачу меттанех цхьаъ бу. Масийтта б1е, эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна, чарташна, б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина элпаш, дешнаш, кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.

     Абузар Айдамиров Цигахь со набарна товжош, Цо олу аганан илли Декара, дог хьостуш, довха, Сан нохчийн маттара илли

Абузар

Айдамиров

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли

Декара, дог хьостуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли

Хьан бах хьо сан Даймохк, яхначу заманахь, Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна? Кхийсамо аьгначу хьан т1улган белшахь. Гуш ду – кха яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Хьан бах хьо сан Даймохк, яхначу заманахь,

Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна?

Кхийсамо аьгначу хьан т1улган белшахь.

Гуш ду – кха яздина сан дайшка кхаьчнарг.

          Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш. Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош! Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий. Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!

 

  •  

Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш.

Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош!

Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий. Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя