СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поурочные планы по чеченскому языку 1 кл

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Поурочные планы по чеченскому языку 1 кл»

Чулацам: «Мукъа элп А».

Урокан 1алашо : «А,а» элп довзийтар ,иза мукъа хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп акъасто хаар,дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар, текстехь ,иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.
Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун , бераш!

-Вовшешка хьовса, делало !

Дешарна ойла т1еерзае!

Хьехархоша хьеставеш,

Дика аса доьшур ду.

Ахь дахьара тхуна г1о,

Дешархоша бохур ду.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

-Х1ара мила ду? (гакий ду)

- Гакий стенна чу дуьллу? Гакий муха тахкадо?

-Бераш , шух уггаре тидаме мила ву? Уггар тидамечунна хуур ду вай тахана муьлха элп 1амор ду.

АААААААААААА

- Х1ун элп 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду элп А.

-Хьанна девза шуна и элпаш? Караде шайгарчу карточкашна юккъехь.

- Муха олу вай и аз? Парг1ат олуш хилча, мукъа аз хуьлу. Аьзнаш хуьлу мукъа а, мукъаза а

3. 1алашо йовзийтар.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шу таханлерачу белхан план ю . Цу планах пайда а оьцуш, аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

а)Абат т1ехь болх бар(аг1о 26) (суьрташ т1ехь болх бар.)

- Суьрт т1ехь х1ун ю? -Ага.

- Декъал дош дешдекъе. Маса дакъа ду? (шиъ)

(иштта доькъу: абат, ч1ара и т.д.)

- Вайн керла элп мичахь ду? (хьалха,юккъахь,йистехь)

- А хьалхха долуш ц1е йолуш бераш дуй вайн классехь? Масалла: Амнат, Аниса

5.Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аьргаш сихха лелор ду.

Белаш меттах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.


б) Сурт т1ехь дийцар х1оттор.

- Берашна хьоьхуш йолчух х1ун олу? Доьшуш болчарех х1ун олу?

Стенгахь бу уьш? Муха ю вайн класс? Шуна муха хета доьшуш?

6.Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Аа).

-Мукъа ду я мукъаза?

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал, х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш .

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Суна элпаш у,У девзи.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.



  • - Муьлха полла хазахета шуна? Сирла полла хазахетачо куьг айде

(урок хазахетарш бу уьш)





Йозан урок.

Чулацам: «Йозанан жима а , доккха а элпаш а,А яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш а,А довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш а,А . 1емар ду элпаш а,А яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду хьехархочун г1оьнца халонаш эшо, йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн белхан мах хадо. 1емар ду кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш нисдан. Хуур ду кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду уггар хаза нисбеллачу белхах пайда а оьцуш, йозанан кхиамаш баха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар:

1. Дешаран урокехь 1амийнар карладаккхар.

- Муьлха элп доьвзира вайна дешаран урокехь? Стенна чу дуьллу бер?

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Аганчу йиллина Ама,

Ахьар дан яхана мама.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Ши б1ог1ам бу вовшахтесна,

Царна юккъехь- доьхка.

Девзий хьуна и элп, х1а?

Хьуна хьалха дерг ду А.

- Гайтал элп А. И муьлха элп ду :йозанан я зорбанан? (Зорбанан).

-Х1инца вай шуна довзуьйтур ду йозанан жима а , доккха а элпаш а,А.

4.Йозанан жима а , доккха а элпаш А,а довзийтар.

-Бераш, х1ара йозанан жима элп а ду, х1ара йозанан доккха элп А ду. И ши элп цхьатера ду я тайп тайпана ду?

5. Йозанан жима элп а яздар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду элп а д1аяздан).

--Т1адам буьллу мог1анна юккъе,хьала сиз яздо, лакхарчу белхан мог1анна т1е

хьаьвзина аьрру аг1ор д1а горга сиз яздо.

Охьавог1у ,лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина аьтту аг1ор хьалавоьду шаьш элп д1адолийначу сизах хутту. Т1аккха, нисса сиз хьокху,цунах хьакхадалойтуш

-Аса юха а яздо жима элп а. Аша сунна хьехадеза , муха яздан деза. Со галъялахь а нисде. (Хьехархочо масех элп дуьллу, бераша ма хьеххара)

-Х1инца д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.(Бераша д1аяздо).

  • Г1алаташ ган 1амор.

-(Хьехархочо берашна ун т1ехь гойту элпаш, яздеш даьхна г1алаташ долуш)

-Ун т1ера элпаш нийса яздина дуй ? (Дац).

-Аша уьш нисдан деза. (Бераша нийса муха яздо гойту).

6. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

7.Х1етал- метал.

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Элпаш рог1ехь нисдина

Бераш 1амо кечйина (АБАТ)

-Маса дешдакъа ду дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (А).

-Шолг1аниг? (бат).

-Муьлха аз хеза АБАТ дешан юьххьехь? ( А ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (А) йозанехь? (А элпаца).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

8. Йозанан доккха элп А яздар.

-Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп А.

- Мог1анна юккъе т1адам буьллу,охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , ша волчохь хьаьвзаш хьалавоьду г1оьнан мог1анна , лакхарчу белхан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц. Г1одюккъе сиз хьоккху

(Цхьацца уьн т1е а валош яздойту хьехархочо. Бераша г1о до и яздан).

-Х1инца д1аязде шайн тептарш т1е. (Бераша д1аяздо кхох элп.)

-Уггара шаьш хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка. Цаьрга терра д1аязбе мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми жима, доккха а элпаш а,А яздан.

9.Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна?

-Гайтал сунна элп Аа. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)


10. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш.

  • Аса хьехархочун хаттаршна жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш а,А девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.

- Муьлха полла хаза хета шуна? Сирла полла хазахетачо куьг айде

(урок хазахетарш бу уьш)





Чулацам : Мукъа элп У.

Урокан 1алашо : «у,У» элп довзийтар ,иза мукъа хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан

кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп акъасто хаар,дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар, текстехь ,иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.
Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун , бераш!

-Диканца дукха ехийла !

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Ч1ог1у оьшу,йоцуш чот,

Массо къоман меттанаш.

Амма винчу ненан мотт

Кхечарца ма бусталаш.

Маьлхан ц1е ас дуьххьара

Нохчийн маттахь яьккхина.

Хьоме дешнаш: «Мама», «Машар»

Нохчийн меттахь яздан лаьа.

-Муьлха элп дара вай 1амийнарг? Мукъа я мукъаза? Масалш даладе.

-Бераш , шух уггаре тидаме мила ву? Уггар тидамечунна хуур ду вай тахана муьлха элп 1амор ду. (Хьехархочо берзан сурт гойту).

-Х1ара х1ун ю? (Борз).

-Буса борз муха yгly? («У-у-у») .

-Алал , У-У-У. Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду жима а , доккха а элпаш у,У.

-Хьанна девза шуна и элпаш? Караде шайгарчу карточкашна юккъехь.

3. 1алашо йовзийтар.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шу таханлерачу белхан план ю . Цу планах пайда а оьцуш, аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

а)Абат т1ехь болх бар(аг1о 28) (суьрташ т1ехь болх бар.)

- Суьрт т1ехь х1ун ю? -У.

- Декъал дош дешдекъе. Маса дакъа ду? (цхьаъ)

(иштта доькъу: бу-х1у, зу, ур-чакх, бурч, урс)

- Вайн керла элп мичахь ду?(хьалха, юккъахь, йистехь)

5.Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аьргаш сихха лелор ду.

Белаш меттах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.


б) Сурт т1ехь дийцар х1оттор.(к1антана ц1е тилла, х1ун до дийца)

У долу дешнаш далор бераша. Масалла: ручка

6.Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Уу).

-Мукъа ду я мукъаза?

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал, х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамаш .

  • Аса хьехархочун хаттаршна жоьпаш дели.

  • Суна элпаш у,У девзи.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.

- Реза дуй шу урокана? Муьлха малх буьту вай?

















Йозан урок.

Чулацам : «Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш у,У довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У . 1емар ду элпаш у,У яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду хьехархочун г1оьнца халонаш эшо, йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн белхан мах хадо. 1емар ду кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш нисдан. Хуур ду кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду уггар хаза нисбеллачу белхах пайда а оьцуш, йозанан кхиамаш баха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар:

1. Деешаран урокехь 1амийнар карладаккхар.

- Муьлха элп доьвзира вайна дешаран урокехь?

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Тийна 1аш цхьа г1а дара,

У хьошалг1а деара,

Аьрру аг1ор х1оттира,

Борз санна и уьг1ира.

3.1амийнарг т1еч1аг1дар

  • Х1етал- метал.

Х1етал-метал хаийла хьуна: Хьийзаш верстинарг? (Урчакх)

-Маса дешдакъа ду УРЧАКХ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ур).

-Шолг1аниг? (Чакх).

-Муьлха аз хеза УУУРЧАКХ дешан юьххьехь? ( Аз (У) ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (У) йозанехь? (Уу элпаца).

-Аз (У) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Бераш , ойлаелаш . Стенах тера ду х1ара элп?

Ирах йог1а ахьа шалгу,

Шада дац и, элп ма ду.

Цуьнан доллу ши га ду,

Вайна гуш дерг …(у) элп ду.

