СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поурочные планы по чеченскому языку 1кл.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Поурочные планы по чеченскому языку 1кл.»

Чулацам : « Мукъа элпаш е , Е ». 10.11.21

1алашо: жима а , доккха а элпаш е, Е довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а нийса деша 1амор,1аламехь безам кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду жима а , доккха а элпаш е , Е . 1емар ду уьш довза а, нийса деша а..

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду Е элпо шиъ аз билгалдар (Дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча).

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Берийн лаам хир бу оьшучохь г1о-накъосталла дан. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн амалех и кхио.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

Де дика хуьлда шун!

Хьовсал, бераш, корах ара,

1алам вайн ма хаза ду.

Шу а ирсе лууш хила,

Стиглахь малх а боьлуш бу.

Хьоме бераш, вовшашка а хьажий, делалойша.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1етал-металш

Иза боьтту - шура ло,

Т1аккха шура шуна ло.

Цунах олург, дийцал аш,

Шуьгахь буй те иза 1аш? (Етт)

-Маса элп ду? (Кхоъ).

-Ала ЕТТ? (Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Й).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

- Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (т),

-Аз (т) мукъа ду я мукъаза ду?(Мукъаза ду).

-Муьлха аз ду доьалг1а? (т).

-Аз (т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп дара , масса аз хили дашехь? (Кхоъ элп , диъ аз ду).

-Х1унда ду диъ аз , кхоъ элп? (Берийн жоьпаш).

-Даладе масалаш элп Е хьалхахь долу дешнаш. (Ехк, етт, еха , еса).

-Элп Е дешан юьххьехь хилча масса аз еза? (Ши аз билгалдо)

(Иштта болх бо дешнаш т1ехь: самаелира,гучаелира)

-Кхин муьлхачу меттехь хилча билгалдо Е элпо ши аз?

(Мукъачу элпана т1ехьа хилча).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , х1ун хан ю х1инца? (гуьйре)

-Х1ун хийцамаш хуьлу гуьйрана?

- Г1арг1улеш,г1ург1езаш хьанна йоьвза?

1аламех лаьцна къамел кхиор

-Цхьацца г1а схьа а оьцуш, шаьш бен болх билгалбаккха. (Бераша шайн болх билгал а боккхуш , план х1оттайо).

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Вай , тахана 1амор ду элпаш е,Е; ша –ша , дешдакъошкахь, дешнаш юккъахь а деша. Дуккха а дика г1уллакхаш а дийр ду вай.

4. Мукъа элп Е довзийтар.

-Корта шарбеш йолу х1ума х1ун ю? (Ехк).

  • Абатан 50 аг1он т1ехь болх бар.

  • а) сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(ехк,зезаг)

  • б) е элпан меттиг къастор

  • в) дешдекъош дешар ле-ел,ме-ем,се-ес,ре-ер,хе-ех,де-ед,

  • тидам бар: е мукъа элпана юххехь мукъаза элпаш муха олу.

  • г) сурт т1ехь болх бар

-Сурт т1ехь берш мила ю ? Е элп долу ц1е тилла йо1ана(Седа)

- Седа х1ун деш ю? Седарийн цхьанакхетаран х1ун ц1е ю?

5. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешнаш дешар, маь1нех кхетор

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи жима а , доккха а элпаш е,Е).

-Маса аз билгалдо Е элпо? Мичахь?(Аз (ЙЭ) юххехь,мукъа элпана т1ехьа билгалдо).

-Аз (.Е) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ).

-Даладе масалаш элп Е хьалхахь долуш.

- Муьлха олхазарш доьвзи шуна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Чулацам : « жима а , доккха а элпаш е , Е яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш е, Е кхин д1 а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а ша-ша , дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина яздан.

2. Метапредметни:

  • Регултяивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду Е элпо лелош болу ши некъ: шиъ аз билгалдар (дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча), цхьа аз билгалдар (мукъаза элпашна т1ехьа хилча).

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Берийн лаам хир бу оьшучохь г1о-накъосталла дан. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн амалех и кхио.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

-Муьлха элпах лаьцна дийцира вай яг1анчу урокехь? Х1ун хиира шуна?

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ее элпах лаьцна байт 1амор.

-Шуна Ее элп дика 1амийта байт 1амор ю вай.

Жимчу к1ентан бац цхьа бехк,

Ша кагьели «къена» ехк.

Кхо церг бен а ца йиси,

Х1инца цунах Е хили.

-Стенах тера ду элп эл Е? (Ехках).

-Даладе масалаш элп Е хьалхахь долу дешнаш. (Ехк, етт, еха , еса).

-Элп Е дешан юьххьехь хилча х1ун хуьлу? (Ши аз билгалдо)

-Кхин муьлхачу меттехь хилча билгалдо Е элпо ши аз?(Мукъачу элпана т1ехьа хилча).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккх а элпаш е, Е. 1емар ду уьш дешнашкахь яздан. Хуур ду дешнийн схеманаш х1итто.

4.Йозанан жима элп е яздар.

-Муьлханиг ду шолг1а т1едиллар? (Элпаш е, Е яздар).

- Далур дуй вайга иза?

  • Уьн т1ехь гойту йозанан жима элп яздан.

-Т1адам буьллу белхан мог1анан кхоалг1ачу декъана лахахь , хьалавоьду тасалуриг юьллуш . Лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1ане. Техкарг юьллу , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу.

  • Х1аваэхь яздо элп е.

  • Тептарш т1е д1аяздо элп е.

  • Йозанан жима а элп е дешдакъошкахь кхечу элпашца хоьттина яздар.

Ле-ел ме-ем се-ес ре-ер хе-ех бе-еб

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан жима элп яздан).

-Хьан яздина гуттара хаза? Цунна ло вай седа.

Элпаш е дешнашкахь яздар. Уьн т1е яздо дешнаш.

Бен, седа, Седа, ехк.

-Муьлха дош яздина доккхийчу элпаца ? Х1унда?

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми е элп дешнашкахь яздан).

-Хьан яздина хаза?

  • 5. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

  1. Йозанан доккха элп Е яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Е яздар).

-Т1адам буьллу белхан , гоьнан мог1анашна юккъе, аьрру аг1ор хьаьвзаш горга сиз яздо . Лакхарчу белхан мог1анна техь аьтту аг1ор воьду. Кхузахь лечкъарг юьллуш , хьаьвзина охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Кхузахь юьллу техкарг , цу т1ера д1а тасалуриг.

-Д1аязде массара элп тептарш т1е. Зуно дехар до шуьга хаза яздан , аша хаза ца яздахь , зуьнан к1орнеш карор яц.

-Хьан кхочуш ди дика г1уллакх? Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха элп Е яздан).

-Хьанна карий зуьнан к1орни? (Д1ало хаза язйиначунна)

  • Дешан схема х1оттор.

-Х1оттор ю вай ЕХК дешан схема. Маса дешдакъа ду ЕХК дешан? (Цхьаъ).

-Маса элп ду? (Кхоъ).

-Ала ЙЭХК? (Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Й).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ала ЙЭХК, Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ЙЭХК. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Х),

-Аз (Х) мукъа длгау я мукъаза ду?(Мукъаза ду).

-Ала ЙЭХК. Муьлха аз ду доьалг1а? (К).

-Аз (К) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп , аз ду ЕХК дашехь? (Кхоъ элп , диъ аз ду).

-Х1унда ду диъ аз , кхоъ элп? (Берийн жоьпаш).

-Е элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча.

-Маса еък1ов хила еза схемин? (Йиъ).

-Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй цу дашехь? (Ду ЙЭ).

-Схемехь муха билгалдоху уьш? (Царна лерина еък1овш цхьаъ йолуш санна ши бос болуш хуьлу).

-Йилла схема. (Бераша юьллу. Уьн т1ехь йолчуьнца талам бо нийса йилларан).

Ц1 С


С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешан схема йилла).

-Х1ун керланиг хии шуна? (Е элпо ши аз билгалдо (Й) , (Э)).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп яздира вай? (Вай яздира йозанан жима а , доккха а элпаш е, Е).

-Е элпах х1ун керланиг хии шуна? (Е элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Муьлханаш ду уьш? (Й,Э).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Дешаран урок. 11.11.21

Чулацам : «Аз а, элп а Н ».

1алашо: жима а , доккха а элпаш н,Ндовзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду элпаш н,Н . 1емар ду церан ц1е яккха а , уьш долу дешнаш деша а.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила, накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна девзар ду керла дош. Гергара маь1на долу дешнаш лаха 1емар ду берашна.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. 1емар ду школехь лело деза г1иллакх. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн амалех и кхио.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

Де дика хуьлда шун!

Хьовсал, бераш, корах ара,

1алам вайн ма хаза ду.

Шу а ирсе лууш хила,

Стиглахь малх а боьлуш бу.

Хьоме бераш, вовшашка а хьажий, делало.

Урок д1айолаян кийча дуй шу?

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Дог1у дош ала!».

Уьйт1ахь ц1ена х1унда ю?

Бабас хьаькхна цигахь… (нуй)

-Муьлха аз хеза цу дашна юьххьехь? (Н).

-Муьлхачу элпаца билгалдо и аз йозанехь? (Н).

- Муха олу вай и? Мукъа ду я мукъаза?

- Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Бераш вай тахана элпаш н,Н доьвзина а ца 1аш дика г1уллакхаш дан а 1амор ду.

-Цхьацца г1а схьа а оьцуш, шаьш бен болх билгалбаккха. (Бераша шайн болх билгал а боккхуш , план х1оттайо).

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , х1ун хан ю т1ейог1уш? Х1ун хийцам хуьлу 1ай?

- Гуьйренна дукхах долу олхазарш бовхачу махка д1адахана, амма цхьадерш диссина.

Вай царна г1о дан деза. Хьа эрадара, х1ун г1о оьшу вайгара олхазаршна? (Берийн жоьпаш).

- Кийча дуй шу царна меттиг кечъян-бен бан?

  • Къамел кхиор: бен диттана т1е д1абехка беза, хьастам тоьхча дитт дакълур ду.

  • Фонетически зарядка

- Говр муха лоллу? (Нно-оо) Х1ун аз ду хьалха? Муьлха элп 1амор ду вай?

-Вай , тахана 1амор ду элпаш н,Н; ша –ша , дешдакъошкахь, дешнаш юккъахь а деша. Дуккха а дика г1уллакхаш а дийр ду вай.

  • Абатан 52 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурташ т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(нуй, буранчик, лан)

б) н элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар на-ан, ну-ун, но-он, ни-ин, не-ен,

тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу,муьлхачу –ч1ог1а

г) сурт т1ехь болх бар

-Сурт т1ехь берш муьлаш бу?

Ц1е тилла берашна .

-Х1ун деш ду бераш?

- Муха бераш ду уьш?

- Муьлха олхазарш доьвза шуна?

- Х1ун декхарш ду вайна Дала т1едиллина?(9 дитт ден, ц1а дан, бераш кхиор)

5. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

а)Дешнаш дешар

Дешнаш дешар, маь1нех кхетор

б)Предложенеш ешар,предложенеш т1ехь беш болу болх бар.

(Масса дош ду, муха йолало,чакхенгахь х1ун юьллу)

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи жима а , доккха а элпаш н,Н).

-Муьлха аз билгалдо Н элпо? (Аз (Н) билгалдо).

-Аз (Н) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Даладе масалаш элп Н хьалхахь долуш.

- Х1ун декхарш ду вайна т1ехь?

-Муха хетта шуна, г1о диний вай олхазаршна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?





Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш н,Н яздар». 22.10.21

Урокан тайпа: керланиг довзийтар (изучение нового материала)

Урокан кеп: ловзаран

Урокан г1ирс: компьютер, проектор, интерактивни ун, учебник, прописаш, аьзнийн карточкаш …

1алашонаш: керла аз а, элп а довзийтар, и элп яздан а, и ша а, цуьнца долу дешнаш а деша 1амор.

Урокан хьесапаш:

1аморан:

  • дешархошна керла элп а, аз а довзийтар;

  • иэсехь элпан къеггина васт кхоллар;

  • элпан дуьззина диллар шардар;

  • зорбанан текста т1ера схьаяздан 1амар;

  • ешаран хьуьнарш шардар;

  • дешнийн аьзнийн анализ яран хаарш кхоллар.

Кхиаран:

  • дешархойн къамел кхиор;

  • сурткхолларан иэс кхиор;

  • ойлаястаран некъаш шардар: анализ, синтез, дустар а, тобанашка декъар а.

  • кхоллараллин жигаралла кхиорна т1ехьажийна хьелийн кхачояр.

Кхетош-кхиоран:

  • классера дешархойх тоба кхоллар;

  • уьйртасаран, цхьаьнаг1уллакхдаран хаарш кхоллар;

  • къамелан г1уллакхдаран кепе санна йозанца йолу юкъаметтиг дикачу аг1ор кхиор;

  • урокан низаман бакъонаш лело 1амор

Урок д1аяхьар.

1.Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

-Х1ара х1ун олхазар ду? Х1ара жаворонок ю, вай цуьнах- н1аьвла олу.

-Стенах лаьцна дийцира вай дешаран урокехь?

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Ловзар : «Х1етал-металш».

И куралла яла йоллу,

Делкъахь кхелли буьххье йолу.

И сахьт доцчохь сахьт а ду

И вай юьйцур … ю. ( н1аьна)

-Х1ун ду цу дешан юьххьехь? (Цунна юьххьехь ду аз (н).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (н) йозанехь? (Н элпаца).

-Х1ун 1амош ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай тахана олхазаршна г1о деш ду. Цхьацца г1а хьа а оьцуш, дийца вайн

декхарш: Аса хьехархочун хаттаршна жоьпаш лур ду.

  • Аса йозанан жима а , доккха а элпаш у,У яздийр ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса дика ладуг1ур ду.

  • Аса накъосташна г1о дийр ду.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала».

Бац и мангал, бац и марс.

Ю и бешахь кхьу…(наьрс)

-Муьлха аз хеза цу дашна юьххьехь? (Н).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш н,Н. Шуна 1емар ду и элпаш хаза а, нийса а яздан. Уьш дешдакъошкахь кхечу элпех хитта а 1емар ду.

4.Йозанан жима элп н яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо н элпан яздар.

--Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиза т1ехула юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш хьалавоьду , хьалакхочуш хьовзе,нийса охьавог1у лахара белхан маг1аран сиз т1е кхаччалц.

-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп н яздан).

  • Дешнашкахь элп н яздар.(йозанан тетрадь,аг1о 27)

5. Сада1аран миноташ.

Оха когаш тухур бу.

Таккха куьйгаш тухур ду.

Б1аргаш сихха лелор ду.

Белаш метах йохур ю.

