9-чу классехь нохчийн меттан урок.
Тема: Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех лаьцна юкъара кхетам.
литературин а хьехархо.
Урокан тайпа: 1амийнарг карла а доккхуш, керлачу темах юкъара кхетам балар.
Дешархоша болх бен кеп: тобанашкахь, шакъаьстина.
Технически г1ирс: компьютер, интерактивни у, йозанан у.
Урокан 1алашонаш:
Предметан 1алашо: Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенин д1ах1оттам бийцар, кхечу чолхечу предложенех къасто хаар. Сацаран хьаьркаш дийцар. Чолхечу предложенийн исбаьхьаллин роль а, башхаллаш а.
Кхетош-кхиоран 1алашо: Нохчийн къоман хьалхалера хала дахар дийцар, къинхьегамна т1е ойла ерзор.
Кхиоран 1алашо: Хьалхалерачу дахаран къинхьегаман г1ирсаш а гойтуш, ца девзачу дешнашна т1ехь болх бар. Цаьрца предложенеш х1иттор.
Урок д1аяхьар.
Гулдаран момент.
Терахь, классера болх д1аяздар.
Эпиграфца болх бар (эпиграф д1аязйина ю йозанан уьна т1ехь).
Хала дара алий, х1уманна б1о а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита.
Дешархошка достуьйту оцу кицанан маь1на.
Хьехархочун дош.
Ц1ахь бина болх хаттар.
Фронтальни хеттарш.
-Д1аяханчу урокехь х1ун тема яра вайн? (Масех т1етухучаьрца йолу ЧКП)
- Хьан эр дара стенах олу предложени?
-Маса тайпа хуьлу предложенеш?
-Чолхе предложени стенах олу?
-ЧЦП? Оьсийн маттахь муьлхарниг ю и?
-ЧЦП дозоран г1ирсаш? Оьрсийн маттахь?
-ЧКП? Муьлхарниг ю оьрсийн маттахь?
-Дозоран г1ирсаш?
-1амоза муьлхарниш ю? (ХЧП)
Д1аязъе таханлера тема.
-Муьлххачу а урокехь санна таханлерачу урокехь а хила езий вайн 1алашонаш?
Х1иттайо 1алашонаш.
Хьовсу, герга дуй хьехархочун 1алашонашна (кхайкхайо хьехархочо шен 1алашонаш).
1-чу слайдаца болх.
Т1едиллар: хьалхарчу тобано дуьйцу муьлха тайпа ю хьалхара предложени, тешалла даладо.
Шолг1ачу тобано болх бо шолг1ачу предложеница.
Кхоалг1а предложенин барта цхьане таллам бо.
Къастайойту маь1нийн уьйр.
2-чу слайдаца болх.
Т1едахкарш до тобанашна.
3-г1а слайд.
1аматаца болх.
ГИА. Болх бо текстаца.
Текстаца болх биначул т1аьхьа х1оттайо алгоритм.
Ловзаран миноташ.
Х1инца вай цхьа жимма садо1ур ду, амма пайденна а долуш. Тахана шух ас цхьа жимма кхоам бийр бу, х1инццалц аш суна йийцина бакъонаш тахана ас шуна юьйцур ю, аш уьш стенна йог1у бакъанош ю эр ду.
Х1ара бакъонаш ас галморзах яьхна ю, амма аш дикка тидам бохь шу т1аьхьа кхуьур ду аьлла хета суна.
1.Муьлххачу а къоман алфавитан символ, графема х1ун ю? (элп)
2. Маса ду уьш вайн абатехь? (49)
3.Чучча уьдуш карраш детташ долчу койн санна дуьх-дуьхьал маь1на долчу дешнех х1ун олу? (антонимаш)
4.Багара йолу 1аь-аз ду, ткъа аьзнаш 1амош а ду къаьсттина 1илманан дакъа, муьлха ду иза? (фонетика)
5.Уьш хуьлу долахь, уьш хуьлу юкъара, уьш хуьлу са чохь, уьш хуьлу са доцуш, муьлхачу къамелан декъах лаьцна ду хаттар? (ц1ердош)
6. Вовшах тардала лууш, уьйрехь хила лууш, алар а, яздар а тайп- тайпана делахь а маь1ница гергарло деза дешнаш? (синонимаш)
7. Къастабо бос, чам, барам, хьожу х1ума мичара мацалера ю, хьенан долахь, стенах йина ю, муьлха къамелан дакъа ду х1ара? (билгалдош).
8.Стаг маца вина, маца кхелхина, доьзалехь маса ву я масалг1а ву гойту къамелан дакъа. ( терахьдош)
9.Масех къамелан дакъойн метта а лелаш, айкхочул башха хьан ц1е ца йоккху къамелан дакъа? ( ц1ерметдош).
10.Алар а, яздар а тера делахь а вовшашна «яшац» боху дешнаш? (омонимаш)
11. Ц1а а цу т1ехь дутту, кучан бустаман бух а бу, дешан хийцалун дакъа къастийча бухадуьссург? (лард)
Рефлекси.
Дешархоша шаьш бинчу белхан мах хадор.
Ц1ахь бан болх.