-Стенах тера ду элп Уу? Юха схьагайтал элп Уу. И муьлха элп ду :йозанан я зорбанан? (Зорбанан).

-Х1инца вай шуна довзуьйтур ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У.

4.Йозанан жима а , доккха а элпаш у,У довзийтар.

-Бераш, х1ара йозанан жима элп у ду, х1ара йозанан доккха элп У ду. И ши элп цхьатера ду я тайп тайпана ду?

-Шайгара карточкашна т1ера йозанан жима а , доккха а элпашна буха сиз хьакха. (Хьехархочо ло карточкаш йозанан а , зорбанан а элпаш т1ехь долуш).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш у,У.

5. Йозанан жима элп у яздар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду элп д1аяздан).

-Лакхарчу белхан мог1анна т1е т1адам буьллу. Цу т1ера охьа нийса сиз хьокху. Охьакхачале хьаьвзина хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаькхначу сиза т1ехула охьа нийса сиз хьокху г1оьнан мог1анна , лахарчу белхан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш юха хьалавоьду, т1аьхь –т1аьхьа хьалха хьаькхначу сиза т1е а воьдуш. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаькхнача сизахь «шад» а беш дехьа сиз хьокху.

-Аса юха а яздо жима элп у. Аша сунна хьехадеза , муха яздан деза. Со галъялахь а нисде. (Хьехархочо масех элп дуьллу, бераша ма хьеххара)

-Х1инца д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.(Бераша д1аяздо).

Г1алаташ ган 1амор.

-(Хьехархочо берашна карточкаш ло , элпаш яздеш даьхна г1алаташ долуш)

-Шоьгахь долчу карточкаш т1ера элпаш нийса яздина дуй ? (Дац).

-Аша уьш нисдан деза. (Бераша нисдо).

6. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

7. Йозанан доккха элп У яздар.

-Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп У.

-Ручка юьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Доца сиз а хьакхий хьаьвзаш охьадуьйла , юха лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь хьаьвзина хьалаг1о юха шаьш хьаькхначу сиза т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1екхочуш ,хьаьвзина аьрру аг1ор хьалавоьду , белхан мог1анна юккъе кхаччалц.

(Цхьацца уьн т1е а валош яздойту хьехархочо. Бераша г1о до и яздан).

-Х1инца д1аязде шайн тептарш т1е. (Бераша д1аяздо элп.)

-Уггара шаьш хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка. Цаьрга терра д1аязбе мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Тхуна 1еми жима, доккха а элпаш у,У яздан.

Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Уу).

-Гайтал сунна элп Уу. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш.

  • Аса хьехархочун хаттаршна жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш у,У девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.

- Реза дуй шу урокана? Муьлха малх буьту вай?

Чулацам: Мукъа элп О.

Урокан 1алашо : о,О элп довзийтар ,иза мукъа хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп а къасто хаар, дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар, текстехь , иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

Зевне бийки горгали,

Вайн урок д1айолаели!

- Жимма садаь1ин аша? Д1айолор ю вайн урок.

2.Яханчу урокехь 1амийнарг карладаккхар.

-Муьлха элпаш дара вай 1амийнарш? Мукъа я мукъаза? Масалш даладе.

3. Дешаре шовкъ кхоллар.

- Сурт т1ехь х1ун ю?

-Дитт а, коьллаш а ирахь стен латтош ду?

4.1алашо йовзийтар.

Орам к1орга тесна коьллаш,

Орца доцуш, мохал тоьлла.

Орам. Хьалха х1ун аз хеза?

- Муха олу вай и аз? Мукъа ду я мукъаза?

5. Абатан 30 аг1он т1ехь болх бар.

О-рам, чо-а, акх-ло, го-маш, хьо-за, г1о-мат, стол дешнаш дешдекъе декъар

Керла элпан меттиг къастор

6. Сада1аран миноташ.

Керчаш дог1у, керчаш дог1у,

Элп ду дог1уш О.

Багахь боху, г1ийла боху:

- К1адделла со.

0x1! До цо Axl! До цо Axl!

Керчаш дог1у О.

Массо а дешархо, хьала а г1оттий, д1ах1утту. Хьалхарчу мог1арехь хьалхха лаьтташ волчу дешархочо шегара х1оз (и элп О

ду) шена т1ехьарчу дешархочуьнга д1ахохку, ткъа вукхо - шена

т1ехьарчуьнга и. д1. кх. Байтан xlopa мог1а мел эли, х1оз д1ахохку. Шена юххехь х1оз сецначу дешархочо сихха аз О юкъахь долу дош ала деза.(юьххьехь, юккъехь, чаккхенехь. )

7. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

А) Ловзар «Дог1у дош ала»

-Аса д1айоьшур ю кегий байташ. Аша чаккхенгахь т1етоха цхьа дош.

Хьо вожарна кхерам бу,

Нахана ма даккха.... (Ор)


Ц1е ю летта, дитт цо морцу,

Лелий вала, даккха.... (Орца)


-Муьлха аз хеза оцу дешнашна хьалха? (Аз (О)).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Х1унда ? (И лакхало, парг1ат алало).

Кор,хох,дог1а,дог1а,лом-дешнаш дешдекъе декъар.

(шена лаахь хьехархочо ерриг классаца бийр бу болх. Я цхьацца дош цхьацца бере доькъайтур ду)

Б) Сурт т1ехь болх бар

- К1ант стенга веана? Лоьрана т1е х1унда воьду? Лоьро х1ун до?

  • Фонетически зарядка яр.

-Цомгуш хилча муха узам бо? («OxI-oxI-oxI») .

8. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Далдейша масалш цу элпаца. И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?

9.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!

Йозан урок.

Чулацам : Йозанан жима а, доккха а элпаш о,О яздар.

1алашо: мукъа элп довзийтар; йозанан жима а , доккха а элпаш о,О довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъа элп (йозанан жима а , доккха а элпаш о,О . 1емар ду элпаш о,О яздан.)

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду хьехархочун г1оьнца халонаш эшо,дешаран, йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн белхан мах хадо. 1емар ду кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш нисдан. Хуур ду кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду уггар хаза нисбеллачу белхах пайда а оьцуш, йозанан кхиамаш баха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар:

1. Деешаран урокехь 1амийнар карладаккхар.

- Муьлха элп доьвзира вайна дешаран урокехь?

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

-Бераш, вай 1амор ю хаза байт. Шуна довза деза цу т1ехь дуьйцуш долу элп.

(Хьехархочо д1а а олуш 1амайойту байт).

Горга ду и,

Горга ду.

Са а боцуш,

Чкъург и ю.

Д1ахьажал цу чкъурге хьо:

Гур ду хьуна горга ….(О).

-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Элп О).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

(Хьехархочо уьн т1е х1иттадо йозанан элпаш т1ехь долуш карточкаш. Берашка шайга къастадойту шаьш 1амор долу элп).

-Тахана вайна яайтина баьллаш. Шуна езий баьллаш? Цхьацца балл схьа а оьцуш, шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах пайда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш о,О. Шуна 1емар ду уьш яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш о,О довзийтар.

-Бераш, х1ара йозанан жима элп о ду, х1ара йозанан доккха элп О ду. И ши элп цхьатера ду я тайп тайпана ду?

-Шайгара карточкашна юкъара йозанан жима элп о гайта , доккха элп гайта. (Хьехархочо ло карточкаш йозанан а , зорбанан а элпаш т1ехь долуш).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш о,О.

5. Йозанан жима элп о яздар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду элпаш д1аяздан).

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе,хьала сиз яздо, лакхарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина аьрру аг1ор д1а горга сиз яздо

Охьавог1у ,лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина аьтту аг1ор хьалавоьду шаьш элп д1адолийначу сизах хутту.

-Х1инца д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.(Бераша д1аяздо).

-Уггаре хаза нисделлачу элпана т1ехула т1адамаш бахка.

6. Сада1аран миноташ.

Керчаш дог1у, керчаш дог1у,

Элп ду дог1уш О.

Багахь боху, г1ийла боху:

- К1адделла со.

0x1! До цо Axl! До цо Axl!

Керчаш дог1у О.

7.Йозанан доккха элп О яздар.

-Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп О.

-Ручка юьллу лахарчу белхан мог1анна т1ехула. Доца сиз а хьакхий аьрру аг1ор хьаьвзаш охьадуьйла юха лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь хьаьвзина

хьалаг1о юха шаьш хьаькхначу сиза т1е кхаччалц.

(Цхьацца уьн т1е а валош яздойту хьехархочо. Бераша г1о до и яздан).

-Х1инца д1аязде шайн тептарш т1е. (Бераша д1аяздо кхох элп.)

-Уггара шаьш хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.Цаьрга терра д1аязбе мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми жима а, доккха а элпаш о,О яздан.

6. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Оо).

-Гайтал сунна элп Оо. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал, х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , баьллаш схьа оьцуш.

Чулацам: Мукъа элп И.

Урокан 1алашо : И элп довзийтар ,иза мукъа хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп а къасто хаар, дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар, текстехь , иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

1. Урокана кечам бар..

Зевне бийки горгали,

Вайн урок д1айолаели!

- Жимма садаь1ин аша?