Иштта го а боккхур бу.

6.Йозанан доккха элп Н яздар.

-Лакхарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе т1адам буьллу. Кхузахь юьллу ира тасалург. Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Д1авоьрзу аьрру аг1ор , шад беш мог1анна юккъех дехьаволу ,хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь охьахьаьвза,хьалхара мог1ане терра , охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц .

-Д1аязде шайн тептарш т1е.

7.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Ловзар «Х1ун ю со?»

  • Б юххе Е диллича- олхазарийн ц1а ду со,

Б юххе У диллича- котамийн ц1а ду со. «бен,бун»

  • Дин(говр)- дин(иман,ислам)?

2.Предложении язъяр(аг1о 27)

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш яздира аша тахана? (Элпаш н,Н).

-Муьлха аз билгалдо Н элпо йозанехь? (Н).

-Аз (Н) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша?



Чулацам : «Аз а, элп а Т ». 17.11.21 Дешаран

1алашо: жима а , доккха а элпаш т , Т довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду жима а , доккха а элпаш т , Т . 1емар ду уьш нийса а,

шерра а деша.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду шарадаш талларца дешнийн хазалла , башхаллаш йовза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманш х1итто.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Хуур ду вовшашца лераме , г1иллакхе хила. Винчу денца совг1атдарца , диканиг дан 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».

Цхьа дог долу ши ваша? (Тукар).


-Х1ун ду цуьнан юххъехь? (аз (Т).

- Муха олу вай и аз? (Халла. Доьхьаллонца)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Т)? (Т элпаца).

- Мукъа ду я мукъаза? Къора ду я зоьвне ду?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана йина де ду шуна уггаре дукха езаш йолчу йоь1ан. Мила ю иза? (Маша).

-Шуна лаьий цунна совг1аташ дан? Вай цунна совг1аташ дийр ду. Тахана шуна делла т1едахкарш ду 1ежаш т1ехь. Шун йиш хир ю дика дешарца 1ежаш даха. Х1оранна т1ехь далийна ду т1едахкарш. Шайна кхочушдалун дерш къастаде план х1отта е. (Бераша план а х1оттош дуьйцу , шаьш бер болчу балхах лаьцна.

-Вайна тахана девзар ду жима а , доккха а элпаш т , Т. Шуна 1емар ду и элпаш нийса а, шерра а деша. Уьш дешдакъошкахь а, дешнашкахь а деша 1емар ду.

4. Элпаш т , Т довзийтар.

  • Абатан 54 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурташ т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(тукар, иту, абат)

б) т элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар та-ат, ту-ут, то-от, ти-ит, те-ет,

тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу,муьлхачу –ч1ог1а

г) сурт т1ехь болх бар

-Сурт т1ехь верг мила ву?

Ц1е тилла к1антана .

-Х1ун деш ву к1ант?

- Муха к1ант хета шуна?

- Х1ун декхарш ду вайна Дала т1едиллина?(9 дитт ден, ц1а дан, бераш кхиор)

- Стенна оьшу вайна дитташ? Къамел кхиор

Тобанашкахь болх.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дешнаш дала до;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дешнаш дала до.

III-тоба«Седа»- керла элп йистехь долу дешнаш дала до.

5. Сада1аран миноташ.

1.Куьйгаш айдей д1ахотта,

Дехьа-сехьа д1асхьажа!

2.Шен-шен меттахь кхоссало!

Мае вовше новкъало

3.Т1араш тоха-1,2,3!

4. Д1аяьхьайта вайн урок!

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Шарадаш.

Хьалха Т ахь диллахь,

Механ накъост хуьлу сох,

Юххера ца хедаш волу,

Д1ай-схьай и мел леларх.

-Х1ун ю механ накъост? (Тай).

Т - нан метта Ш диллича,

Хуьлу сох кегийра ахча.

-Т элпан меттана ала Ш. Муьлха дош хили? (Шай).

Цуьнан метта С ахь диллахь,

Хир сох акха дийнат

Лелаш долу хьуьнхахь

-Ш элпан метана ала С. Муьлха дош хили? (Сай).

  • Дешнаш дешар ,маь1нех кхетор.

  • Текст ешар,цунна техь болх бар.

7. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Къора ду я зоьвне ду?Далдейша масалш цу элпаца. И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?(татол-река)

9.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду шарадаш талларца дешнийн хазалла , башхаллаш йовза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманаш х1итто. Берашна хуур ду гергара дешнаш довза , церан орам каро.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Хуур ду вовшашца лераме , г1иллакхе хила. Винчу денца совг1атдарца , диканиг дан 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Фонетически зарядка.

- Тракторо болх муха бо? «Тар-тар-тар»


3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай яханчу урокехь Машина хаза совг1аташ гулдинера . Вайна дицделира цуьнан дотт1аг1на совг1ат дахьийта. Цундела тахана Маша еана шен доттаг1чунна и совг1аташ гулдайта. Шу реза дуй цу балхана. Х1ун еза чана ? (моз). Вайна Машас деана т1едахкарш мазах дуьзна шелагаш (бочканаш) ду. Х1ора бочканна т1ехь т1едиллар ду. Шайна оьшучулла схьакъастаде шелагаш. Дийца х1ун болх бийр бу аша тахана?

-Бераш, вай тахана кхин д1а а 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш т,Т дешнашкахь яздан. Предложенеш а язйийр ю вай.

4.Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш т , Т . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш т , Т ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп т ду,х1ара йозанан доккха элп Т ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта суна. Дика ду .

- Масал даладе, т долу дешнаш даладе.

-Тайниг, г1ант- керла элп мичахь ду?

  • Йозанан жима элп т яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо т элпан яздар.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Охьавог1у билгалонна хьаькхначу сизе терра лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш хьалавоьду , лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале гу буьллу. Гу т1ера чувог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарга т1ехула хьалавоьду , лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале гу буьллу, чу вог1у . Кхузахь юьллу техкарг , цунна т1ера д1а тасалург.

-Д1аязде йозанан жима элп т. Хаза язйинчунна бен моз ца ло накхар мозаша .

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп т яздан).

5. Сада1аран миноташ.

1.Куьйгаш айдей д1ахотта,

Дехьа-сехьа д1асхьажа!

2.Шен-шен меттахь кхоссало!

3.Т1араш тоха-1,2,3!

4. Д1аяьхьайта вайн урок!

  • Йозанан доккха элп Т яздар. Уьн т1ехь гойту хьехархочо.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавог1у, лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьрру аг1ор , цу т1ера д1а тасалург. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавог1у, лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьтту аг1ор , цу т1ера д1а тасалург. Техула белхан а , г1онан а мог1анашна юккъехула д1а сиз хьо аьрру аг1ор маь1иг юьллуш.

-Д1аязде и элп шайн тептарш т1е. Хаза язйинунна бенна моз ца дог1у.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш т,Т вовшех хоьттина , дешнашкахь кхечу элпаца а яздар.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту уьн т1ехь).

-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1еми элпаш т , Т яздан).

Йозан тетрадь т1ехь болх бар.(дешнаш яздар)

Тобанашкахь болх.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дешнаш дала до; тайниг-кукла и т.д.

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дешнаш дала до.

III-тоба«Седа»- керла элп йистехь долу дешнаш дала до.

7. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Къора ду я зоьвне ду?Далдейша масалш цу элпаца. Даьккхин вай чана моз? Реза дуй шу балхана?

9.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!



Чулацам : «Аз а, элп а Вв» дешаран 18.11.21

1алашо: мукъаза зевне аз (В) довзийтар , мукъаза элп Вв довзийтар. Элп В юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.


Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза зевне аз (В) , элп Вв . 1емар ду нийса а , шера а элп Вв юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша.


2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.

  • Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха. Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп

  • Вв каро (юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь). Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздар. Берашна 1емар ду дашехь деха а , доца а мукъа аьзнаш довза , хуур ду дешнийн тайп-тайпана маь1наш довза.

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.


3.Личностни: берийн лаам хир бу дешарехь кхиамаш баша. Ненан матте безам кхоллалур бу берийн.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала»

Сайна гинарг хьоьга нийса,

Дада, воллуш ву со дийца:

Цхьа стаг веанера керта,

Т1едуьйхина 1аьржа… (Верта)

- Х1ун аз ду юххьехь?

- Муха олу вай и аз?

Букъ т1ехь даллалц доккха кховр

Хоьхкуш ма ца хуьлу … (Говр)

- Говр. Стенгахь ду В: юьххьехь, юккъехь,йистехь?

Керта бохьуш бецан ц1ов

Ас д1адоьллу тхешан …(ков)

- Ков. Стенгахь ду В: юьххьехь, юккъехь,йистехь?


-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Вайна девзар ду мукъаза зевне аз (В) , элп Вв .

-Х1оттае х1ораммо шена план.Х1ун кхиамаш баха дагахь ду вай?

  • Суна девзар ду…

  • Суна 1емар ду…

  • Аса х1оттор ду…

-Вайна тахана девзар ду мукъаза зевне аз (В) , элп Вв. Вайна 1емар ду дешдакъош деша. Дешнаш деша а 1емар ду вайна. Вай дийцар а х1оттор ду.


4. Мукъаза зевне аз (Б) довзийтар .

  • Абатан 56 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурташ т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(верта,говр,ков)

б) в элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар ва-ав, ву-ув, во-ов, ви-ив, ве-ев,

тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу, муьлхачу –ч1ог1а

г) сурт т1ехь болх бар

Тобанашкахь болх.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу дешнаш дала до;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу дешнаш дала до.

III-тоба«Седа»- керла элп долу ц1ераш лаха.

5. Сада1аран миноташ.

1.Куьйгаш айдей д1ахотта,

Дехьа-сехьа д1асхьажа!

2.Шен-шен меттахь кхоссало!

Мае вовше новкъало.


3.Т1араш тоха-1,2,3!

4. Д1аяьхьайта вайн урок!

  • Дешнаш дешар ,маь1нех кхетор.

  • Текст ешар,цунна техь болх бар.

6. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Къора ду я зоьвне ду?Далдейша масалш цу элпаца. И элп довзарца муьлха дешнаш девзи вайна ?(верта)

7.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!



Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш в , В яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш в , В довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а в , В . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берий алсамдер бу аьзнаш довзар ,церан башхаллаш йийцар. Дешнаш довзар а алсамдер ду берийн. (Дошвошалла девзар ду).Берашна 1емар ду кхоллараллин болх бан (Кластер х1оттор ю вошалла дашна).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берашна дика 1емар ду урокехь лело дезарг . Берашна лаам хир бу г1о оьшучунна г1о дан . 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар. (йозан тетрадь аг1о 31)

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Суна лаьа хелхавала:

Даг чохь болуш вай цхьа бала.

Школехь ду хезаш тата:

Бераша ю етташ.... (Вота)

-Х1ун ю иза ? (Вота).

-Маса дешдакъа ду ВОТА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ВО).

-Муха дешдакъа ду и : диллина я къевлина? (Диллина).

-Шолг1аниг? (ТА).

-Муха дешдакъа ду и : диллина я къевлина? (Диллина).

-Маса элп ду ВОТА дашехь? (Диъ).

-Ала ВВОТА. Муьлханиг ду хьалхара аз? (В).

-Аз (В) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ала ВООТА . Муьлханиг ду шолг1а аз ? (О).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ВОТТА. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Т).

-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза ).

-Ала ВОТАА. Муьлханиг ду доьалг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-ВОТА дашехь аьзнийн цхьанаэдаларш дуй? (Ду ВО , ТА).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).

-Йилла и схема. (Уьн т1ехь болх бо цхьана беро ).

  • Ловзар : «Дог1у дош ала».

Сайга аьлларг до ас дика.

Дада, г1уллакх дан со вига.

Кхоор ма яц сайн ворта,

Дечиг дан ас кечйи … (ворда)

  • -Муьлха аз хеза ВОРДА деша юьххьехь? (В).

  • -Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо и аз? (В элпаца).

  • -Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В . 1емар ду уьш нийса а , хаза а яздан , дешдакъошкахь кхечу дешнех хуттуш яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В довзийтар , яздар.


  • Йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш в ,В. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш в ,В ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп в ду,х1ара йозанан доккха элп В ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В ).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна. Дика ду .


  • Йозанан жима элп в яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо в элпан яздар.

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе , тасалург а юьллуш хьалавоьду белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Хьаьвзаш охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра , лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш аьрру аг1ор вахарца д1акъовлу элп.

  • Х1аваэхь яздо йозанан жима элп в.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан жима элп в.

  • 5. Сада1аран миноташ.

1.Куьйгаш айдей д1ахотта,

Дехьа-сехьа д1асхьажа!

2.Шен-шен меттахь кхоссало!

3.Т1араш тоха-1,2,3!

4. Д1аяьхьайта вайн урок!

  • Йозанан доккха элп В яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор воьрзуш хьалавоьду , хьавзаш , сиз гатдеш . Юха аьтту аг1ор воьду сизах шад беш дехьаволу. Аьтту аг1ор хьалавоьду лакхарчу белах мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш охьавог1у лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , хьаьрк «к1езиг» юьллу ,к1егарволу. Хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш аьрру аг1ор воьдуш д1акъовлу элп В.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан доккха элп В

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Предложени язъяр.

Авалус вота туху.

-Д1аеша предложени. Маса дош ду цу предложенехь? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1аниг? Кхоалг1аниг? Х1оттае предложенин схема. (Бераша схема юьллу , уьн т1ехь йиллинчуьнца нийса хилар толлу).

-Х1ун кхиамш бехи аша ?(Суна 1еми предложенеш язъян).

7. Жам1 дар.

  • В элпах лаьцна байт 1амор.

- Стенах тера ду элп?

Куьзганаш ас «холчу х1иттий»:

Стоьл т1ехь aгlop ирах1иттий,

Ший а ма1а ас д1аяьккхи,

В - элп царах хили т1аккха.

-Муьлха элп ду дуьйцург? (Элп В).

-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

8. Рефлекси.

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Урокан ц1е: «Аз а, элп а Зз»

1алашо: мукъаза зевне аз (З) довзийтар , мукъаза элп Зз довзийтар. Элп З юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.


Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза зевне аз (З) , элп Зз . 1емар ду нийса а , шера а элп Зз юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша.


2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.

  • Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха. Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп

  • Зз каро (юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь). Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздар. Берашна 1емар ду дашехь деха а , доца а мукъа аьзнаш довза , хуур ду дешнийн тайп-тайпана маь1наш довза.

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.


3.Личностни: берийн лаам хир бу дешарехь кхиамаш баша. Ненан матте безам кхоллалур

бу берийн, дин ч1аг1дийр ду.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Фонетически зарядка

- Чуьрко лере йог1ий х1ун олу? ЗЗЗЗЗЗ

  • Ловзар : «Х1етал-метал».