Д1айолор ю вайн урок

2.Яханчу урокехь 1амийнарг карладаккхар.

-Муьлха элпаш дара вай 1амийнарш яханчу урокашкахь? Мукъа я мукъаза? Масалш даладе.

3. Дешаре шовкъ кхоллар.

Ву со дика деша дагахь,

Дала сайна г1одахь, нагахь,

К1адо йоцуш, мало йоцуш,

Сайна хьоьхург даг чу лоцуш,

Доггах 1илманна т1етаь1на,

Коргга къастош дешнийн маь1на!

4.1алашо йовзийтар.

Сурт т1ехь болх бар (аг1о 32)

- Сурт т1ехь мила ю? Х1ун деш ю и? Ито х1унда хьокху?

ИТО – Х1ун аз ду юьххьехь? Муха олу вай? Мукъа ду я мукъаза?

5. Абатан 32 аг1он т1ехь болх бар.

Къиг, ла-ми, зин-гат, диъ, ши-ша, са-лаз, сир-нак дешнаш дешдекъе декъар.

Керла элпан меттиг къастор(юьххьехь,юккъехь,йистехь)

Къамел кхиор сирнакех лаьцна.

- Сирнак стенна оьшу? Сирнакаш ловзо мегий? Х1унда?

6. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, д1анисло,

Хиъна 1аш, дег1 лацало.

Болар де шаьш лаьттачохь

(Меллаша: ду вай чохь).

1,2,3,4

1,2,3,4

Дешар т1ехь аш даккха пхиъ

7. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

А) Абатан 33 аг1он т1ехь болх бар. Х1умнийн ц1ераш яхар.

- Суьрташ т1ехь х1ун ю? Ту-кар, го-маш, 1а-хар, диг- дешдекъе декъар.

- Муьлхачу дешан юккъехь ду керла элп?

Б) Сурт т1ехь болх бар «Шовда»

- Стенгахь ду бераш? Х1ун деш ду? Хуьнах муха лела веза?

8. Урокан жам1 дар.

Бераш, вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Далдейша масалш цу элпаца. И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?

9.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!















Йозанан урок

Чулацам: «Йозанан жима а , доккха а элп и,И яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш и,И довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан пан х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду(пурхнехьа искогберг).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

- Яханчу урокехь стенах лаьцна дийцира вай?

2.Дешаре шовкъ кхоллар. И элпах лаьцна байт 1амор.

Шина уьнна т1ехула

Пурх т1етоьхна кхоалг1а.

-Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцург? (Элп Ии).

-Пурх тоьхна вуьштта муха эр дара? (Раз тоьхна).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш и,И.

3. 1алашо йовзийтар.

  • Йозанан элпашна юккъара элп Ии схьакъастор.

-Бераш , схьахаржа элпашна юкъара йозанан жима а , доккха элпаш и,И. (Цхьанаа дешархочо массарна д1агойту).

-Карадел шайгарчу элпашна юккъехь йозанан жима элп и, караде доккха элп И. (Бераша д1агойту).

-Тахана вайн х1ун 1алашо ю урокехь? Хьа эрадара?

Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах пайда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У. Шуна 1емар ду уьш яздан.

4. Йозанан жима элп и яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп и яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е, лахарчу белхан мог1анна т1е сиз дохьу . Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь лечкъарга т1ехула юха охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаьчча ша волччохь хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз хьо.

  • Берашка ша д1ааларца яздойту элп и.

-Х1инца , уггаре дика ладуг1уш мила ву хьожур ю со. Аса д1ааларца , аша яздийр ду элп и. (Хьехархочо д1а а олуш ,д1аяздойту кхоъ элп).

-Шайн тептарш вовшашка д1ало. Тидам бе дика болх муьлхачо бина. Цунна лур ю вай шаптал. (Бераша тидам бой схьаолу, цунна совг1атана шаптал ло).

-Д1аязбе и мог1а буьззина.

  • Тептарш т1ера мог1анаш язбар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп и яздан).

5. Сада1аран миноташ. (дешаран урокехь йинарг)

6. Йозанан доккха элп И яздар.

  • Х1еттал-меттал.

Массо х1ума шаръеш д1асалела х1ордан кема? (Иту)

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп И яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е, сиз хьакхарца гу буьллу вай, гу т1ера чу сиз яздеш охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Лечкъарг т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

  • Хьехархочо д1ааларца х1аваэхь яздойту элпаш.

  • Т1ептарш т1ехь яздо элпаш.

-Д1аделла шайн тептарш. Д1аязбе мог1анаш.

-Шаьш уггара хазачу элпашна т1ехула дахка т1адамаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха элп И яздан).

  • Фонетически зарядка яр.

-Говр муха терса ? («И-х1и-х1и-х1и-х1и»).

-Муьлха аз хеза хьалхахь? (Аз (И)).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (И)? (И элпаца).

-Схьагайта йозанан элпаш и,И. Зорбанан элпаш и,И.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Ии).

6. Жам1 дар.

-Гайтал сунна элп Ии. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , шапталш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш и,И девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.



Чулацам: Мукъаза элп «Л».

Урокан 1алашо : «Л» элп довзийтар,иза мукъаза хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Урокан г1ирсаш : 1амат, компьютер,слайдаш.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп а къасто хаар, дийнна дешнашца маь1нах а кхетош,нийса ешар,дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар,текстехь ,иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.

Урокан д1аяхьар.

1. Мотиваци .Лаам гайтар.

Вовшашка а хьовсий,дийла а лой, де беркате де.

2.Яханчу урокехь 1амийнарг карладаккхар.

Муьлха элпаш дара вай 1амийнарш? Мукъа я мукъаза? Масалш даладе.

3. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Л элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах тера ду элп?

Ирахбахна лам а лаьтта,

Шерра цуьнан бохь гуш бу.

- Лам буй и! - ахь соь ма хетта

Хьуна гушдерг Л элп ду.

-Хьан эр дара: стенах тера ду элп Л? (Ломах).

4.1алашо йовзийтар.

- Лам- муьлха аз хеза юьххьехь?

1). Х1ора х1уманан а сурт гойту экрана т1ехь. (лам,а-лу,шап-тал,ил-ли)

Д.:Ц1е йоккху. Мичахь хуьлу ,стенна оьшу а дуьйцу. Дашехь маса дешдакъа ду а олу, маса мукъа я мукъаза аз.элп ду а олу дешархоша.

Киншке т1ехь схемашца болх бар. Хьехархочо дешархошна ца девзарг довзуьйту.

2). «Л» элп мукъачу элпана (озана) хьалха я т1ехьа нисделча и нийса алар а ,дешар а.

5. Сада1аран миноташ.

1уьйре полла самабели,

Дег1 а сеттош ,белабели.

Цкъа -тхинца шеен юьхь йили

Шолг1а-тайна т1ома хьаьвзи.

Кхоъ- когаш т1е охьахии,

Доьалг1а х1аваэ бели.

Хи т1е кхаьчча ,сецира

Цу т1ехула хьаьвзира.

6.1мийнарг т1еч1аг1дар.

1.Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.

I-тоба «Малх»-цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш лоху;

II-тоба «З1аьнарш»-шина дешдекъах лаьтта дешнаш билгалдоху.

III-тоба«Седа»- адамийн ц1ераш лоху.

2.Дешдакъош дешар

-Д1агойту элп л, т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (ЛА).

- Д1агойту элп л, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (ЛО).

- Д1агойту элп л, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (ЛУ).

- Д1агойту элп л, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (ЛИ).

Цул т1аьхьа берашка б1ог1амалгара дешнаш д1адоьшуьйту.

(хьехархочо тидам бо Лала,Лулу доккха элпаца х1унда яздо)

3.Сурт т1ехь болх бар.

- Суьртах лаций барта жима дийцар х1оттаде.

-Стенгахь ду бераш ? Дийца царах лаций шайна хетарг.

  • Х1етал-металш.

  • Суна дадас хьалххе 1амий:

  • Тхов т1е вала х1отто…(лами)

  • Говрана т1екхаьчча хан,

Тоха деза когех.... (Лан).

-Х1ун ю лан? (Говран когах туху эчиг ду).

Бинчу белхан мах хадбар.

7. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Далдейша масалш цу элпаца. И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?

8.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна? Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!




Йозан урок.

Чулацам: «Йозанан жима а , доккха а элп л,Л яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду (лаьхьа ,лан).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Урокана кечам бар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Фонетически зарядка яр.

-Дешнаш доцу йиш муха локху? («Ла-ла-ла»)

-Муьлха аз хеза хьалхахь? (Аз (Л)).

-Аз (Л) мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (Л)? (Л элпаца).

3.Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

  • Хьехархочо уьн т1е д1аяздо.

Лам , лом , лами , лила, ло, илли.

-Д1адеша и дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Моссо дашехь ду элп Лл).

-Муьлха дош ду совнаха? ( Илли).

-Х1унда ду и совнаха? ( Дисинчу дешнашкахь юьххьехь ду элп Лл, ткъа ИЛЛИ дашна юккъехь).

4. ИЛЛИ дешан схема х1оттор.

Маса дешдакъа ду илли дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ИЛ).

-Шолг1а? (ЛИ).

-Маса элп ду ИЛЛИ дашехь? (Диъ).