- Мехех дуьззна дийнат? Зу

- Х1ун аз ду юьххьехь?

- Биъ ког ирах а болуш тховх кхозург? (моза)

- З мичахь ду?

  • - Хьуьна уллехь бу цхьа барз,

  • Цу т1ехь буса уг1у – (Борз).

- З мичахь ду?

- Муха олу вай и аз?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Вайна девзар ду мукъаза зевне аз (З) , элп Зз .

-Х1оттае х1ораммо шена план.Х1ун кхиамаш баха дагахь ду вай?

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Вайна тахана девзар ду мукъаза зевне аз (З) , элп Зз. Вайна 1емар ду дешдакъош деша. Дешнаш деша а 1емар ду вайна. Вай дийцар а х1оттор ду.


4. Мукъаза зевне аз (З) довзийтар .

  • Абатан 58 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурташ т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар (зу,моза,борз)

б) з элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар за-аз, зу-уз, зо-оз,зи-из, зе-ез,

тидам бар муьлхачу мукъа элпана хьалха къеда олу, муьлхачу –ч1ог1а

г) сурт т1ехь болх бар (ламазех лаьцна къамел кхиор)

Тобанашкахь болх.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу ц1ераш лоху;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу ц1ераш лоху.

III-тоба«Седа»- керла элп долу дийнатан ц1ераш лаха. (зу,моза,борз)

5. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, д1анисло,

Хиъна 1аш, дег1 лацало.

Болар де шаьш лаьттачохь

(Меллаша: ду вай чохь).

1,2,3,4

1,2,3,4

Дешар т1ехь аш даккха пхиъ

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнаш дешар , маь1нех кхетор.

  • Текст ешар, цунна техь болх бар.

7. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Къора ду я зоьвне ду?Далдейша масалш цу элпаца.

8.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!




Чулацам : « Йозанан элпаш з , З яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш з , З довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а з , З . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берий алсамдер бу аьзнаш довзар ,церан башхаллаш йийцар. Дешнаш довзар а алсамдер ду берийн. (Дошвошалла девзар ду).Берашна 1емар ду кхоллараллин болх бан (Кластер х1оттор ю вошалла дашна).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берашна дика 1емар ду урокехь лело дезарг . Берашна лаам хир бу г1о оьшучунна г1о дан . 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Зу + лам = зулам

- Х1ун аз ду юьххьехь?

- Зулам бохучех муха кхета шу?

  1. 1алашо йовзийтар.

«Кхоъ» ду и тхо бохуш 1ара,

1ехийнарш тхо х1инца лара:

«Кхоъ»дац гушдерг,и З ду,

Хьо ца тешахь, алал «ЗУ»

  • -Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш з ,З . 1емар ду уьш нийса а , хаза а яздан , дешдакъошкахь кхечу дешнех хуттуш яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш з ,З довзийтар , яздар.


  • Йозанан жима а , доккха а элпаш зв ,З яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш з ,З. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш зз ,З ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп з ду,х1ара йозанан доккха элп З ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш з ,З ).

-Массарна девзин шуна? Дика ду .


  • Йозанан жима элп з яздар. (йозан тетрадь аг1о 33)

Уьн т1ехь гойту хьехархочо з элпан яздар.

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе , аьтто аг1ор хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна герга г1ортталц. Кхузахь гу буьллуш ,охьавог1у. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , техкарг а юьллий, лечкъарг т1ехула охьа вог1у лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь шаьш яздинчу сизана т1ера д1а ч1ара буьллу.

- Х1аваэхь яздо йозанан жима элп з.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан жима элп з.

  • 5. Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, д1анисло,

Хиъна 1аш, дег1 лацало.

Болар де шаьш лаьттачохь

(Меллаша: ду вай чохь).

1,2,3,4

1,2,3,4

Дешар т1ехь аш даккха пхиъ

Йозанан доккха элп З яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо.

-Лакхарчу белхан мог1ане кхачале т1адам буьллу лакхахь. Хьаьвзаш мог1анах хьакхалуш охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра аьтту аг1ор. Охьакхочуш хьаьвзаш лахарчу белхан мог1анах кхеташ , аьрру аг1ор д1авоьрзу.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан доккха элп З.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнаш яздар.

  • Предложени язъяр.

- Х1ун еза чанна шен сил дукха?

- Предложени ялае.

Моз мерза ду.

-Д1аеша предложени. Маса дош ду цу предложенехь? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1аниг? Кхоалг1аниг? Х1оттае предложенин схема. (Бераша схема юьллу , уьн т1ехь йиллинчуьнца нийса хилар толлу).

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?(Суна 1еми предложенеш язъян).

7. Жам1 дар.

- Хьанна доьвза х1ара олхазар? Зарзар - соловей

-Муьлха элп ду юьххьехь? (Элп З).

-Х1ун хаьа шуна элпах лаьцна?

8. Рефлекси.

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

- Баркалла,бераш






Чулацам :  Аз а, элп а «Й».

1алашо:  керла аз а, элп а довзийтар, и ша а, цуьнца долу дешнаш а деша 1амор.

Урокан хьесапаш:

1аморан:

  • дешархошна керла элп а, аз а довзийтар;

  •  иэсехь элпан къегина васт кхоллар;

  • элпан дуьззина диллар   шардар;

  • ешаран хьуьнарш шардар;

  • дешнийн аьзнийн анализ яран хаарш кхоллар.

Кхиаран:

  • дешархойн къамел кхиор;

  • сурткхолларан иэс кхиор;

Кхетош-кхиоран:

  • классера дешархойх тоба кхоллар;

  •  уьйртасаран, цхьаьнаг1уллакхдаран хаарш кхоллар; 

  • къамелан г1уллакхдаран кепе санна йозанца йолу юкъаметтиг дикачу аг1ор кхиор;

  • урокан низаман бакъенаш лело 1амор

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду элп Й.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна девзар ду керла дош –Даймохк, цуьнан к1оргера чулацам.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берийн алсам бер бу Даймахке безам , кхоллалур бу Даймехкан дуьхьа кхиамаш баха лаам.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

- Мила ю сурт т1ехь ерг? (Йо1)

- Х1ун аз ду юьххьехь?

  • Фонетически зарядка

- Ц1аьххьана кхеравелча, х1ун олу? (Ой-й!)

- Мичахь ду Й?

3. 1алашо йовзийтар. Ловзар : «Кагделла дош нисде!».

МОХК ДАЙ

-Муьха дош ду иза? (Даймохк).

-Стенах олу Даймохк? (Берийн жоьпаш).

-Муьлханиг бу шун Даймохк? Муьлханиг ю вайн коьрта шахьар? Мила ву вайн паччахь?

-Даймохк – иза хьо вина, хьан да , деда ваьхна мохк бу .Хаза а , хьалдолуш бу вайн Даймохк- Нохчийчоь. Лекха лаьмнаш , шера аренаш , чехка хиш, яккхий хьаннаш-и дерриге ду вайн махкахь.Лаьтта бухара хьалдоккху маьхкадаьтта , хиш ду. Де- дийне мел бели хазлуш бу вайн Даймохк.

-ДАЙМОХК дашехь мича меттехь хеза аз (Й)? (Юккъехь).

-Аз (Й) йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо ? (Йй элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Бераш , вайна тахана т1едилларш даийтина вайнехан ц1енош чохь. Хьанна хаьа шуна царех х1ун олу? (Б1аьвнаш).

-Шена Даймохк дукхабезачо угаре дукха б1аьвнаш яха еза. И б1аьвнаш яха , аша оцу т1ера т1едахкарш кхочушдан деза. Цхьацца б1ав сха а оьцуш шайн белхан план х1отта е. Дийца : х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана?

  • (план х1оттор) Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Вайна тахана девзар ду мукъаза аз (Й) , элп Й. Вайна дешдакъош деша, дешнаш деша а 1емар ду. Вай дийцар а х1оттор ду.


4. Мукъаза зевне аз (Й) довзийтар .

  • Абатан 60 аг1он т1ехь болх бар.

а) сурташ т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар (йохь,тайниг,сай)

б) й элпан меттиг къастор

в) дешдекъош дешар ай ой уй ей яй,

г) сурт т1ехь болх бар

Тобанашкахь болх.

I-тоба «Малх»-керла элп юьххьехь долу ц1ераш лаха;

II-тоба «Серло»- керла элп юккъехь долу ц1ераш лаха.

III-тоба«Седа»- керла элп доцу ц1ераш лаха.

5. Сада1аран миноташ.

Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.

- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало (бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).

Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту. Шена т1аьхьа байташ ала олу берашка хьехархочо:

«Tlyт1!» - олуш, поездо

Шен вагонаш такхайо.

Чу - чу - чу - чу - чу - чу,

Геннауьш д1аюьгур ю.

Баьццара вагонаш

Уьду, уьду уьду.

Яккхий горга чкъуьргаш

Керча, керча, керча..

6. 1амийнарг т1еч1агдар.

Дешнаш дешар ,маь1нех кхетор.

  • Текст ешар, цунна техь болх бар.

7. Урокан жам1 дар.

Бераш,вайна тахана урокехь керла х1ун хии?

Муьлха элп девзи? Мукъа я мукъаза ду иза? Далдейша масалш цу элпаца.

8.Рефлекси.

  • Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок………………

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза………..

-Юха урокехь х1ун луур дара шуна?Шуна луург кхочушдан хьовсур дукха вай.

Вайн таханлера урок чекхъели, сунна шуьца болх беш ч1ог1а хазхийтира, Дела реза хуьлда !

Баркалла массарна а!





Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш й ,Й яздар». 11.11.21

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш й ,Й кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а й ,Й. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берий алсамдер бу аьзнаш довзар ,церан башхаллаш йийцар. Дешнаш довзар а алсамдер ду берийн. (Дошвошалла девзар ду).Берашна 1емар ду кхоллараллин болх бан (Кластер х1оттор ю вошалла дашна).

Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берашна дика 1емар ду

урокехь лело дезарг . Берашна лаам хир бу г1о оьшучунна г1о дан .

1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Йоьхна предложени нисъяр.

Беза , Даймохк , суна.

-Хьанна хуур дара и предложени маь1ница нисъян. Хьанна беза ? (Суна)

-Дуьххьарлера дош муьлха ду? (Суна).

-Х1ун до ? (Беза).

-Шолг1а дош? (Беза).

-Х1ун беза? (Даймохк).

-Хьан эр яра предложени д1а?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайна тахана т1едилларш даийтина вайнехан ц1енош чохь. Хьанна хаьа шуна царех х1ун олу? (Б1аьвнаш).

-Шена Даймохк дукхабезачо угаре дукха б1аьвнаш яха еза. И б1аьвнаш яха , аша оцу т1ера т1едахкарш кхочушдан деза. Цхьацца б1ав сха а оьцуш шайн белхан план х1отта е. Дийца : х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш й, Й. Шуна 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь кхечу элпех хоьттина а , дешнашкахь яздан .

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш й , Й довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш й , Й яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш й , Й . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш й , Й ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп й ду,х1ара йозанан доккха элп Й ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш й , Й).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

  • Йозанан жима элп й яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп й яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е . Билгаллона мог1ане терра охьавог1у . Лахарчу белхан мог1ане кхочуш техкарг юьллуш аьтту аг1о хьалавоьду. Лечкъарг т1ехула охьавог1у. Лакхарчу белхан мог1ане кхочуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг . Т1ехула техкарг юьллу.

-Д1аязде и элпаш шайн тептарш т1е.

5. Сада1аран миноташ.

Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.

- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало (бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).

Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту. Шена т1аьхьа байташ ала олу берашка хьехархочо:

«Tlyт1!» - олуш, поездо

Шен вагонаш такхайо.

Чу - чу - чу - чу - чу - чу,

Геннауьш д1аюьгур ю.

Баьццара вагонаш

Уьду, уьду уьду.

Яккхий горга чкъуьргаш

Керча, керча, керча..

  • Йозанан доккха элп Й яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элпаш яздан. Тептарш т1ера мог1анаш д1аязбо бераша).

-Уггаре хаза яздинчу элпашна буха сиз хьакха. Хьан яздина гуттара хаза элпаш? Хьанна беза хуур ду Даймохк массанчул ч1ога? Д1ало цунна б1ов.

  • Х1етал-металш

Х1етал-метал хаийла хьуна:

К1айн шаршу т1ера х1ун буьртигаш?(Йоза) .

Ц1а чохь ца гушъерг? (Йовхо)

Муьлха дешнаш хили шун? (Йоза, йовхо).

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Дешнийн юьххьехь ду Й элп).

6. 1амийнарг т1еч1агдар.

  • Йозанан доккха а , жима а элпаш дешнашкахь яздан 1амор.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Йоза , йовза , йист , Йисита , Йисама.

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан яьккхи б1ов?

  • Кхолараллин болх.

-Бераш , б1аьвнаш чу д1алевчкъина ду дешнаш. Уьш ду вайн Даймехкан хазаллех лаьцна. Караде уьш.

-Муьлха дешнаш карий шуна? (Нохчийчоь, Г1ала, Даймохк).

  • Кхоллараллин болх. Кластер ДАЙМОХК х1оттор.

(Берашка д1ало листаш , т1ехь яздина Даймохк долуш ,Д1аймехкан хазалла гойтуш долу , кхин цхьацца х1ума гойтуш долу суьрташ. (Ч1ирдиг, паччахь, терк , сискал, маьждигаш , акхарой, маймалш).Берашна хаа деза уьш Даймахках лаьцна дерш схьахаржа, Даймехканца дог1уш дерш гича,Даймохк дош хьалаайде.

-Х1унда хаьржина аша и суьрташ? Муьлханаш гина шуна шайна оцу х1уманех вайн Даймахкахь? Мичахь ду аша латийна маьждиг? Мичахь ду Терк? (Иштта болх бича берашна 1емар ду проекташ ян).

7. Жам1 дар.

  • Й элпах лаьцна байт 1амор.

-Стенах тера ду элп?

Шина уьнна т1ехь

Пурх т1етоьхна кхоалг1а .

Цу т1ехула хьоза хьаьвзи,

Хьажал хьайна и элп девзи.

-Муьлха элп ду и? Муьлха аз билгалдо Й элпо? Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Хьан ехи угаре дукха б1аьвнаш?

Хьанна беза угаре ч1ог1а Даймохк?

Х1ун кхиамаш бехи аша?




Чулацам :  Аз а, элп а «К». 12.11.21

1алашо: мукъаза къора аз (К) довзийтар , мукъаза элп Кк довзийтар. Элп К юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (К) , элп Кк . 1емар ду нийса а , шера а элп Кк юкъадог1у дешнаш деша, предложенеш еша.


2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.

  • Познавательни: Берашна 1емар ду къастийначу х1уманна цуьнан дар билгалден дешнаш каро . Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр.

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.


3.Личностни: берийн алсамбер бу къинхьегаме , луур ду махкана пайдениг дан. 1аламе безам а кхоллалур бу берийн.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!


Ч1ирдиг ц1ехьашха самавели

Хьалаг1етти д1анисвели.
Юьхь цо йили , куьг ц1анди,

Дешархочун г1ирс кечби.

Хазахеташ , воккхийвеш

Школан керта схьакхечи.

Дика деша нигат ди,

1амийнарг цо д1адийци.


-Хьанна лаьа Ч1ирдиг сана хила? Тидам бел кийча буй шун дешархочун берриге г1ирс?

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар :«Дог1у дош ала».

Хууш ву со шело юй,

Лела бо ас бовха …. (куй)


-Х1ун ду цуьнан юьххьахь? (Берийн жоьпаш)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду элп Кк )

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла абатан 62-г1а аг1о. Абатан аг1онна т1ехь ялийначу материалан тидам бе.

-Х1ун 1амор ю хьалхара ойла а еш план х1отта е.

  • Суна девзар ду керла элп…

  • Суна хуур ду дешдакъош деша..

  • Суна хуур ду дийцар х1отто

  • Суна 1емар ду предложенеш еша.

-Вайна тахана девзар ду аз (К) , элп Кк. Шуна 1емар ду дешнаш , дешдакъош , текст а еша.

4. Мукъаза къора аз (К) , элп Кк довзийтар.

  • Мукъаза къора аз (К) дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь довзийтар.

  • Ловзар: Х1етал-металш

- Декаш г1ар до, г1овг1анца стигал хьаладоьду? (кема)

-Х1ара х1ун ю? (кема)

-Маса дешдакъа ду дешан? (шиъ)

- Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (К) хеза)

-Ала ККК . Аз (К) мукъа ду я мукъаза ду? (Аз (К) мукъаза ду)

-Х1унда? (Иза ца лакхало)

-Лог т1е куьг а диллий ала КК. Аз (К) зевне ду я къора ду? (Къора ду)

-Муьлхачу басца билгалдаьккхина и схеми т1ехь? (Сийначу)

Ша дезийта хаьа цунна,

Т1ахъаьлла ду аьрзу санна,

Мало ца еш, каде, чехка

Писус лоцу шена...(Дахка).

-Х1ара х1ун ю? (Дахка)

-ДАХХКА дашехь мича меттехь хеза аз (К) ? (Дешан юккъехь)

-Маса дешдакъа ду ДАХКА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (Дах)

-Шолг1а? (Ка)

-Х1ун стом бу со,боьвзи хьуна?!

-Х1ара х1ун ю? (Туьрк ю)

-Маса дешдакъа ду ТУЬРК дешан? (Цхьаъ)

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду элп Кк )

  • Элп Кк довзийтар.

Х1ара зорбанан доккха элп К ду. Х1ара зорбанан жима элп к ду.

-И ши элп цхьатера ду я тайп- тайпана ду?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • К элпах лаьцна байт 1амор.

Котам ю цецъяьлла екаш:

Куьйра д у к1орнешиа тебаш.

Каметас, д1айовдий ,чехка,

Кегийнаш д1а дехи къайла.

Каметас, и-котам 1ехош,

Куьйраниа топ кхуссу, кхерош

-Ала муьлха аз ду дуьйцуш дерг?

-Гайта масара элп Кк шайгара карточкашна юккъехь. (Бераша гойту)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

  • Кк элпаца дешдакъош х1иттош , уьш дешар.

Ка-ак ку-ук ко-ок ки-ик ке-ек

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Дешнаш дешар.

  • Абат т1ера д1адоьшу дешнаш,маь1нех кхетор

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

6. Сада1аран миноташ.

- Н1аьна, н1аьна, т1илдиг-н1аьна,

Тхуна г1одан хьо ца яг1ахь,

Куьйра хьийза стиглахь д1а-а

Дерриг к1орнеш д1адаьхьна,

Дуьтур ду цо, доцуш цхьа.

-Иштта делахь, йог1ур ю:

Пиллиг-т1емаш даржийна,

Еха з1ок сайн ирйина,

Ямарт куьйра дукха сиха

Кертал араэккхада!

7. Дийцар х1оттор.

-Х1ара х1ун ? (Кемсийн беш ю).

-Х1ун кхуьу кемсийн бешахь ? (Кемсийн бешахь кемсаш кхуьу)

-Стенга дахана бераш? (Бераш кемсийн беша дахана)

-Цара х1ун до? (Цара кемсаш чуерзайо)

-Стенна оьшу кемсаш? (Кемсех йо варенеш . компоташ)

-Кемсаш ч1ог1а могашаллина пайдехь ю. Цаьрца ду вайн кийранна оьшу витаминаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

8. Дийцар дешар.

  • Массара цхьана д1адоьшу дийцар.

  • Дагахь х1ораммо ша-ша доьшу дийцар.

  • Кхетош д1адоьшу дийцар.

-Д1аеша хьалхара предлошени. Стенга дахара бераш? (бераш кемсийн ара дахара)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муха бара кемсан кан? (Кемсан кан хаза бара)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Муха дара кемсийн мутт? (Кемсийн мутт дика дара)

-Стенах лаьцна ю и предложенеш? (Кемсах)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша царна? (Кемсаш)

-Д1аеша юха а .

  • Кица таллар.

-Д1абеша уьн т1ера мог1а.

Вина мохк мазал мерза бу.

-Х1ун ю иза? (Предложению )

-Вуьштта аьлча иза кица ду. Кица иза наха шайна зеделлачух лаьцна аьлла хьекъале дешнаш ду. Кицанан маь1на хуьлу. Цо адамана диканиг хьоьху.

-Муха кхета шу цунах? Муьлханиг бу шун мохк? (Нохчийчоь)

- Мазал мерза х1унда бу вина мохк? (берийн жоьпаш)

-Вина мохк- иза хьуна гергара бу, хьан да – нана санна. Да-нана хьуна хьоме ду, цундела вина мохк а хьоме бу. Массо а адам декхарийлахь ду шен мохк лара , бовза , ларбан.

Къастийначу суртана дар билгалден дош лахар.

-Х1ара мила ю? (йо1)

-Х1ун дира йо1а? (Йо1 едира).

-Х1ун ю аша аьлларг? (Предложени).

-Стенах лаьтта предложени ? (Дешнех).

-Муха йолайо предложени? Х1ун юьллу чаккхенга?

-Х1ара мила ву? (К1ант).

-К1анта х1ун дира? (К1ант ведира).

-Х1ара х1ун ю ? (Цхьогал).

-Цхьогало х1ун дира ? (Цхьогал дедира).

9. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна тахана? (Аз (К) )

-Аз (К) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза ду)

-Зевне ду я къора ду? (Къора)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (К) ? (Кк элпаца)

10. Рефлекси.

Х1ун кхиамаш бехи аша?

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш к , К яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш к , К довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а к , К. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна девзар ду цхьа маь1на долу дешнаш (Синонимаш).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берийн алсам бер бу Даймахке безам , кхоллалур бу Даймехкан дуьхьа кхиамаш баха лаам.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар «Дог1у дош ала»

Мох кхетийта, бераш.

Ас д1адоьллу.... (Кораш)

-Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (К).

- Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?

-Аз (К) йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо? (К элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

  • Грамматически арифметика .

-Бераш , вай х1инца грамматически арифметика йийр ю. Мила ву тидаме?

КИ + ц1ийнан маь1иг =? (Киса)

К + лазар деача тухург =? (Ков)

К + бепиг, кхийолу х1ума хадош болу г1ирс =? (Курс)

-Х1ун ду оцу дешнийн юкъара? (Царна юьххьехь элп Кк ду).

-Х1ун 1амор ду вай тахана?

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш к, К довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш к , К яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш к , К . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш к , К ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп к ду,х1ара йозанан доккха элп К ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш к , К).

-Массарна девзин шуна?

  • Йозанан жима элп к яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп к яздан).

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиза т1ехула юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш хьалавоьду , хьалакхочуш гу буьллу. Ручка юьллу юккъе , цу т1ера охьа г1ант дуьллу , техкарг , цу т1ера д1а тасалуриг.

- -Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.

5. Сада1аран миноташ.

Х1инца, бераш, хьалаг1овта,

Куьгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор,

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Йозанан доккха элп К яздар.

-Лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе т1адам буьллу. Кхузахь юьллу ира тасалург. Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Д1авоьрзу аьрру аг1ор , шад беш мог1анна юккъех дехьаволу ,хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь охьахьаьвза кеззиг. Ручка элпан юккъе юьллу, цу тера охьа г1ант дуьллу , техкарг , цу т1ера д1а тасалург.

-Д1аязде и мог1анаш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

  1. Жам1 дар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

- Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?

-Аз (К) йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо? (К элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

  1. Рефлекси.

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…









Чулацам : «Мукъаза къора аз (П) , элп Пп »

1алашо: мукъаза къора аз (П) довзийтар , мукъаза элп Пп довзийтар. Элп П юкъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор.


Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (П) , элп Пп . 1емар ду нийса а , шера а элп Пп юкъадог1у дешдакъош , дешнаш деша.


2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду хьалххе дуьйна шайн белхан кхиамашка кхача, уьш ган. Берашна 1емар ду шаьш х1оттийна планан рог1алла а ларъеш дешарехь кхиамаш баха.

  • Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха. Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Пп каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берийн алсамбер бу тидаме хилар , ойлаяр. Керла дешнаш а девзар ду (поп, баппа)

  • Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, 1емар ду вовшашца къамеле довла. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан. Шайн накъосташка ладог1а, шайна хетарг ала.


3.Личностни: берийн ч1аг1лур бу доттаг1алла лело лаам. 1аламе безам ч1аг1лур бу.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

Ву со дика деша дагахь,

Дала сайна г1одахь, нагахь,

К1адо йоцуш, мало йоцуш,

Сайна хьоьхург даг чу лоцуш,

Доггах 1илманна т1етаь1на,

Коргга къастош дешнийн маь1на!

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».

-Х1етал-метал хаийла хьуна:

Вайн хийистера баьццара бохча? (Пхьид)


Даьтт1а балда, даккхий лергаш.

Синтеме яц, еш ю терго

Цунна санна дезац дахар.

Х1ун ю иза… (Пхьагал).


-Муьлха х1умнаш ю х1етал-металш т1ехь юьйцурш? (Пхьид , пхьагал).

-Х1ун ду церан юкъара? (Оцу дешнашна юьххьехь хеза аз (П)).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (П) йозанехь? (Пп элпаца).


3. 1алашо йовзийтар.

(Хьехархочо гечдо баьццарчу байнан сурт .Цу т1ехь ду хаза зезагаш.Цо хоуьйту берашна и бай берий хилар . Олу и бай хазбан безаш хилар . Хаттарш ло : х1ун т1е оьшу цу байна? Бераша олу : «Полларчий оьшу» - олий. Хьехархочо д1ахоуьйту , бераша дика болх бина даьхна полларчий вайн бай т1е леториг хилар и бай хазбан).

-Бераш , вайна таханлера т1едахкарш деана полланан суьрташ чохь. Шуна хазахетий полларчий? Шайна дезачулла схьаэца. Х1ора полланна т1ера т1едилларе а хьовсуш , шайна балун болу болх билгалбаккха . Ала , х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?


4. Мукъаза къора аз (П) , элп Пп довзийтар.(Абатан аг1о 64)

  • Мукъаза къора аз (П) дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь довзийтар.

-Х1ара х1ун ю? (Полла)

-Алал ПОЛЛА. Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (П) хеза)

-Ала ППП, Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)

-Лог т1е куьг адиллий ала ПП . Аз (П) зевне ду я къора ду? (Къора)

Тидам бе схеми т1ехь х1ун бос бу (П) аз билгалдечу еък1овн? (Сийна)

-Маса дешдакъа ду ПОЛЛА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (ПОЛ)

-Шолг1а? (ЛА).

-Х1ара х1ун ю?(Берийн жоьпаш)

-Х1ара зезагийн цхьа тайпа ду .БАППА олу зезаг ду.

-БАППА дашехь мича меттехь хеза аз (П)? (Дешан юккъехь)

-Маса дешдакъа ду БАППА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (БАП)

-Шолг1аниг? (ПА)

-Х1ара х1ун ю? (Топ)

-ТОП дешан мича меттехь хеза аз (П)? (Чаккхенгахь)

  • Элп Пп довзийтар.

-Х1ара зорбанан доккха элп П ду. Х1ара зорбанан жима элп п ду. Стенах тера ду элп П?

-И ши элп цхьатера ду я тайп- тайпана ду?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи керла элп а, аз а Пп.

  • Суна хии аз (П) мукъаза къора аз хилар.

  • Суна девзи мукъаза къора аз (П) , элпаш Пп.

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

  • Пп элпаца дешдакъош х1иттош , уьш дешар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.

6. Дешнаш дешар. Абат т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю ПОП? (Берийн жоьпаш)

-ПОП иза диттан тайпа ду.

-Маса дешдакъа ду ПОП дешан ? (Цхаъ )

-Д1адша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПОППАР дешан? (Шиъ )

-Муьлханиг ду хьалхара? (ПОП)

-Шолг1аниг? (ПАР)

-Д1адша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ПАЗАТ дешан? (Шиъ )

-Муьлханиг ду хьалхара? (ПА)

-Шолг1аниг? (ЗАТ)

-Д1адша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ДАХКА дешан? (Шиъ )

-Муьлханиг ду хьалхара? (ДАХ)

-Шолг1аниг? (КА)

6. Сада1аран миноташ. Поезд

Вайн поезд д1абоьду,

Чкъургаш керчайо.

Поезд чохь д1адоьлхуш

Кегий бераш го.

Генна шаьш д1адоьлхуш

Дегнаш ийало.

- Сацийта! Соцунг1а ю!

Мила ву ловза лууш?

Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан ц1азамашлехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту.

7. Дийцар х1оттор.

-Муьлш бу суьрта т1ехь? (Падам, Адам)

-Муьлш бу Адам , Падам вовшийн? (Адам , Падам доттаг1ий ду)

-Цара х1ун до цхьаний? (Уьш цхьаний ловзу)

-Пису муха ловзу? (Пису хаза ловзу)

-Шун хьенан ду цициг? Муха кхаба деза цициг? (Берийн жоьпаш)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Аса дийцар х1отти.

8. Дийцар дешар , цунна ц1е тиллар.