-Муьлханаш ду уьш? (И,Л,Л,И).

-Маса аз ду? (Диъ).

-Муьлханаш ду уьш? ((И), (Л), (Л), (И)).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Йиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза? (Мукъа).

-Х1ун бос хила беза цуьнан схеми т1ехь? (Ц1ен).

-Басар ел хьалхара еък1ов. Муьлханиг ду шолг1а аз? (Л).

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза).

-Х1ун бос хила беза цуьнан схеми т1ехь? (Сийна).

-Басар ел и еък1ов.

-Муьлха дешдакъа ду вай схемех билгалдинарг? (ИЛ).

-ИЛ дешдакъа къевлина ду,х1унда аьлча цуьнан чаккъенгахь мукъаза аз ду.

-Муьлханиг дара шолг1а дешдакъа? (ЛИ).

-ЛИ дешдакъа дуй къевлина? (Берийн жоьпаш).

-ЛИ дешдакъа даьстина ду ,х1унда аьлча цуьнан чаккхенгахь мукъа аз ду.

-Шолг1а дешдакъа –иза аьзнийн цхьанакхетар ду : мукъаза а , мукъа а. И дешдакъа билгалден еък1ов ши бос болуш хила еза. Т1ехула сийна,х1унда аьлча хьалхара аз (И) мукъаза ду, бухара- ц1ен,шолг1а аз (И) мукъа ду.

(Берашка шайга д1а ло иштта схеманаш).

5. 1алашо йовзийтар.

  • Фонетически зарядка яр.

-Дешнаш доцу йиш муха локху? («Ла-ла-ла»)

-Муьлха аз хеза хьалхахь? (Аз (Л)).

-Аз (Л) мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (Л)? (Л элпаца).

-Схьагайта зорбанан элпаш л,Л. Схьагайта йозанан элпаш л,Л.

- Вай муьлха элп яздийр ду,аьлла, хета шуна?

6. Йозанан жима элп л яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь хьоьху элп л муха яздо.

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе. Лахарчу мог1анна т1е охьавола. Ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузара лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу мог1анна т1е, юха ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

(Бераша д1аяздо тептарш т1е).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп л яздан).

7. Сада1аран миноташ.

8.Йозанан доккха элп Л яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Л яздан.

-Мог1анна юккъе т1адам буьллу,охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , ша волчохь хьаьвзаш хьалавоьду г1оьнан мог1анна , лакхарчу белхан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

9.Дешдакъош х1иттор уьш д1аяздар.

Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (ЛА).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (ЛО).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (ЛУ).

- -Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (ЛИ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.(иштта гойту дешнаш алу,олу муха яздо)

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош,дешнаш яздан).
10. Жам1 дар.

-Муьлха элп язди аша тахана? (Йозанан жима элп л).

11. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , шапталш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.


Чулацам : Мукъаза элп М.

Урокан 1алашо : «М» элп довзийтар ,иза мукъаза хилар билгалдаккхар,цу элпаца долчу дешнийн масалш даладайтар;

-къамел даран хаарш кхиор;

-нохчийн матте болу безам алсамбаккхар;

-ненан сий дан,цунна г1о дан а, ладог1а а дези хьехар.

Урокан тайпа : довзийтаран урок.

Урокан кеп : тобанашкахь болх, фронтальни,ша бен болх,ша-ша бен болх.

Х1оттош долчун хьесап:

Предметни : аз а,элп а къасто хаар,дийнна дешнашца маь1нах а кхетош,нийса ешар,дашехь аьзнийн а,элпийн а масалла билгалдаккхар;суьртах лаьцна барта дийцар х1оттор.

Метопредметни:

1алашонан УУД : хьехархочун г1оьнца урокехь кхочушдан леринарг билгалдаккхар а, и цхьана 1алашоне дерзор; 1аматан материалашца бечу белхан буха т1ехь шена хетарг схьаала хаа 1амор.

Довзаран УУД: 1амат т1ехь болхбан хаар,текстехь ,иллюстрацешкехь долучу хаттаршна жоьпаш карор.

З1ейолу УУД : шен ойланаш барта цхьаьнатоха хаар;кхечаьрга ла дог1ар а,цунах кхетар а; цхьана накъостца,тобанца болх бан 1амор.

Личностни : шен матте болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

-Мила ву вайн угаре хьоме стаг? (мама)

(ненан сий дан,цунна г1о дан а, ладог1а а дези хьехар.)

-Аз (М) муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь? (М элпаца).

- Муха олу вай и? Мукъа ду я мукъаза?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай тахана 1амор ду элп м).

3. 1алашо йовзийтар.

Абатан 36 аг1он т1ехь болх бар.

1.Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дош лоху;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дош лоху.

III-тоба«Стела1ад»- керла элп йистехь долу дош лоху.

  1. Мукъаза элп М довзийтар.

-Вай тахана 1амор ду элп м. 1емар ду элп м юкъахь долуш дешдакъош х1итто , уьш дешан.

а) Хьехархочо д1ааларца ун т1е латадо карточка М долу.

  • Элп м юкъахь долуш дешдакъош кхоллар.

Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.

-Схьаици элп м, т1ех1оьтти элп а. Муьлха дешдакъа хили? (МА).

-Д1адеша и дешдакъа.

- Схьаици элп м, т1ех1оьтти элп о. Муьлха дешдакъа хили? (МО).

-Д1адеша и дешдакъа.

- Схьаици элп м, т1ех1оьтти элп у. Муьлха дешдакъа хили? (МУ).

-Д1адеша и дешдакъа.

- Схьаици элп м, т1ех1оьтти элп и. Муьлха дешдакъа хили? (МИ).

-Д1адеша и дешдакъа.

б) сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар,уьш дешдекъе декъар,керла элпан меттиг къастор (малх,ла-ми,ко-там)

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош деша).

-Х1ун керланиг хии шуна? (Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздан деза).

  • Ц1енааларш 1амор.

-Х1инца вай шуна дика 1амийта элп м , ц1енааларш 1амор ду.

Ма - ма - ма - дуьхьал йола Ама.

My - му - му - ков д1аделла, бог1у му - у.

Ми - ми - ми - схьало соьга лами.

Мо - мо - мо - сох катуьйхи цхьаммо.

Сада1аран миноташ.

Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

К1ено охьатаь1ий,

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

1амийнарг т1еч1аг1дар

А)Дешнаш дешар , маь1на дийцар

Б)Сурт т1ехь болх бар

- Бераш х1ун деш ду?

- Лам хьанна гина? Гуттар ло лаьтташ болу ломах х1ун олу? (Башлам)

7. Жам1 дар.

- Муьлха элп доьвзира вайна? (Элп Мм).

-Муьлха элп дайна дешнашкахь: ЛА…., ЛО…..

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Муьлхачарех дозалла до аша? Уггаре дукъа конфеташ хьаьнгахь ю?










Йозан урок.

Чулацам : «Йозанан жима а, доккха а элп м,М яздар».

1алашо: йозанан жима а, доккха а элп м,М довзийтар. Йозанан элп м юкъахь а долуш дешдакъош ,дешнаш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а девзар ду йозанан элп м . 1емар ду элп м дешан юьххьехь , юккъехь кхечу элпашца хотта .

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар ду ду эделла дешнашна юкъара дешнаш нисдан. Берийн алсамдер ду тидаме хилар ,ойлаяр. Хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язъеш хилар.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • М элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах тера ду элп?

Вовшийн юххехь

Ши стаг лаьтта.

Куьйгаш леци,

Пе хили,

М – элпах тера хили.

(Хьехархочо д1ааларца дагахь1амайо байт).

-Стенах лаьцна ю байт? (М элпах).

-Муьлха дош ду шуна ца девзарг? (Пе).

-Пе тоьхна олу ши адам аг1ор дирзина д1ах1оьттича.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш м,М).

3. 1алашо йовзийтар.

-Тахана вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш м , М. 1емар ду и элпаш д1аяздан.

4. Йозанан доккха а , жима а элпаш м , М довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш м,М. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш м , М ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп м ду,х1ара йозанан доккха элп М ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш м,М).

  • Йозанан жима элп м яздар.

-Т1адам буьллу , мог1анна юккъе, охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг а юьллуш охьавог1у юха лахарчу мог1анна т1е кхаччалц, хьаьвзаш хьалавог1у . Юха а лечкъарг а юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз яздо.

  • Хьехархочо д1ааларца, бераша д1аяздо элпаш.

(Хьехархочо д1ааларца ,бераша д1аяздо элпаш).

-Уггара хаза яздинчу элпана т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?(Суна 1еми йозанан жима элп яздан).

  • Ловзар : «Чакхдаккха алар».

-Аса д1аэр ду цхьацца х1уманаша деш дерг, аша чакхдаккха сан алар.

Говр терса, ткъа атто .... («My-у» олу)

Ж1аьла лета, ткъа цициго .... («М1аьв» олу)

Г1ийлачу ц1аро йотту, ткъа чехкачу ц1аро .... (Морцу)

5. Сада1аран миноташ.

Мархаш дог1анах яссало:

- Дола, дог1а, дола!

Чуьппалгаш а кхиссало,

- Мала, к1а, ахь мала.

К1ено охьатаъ1ий,

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у, дог1у, дог1у.

6. Йозанан доккха элп М яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту М элп яздар.

-Моганна юккъе т1адам буьллу. Лахарчу мог1анна т1е кхаччалц охьавог1у ,кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна ,г1оьнан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц . Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду . Юха лечкъарг а юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз хьакха.

-Д1аязбе шайн тептарш т1ера мог1анаш.

  • МАМА дешан схема х1оттор.

-Х1инца шуна хаа деза д1алечкхина дош каро.

-Муьлха дош ду иза?( МАМА).

-Маса дешдакъа ду МАМА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (МА).

-Шолг1аниг? (МА).

-Маса элп ду масса дашехь? (Диъ).

-Маса аз ду? (Диъ).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Шиъ)

-Х1унда? ( И дешдакъош диллина ду).

-Муха хила еза х1ора еък1ов? (Ши бос болуш).

Ц1

С

Ц1

С

(Бераша цхьацца уьн т1е а вог1уш бо болх).

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

  • I-тоба «Малх»-цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш лоху;

  • II-тоба «З1аьнарш»-шина дешдекъах лаьтта дешнаш билгалдоху.

  • III-тоба«Седа»- м йистехь долу дош лоху.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна тахана? (Тхуна девзи элп Мм).

-Муьлха аз билгадо Мм элпо? (Аз(М)).

-Элп Мм мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?


Дешаран урок.

Урокан ц1е: « Мукъаза элп С ».

1алашо: Мукъаза элпаш с , С довзийтар; акхаройн дахар довзийтар,къамел кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду мукъаза элпаш с , С. 1емар ду нийса а , чехка еша.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Белхан кхиамаш шайна дахарехь оьшург хуур ду берийн.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1етал-метал хаина шуна:

Коьрта т1ехь дитт дерг х1ун ю? (Сай)

  • Дозуш долу къамел кхиор. Сайх лаьцна жима дийцар х1оттор.

(Хьехархочо слайд т1ехь гойту сайн сурт).

-Х1ара х1ун ю? (Сай).

-Муха бу сай? (Сай хаза бу).

-Муха ю сайн ма1аш? (Цуьнан ма1аш яккхий ю).

-Стенгахь беха сай? (Сай хьуьнхахь беха).

-Цо х1ун юу? (Цо юу буц, г1аш).

-Х1ун дира вай? (Дийцар х1оттийра).

Хьан дуьйцур дара и схьа? (Бераша схьадуьйцу).

-Стенах тера ду элп Сс? (Беттасах)

3. 1алашо йовзийтар.

  • Ребусаш .

-Муьлха дешнаш карий шуна? (Сег1аз, саг1а, салам).

-Х1ун ду оцу дешнийн юкъара? (Оцу дешнийн юьххьехь ду элп Сс).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду элп с ).

-Шуна 1емар ду элп с юкъадог1уш дешдакъош , дешнаш деша.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту.

-Д1аяздо элп с , т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (СА).

-Д1адеша и дешдакъа.

-Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (СО).

- Д1адеша и дешдакъа.

-Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (СУ).

- Д1адеша и дешдакъа.

Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (СИ).

- Д1адеша и дешдакъа.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош деша).

5. Сада1аран миноташ. (дети шагают)

Х1инца болар сацаде.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Когаш – белшийн шораллехь,

Саттош,аг1ор даккха дег1:

Иштта д1а а,иштта схьа а.

Иштта д1а а,иштта схьа а. (качаются)

Х1инца жима аш сада1а.

Охьаховша когаш т1е.

6.Абатан 38 аг1он т1ехь болх бар. 1амийнарг т1еч1агдар.

  • сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар, керла элпан меттиг къастор.

сай, тарсал, тас

I-тоба «Малх»- с юьххьехь долу дешнаш;

II-тоба «З1аьнарш»- с юккъехь долу дешнаш;

III-тоба«Седа»- с йистехь долу дешнаш лоху.

  • дешнаш дешар

-Д1адеша и дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ерш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.)

  • Жима дийцар х1оттор.

(Хьехархочо уьн т1е д1атуху цициган сурт).

-Вай х1инца жима дийцар х1оттор ду.Х1ара х1ун ю? (Цициг).

-Цициг муха ду? (Цициг хаза ду).

-« Цициг хаза ду» - иза хун ю? (Предложени ю).

-Муха бос бу цуьнан? (Цуьнан можа бос бу).

-« Цуьнан можа бос бу»- х1ун ю иза? (Предложени ю ).

-Муха ю цуьнан м1араш? (Цуьнан м1араш ира ю).

-« Цуьнан м1араш ира ю»- х1ун ю иза? (Предложении ю).

-Цициг муха ловзу? (Цициг хаза ловзу).

-« Цициг хаза ловзу»- х1ун ю иза ? (Предложению ).

-Х1ун ю аша х1иттийнарш? (Предложенеш).

-Уьш стенах лаьцна ю? (Цицигах).

- И предложенеш маь1ница йозаелле юй? (Ю).

-М аь1ница йозаеллачу предложенех –текст олу. Текстана ц1е тилла йиш ю. Х1ун ц1е туьллур яра вай текстана? (Цициг).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дийцар х1отто).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Элп Сс).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?


Урокан ц1е: « Йозанан элп с яздар».

1алашо: йозанан элп с довзийтар. Элп с дешдакъошкахь дешнашкахь яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан элп с . 1емар ду элп с дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех хотта.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар ду зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Белхан кхиамаш шайна дахарехь оьшург хуур ду берийн. 1аламе безам а кхоллалур бу берийн.

Урок д1аяхьар.

  1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

Ловзар : «Аз тиладелла».

-Бераш, аса д1айоьшур ю байташ. Оцу байташ т1ера цхьацца аьзнаш тиладелла. Аша суна дийца : муьлханиг ду галдаьлла аз?

Селима ю чоь ц1анъеш,

Цхьацца чуьра г1уллакх деш.

Суй (нуй) цо хьокхий, нех гулйо,

Юха ара ластайо.


Г1езаш хилахь лелаш вуон

Воллу со уьш вон човхо

Кара (сара) бетташ,къахкош,

Кертал ара лохкуш.


-Х1ун хьокху нехаш гулъеш? (Нуй).

-Муьлха аз тиладелла? (Н).

-Х1ун ю г1езашна тухург? (Сара).

-Муьлха аз тиладелла? (С).

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

С элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах тера ду элп?

Дехко хьуьлла соне хиъна,

Чкъурган эхиг хьалайиъна.

Ишта-вуьшта хьовса шу -

Чкъургах диснарг С элп ду.

-Муьлха элп ду бай т1ехь дуьйцург? (Элп Сс).

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш с,С яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш с , С . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш с , С ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп с ду,х1ара йозанан доккха элп С ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш с, С).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш с,С).

  • Йозанан жима элп с яздар.

-Мог1анан кхоалг1ачу декъана юккъе т1адам буьллу вай. Хьалахьокху сиз аьрру аг1ор воьрзуш .Лакхарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина гу буьллуш , охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш техкарг а юьллуш жимма хьала а воьдий белхан мог1анан кхоалг1ачу декъехь соцу.

  • Тидаме хилар кхиор.

-Аса, д1аэр ду аша яздан деза элпан рог1алла. Аша аса аьлларг дича вайн керла элпаш нислур ду.

(Хьехархочо д1а а олуш , д1аяздо бераша йозанан жима элп с).

-Вовшийн белхаш талла. Уггаре хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

  • Тептарш т1ера д1аяздо бераша йозанан жима элп с.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп с яздан).

5. Сада1аран миноташ. (дешаран урокехь йинарг)

6. Йозанан доккха элп С яздар.

  • Уьн т1ехь гойту С элп яздаран рог1алла.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Цу т1ера хьала гу буьллу. Гу т1ера чувог1у хьаьвзаш , лахарчу белхан мог1анна т1е кхачале техкарг а юьллуш мог1анан юккъе кхаччалц хьалавоьду.

  • Тептарш т1е д1аяздо бераша йозанан доккха элп С.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп С яздан).

  • Фонетически зарядка яр.

-Текхаргаша х1ун аз дала до? («С-с-с»).

-Ала массара С-С-С. Муьлха аз хеза вайна? (С).

САЙ дешан схема х1оттор.

Ц1

С

С

-Маса дешдакъа ду САЙ дешан? (Цхьаъ).

-Маса элп ду САЙ дашехь? (Кхоъ).

-Муьлханаш ду уьш? (С, А ,Й).

-Маса аз ду? (Кхоъ).

-Муьлханаш ду уьш? (С,А,Й).

-Цхьа а аьзнийн цхьанакхетар дуй САЙ дашехь? (СА ду).

-Муха хила еза цунна йог1у еък1ов? (Ши бос болуш).

-Муха хила еза (Й) озан еък1ов? (Сийна бос болуш).

(Бераша басе ялайо схема).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса дешан схема х1отти).

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

  • I-тоба «Малх»- с юьххьехь долу дешнаш;

  • II-тоба «З1аьнарш»- с юккъехь долу дешнаш;

  • III-тоба«Седа»- с йистехь долу дешнаш лоху.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Сс)

-Стенах тер аду элп Сс?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?





Дешаран урок.

Чулацам : « Мукъаза элпаш р , Р ».