  • Массара цхьана д1адоьшу дийцар.

  • Дагахь х1ораммо ша-ша доьшу дийцар.

  • Кхетош д1адоьшу дийцар.

-Д1аеша хьалхара предложени . Стенга бахара бераш? (Бераш ловза дахара)

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун яхара цаьрца ловза? (Пису а дахара ловза)

-Д1аеша кхоалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Со ведира)

-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Пису а дедира)

-Д1аеша йоьалг1а предложени . Муха доду Пису? (Пису доду масса)

-МАСА боху дош кхечу дашца муха эр дара? (Чехка)

-Д1аеша т1аьххьара предложении. Муха левзира Пису? (Пису хаза левзира)

-Х1ун яра аша ешнарш? (Предложенеш)

-Стенах лаьцна яра уьш? (Писух , ловзарх)

-Текст ала мегар дуй царех ? (Ду)

-Х1унда? (Уьш маь1ница йозаелла ю)

-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна? (Берийн жоьпаш)

Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дийцар деша.

9. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна тахана? (Аз (П) )

-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза ду)

-Зевне ду я къора ду? (Къора)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (П) ? (Пп элпаца)

10. Рефлекси.

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша?



Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш п , П яздар». 18.11.21

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш п , П кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а п , П. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.Берашна хуур ду адамийн ц1ераш , дийнаташна техкина ц1ераш даккхийчу элпашца яздан.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх , дикачунца доза , дикачу аг1ор дерзо. Ненан матте безам и 1амо лаам хир бу. Берийн лаам хир бу 1алам хаздан.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар

  • П элпах лаьцна байт 1амор.

Полла боьду т1ема баьлла,

Падам цунна т1аьхьаяьлла:

  • Полла, полла! Хьуна хезий?

Парг1ат вайша цхьаьна ловзий

-Ала муьлха аз ду дуьйцуш дерг?

-Гайта масара элп Пп шайгара карточкашна юккъехь. (Бераша гойту)

- Муха аз ду и? Къора ду я зевне?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

3. 1алашо йовзийтар.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)

-Вайна девзар ду аз а , элп а Пп

-Х1ун 1амор ду , ойла а еш, план х1оттае.

  • Суна девзар ду керла элп…

  • Суна хуур ду нийса яздан..

  • Суна 1емар ду предложени язъе.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш п, П довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш п , П довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш п , П . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш п , П ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп п ду,х1ара йозанан доккха элп П ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш п ,П).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

  • Йозанан жима элп п яздар.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1ане. Билгалонна деллачу сизах пайда а оьцуш охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиха т1ехула. Хьалакхачале гу а буьллуш , лакхарчу белхан мог1анах хьакхалуш охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг юьллу.

  • Элп п х1аваэхь диллар.

  • Йозанан жима элп п дешдакъошкахь кхечу элпех хоттар.

Уьн т1е д1аяздеш гойту хьехархочо , муха хота деза п элп кхечу элпех.

-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е. Уггаре хаза диллинчу элпана т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан жима элп п дешдакъошкахь кхечу элпех хоттар.

Уьн т1е д1аяздеш гойту хьехархочо , муха хота деза п элп кхечу элпех.

па - ап по - оп пу - уп пи - ип.

-Д1аязде и дешдакъош тептарш т1е. Диц ма де : полларчий лур дац хаза язйиначунна бенна.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешан схеманаш х1иттор. Ловзар : «Х1етал-металш».

Моллин коьртахь даим

Гур ю шуна со.

Е -нах И а хуьлуш,

Хийцалой цхьа элп,

Цхьанна оьуш воцу,

Стаг хуьлу сох пайдабоцу. (Пес - пис)

-Х1ун хуьлу моллин коьртахь? (Пес).

-Е элпан метана И диллича х1ун хуьлу? (Пис).

-Муха кхета шу ПИС дашах? (Берийн жоьпаш).

-Бераш , аша оцу шина дешан схеманаш х1итто еза.

1-ра тоба -аша х1оттайо ПЕС дешан схема.

2-г1а тоба –аша х1оттайо ПИС дешан ссхема.

(Хьехархочо таллам беш , бераш девллачул т1аьхьа уьн т1ехь х1иттайо схеманаш. Бераша нисдо г1алаташ , нагахь делахь).

Ц1

С


С

Ц1

С


С


-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулдина дукха полларчий?

5. Сада1аран миноташ. Поезд

Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту. Шена т1аьхьа байташ ала олу берашка хьехархочо:

6. Йозанан доккха элп П яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь яздо йозанан доккха элп П яздар.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у ,лахарчу белхан моганна т1е кхачале аьрру аг1ор хьаьвзаш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра раз. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг.

Белхан мог1анна , г1ьнан мог1анна юккъехула маь1иг йолу сиз яздо деха.

-Х1инца аса д1а а олуш , аша д1аяздо шайн дагара и элпаш. (Хьехархочо ша д1а а олуш д1аяздо и элпаш тептарш те элпаш П , Т).

-Муьлха элпаш ду аша яздинарш? (Элпаш П, Т).

-Х1ун ду цхьатера? Х1ун ду тайп-тайпана?

-Д1аязбе шайн тептарш т1ера мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьанна дог1у полларчий?

  • Дешнашкахь элп п яздар. Йозанан тетрадь т1ехь болх бар.

7. Жам1 дар.

  • П элпах лаьцна байт 1амор.


Элпах Хьуьстиг кхозавелла,

Турник ю и моттаделла.


-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Пп).

-Стенах тера ду и элп? (Турниках).

-П элпо муьлха аз билгалдо? (П).

-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).Къора ду я зевне?

Муьлха дош ду шуна ца девзаш дерг? (Баппа).

-БАППА –иза орамтийн цхьа тайпа ду .

8. Рефлекси.

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина уггара дика болх вайн бай хазбан?

















Чулацам : «Мукъа аз (Э) , элп Э» .

1алашо: мукъа аз (Э) довзийтар, элп Ээ довзийтар. Элп Ээ дешан юьххьехь, юккъехь , чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашан девзар ду мукъа аз (Э) ,элп Ээ. 1емар ду нийса а , шера а элп Ээ юкъадог1у дешнаш деша.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а.

  • Познавательни: берашна 1емар ду элп Ээ юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь элпа а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна. Берашна хуур ду дийнаташна техкина ц1ераш даккхийчу элпашца язъеш хилар.

3. Личностни: берийн лаам хир бу ц1еран дийнаташ 1алашдан. 1аламе безам а кхоллалур бу.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал –металш»

Хье т1ехь йоллуши антенна,

Ша ю хиъна и чу ц1енна.

Шена т1ехь и леладо,

Дукха партал йолало?

Букъ т1ехь ма1аш лелош ер г? (Этмаь1иг)


Башха бел адамо йина,

Яц и товш,ю букъ сеттина,

Латта ахка цуьнга ала, -

Б1е белан и метта лела? (Экскаватор)

- Экскаватор, этмаь1иг- мульха аз ду юьххьехь? (Аз (Э) хеза оцу дешнашна юьххьехь)

- Муха олу вай и? Х1ун эрадара аша цу элпах лаьцна?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду аз а, элп а Ээ)

3. 1алашо йовзийтар.

  • Э элпах лаьцна байт 1амор.

Секха1ад сайн караэцна,

Талла ваха со, ког хецна.

1ад ас дуьйли, озош пха,

И-м ца бели меттах а.

Соьгахь хилларг Э элп хилла,

Дира суна цо и х1илла.

-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Э элп).

-Стенах тер аду и элп ? (Секъа1одах).

-Х1ун ю секъа1ад? Х1ун хаьа шуна Ээ элпаз лаьцна?

Х1ун 1амор ю хьалхара ойла а еш план х1отта е.

  • Суна девзар ду керла элп…

  • Суна хуур ду дешдакъош деша..

  • Суна хуур ду дийцар х1отто

  • Суна 1емар ду предложенеш еша.

-Вайна тахана девзар ду аз (Э) , элп Ээ. Шуна 1емар ду дешнаш , дешдакъош , текст а еша.

4. Керла элп Ээ, аз (Э) довзийтар

  • -Д1аелла абатан 66-67-г1а аг1онаш. Абатан аг1онашна т1ехь ялийначу материалан тидам бе.

Х1инца божал дац тхан деса:

Атто дина тхуна… (эса)

-Х1ара х1ун ю? (Эса)

-Ала ЭЭСА . Муьлха аз хеза ЭСА дешан хьалхахь? (Аз (Э) хеза).

-Ала ЭЭ. Аз (Э) мукъаза ду я мукъа ду? (Мукъа)

-Х1унда? (Иза лакхало)

-Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь? (Ц1ен)

-Маса дешдакъа ду ЭСА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (Э )

-Муьлханиг ду шолг1а? (СА)

Цхьана дийнахь хи ца мелча,

Хьо ца мега, со магац.

Цхьана к1ирнах, шина к1ирнах

Хи цахиларх и кхерац.

Буц ца хилча, дуу к1охцалш,

Мерзий, чаьмзий къестадац.

Мел беха а некъ бан дезарх,

Г1елъелла и к1елйисац.

Букъ т1ехь цуьнан 1уьллу боккха

Ирахбахна ши дума.

Г1алахь хьо зверинце вахнехь,

Хир ю хьуна и гина.

Оьг1азъяхча, туху туйнаш:

Хичаш цунна ахь ма е...

Хьайна дийна гина яцахь,

Кинохь иза тергалъе. (Эмкал) (Хь. Саракаев)

-Х1ун ю цу т1ехь юьйцург? (Эмкал).

-Муха хиира шуна иза? (Букъ т1ехь ши дума бу , к1охцалий дуу, хи ца мелчи мега.

Иштта х1умнаш эмкалца ду).

-ЭМКАЛ дашехь мича меттехь ду аз (Э)? (Юьххьехь)

-Маса дешдакъа ду ЭМКАЛ дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (Эм)

-Шолг1а ? (КАЛ)

  • Элп Ээ довзийтар.

(Бераша шайгахь долчу карточкаш юкъахь лоху элп Ээ)

-Гайтал массара элп элп Ээ.

-Х1ара зорбанан доккха элп Э ду, х1ара зорбанан жима элп э ду. И ши элп цхьатера ду я тайп -тайпана ду?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи керла элп Ээ.

  • Элп Ээ юкъадог1у байт 1амор.

Эса лаьтта нанна 1оьхуш,

Эми лела иза лоьхуш.

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

  • Ээ элпаца дешдакъош кхоллар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)

  • Ээ элп юкъадог1у дешдакъош дешар.

(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)

ЭВ ЭМ ЭТ ЭС

6. Дешнаш дешар.

  • Абат т1ера д1адоьшу дешнаш,маь1нех кхета беш.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

  • Суна 1еми дешнаш деша.

7. Сада1аран миноташ.

Х1инца бераш хьалаг1овта,

Куьйгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор,

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.

8. Дийцар х1оттор.

-Стенгша дахана бераш? (Бераш ферме дахара)

-Х1ун ю фермехь? (Фермехь ду бежнаш а , эсий а)

-Хьан 1алашдо эсий? (Эмис эсий 1алашдо).

-Цо царна х1ун ло? (Цо царна йол ло)

-Хьан ло эсашна хи? ( Эдалхас эсана хил о)

-Муха бераш ду уьш? (Дика)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дийцар х1отто.

9. Дийцар дешар.

  • Массара цхьана д1адоьшу дийцар.

  • Дагахь х1ораммо ша-ша доьшу дийцар.

  • З1енаца ешар.

-Стенах лаьцна ду дийцар? (Эсанах)

-Хьан ло эсана а , аттана а хи ? (Эмис эсана а , аттана а хи ло)

-Стен йоу сийна йол? (Эсо йоу сийна йол)

-Муха ду эса ? (Эса хаза ду)

  • Караде сурт.

  • «Эса» дийцар дешар.

-Х1ун ю дийцаран ц1е? (Эса)

-Стенах лаьцна хир ду и? (Эсанах)

-Д1адеша массара дийцар. -Эса муха ду? (Эса эсала ду)

-Х1ун бос бу цуьнан? (Иза сира ду)

-Муха ловзу эса? (Эса хаза ловзу)

-Х1ун до эсано? (Эса доду)

-Х1ун элира Эдас эсах? (Эдас эсах Мими элира)

-Х1унда яздина МИМИ доккхачу элпаца? (Берийн жоьпаш)

-Мими эсана тиллина ц1е ю . Дийнаташна техкина ц1ераш даккхийчу элпашца язйо)

10. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна? (Тхуна девзира аз (Э))

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Э)? (Ээ элпаца)

11. Рефлекси

- Чекхъяккха предложенеш

  • Суна урок…

  • Тахана суна урокехь хиира…

  • Ас тахан бинчу балхана со реза…

-Х1ун кхиамаш бехи аша?














Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш э , Э яздар». 19.11.21

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш э , Э довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а э , Э. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.Берашна девзар ду тайп-тайпана эскарш, церан декхарш . Берийн мотт шарлурбу , дешнаш довзар хир ду.

  1. Личностни: берийн лаам хир бу дийнаташ 1алашдан. 1аламе безам а кхоллалур бу. Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Х1етал-метал.

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Хье т1ехь йоллу ши антенна,

Ша ю хиъна и чу ц1енна.

Шена т1ехь и леладо,

Дукха партал йолало? (Этмаь1иг).

  1. 1алашо йовзийтар.

- Стенах олу – этмаь1иг?

- Х1ун аз ду юьххьехь?

-Х1ун дийр ду аьлла хетта шуна вай х1инца?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш э ,Э. Шуна 1емар ду хаза а , дика а элпаш э ,Э ша-ша , дешдакъошкахь , дешнашкахь яздан. Шу кийча дуй?

4. Йозанан , жима а , доккха а элпаш э , Э довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш э ,Э довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш э ,Э . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш э , Э ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп э ду,х1ара йозанан доккха элп Э ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш э ,Э).

  • Йозанан жима элп э яздар.

Хьехархочо уьн т1е д1аяздо , берашна гойтуш.

-Лакхарчу белхан мог1ане кхачале т1адам буьллу лакхахь. Хьаьвзаш мог1анах хьакхалуш охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра аьтту аг1ор. Охьакхочуш хьаьвзаш лахарчу белхан мог1анах кхеташ , аьрру аг1ор д1авоьрзу. Хьалаойбу ручка. Юккъе х1оттайо ручка , яздо доца сиз.

  • Х1аваэхь яздо элпаш.

  • Тептар т1ера д1аяздо элпаш.

-Хьан яздина гуттара хаза. Цунна лур вай кема ? Гайта шайн болх. Воон болх бинарг кхузахь 1ад а витина г1ур ду вай кхин д1а. Иза шена хаза яздан 1емича т1аьхьавог1ур ву.