1алашо: мукъаза элпаш р , Р довзийтар; шерра еша 1амор; дуне довза, 1алам ган,акхаройн 1ай тидам бар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду элпаш р , Р. 1емар ду уьш долу дешнаш нийса дешар.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар т1е а ца хьовсуш хьехархочо д1ааларца элпаш яздан, уьш довза.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Хаза сайга дуьйцушдерг

Ду сан Дала делла лерг,

Дуьне довза, 1алам ган

Дала белла б1аьрг бу сан.

- Дала ма бохху, ла а дуг1уш д1ахьор ю вай урок.

3.1алашо йовзийтар.

- Сурт т1ехь ерг х1ун ю? (робот)

- Хьалха х1ун аз ду? Муха олу? Мукъа ду я мукъаза? (меттиг билгал яр)

  • Р элпах лаьцна байт 1амор.

Диг ахь ира х1оттаде,

Т1аккха дикка тидамбе:

Девзий хьуна лаьтташдерг?

Диг ма дац и, ду элп Р.

-Стенах тера ду элп?

(Хьехархочо д1аешарца 1амайо бераша байт).

-Стенах лаьцна ю и байт ? (Р элпах).

-Стенах тераду бах элп Р? (Дагарх тера ду).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р,Р).

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девза девзар ду элпаш р, Р. 1емар ду нийса а , шерра еша.

4. Абатан 40 аг1он т1ехь болх бар.

А)Мукъаза элпаш с,С довзийтар .

(Сурт техь йолу х1уманийн ц1ераш яхар,дешдакъе декъар,керла элпан меттиг къастор)

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш р , Р . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна элпаш р ,Р ? Схьагайта.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи жима а , доккха а элпаш р , Р).

Б)Йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р юкъахь долуш дешдакъош кхоллар , уьш дешар.

Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.

-Д1аяздо элп Р , т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (РА).

-Д1адеша и дешдакъош .

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (РО).

- Д1адеша и дешдакъош.

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (РУ).

- Д1адеша и дешдакъош.

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (РИ).

-Д1адеша и дешдакъош

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош деша).

5. Сада1аран миноташ. (шагают)

Х1инца болар сацаде.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Когаш – белшийн шораллехь,

Саттош,аг1ор даккха дег1:

Иштта д1а а,иштта схьа а.

Иштта д1а а,иштта схьа а. (качаются)

Х1инца жима аш сада1а.

Охьаховша когаш т1е.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

а) сурт т1ехь болх бар.

- Х1ун го шуна сурт т1ехь? Мила ву сурт т1ехь вверг? Х1ун деш ву таллархо?

-Ж1аьлина х1ун гина? Вайгара х1ун г1о оьшу акхарошна?

б) дешнаш дешар, маь1нах кхетор(аг1о 40)

1.Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дош лоху;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дош лоху.

III-тоба«Стела1ад»- керла элп йистехь долу дош лоху.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп доьвзи шуна тахана? (Элпаш Р,р).

-Муьлха аз билгалдо Р элпо? ( Аз (Р) билгалдо).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?


Йозанан урок.

Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р кхин д1а а довзийтар. Уьш нийса яздарах долу хаамаш шорбар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан дешнашкахь.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша. Берашна девзар ду керла дош рема. Берашна хуур ду предложени х1ун ю. 1емар ду предложении дешнех къасто. Берашна хуур ду предложении доккхачу элпаца йолор , чаккхенгахь т1адам биллар.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

- Х1ара х1ун ю? Хьоза .

-Хь метана Р дилла,х1ун дош хили? Роза.

3. 1алашо йовзийтар.

- Х1ун аз ду хьалха? Х1ун дийр ду вай йозан урокехь? Р яздир ду.

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р, Р. 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш яздан. 1емарду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р дешнашкахь яздан. 1емар ду предложенеш язъян.

4.Йозанан жима элп р яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп р яздан).

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е , сиз хьокху лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Лечкъарг т1ехула хьалавог1у лахкрчу белхан мог1анна т1е кхочуш , мог1анан кхоалг1а дакъа дисинчохь гу буьллу. Гу т1ехула чувог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкар юьллуш хьалавоьду белхан мог1анна юкъа кхаччалц.

Тептарш т1ехь д1аязде элп.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Оха йозанан жима элп язди).

5. Сада1аран миноташ. (шагают)

Х1инца болар сацаде.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Когаш – белшийн шораллехь,

Саттош,аг1ор даккха дег1:

Иштта д1а а,иштта схьа а.

Иштта д1а а,иштта схьа а. (качаются)

Х1инца жима аш сада1а.

Охьаховша когаш т1е.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Фонетически зарядка

-Говр муха сацайо? («Тр-р-р»)

(Х1ора бере шега-шега олуьйту).

  • Йозанан доккха элп Р яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту Р элпан яздар).

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллуш хьалавоьду тасалург юьллуш. Юха т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е аьтту аг1ор хьаьвзаш хьалавоьду, юха аьрру аг1ор д1авоьрзу , хьаьвзаш т1евог1у лакхарчу белхан мог1анна.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп Р яздан).

  • Дешнашкахь элп р яздар.

(Хьехархочо уьн т1е д1аяздо)

Ор ро ра ар ри ир ру ур

-Тидам бе элпийн вовшех хиттаран. Муха хоьттина элп о , р элпах ? ( О элпна лахара хьала сиз дахьарца хоьттина).

-Д1аязбе и мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми дешдакош яздан).

7. Предложенеш х1иттор , уьш язъяр.

(Уьн т1е д1атуху суьрташ).

-Х1ара мила ву ? (р долу ц1е тилла )

-Х1ун де шву Расул? (Расулас ч1ара лоцу).

-Х1ун ю аша аьлларг? (Предложени).

-Маса дош ду оцу предложенехь? (Диъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Расулас).

-Шолг1а? (ч1ара).

-Кхоалг1а? (лоцу).

-Стенах лаьтта предложени? (Дешнех).

- Предложенехь моссо а дош маь1ница дозаделла хила деза.

Расулас ч1ара лоцу.

-Предложени муьлхачу элпаца йолайо? (Доккхачу).

-Х1ун юьллу чаккхенгахь? (Т1адам).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми предложени х1отто).

-Х1ун керланиг хии шуна? (Предложени доккхачу элпаца йолор, чаккхенгахь т1адам биллар).

  • Ч1АРА дешан схема х1оттор.

-Х1ара х1ун ю? (Ч1ара).

-Маса дешдакъа ду Ч1АРА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Ч1А).

-Шолг1аниг? ( РА).

-Оцу дешдакъошкахь аьзнийн цхьанаийдаларш дуй ? (Ду).

-Муьлхачу дешдекъехь ду? (Шина а дешдекъехь ду).

-Схеми т1ехь муха билгалдоху иштта аьзнийн цхьанаэдаларш? (Церан еък1овш ши бос болуш хуьлу).

-Муьлха аз ду Ч1АРА дашехь хьалхара? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду Ч1ААРА дашехь шолг1а аз? ( А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду Ч1АРРА дашехь кхоалг1а аз? ( Р).

-Муьлханиг ду Ч1АРАа дашехь доьалг1а аз? ( А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Басаре шайгара схеманаш. (Цул т1аьхьа уьн т1ехь гойту , нийса йина хилар толлуш).

Ц1

С

Ц1

С

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

  • I-тоба «Малх»- с юьххьехь долу дешнаш;

  • II-тоба «З1аьнарш»- с юккъехь долу дешнаш;

  • III-тоба«Седа»- с йистехь долу дешнаш лоху.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Сунна 1еми дешан схема х1отто).

8. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш язди аша тахана? (Элпаш Р,р).

-Муьлха аз билгалдо Р элпо? ( Аз (Р) билгалдо).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

9. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?


Дешаран урок

Чулацам : « Мукъаза элп Х ».

1алашо: мукъаза элпаш р , Р довзийтар; шерра еша 1амор; дуне довза, 1алам ган.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду элпаш х, Х. 1емар ду уьш нийса а ,шерра а дешан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар т1е а ца хьовсуш хьехархочо д1ааларца элпаш яздан, уьш довза.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Хала ца хоьтуьйту,

Лата а ца лета хьох,

Амма хьо велхаво.

Х1ун ю иза? (Хох)


-Х1ун стом бу х1ара? Х1ун аз ду хьалха? Муха олу вай? Мукъа ду я мукъаза?

-Муьха дешнаш карина шуна? (Хох, хорбаз).

-Х1ун ду церан юкъара? (Хьалхахь аз (Х) хеза).

-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Х)? (Х элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду элпаш х ,Х ).


3.1алашо йовзийтар.

– Х1ун 1алашо ю вайн таханлеран урокан?

-Вайна тахана девзар ду элп х, Х. 1емар ду и элп долу дешнаш нийса деша.

элпаш х , Х довзийтар .

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш х , Х . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш х ,Х ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп х ду,х1ара йозанан доккха элп Х ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш х, Х).

4.Абатан 42 аг1он т1ехь болх бар.

а)Суташ тьехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар

хор -баз, ма -ха, хох

б)дешнаш дешдекъе декъар, керла элпийн меттиг къастор

в) масалш даладар

г)дешдакъош хитта 1амор, дешдакъош дешар

ха-ах ху-ух хо-ох хи –их

д).Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дош лоху;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дош лоху.

III-тоба«Седа»- керла элп йистехь долу дош лоху.

5.Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

6.Сурт т1ехь болх бар.

- Х1ун го шуна сурт т1ехь? Трактор т1ехь вверг х1ун деш ву? Охана х1унда до?

Д1айина х1умнех х1ун до?

7.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Абатан 42 аг1он т1ера дешнаш дешар, маь1нех кхетор.

8. Жам1 дар.

М элп хьалха долуш

Ас ца лелош х1ума дац:

Керта оьккху, ченаш йоху,

Цкъа д1абоьду, схьа а бог1у

М элп хуьйцуш X ахь диллахь, -

1ийр бу бабин хесахь. (Мох - хох)

- ХОХ х1ун аз ду хьалха?

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи элп х ).

-Муьлха аз билгалдо Х элпо? (Аз (Х) билгалдо).

-Аз (Х) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Даладе масалаш элп Х хьалха долуш. (Хох, хорбаз , халат)

9. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?









Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш х, Х кхин д1а а довзийтар. Уьш дешнашкахь яздан 1амор. Предложенеш язъян 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш х, Х. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар дешнашкахь йозанан доккха а ,жима а элпаш хотта.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-метал».

Д1а - хьуна, схьа - суна? (Херх)


Тхан кухни чохь дийнна шарахь

Шкаф чохь веха Г1ура-Дада? (Холодильник)


Бакъ ма ду и дуьненор,

Тоьхна боцуш цхьа а лол.

Т1оьх-т1оьхула безамехь

Эзар коч ю нускалехь? (Хох).

-Муьха дешнаш карина шуна? (Хох, холодильник, херх).

-Х1ун ду церан юкъара? (Хьалхахь аз (Х) хеза).

-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Х)? (Х элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан докха а , жима а элпаш х ,Х яздан).

3. 1алашо йовзийтар.

- План х1отта э шайн белхан. Х1ун кхиамаш бохур бу аша? (Берийн жоьпаш).

-Вай тахана яздийр ду йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х. 1амор ду и элпаш дешнашкахь яздан. Вай предложенеш а язйийр ю.

4.Йозанан жима элп х яздар.(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп х яздан).

-Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу буьллу. Гу т1ера чу вог1у аьтту аг1ор горга сиз хьокхуш. Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьрру аг1ор тасалуриг юьллу. Шолг1а дакъа дуьллу вай. Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1ачу декъе лакхахь. Хьалавоьду гу а буьллуш. Гу т1ера чувог1у аьрру аг1ор хьаьвзаш вукху меженах хотталуш. Охьакхочуш т1ехкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалург.

-Х1инца вай элп х х1аваэхь дуьллу.

5.Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

6. Йозана доккха элп Х яздар.

  • Уьн т1ехь гойту элп Х яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Гу а буьллуш хьаьвзина охьавог1у аьтту аг1ор . Лахарчу мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу. Шолг1а меже юьллу. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула , Гу буьллий , хьаьвзаш охьавог1у аьрру аг1ор . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу.

7. Йозанан жима а , доккха а элпаш х ,Х хоьттина яздар.

(Уьн т1ехь гойту хьехархочо элпаш хуттуш).

ХА-АХ ХО-ОХ ХИ – ИХ ХУ - УХ

-Муха хутту элп х кхеча элпашца? (Лахахь , лакхахь).

-Муьлхачу меттехь хилча хутту лахахь? (Кхечу элпана хьалхахь).

-Муьлхачу меттехь хилча хутту лакхахь? (Кхечу элпана т1ехьа нисделча).

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима а, доккха аэлпаш дешдакъошкахь яздан).

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса язди йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х вовшах хоьттина).

8.Предложени х1оттор,д1аязъяр.

-Цициганний,дахкиний г1о де. (дешдакъех дош х1оттаде)

Мамас молха молу.

-Муьлха дешдакъош ду, д1адеша?

- Дош караде, предложении х1оттае.

-Маца яздо дашехь доккха элп ? (Предложени йолош , адамийн ц1ерашкахь).

-Маса дош ду предложенехь? (кхоъ ).

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложени язъян).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзи шуна? (Йозанан жима а , доккха аэлпаш х, Х).

-Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?

Х –элпо билгалдо аз .. (Х).

Аз (Х) ца лакхало , цундела иза ду …(Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?




Чулацам : « Мукъаза элпаш б , Б ». 21.10.21 Дешаран урок.

1алашо: мукъаза элпаш б , Б довзийтар. Уьш шаьш а ,

дешдакъошкахь а нийса деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду жима а , доккха а элпаш б ,Б .

1емар ду уьш нийса а,шера а деша.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан.Берашна девзар ду керла дешнаш.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу 1аламе безам. Лаам хир бу и довза , 1алашдан.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Хьуьна уллехь бу цхьа барз,

  • Цу т1ехь буса уг1у – (Борз).

-Муьлха элп ду юьххьехь? (Элп Б).

- Муха олу вай ? Мукъа я мукъаз ду ?

-Даладе хьалхахь аз (Б) долу дешнаш. (Баба , бамба, буру , бел).

-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Б)? ( Б –элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду жима а , доккха а элпаш б , Б ).

-Маса дешдакъа ду БОРЗ дашехь? (Цхьаъ).

-И дешдакъа диллина ду я къевлина ду? (Къевлина).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (БО).

-Муха билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу еък1овца).

-Маса аз ду БОРЗ дашехь? (Диъ).

-Маса элп ду ? (Диъ).

Ц1

С

С

3. 1алашо йовзийтар.

-Вайна тахана девзар ду жима а , доккха а элпаш б , Б. 1емар ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь кхечу элпех хуттуш а яздан.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш б , Б . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а , жима а элпаш б , Б ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп б ду,х1ара йозанан доккха элп Б ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б).

План х1оттае.

4. Жима а , доккха а элпаш б , Б довзийтар .

Абатан 46 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(бел, саба, ч1об – выпь-птица)

б) б элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар ба-аб бу-уб бо-об би-иб,

тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу,муьлхачу –ч1ог1а

г) бу-са- ночью, бу-са – заплести (маь1нех кхетор)

д)Тобанашкахь болх. Учебника т1ера б1ог1амалгарчу дешнашца болх бар. Схьалаха,х1ора тобано а билгалдаха.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дош лоху;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дош лоху.

III-тоба«Седа»- керла элп йистехь долу дош лоху.

е) сурт т1ехь болх бар

-Сурт т1ехь ерг мила ю.? Б элп хьалха долу ц1е тилла (Белита, Берлант)

- Белита х1ун деш ю? ( Белитас коч тоьгу) И х1ун ю?

- Маса дош ду предложенехь? Муха йолало предложени?

5. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнаш дешар, маь1нех кхетор

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи жима а , доккха аэлпаш б,Б).

-Муьлха аз билгалдо Б элпо? (Аз (Б) билгалдо).

-Аз (Б) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Даладе масалаш элп Б хьалхахь долуш. (Бел , болх , буру).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?





Чулацам: « Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш б ,Б . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан. Предложенеш язъян а 1емар ду берашна.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан.Берашна девзар ду керла дош баркалла. Хуур ду оцу дешан мах хадо.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу дика г1уллакхаш дан. Лаам хир бу шайн амалехь диканиг дан , вониг д1ататта.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Грамматически арифметика яр.

Б + бер тахкон г1ирс =? (Бага).

Б + кха т1е йийна х1ума нилха а еш, буц д1а а йоккхуш бен болх =? (Басар).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай долчохь хьошалехь ю тарсал. Цунна г1о оьшу 1аьнна кечам бан. Цо 1ай дуу б1араш , ж1аьлин нускалаш. Вайгара г1о оьшу цунна. Аша дика ладог1ахь, аьлларг дахь белкина 1аьнна б1араш гуллур ду.

Белхан план х1отта е.

-Вай тахана 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б дешнашкахь яздан. 1амор ду предложенеш язъян.

4.Йозанан жима элп б яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь хьоьху элп б яздан).

-Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу буьллуш аьрру аг1о охьавог1у . Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьтту аг1ор тасалуриг юьллуш лахкрчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту аг1о гола а тухуш д1авоьрзу.

-Х1инца вай элп б х1аваэхь дуьллу.

5. Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б хоьттина яздар.

(Уьн т1ехь гойту хьехархочо элпаш хуттуш).

ба – аб бу – уб бо – об би - иб

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса язди йозанан жима а , доккха а элп б, вовшах хоьттина).

6. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

7.Йозанан доккха элп Б яздар.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у сиз хьокхуш лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь ч1ара а буьллуш , хьаьвзина сизах дехьа а волу. Кхузахь хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Лаха кхочуш и сиз чухьокху язйинчу меженна герга кхаччалц. Шолг1а меже юьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъехула пурхнехьа сиз хьокхуш.

7. 1амийнарг т1ечг1агдар.

  • Доккха элп Б дешнашкахь яздар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ба Бу Бо Би Билал Абу Бисар

-Муьлха дош яздина доккхачу элпаца ? Х1унда?

-Д1аязъе дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш яздан).

-Муха хетта шуна , г1о диний вай тарсална ?