  • Дешдакъошкахь элп э кхечу элпех хоттар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту э элп кхечу элпех хотар.

эв эм эт эс

-Бераш , хьан кхуллур дара и дешдакъош юкъахь долуш дешнаш?

ЭВ… (ЛА) , ЭМ…(КАЛ) , ЭТ…(КА) , ЭС…(КАР).

-Х1инца жимма садо1ур ду вай.

5. Сада1аран миноташ.

Х1инца бераш хьалаг1овта,

Куьйгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор,

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.

6. Керла элпа довзарехь кхин д1а а болх д1абахьар.

  • Дешнашкахь элп э яздар.

  • Элп Ээ юкъадог1у байт 1амор.

Эсилина деша лаьа,

Элпаш яздан цунна хаьа.

-Хьанах лаьцна ю и байт?

- Эсила. Х1ун аз ду юьххьехь?

- Э доккха х1унда яздина?

  • Йозанан доккха элп Э яздар.

Хьехархочо уьн т1е д1аяздо , берашна гойтуш.

-Шина белхан мог1ане юккъе кхачале т1адам буьллу лакхахь. Хьаьвзаш шина белхан мог1ане юккъе кхаччи охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра аьтту аг1ор. Охьакхочуш хьаьвзаш лахарчу белхан мог1анах кхеташ , аьрру аг1ор д1авоьрзу. Хьалаоййо ручка. Белхан мог1ане юккъе х1оттайо ручка , яздо доца сиз.

7. Жам1 дар.

  • Э элпах лаьцна байт 1амор.

Секъа1ад сайн караэцна,

Талла ваха со, ког хецна.

1ад ас дуьйли, озош пха,

И-м ца бели меттах а.

Соьгахь хилларг Э элп хилла,

Дира суна цо и х1илла.

-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Э элп).

-Стенах тер аду и элп ? (Секъа1одах).

-Х1ун ю секъа1ад? Х1ун хаьа шуна Ээ элпаз лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?




Чулацам : «Мукъаза элп Шш»

1алашо: мукъаза къора аз (Ш) , элп Шш довзийтар. Элп Шш дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду мукъаза къора аз (Ш) ,элп Шш.

1емар ду нийса а , шера а элп Шш дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша.

2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебникан аг1онаш т1ехь ялийначу материалах пайда а оьшуш , шайн белхан план х1отто. Планах пайда а оьцуш дешаран мур д1абахьа а 1емар ду . Берашна 1емар ду шайн кхачамбацарш довза , царех ларбала, кхиамаш бовза , пайдаэца.

  • Познавательни: берашна 1емар ду мукъазачу аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманаш т1ехь ган , билгалдаха. Берашна 1емар ду т1айп- тайпанчу дешнашкахь элп Шш каро (Юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь).Берашна хуур ду мукъаза элпаш шина тайпанара хилар (зевне, къора). Берашна 1емар ду цхьатера дакъош долу дешнаш билгалдаха(гергара дешнаш). Берашна 1емар ду х1етал-металшна жоьпаш каро. Тидам бар , ойлаяр алсам дер ду берийн. Берашна девзар ду керла дош (шар).1емар ду дашехь деха а , доца а мукъа аьзнаш талла.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Вовшашца къамел дан, шайна хетарг ала а 1емар ду.

3.Личностни: алсам бер бу дешаре болу безам. Лаам хир бу дешар т1ехь кхачамбацарш д1адаха.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Ц1ергахь а ца йогу, хин буха а ца йоьду? (Ша)


Хи чохь беша т1улг? (Шекар)

-Муьлха аз хеза оцу дешнийн юьххьехь? (Аз (Ш) хеза)

- Х1ун эра дара аша оцу элпах лаьцна?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду аз а , элп а Шш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла абатан 68-г1а аг1о. Абатан аг1онашна т1ехь ялийначу материалан тидам бе. Х1ун 1амор ю хьалхара ойла а еш план х1отта е.

  • Суна девзар ду керла элп…

  • Суна хуур ду дешдакъош деша..

  • Суна хуур ду дийцар х1отто

  • Суна 1емар ду предложенеш еша.

-Вайна тахана девзар ду аз (Ш) , элп Шш. Шуна 1емар ду дешнаш, дешдакъош , текст а еша.

4. Мукъаза къора аз (Ш) , элп Шш довзийтар.

-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)

Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь Шш довза 1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Шада)

-Ала ШШАДА. Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз ( Ш) хеза)

- Ала ШШ. Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)

-Лог т1е куьга а диллий ала ШШ. Аз (Ш) зевне ду я къора ду? (Къора ду)

-Муьлхачу басца билгалдаьккхина и вайн схеми т1ехь? (Сийначу)

-ШАДА дешан маса дакъа ду? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ША)

-Шолг1аниг? (ДА)

Иштта стеш, шиша дешнешца болх бар.

  • Элп Шш довзийтар.

Х1ара зорбанан доккха элп Ш ду. Х1ара зорбанан жима элп ш ду.

-И ши элп цхьатера ду я тайп- тайпана ду?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи керла элп а, аз а Шш .

  • Суна хии аз (Ш) мукъаза къора аз хилар.

  • Шш элпах лаьцна байт 1амор.

Ша т1ехь шера хуьлу ч1ог1а.

Шах1ид салаз т1ехь чувог1у.

Шуна лаьий конькеш хехка?

Шадерш ара довла чехка!

-Ала муьлха аз ду дуьйцуш дерг?

-Гайта масара элп Шш шайгара карточкашна юккъехь. (Бераша гойту)

(Хьехархочун г1оьнца 1амайо байт)

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

  • Шш элпаца дешдакъош кхоллар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша.

Шш элп юкъадог1у дешдакъош дешар. ША ШУ ШО ШИ

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дешдакъош деша.

6. Дешнаш дешар.

  • Абат т1ера д1адоьшу дешнаш,маь1нех а кхетош.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю ШАР ? (Берийн жоьпаш)

-ШАР иза налхех даьтта доккхуш , цунна юкъара д1акъаьста к1айн хи ду.

  • Суна 1еми дешнаш деша.

(Иштта толлу дисина дешнаш)

7. Сада1аран миноташ.

Х1инца бераш хьалаг1овта,

Куьйгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор,

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.

8.Дийцар х1оттор.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала».

Юьрта деша хьо схьавола,

Ю тхан т1ек1ел йина ....(Школа)

-Муьлш бу суьрта т1ехь?(Бераш)

-Стенга оьху бераш? (бераш школе оьху)

-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахь портфелаш ю)

-Бераша х1ун до школехь? (Бераша школехь доьшу)

-Шу оьхий школе? Муха лела веза школехь?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Аса дийцар х1отти.

9. Дийцар дешар , цунна ц1е тиллар.

  • Массара цхьана д1адоьшу дийцар.

  • Кхетош д1адоьшу дийцар.

-Д1аеша хьалхара предложени . Стенга бахара бераш? (Бераш школе деша дахара).

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун дира Абус? (Абус байташ йишира).

-Муха дийшира дешархоша? (Дешархоша дика дийшира).

-Муха хетта берашна шайн школа? (Берашан еза шайн школа).

Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дийцар деша.

9. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна тахана? (Аз (Ш) )

- Х1ун хии шуна цу элпах лаьцна?

10. Рефлекси.

Х1ун кхиамаш бехи аша?

Урокан ц1е: « Йозанан элпаш ш , Ш яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ш Ш. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.Берашна девзаргергара дешнаш. Берийн мотт шарлурбу , дешнаш довзар хир ду.

3. Личностни: берийн дозалла кхоллалур ду шайн Даймехках , 1емар ду и доггахь беза , лера. Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Стенах тер аду элп?».

Хьаьвди юххехь 1уьллуш ду,

Хьажа цуьнга дика шу:

Ш элп дуй и,алал аш,

Д1аяккхича цуьнан г1аж.

  1. 1алашо йовзийтар.

- Х1ун 1алашо ю вайн,хьа эрадара?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш. Шуна 1емар ду уьш хаза а , нийса а яздан. Хуур ду ш ,Ш элпаш дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех хотта.

4. Йозанан , жима а , доккха а элпаш ш , Ш довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш ш , Ш ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп ш ду,х1ара йозанан доккха элп Ш ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш ш , Ш).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

  • Йозанан жима элп ш яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ш яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1ане. Охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра. Лахарчу мог1анна т1е кхочуш юьллу техкарг, цу т1ера д1а тасалурга т1ехула хьалавоьду. Юьллу лечкъарг, лечкъарга т1ехула охьавог1у . Кхузахь юха а техкарг, цу т1ера д1а тасалурга т1ехула хьалавоьду , лечкъарг юьллу. Охьавог1у лечкъарга т1ехула , лахахь юьллу техкарг , цу т1ера д1а тасалуриг.

-Маса меже ю ш элпаш ? (Кхоъ).

  • Тептарш т1ехь дуьллу элп ш.

-Д1аязбе шайн тептарш т1ера мог1анаш.

  • Дешдакъошкахь элп ш яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ш кхечу элпех муха хота деза.

аш ша ош шо уш шу иш ши.

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Шарадаш.

-Х1инца вай толлур ду шух тидаме мила ву.

Буьмаьштиг чохь со хуьлу.

Нагахь элпаш хийцаделча,

Мерза молург сох хуьлу (Шай-чай).


-Х1ун хуьлу бумаьштиг чохь? (Шай).

-Шай дашера Ш д1а а даккхий Ч дилла. Муьлха дош хили? (Чай).

5. Сада1аран миноташ.

Х1инца бераш хьалаг1овта,

Куьйгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор.

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.

  • Йозанан доккха элп Ш яздар.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Хьаьавзаш гу буьллуш аьтту аг1ор охьавог1у билгалонна беллачу мог1ане терра. Охьаькхочуш аьтту аг1ор техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалург . Тасалургаца хьала лечкъарг , лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь юьллу техкарг , техкарга т1ера тасалургаца хьала лечкъарг . Лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е . Охьакхачале техкарг юьллу цу т1ера д1а тасалуриг.

-Д1аязде и элпаш шайн тептарш т1е.

6. Дешнашкахь элп ш яздар.

  • Дешнаш яздар.

- Муха кхета шу: Машар-адамийн ирс ду.?

7. Жам1 дар.

Машар – маьрша наб ю беран.

Машар – йишин зевне елар.

Машар – мамин хьоме аз ду.

Машар – ялтин буьзна канн бу.

Машар – хьанал къинхьегам бу,

И сан юьртан синкъерам бу,

Вайн Даймехкан сийлахь гIуллакх,

Вайн массеран ирсе гIулчаш.

Жамалдин Махмаев.

-Муьлха элп девзи шуна? Муьлха аз билгалдо цо? Мукъа ду и аз я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?


Чулацам : «Мукъаза къора аз (Ц), элп Цц.

1алашо: мукъаза къора аз (Ц) кхин д1а а , элп Цц довзийтар. Элп Цц дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:мукъаза къора аз (Ц) девзар ду берашна, элп Цц девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Цц юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду. Берашна 1емар ду предложенеш еша а.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайн накъосташца къамеле бовла, шайна хетарг т1еч1агдарца къовса. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан .

  • Познавательни: берашна 1емар ду элп Цц юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берашан хуур ду предложенехь стенах лаьцна дуьйцу.

3. Личностни: берийн алсамбер бу 1алам довза лаам . 1аламан доладан лаам хир бу.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

Д1айолаели вайн урок.

Хьалаг1овттал , охьаховшал

Вовшашна хьовсий ,дийлало.

Когаш тоха, куьйгаш тоха,

Т1акха сиха д1анисло.

-Берриг г1ирс шун кийча буй?

-Кийча бу , кийча бу.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала!»

Сан нана ю кхехкош жижиг,

Когехь хьекхалуш ду ....(Цициг).


Ахьар лаца йоллу деца,

Мича бахна те и ...(Цаца).

-Муьлха аз хеза дешнашна хьалхахь? (Аз (Ц).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна девзар ду аз а , элп а Цц.

3 . Урокан 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла 1аматан 70-г1а аг1о. Тидамбе вайна 1амо т1едиллинчу г1уллакхан. План х1отта а шайн белхан.

  • Суна 1емар ду….

  • Суна хуур ду…

  • Ас дийр ду….

-Вай тахана 1амор ду элп Цц юкъадог1у дешнаш деша. Вайна 1емар ду предложенеш еша. Дийцар х1оттор ду вай.

4. Дешнаш деша 1амор.

  • Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша массара цхьана дешнаш. Маса дешдакъа ду КИЦА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара? (КИ)

-Муьлханиг ду шолг1а? (ЦА)

-. Х1ун ю НЕЦА? (Берийн жоьпаш)

-НЕЦА- иза т1елхиг а йохош долу жима сагалмат ду.

  • 1аматан 70-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дешнаш деша.

  1. Дийцар х1оттор.

Дозуш долу къамел кхиор.

1)-Х1ун дийр ду вай хьалхара? (Вай 1амор ду дийцар х1отто).

-Муьлш бу суьрта т1ехь? (Мангалхой).

-Мангалхошкахь х1ун ю? (Мангалхошкахь мангалш бу).

-Муха бу мангалш? (Мангалш ира бу).

-Стенга бахана мангалхой? (Мангалхой йол хьакха бахана).

-Стенна оьшу йол? (Йол бежнашна яа оьшу).

-Шуна гиний йол хьокхуш? Дийца цунах лаций.


2) -Муьлш бу суьрта т1ехь? (Бераш ду)

-Ц1ераш тахка царна. Х1ун йина бераша? (Бераша хас дина)

-Х1ун йина цара хеса? (Цара хеса хохаш бина)

-Муха 1алашбо цара хохаш? (Цара хохаш дика 1алашбо)

-Х1ун туху бераша хохашна? (Бераша хохашна хи туху)

-Аша диний хеса. Х1ун йийра аша хесахь?

-Схьадийца дийцар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дийцар х1отто.

  • Суна хии иза схьадийца.

6.Сада1аран миноташ .

Цаьпцалгаш.

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало.

(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

7. «Хас» дийцар дешар.

  • Массара цхьана д1айоьшу предложенеш.

  • З1енаца йоьшу предложенеш.

  • Кхетош йоьшу предложенеш.

-Д1аеша хьалхара предложени. Бераша х1ун охкура? (Бераша беш охкура)

-Д1аеша шолг1а предложени. Цара болх стенца бора? (Цара болх белашца бора)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Хьан дира хас? (Мусас а , Ислама а хас дира)

Д1аеша йоьалг1а предложени. Цара хас муха лелийра? (Цара хас дика лелийра)

-Д1аеша пхоьалг1а предложени. Х1ун дора бераша цунна сих-сиха? (Бераша цунна сих-сиха хи туху)

- Д1аеша йиолхалг1а предложени. Х1ун боху цу т1ехь? (Цундела хас дика кхиира)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми предложенеш еша.