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

8. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзи шуна? (Йозанан жима а , доккха аэлпаш б , Б).

-Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?

Б –элпо билгалдо аз … (Б).

Аз (Б) ца лакхало , цундела из аду …(Мукъаза).

9. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лахьийна тарсална б1араш? Хьан дог1у дош БАРКАЛЛА?



Дешаран урок.

Чулацам : « Мукъаза жима а , доккха а элпаш д , Д ».

1алашо: жима а , доккха а элпаш д , Д довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду элпаш д ,Д . 1емар ду уьш ц1е яккха а , уьш долу дешнаш деша а.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна девзар ду керла дош. Гергара маь1на долу дешнаш лаха 1емар ду берашна.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. 1емар ду школехь лело деза г1иллакх. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн амалех и кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Кагделла дош нисдар.

-Бераш , вай долчохь хьошалг1ахь ю Дашо-Бика. Иза ч1ог1а дика йо1 ю. Цо вайна довзийта гуттар диканиг дош деанера . Амма Жоьра- Бабас иза кагдина. Шу кхоьрий жоьра бабех ? (Ца кхоьру).

-Цундела и дош нисдан деза вай.

ДИКЛААЛ

-Муьлха дош ду Дашо-Бикас деанарг? (Дикалла).

-Муха кхета шу цу дашах? (Берийн жоьпаш).

-Дикалла -иза адаман дика хилар , ша санна моссо садолх1ума оьшуш юй хууш цуьнан доладан хаар ду.

-Караде кху дешнашна юккъехь оцу дешан гергара долу дешнаш?

Диканиг , дика , дикалла.

-Муьлханиг ду церан цхьатера дакъа? (Дика).

-Дика -оцу дашах схьадевлла и дисина дешнаш. Церан орам уьш схьадеввла дош ду иза. Стенах схьадевлла и дешнаш? (Диканах).

-Муьлха аз хеза цу дашна хьалхахь? (Д).

-Муьлхачу элпаца билгалдо и аз йозанехь? (Д).

- Муха олу вай и?

- Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Бераш вай тахана элпаш д,Д доьвзина а ца 1аш дика г1уллакхаш дан а 1амор ду.

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , Дашо- Бика хьуьнхахь ехаш ю. Цигахь цуьнан дуккха доттаг1ий бу:тайп-тайпана олхазарш ду. Царна

Жуьра –Бабас хьуьнхара моссо о юу х1ума д1аяьккхина шен бозбанчаллица. Шоьгара г1о оьшу цунна и бозбанчалла д1адаккха. Х1окху зезагаш т1ехь ду т1едахкарш . Аша уьш дика кхочушдахь , и бозбанчалла д1а а яьлла хьуьнан бахархой дика бехар бу. Шу кийча дуй Жоьра-Баба эшо? (Ду).

-Цхьацца зезаг схьа а оьцуш, шаьш бен болх билгалбаккха. (Бераша шайн болх билгал а боккхуш , план х1оттайо).

-Вай , тахана 1амор ду элпаш д, Д; ша –ша , дешдакъошкахь, дешнаш юккъахь а деша. Дуккха а дика г1уллакхаш а дийр ду вай.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала!».

-Бераш , аса д1айоьшур ю кегийра байташ. Аша т1етоха оьшу дош.

Кхера хьо ма лолахь, къиг,

Гича дечиг доккху.... (Диг).

  • Абатан 48 аг1он т1ехь болх бар.

  • а) сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(диг, седа, бад)

  • б) д элпан меттиг къастор

  • I-тоба «Малх»- с юьххьехь долу дешнаш;

  • II-тоба «З1аьнарш»- с юккъехь долу дешнаш;

  • III-тоба«Седа»- с йистехь долу дешнаш лоху.

  • в) дешдекъош дешар да-ад ду-уд до-од ди-ид,

  • тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу,муьлхачу –ч1ог1а

  • г) сурт т1ехь болх бар

-Сурт т1ехь ерг мила ву.? Д элп хьалха долу ц1е тилла (Дауд и т. д)

- Дадий, Дауддий х1ун деш ву? Х1унда оьшу дитташ ден?

- Х1ун декхарш ду вайна Дала т1едиллина?(9 дитт ден, ц1а дан, бераш кхиор)

5. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнаш дешар, маь1нех кхетор


7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи жима а , доккха а элпаш д,Д).

-Муьлха аз билгалдо Д элпо? (Аз (Д) билгалдо).

-Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Даладе масалаш элп Д хьалхахь долуш.

- Х1ун декхарш ду вайна т1ехь?

-Муха хетта шуна, г1о диний вай Дашо Бикийна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?



Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш д , Д яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш д , Д кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш д ,Д . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь , дистхил накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан. Берашна девзар ду керла дош. Гергара маь1на долу дешнаш лаха 1емар ду берашна.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. 1емар ду школехь лело деза г1иллакх. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн амалех и кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Д элпах лаьцна байт 1амор.

-Х1инца шуна и элп дика 1амийта вай 1амор ю Д элпах лаьцна байт.

Тхов бац иза ,

Ю и йист.

Шу ма хила тхоьга дист.

Дехьа сехьа йилла церг

Д элп хир ду схьагушдерг.

-Муьлха элп ду байт т1ехь далийнарг? (Элп Д)

-Дала де элп Д юьххьехь долу дешнаш.(Диг , дада, духар , дарба).

-Элп д юккъехь долуш.(Седа, худар).

-Элп д чаккхенгахь долуш дешнаш.(Бад).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , дешаран урокехь Дашо-Бикин доттаг1ий к1елхьара бехира Жоьра –Бабех. Амма церан к1орнеш цхьаерш цомгаша йитина цо. Амма царна дарба хир ду вай дарбане зезагаш гулдахь. Уьш х1орш ду. Хьанна девза шуна х1орш?

-Бераш , тахана вайна т1едахкарш ду уггара хазачу зезагашца. Хьанна хаьа х1ун зезагаш ду х1орш ? (Берийн жоьпаш).

-Х1орш к1айдаргаш ду. К1айдаргаш ч1ог1а дарбане зезагаш ду. Вайн т1едахкарш ду кху зезагаш т1ехь. Х1инца аша лахьо деза к1айдаргаш. Цхьацца зезаге а хьовсуш , цу т1ера т1едахкарш довза. Уьш вай цхьана толлур ду.

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вай тахана 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш д,Д шаьшша , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан жима элп д яздар.

-Ларор дуй вай оцу т1едилларца? (Ду).

-Аса уьн т1ехь дуьллу , аша дика тидам бе.

  • (Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп д яздан).

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе , аьрру аг1ор хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна герга г1ортталц. Кхузахь гу буьллуш ,охьавог1у. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , техкарг а юьллий хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь лечкъарг т1ехула охьа вог1у лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь шаьш яздинчу сизана т1ера д1а ч1ара буьллу.

-Х1инца вай элп д х1аваэхь дуьллу.

  • Уьн т1ехь гойту хьехархочо жима д элп хуттуш.

да – ад ду – уд до – од ди - ид

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.

-Шуна массарна и дика яздан хуур дац бохуш ю Жоьра- Баба, самукъадаьлла .

5. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде.

6. Йозанан доккха элп Д яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Д яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш горга сиз аздо , юха ша хьаькхнача сизах дехьа а волуш, хьаьвзина хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь горга сиз а хьокхуш к1еззиг охьавог1у.

  • Тептарш т1ера д1аяздо йозанан доккха элп Д.

  • Доккха элп Д дешдакъошкахь кхечу элпех хоьттина яздан 1амор.

Да Ду До Ди

  • Предложени язъяр.

Ша дезийта хаьа цунна,

-Т1ахъаьлла ду аьрзу санна,

Мало ца еш, каде, чехка

Писус лоцу шена...(Дахка).

- Дудас кубикех предложении х1оттайинера, дехкана т1аьхьа дедча,кубикаш эйина

-Х1ун болх бийр бу вай кхин д1а? (Предложени язйийр ю).

  • Уьн т1е д1аяздо. Дадас болх бо.

Д1аеша предлошенеш. Маса дашах лаьтта хьалхара предложени? (Кхаа дашах лаьтта).

-Муьлханаг ду хьалдара дош? (Дада).

-Шолг1аниг? (болх).

-Кхоалг1аниг? (бо).

-Муьлхачу элпаца йолайо предложении? Х1ун юьллу чаккхенгахь?

-Д1аязъе предложенеш.

(Таллам бо уьн т1е схема йилларца). 1 ------------- ----------- --- .

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Оха предложени язйи).

-Уггара хаза хьан яздина?

Иштта шолг1ачу предложенин а схема х1оттайо.(Хи сирла, сиха дара)

(схема бераш х1оттайо,язъян ца оьшу)

-Х1инца Дашо-Бика ю ч1ог1а яккхий еш, аша шен доттаг1ашна г1о дина , церан даарш дерриге юхадерзийна. Хьуьнхахь юха а ду б1араш , 1ежаш , кхораш. Дукха дика дехийла ду Дашо-Бикин доттаг1ийн.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш яздан 1еми шуна ? (Элпаш д,Д_.

-Д элпо муьлха аз билгалдо? (Д).

-Аз (Д) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Мила ву уггара дукха к1айдаргаш лахьийнарг?


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!