  • Кхоллараллин болх.

  • I-тоба «Малх»-бераша х1ун аьхкира дийца;

  • II-тоба «Серло»- бераша х1ун бийра дийца.

  • III-тоба«Седа»- хас муха лелийра дийца.

7. Жам1 дар.

Чакхъяккха сан ойла:

Аз (Ц) билгалдо элпаца….(Цц)

Аз (Ц) ца лакхало , цундела иза ду… (Цц)

Аз (Ц) олуш логан пхенаш тоха ца ло , цундела иза ду… (Къора)

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Х1ун ду ца кхеташ дисинарг?


Чулацам : « Йозанан элпаш ц , Ц яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш ц , Ц довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а ц , Ц . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн дозалла кхоллалур ду шайн Даймехках , 1емар ду и доггахь беза , лера. Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар. Байт ешар.

-Бераш , аса д1айоьшу байт. Аша ла а дог1ий дийца : Х1ун ю цу т1ехь юьйцуш ерг?.

Туьйранашкахь хезна хьуна,

Х1илла цуьнгахь сов ду бохуш,

Хийла борг1ал цо ядийна,

1овдал къиг а лейина… (Цхьогал) (Хь. Саракаев).

-Х1ун ю цу т1ехь юьйцуш ерг? (Цхьогал).

-Муха хииру шуну иза?

-Муьлха аз хеза ЦХЬОГАЛ дешан юьххьехь? (Ц).

-Муьлхачу элпаца билгалдо и йозанехь ? (Цц).

-Даладе масалаш элп Ц юьххьехь долуш. Юккъехь. Чаккхенгахь.

3. 1алашо йовзийтар.

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш ц , Ц . Шуна 1емар ду уьш хаза а , нийса а яздан. Хуур ду ц , Ц элпаш дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех хотта.

4. Йозанан , жима а , доккха а элпаш ц , Ц довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш ц , Ц довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш ц , Ц . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш ц , Ц ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп ц ду,х1ара йозанан доккха элп Ц ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш ц , Ц).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

  • Йозанан жима элп ц яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ц яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е . Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг . Тасалурга т1ехула хьалавьду лечкъарг юьллуш . Охьавог1у , лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг юьллу. Охьавог1у билгалонна деллачу сизе терра лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш яздинчу сизах шад бо , дехьаволу , хьалавоьду .

  • Х1аваэхь яздо элп ц.

  • Тептарш т1ехь д1аяздо элп ц.

  • Йозанан доккха элп Ц яздар.

  • -Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп Ц.

  • Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Хьаьавзаш гу буьллуш аьтту аг1ор охьавог1у билгалонна беллачу мог1ане терра. Охьаькхочуш аьтту аг1ор техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалург . Тасалургаца хьала лечкъарг , лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь юьллу техкарг , техкарга т1ера хьала тасалуриг.

  • -Д1аязде и элпаш шайн тептарш т1е.

  • Ловзар : «Шарадаш!».

I-тоба «Малх»- Ц элп хьалха хилча суна,

Юург 1уьйшур ю цо хьуна. (церг)

II-тоба «Серло»- Б элпаца ахь и хийцахь,

Хир ма ю со говран когахь. (берг)

III-тоба«Седа»- х1ун башхалла ю царна юкъахь? (Церг - берг)

  • Дешдакъошкахь элп ц яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъош кхечу элпех муха хота деза.

(ца-ац цо-оц цу-уц ци-иц це-ец)

  • ЦИЦИГ дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Ешшехь мекхаш долуш йийриг? (Цициг)

Маса дешдакъа ду ЦИЦИГ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ци).

-Шолг1аниг? (Циг).

- Муьлханиг ду хьалхара аз? (Ц).

-Аз (Ц) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Х1ун бос хила беса схеми т1ехь цуьнан? (Сийна).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Х1ун бос хила беса схеми т1ехь цуьнан? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Ц).

-Аз (Ц) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Х1ун бос хила беса схеми т1ехь цуьнан? (Сийна).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Х1ун бос хила беса схеми т1ехь цуьнан? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз? (Г).

-Аз (Г) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Х1ун бос хила беса схеми т1ехь цуьнан? (Сийна).

-Маса элп ду ЦИЦИГ дашехь? (Пхиъ).

-Маса аз ду? (Пхиъ).

-Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй ЦИЦИГ дашехь? (Ду : хьалхарчу дешдекъехь ЦИ , шолг1ачу – ЦИ).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).


Ц1

С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

4. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало. (Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

5. Керла элп кхин д1а а довзийтар.

  • Дешнашкахь йозанан жима элп ц яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешанашкахь элп ц муха яздан деза.

сацам , дарц , кица , борц .

  • Предложени язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложении.

Белаца латта охку.

-Д1аеша предложени. Муха йолало предложении? Чакхенгахь х1ун юьллу?

Фонетически зарядка

Котаман к1орнеш т1е муха кхойкху? («Цип-цип-цип»)

6. Жам1 дар.

  • Ц элпах лаьцна байт 1амор.

Пхьар ма вара г1ант тодеш,

Хьаьхьамч хьоькхуш, и латош.

Т1аккха басар хьаькхина,

Цо и т1ек1елдаьккхира.

Г1анте тхо д1ахьаьвсира:

Ц элп цунах хилира.

-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Ц).

-Стенах тера ду элп Ц? Муьлха аз билгалдо Ц элпо? Аз (Ц) мукъа ду я мукъаза ду?

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?




-









Урокан ц1е: «Мукъаза зевне аз (1), элп I .

1алашо: мукъаза зевне аз (I) довзийтар, элп Йй довзийтар. Элп I дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:мукъаза зевне аз (I) девзар ду берашна, элп I девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп I юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.

  • Познавательни: берашна 1емар ду элп I юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь элп а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна. Берашна евзар ю керла говзалла-хьехархо.

3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан хийцамийн тидам бан. 1аламна пайдениг дан лаам кхоллалур бу берийн.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : “Х1етал-металш».

Къеначу стеган говр? (Iaca)

-Муьлха аз хеза дешнашна юьххьехь? (Аз (1)).

- Муха олу вай и? Х1ун эрадара аша цу элпах лаьцна?

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Тахана вайна девзар ду аз (1), элп 1.

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 72-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.

Суна девзар ду …

Суна 1емар лу…

Аса х1оттор ду…

-Вайна тахана девзар ду керла аз а, элп а I . Шуна 1емар ду элп I юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.

4. Мукъаза зевне аз (I) довзийтар . Элп I довзийтар.

-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)

  • Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь элп I довза 1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Iахар бу)

-Маса дешдакъа ду 1ахар дешан? (Шиъ ду)

-Ала 11ахар . Муьлха аз хеза 1АХАР дешан юьххьехь? (Аз (1) хеза)

-Ала 111 . Аз (1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)

-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (1) ца лакхало)

-Аз (1) зевне ду я къора ду? ( Аз (1) къора ду)

-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (1) билгалдечу еък1овн? (Сийна)

-Х1ара х1ун ю? (Ма1ар бу)

-Маса дешдакъа ду МА1АР дешан ? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара ? (МА)

-Шолг1аниг ? (1ар)

-Мича меттехь хеза аз (1) ? (Дешан юккъехь хеза)

-Х1ара х1ун ю ? (Не1)

-Маса дешдакъа ду НЕ1 дешан? (Цхьаъ)

-НЕ1 дашехь мича меттехь ду аз (1) ? (Чаккхенгахь)

  • Элп I довзийтар.

-Х1ара зорбанан доккха элп I ду , х1ара зорбанан жима элп I ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи мукъаза зевне аз (I). Элп I .

5. Дешдакъош дешар.

  • I элпаца дешдакъош кхоллар,дешар.

-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду дешдакъош деша)

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. (1а-а1 1у-у1 1о-о1 1и-и1 1е-е1)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дешдакъош деша.

6. Дешнаш дешар.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.

-Х1ун ю 1АД? ( Берийн жоьпаш)

-1АД- хьалхалера нехан герз ду.

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш.

-Мила ву ВО1? (К1ант ву)

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо)

(Иштта толлу важа дешнаш)

  • Учебникан 72-г1ачу аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

  • Суна 1еми дешнаш деша.

  • Дехий , доций мукъа аьзнаш таллар.

-Д1адеша сийначу шекъанца яздина дош. (Деша)

-Бераш школе х1унда оьху? (Деша)

-ДЕША дашехь мукъа аз(Э) деха ду я доца ду ? (Деха).

-Б1аьста лона х1ун хуьлу? (Деша).

ДЕША дашехь мукъа аз(Э) деха ду я доца ду ?(Доца).

  1. Дийцар х1оттор.

Гуьйре яхча едда д1а,

Деъна кхечи шийла ... (1а)

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а)

-Х1ун ю арахь 1уьллуш? (Арахь 1уьллуш ло ду).

-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).

-Х1ун до 1умара ? (1умара салаз хохку)

-Х1ун до 1ашас? (1ашас конькеш хохку)

-Муха хуьлу 1ай? Дийца.

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

  • Суна 1еми дийцар х1отто.

  1. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало. (Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

9. «1а» дийцар дешар.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муха ду 1а ? (1а шийла ду)

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун до 1умара? (1умара салаз хохку)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун до 1ашас? (1ашас а хохку салаз)

-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Иза тахана шел ца ло).

-Д1аеша пхоьалг1а предложени . Х1ун хилла хина? (Хина ша бина).

-Д1аеша йолхалг1а предложени . Муха бу ша? (Ша шера бу)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми предложенеш еша.

I-тоба «Малх»- Б -элпаца хи чу юссу (бад)


II-тоба «Серло»- I - элпаца т1улгаш кхуьссу. (1ад)


III-тоба«Седа»- х1ун башхалла ю царна юкъахь? (Бад - 1ад)


10.Жам1 дар.

Бууш хуьлу со сов мерза,

Бос хуьлу сан ц1ен а, можа. (1аж)

Муьлха элп девзира шуна? (Элп I )

-Элп I мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза )

-Зевне ду я къора ду? (Зевне ду)

11. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?














Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш I , I яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш I , I довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а I , I . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн лаам хир бу 1алам довза , иза 1алашдан.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Эх1, ма хаза бу-кха из а!

Муттанах и ма бу буьзна.

Куьг ахь кховдош лаккха,

1аж цу т1ера баккха.

Мохо генаш лестадо,

Соьга 1аж ца баккхало.

Кхоссалуш, куьг кховдор ду,

Сихха 1аж схьабоккхур бу!

Эх1 ма 1аж бу-кха иза!

Муттанах и ма бу буьзна. (Бераша байташ т1ехь дуьйцург до.)

- 1аж. Х1ун аз ду юьххьехь?

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгало аз (1)? Х1ун 1амор ду вай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , аса тахана кечдина т1едахкарш ду 1ежийн суьрташца. Х1ора 1аж схьа а оьцуш , билгалбаккха шайн таханлера болх. Дийца : х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш I , I. 1емар ду уьш хаза а , нийса а а яздан ша-ша а, дешдакъошкахь , дешнашкахь.

4. Йозанан , жима а , доккха а элпаш I , I довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш I , I довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш I , I . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш I , I ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп I ду,х1ара йозанан доккха элп I ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш I , I).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна.

  • Йозанан жима элп I яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп I яздан.

-Т1адам буьллу белхан моганна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра хьалавоьду лакхарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь ша волччохь аьтту аг1ор хьаьвзаш охьавог1у шад а беш, лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш хьалавоьду , шад а беш ,хьаькхначу сизал дехьаволу.

  • Х1аваэхь яздо йозанан жима элп I .

  • Тептарш т1е д1аяздо йозанан жима элп I .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъошкахь йозанан жима элп I яздар.

Хьехархочо уьн т1е д1аяздо дешдакъош. 1а-а1 1у-у1 1о-о1 1и-и1 1е-е1

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,

Лелаш ю шу кхийсалуш:

Кхосса-кхосса-кхоссалой,

Бацалахь цкъа д1атарлой,

Жимма бецаш кхаллий,

Тийналле ладог1ий,

Меллаша шу юьйлало,

Юха хьала кхоссало. (Бераша цаьпцалгаша дийрриг до.)

6. Йозанан жима элп 1 дешнашкахь яздар.

  • Дешнаш яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

1а, йо1 , во1 , 1у, не1, 1ам .

-Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Ц1енааларш

la - la - la - атто Iyттyp ю ма1а.

Iy - ly - ly - ведда вог1уш ву беж1у

AI - al - al - нанна йоьлхуш ю чайта1

-Х1ун ю чайта1? (Чанан к1орне ю).

  • Йозанан доккха элп 1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп 1 мухаяздан деза).

-Т1адам буьллу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Ира тасалуриг юьллу . Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьрру аг1ор, цу т1ера тасалуриг юьллу.

  • Предложенеш т1ехь болх бар. (аг1о 46)-таьптаран

7. Жам1 дар.

  • 1 элпах лаьцна байт 1амор.

Терахь цхьаъ ду вайна гуш,

Цхьацца хаам шеца болуш.

Цуьнах цхьа г1аж ахь д1а яккха,

Массарна I гучудаккха.

-Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцург? (1).

Стенах тера ду элп? 1 элпо муьлха аз билгалдо? Аз (1) мукъа ду я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

Урокан ц1е: «Элп ь».

1алашо: элп Ь довзийтар. Элп ь дешан чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:элп Ь девзар ду берашна. Нийса а , кхеташ а элп Ь юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.

  • Познавательни: берашна хуур ду элп оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар. Ь элпо цхьа а аз билгал деш ца хилар хуур ду. Ь элп дешан юьххьехь ца яздар , цундела доккха элп Ь алфавитехь ца хилар хуур ду.1емар ду элп Ь юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Ь элпо шена хьалхара мукъаза аз к1аддеш хилар хуур ду.

3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан хийцамийн тидам бан. 1аламна пайдениг дан лаам кхоллалур бу берийн.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-метал».

Доьду хи – тхо 1охку,

Соцу хи – тхо хохку. (конькеш)

- Муха олу вай н аз?

- Н к1аддеш к1еда хьаьрк ю.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар к1еда хьаьрк элп).

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 74-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.

Суна девзар ду …

Суна 1емар лу…

Аса х1оттор ду…

-Вайна тахана девзар ду керла элп а Ь . Шуна 1емар ду элп Ь юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.

4. Элп Ь довзийтар.

  • Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь элп Ь довза 1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Альбом)

-Маса дешдакъа ду АЛЬБОМ дешан? (Шиъ)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? ( АЛЬ).

-Шолг1аниг ? (БОМ).

- Маса аз ду АЛЬБОМ дашехь ? Муьлханаш ду уьш? (А,Л,Б,О,М- пхиъ ду)

(Хьехархочо д1ах1оттадо зорбанан элпашца яздина дош)

АЛЬБОМ

-Муьлха аз хеза АЛЬБОМ дашехь к1еда? ( Аз (Л) ду)

-Маса элп ду альбом дашехь? (Ялх ду).

-Х1унда ду АЛЬБОМ дашехь ялх элп , пхиъ а аз? (Берийн жоьпаш).

-Ь элпо цхьа а аз билгал ца до. Цо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо. Элп Ь доккханиг дац алфавитехь , иза дешан юьххьехь ца яздо дела. Элп Ь оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.

-Х1ара х1ун ю? (Тетрадь)

-Маса дешдакъа ду ТЕТРАДЬ дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара ? (ТЕТ)

-Шолг1аниг? (РАДЬ)

-Муьлханиг ду ТЕТРАДЬ дашехь к1еда мукъаза аз? (Д)

-Х1унда? (Цунна т1ехьа ду элп Ь).

  • Элп Ь довзийтар.

-Х 1ара зорбанан жима элп Ь ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи элп (Ь).

  • Ь элпах лаьцна байт 1амор.

Ь хьаьрк ду йозанехь оьшуш

Цо вайна дика г1уллакх до.

Элпаш к1аддеш ,хаздеш,

Цанна юкъахь барт а бо.

-Стенна оьшу к1еда хьаьрк? (Цо шена хьалхахь лаьтташ долу элп к1аддо).

  • Ь элпан тидам бар.

(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо элпаш : Л, Д, Н, Р. Х1оранна улло дуьллу элп Ь. Массара цхьана д1адоьшу элпийн цхьанакхетарш.

Л -ЛЬ Д- ДЬ Н- НЬ Р-РЬ

-Д1адеша элпаш. Х1ун тидам би аша? (Мукъаза элпана т1ехьа элп Ь х1оттийча иза к1адло)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна хии Ь элпо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо.

6. Дешнаш дешар.

  • Уьн т1ера ешар

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.

-ТОКАРЬ дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз ? ( аз (Р) ду).

-Мила ву токарь? (Берийн жоьпаш)

-Токарь – иза станок т1ехь, х1умнаш еш, болх беш волу стаг ву.

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. БОЛЬНИЦА дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз? (Аз (Л) ду)

-СЛЕСАРЬ дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз? (Аз (Р) ду).

-Мила ву слесарь? (Берийн жоьпаш). (Иштта толлу важа дешнаш)

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

  • Суна 1еми дешнаш деша.

7. Дийцар х1оттор.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана 1а).

-Х1ун ю арахь ? (Арахь ло диллина).

-Х1ун хилла хина? (Хина ша бина)

-Бераша х1ун до ? (Бераша конькеш , салазаш хоьхку).

-Лайх х1ун йо бераша? (Бераша йо Лайн-бабанаш).

-Муха хуьлу 1ай? (Хаза хуьлу).

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

  • Суна 1еми дийцар х1отто.

  1. Сада1аран миноташ.

Тарсал араели,

Га т1е охьахии,

Аьтто кога кхоссаели.

Аьрро кога кхоссаели.

Диттана го баьккхи,

Иштта кхиссалуш, де даьккхи.

9. Дийцар дешар.

-Д1аеша хьалхара предложени.Х1ун ийцира дас Аптина?(Дас Аптина тетрадь а ,альбом а ийцира).

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун дира Аптис? (Аптис хаза сурт диллира)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун еара вашас? (Вашас суна хаза конькеш еара)

-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Ас конькеш хихкира).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми предложенеш еша.

  • Ловзар : «Пису , дахка».

-Вайга тахана а хьошалг1а деана вайн ши доттаг1 –Писуй , дахкий. Цара вайна деана керла т1едиллар. Суьрташ бухахь шиъ схема ю предложенин. Цу шимма еанчу еък1овшца вай дешнаш вовшах таса деза . Дешнех предложенеш х1итто еза. Д1адуьйлало вай доккхачу элпаца яздинчу дешдекъана т1ера. Муьлханиг ду и? (ИС)

-Кхин муьлханиг х1уттур дара цунна т1е? (ЛА-МА)

-Хьанна карор дара шолг1а дош? (САЛАЗ).

-Кхоалг1а? (Хохкура)

-Х1ун ю аша х1оттийнарг? (Предложени).

-Маса дош ду цу предложенехь? Муьлхачу схемица йог1у иза).

(Иштта карайо важа предложени)

I-тоба «Малх»- ь юккъахь долу дешнаш лаха.


II-тоба «Серло»- ь йистехь долу дешнаш лаха.


III-тоба«Седа»- ц1ераш лаха.

  • Дийцар дешар .

(Берашна т1е дуьллу и декхар)

10. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (элп Ь)

-Х1ун г1уллакх леладо Ь элпо?

(Цо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо)

- Кхиъ х1ун хаьа шуна цуьнах лаьцна?

11. Р1ефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?







Чулацам : «Элп ь яздар».

1алашо: йозанан элп ь довзийтар. Элп ь дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан элп ь . 1емар ду и нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан.

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна хуур ду ь элпо цхьа аз билгал деш ца хилар. Элп ь оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен лелаш ца хилар.Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берийн лаам хир бу 1алам довза , иза 1алашдан.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар. Уьн т1е д1аяздо.

Больница , тетрадь , конькеш , токарь, слесарь.

-Д1адеша и дешнаш. Х1ун ду цера цхьатера? (Моссо а дашехь ду элп ь).

-Х1ора дош ша-ша эр вай? (БоЛЬница, тетраДЬ, коНЬкеш ,токаРЬ, слесаРЬ).

-Муьлха аьзнаш хеза к1еда? (Л , Д , Н, Р).

-Х1унда ду уьш к1еда? (Царна т1ехьа к1еда хьаьрк ю. К1едачу хьаьрко шена хьалхара мукъаза аз к1аддо)

-Х1ун 1амор ду вай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду вай лайн чимаш т1ехь. Гулде лайн чимаш. Вай кечйийр ю класс Керлачу шарна. Схьакъастаде шайна кхочушдалун долу т1едахкарш. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вай тахана яздийр ду элп ь. Шуна 1емар ду и ша, дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан элп ь довзийтар , яздар.

  • Элп ь довзийтар.

-Бераш , яханчу урокехь муьлха элп девзира вайна? (ь).

-Гайта массара зорбанан элп ь. (Бераша гойту).

-Х1ара йозанан элп ь ду.

-Стенах тера ду элп ь? (Терахь 6 ).

  • Элп ь д1аяздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп ь яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш , хьавзина мог1анна юккъе воьду . Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш д1акъовлу элп ь.

  • Х1аваэхь яздо элп ь.

  • Тептарш т1е яздо элп ь.

ль нь рь дь

  • АЛЬБОМ дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Суьрташ дахка ч1ог1а оьшу,

Берашан а дукха еза ,

Ала соьга ,хьоме доттаг1,

Х1ун ю аса юьйцуш ерг? (Альбом).

-Маса дешдакъа ду АЛЬБОМ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (АЛЬ).

-Шолг1аниг? (БОМ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (А).

-Аз (А ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду шолг1а аз ? (Л).

-Аз (Л ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ч1ог1а ду я к1еда ду? (К1еда).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (Б).

-Аз (Б ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (О).

-Аз (О ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Ц1ен).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз ? (М).

-Аз (М ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь? (Сийна).

-Маса элп ду АЛЬБОМ дашехь? (Ялх).

-Маса аз ду? (Пхиъ).

-Х1унда ? (ь элпо цхьа аз билгал ца до).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? Х1отта е схема.

Ц1


С

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

- Маса аз ду АЛЬБОМ дашехь ? Муьлханаш ду уьш? (А,Л,Б,О,М- пхиъ ду)

(Хьехархочо д1ах1оттадо зорбанан элпашца яздина дош) АЛЬБОМ

-Муьлха аз хеза АЛЬБОМ дашехь к1еда? ( Аз (Л) ду)

-Маса элп ду альбом дашехь? (Ялх ду).

-Х1унда ду АЛЬБОМ дашехь ялх элп , пхиъ а аз? (Берийн жоьпаш).

-Ь элпо цхьа а аз билгал ца до. Цо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо. Элп Ь доккханиг дац алфавитехь , иза дешан юьххьехь ца яздо дела. Элп Ь оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.

5. Сада1аран миноташ.

Тарсал араели,

Га т1е охьахии,

Аьтто кога кхоссаели.

Аьрро кога кхоссаели.

Диттана го баьккхи,

Иштта кхиссалуш, де даьккхи.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Дешнашкахь элп ь яздар.

(Хьехархочо хоуьйту элп ь кхечу элпех муха хотта деза).

Уьн т1е д1аяздо дешнаш: Альбом , тетрадь , конькеш , токарь.

-Д1адеша дешнаш.

-Х1ун ду цу дешнийн юкъара? (Берийн жоьпаш).

-Элп ь оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен лелаш дац.

-Д1аязде дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложенеш язъяр. Уьн т1е д1аязйо предложени.

1умара конькеш хихкира.

-Д1аеша предложени. Маса дашах лаьтта и предложени? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1аниг? Кхоалг1аниг?

-Д1аяъе предложении.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

I-тоба «Малх»- ь юккъахь долу дешаран г1ирс лаха.

II-тоба «Серло»- ь юкъахь долу цомгаш нах буьгу меттиг ала.

III-тоба«Седа»- ь юккъахь долу 1аьнан г1ирс лаха.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзира шуна? Х1у керланиг хии шуна ь элпах лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Урокан ц1е: «Элп Ъ».

1алашо: элп Ъ довзийтар.. Элп Ъ дешан чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:элп Ъ девзар ду берашна. Нийса а , кхеташ а элп Ъ юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.Берашна девзар ду цо лелош долу ши г1уллакх (Мукъаза аз билгалдо, къасторан хьаьрк хуьлий лела)

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.

  • Познавательни: Ъ элп дешан юьххьехь ца яздар , цундела доккха элп Ъ алфавитехь ца хилар хуур ду. Хуур ду Ъ элпо мукъаза аз билгалдеш хилар, къасторан хьаьркан маь1нехь лелаш хилар.

3. Личностни:берийн лаам хир бу дика деша. Берийн дозалла хир ду шайн ненан метах.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Байт : « Ч1ог1а , к1еда хьаьркаш».

К1еда хьаьрг , мерза хьаьрк

Оьрсин дашехь карош ю.

Цуьнан йиша ч1ог1а хьаьрк,

Нохчийн маттах кхеташ ю .

-Муьлханиг ю к1еда хьаьрк. Гайтал шайгарчу карточкашна юкъара схьа а эций. Хьанна хуур дара шуна цуьнан йиша муьлханиг ю? (Хьехархочо д1аделлачу карточкаш юккъехь хила еза ч1ог1а хьаьрк. Бераша иза д1агойту).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду керла элп).

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 76-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.

Суна девзар ду …

Суна 1емар ду…

Аса х1оттор ду…

-Вайна тахана девзар ду керла элп а Ъ . Шуна 1емар ду элп Ъ юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.

4. Элп Ъ довзийтар.

Бахбелла 1ийсана некъ:

Кхаьрдаш ву тахана шех.

Меллаша боккху цо ког.

Сихделла деттало дог

Кхуо нанас аьлларг ца ди,

Цундела кхо даьккхи шиъ.

«1амаде - бехира цо, -

Т1аккха бен ловза ма гlyo».

Буьркане бахийта гуо.

Цундела деана вон...

Бахбелла 1ийсана некъ,

Г1айг1а ю д1аеллар не1. (Т. Ахмадова)

-Х1ара х1ун ю? (Шиъ ду)

-Муьлха аз хеза ШИЪ дешан чаккхенгахь? (Ъ)

- Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)

-Аз (Ъ) зевне ду я къора ду? (Зевне)

-Маса дешдакъа ду ШИЪ дашехь? (Цхьаъ).

-Х1ара х1ун ю? (Пхиъ).

-Мича меттехь хеза аз (Ъ)? (Чаккхенгахь).

-Маса дешдакъа ду ПХИЪ дешан? (Цхьаъ).

-Х1ара х1ун ю? (Кхоъ)

-Мича меттехь хеза аз (Ъ).

-Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь? (Сийна).

  • Элп Ъ довзийтар.

-Х 1ара зорбанан жима элп Ъ ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи элп (Ъ).

  • Ъ элпах лаьцна байт 1амор.

5. Дешнаш дешар.

  • Уьн т1ера ешар

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Шинна дешан чаккхенгахь ду элп Ъ).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. ДИЪНА дашехь мича меттехь ду аз (Ъ) ? (Юккъехь).

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1АЙНАЪ дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (1АЙ).

-Шолг1аниг? (НАЪ).

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЗАЛПАЪ дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ЗАЛ).

-Шолг1аниг? (ПАЪ).

(Иштта толлу важа дешнаш)

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда? (1айнаъ, Асмаъ, Залпаъ , уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца яздо)

  • Учебникан 76-г1ачу аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи вай?

  • Суна 1еми дешнаш деша.

6. Дийцар х1оттор.

-Мила ю суьрта т1ехь? (Залпаъ).

-Х1ун ю цуьнан карахь? (Цуьнан карахь портфель ю).

-Стенгара ц1а еъна иза? (Иза школера ц1а еъна).

-Цо муха кхиамаш баьхна цо? (Цо пхиъ даьккхина).

-Муха хии шуна? (Иза самукъане ю).

-Нанна муха хетар ду? (Нанна хазахетар ду).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дийцар х1отто.

7. Сада1аран миноташ.

1уьйранна ши доттаг1 самаели

Юхь-куьг дили,гата хьаькхи,

Когаш туьхи,куьйгаш туьхи,

Д1а-схьа сетти,

Т1аккха школе еди.

8. «Залпаъ» дийцар дешар.

-Х1ун ю дийцаран ц1е? (Залпаъ)

-Д1аеша хьалхара предложени. Мила вахара школе деша? (Залпаъ а , Салмана а школе деша дахара)

-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун элира Залпаа шен нене? (Залпаа шеен нене элира, ша пхиъ даьккхина)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Муха хийтира нанна? (Нанна хазахийтира).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми предложенеш еша.

  • Элп ъ дешнашкахь яхдар . Къасторан (ь , ъ) хьаьркийн тидам бар.

-ШЕЛЪЕЛЛА дашехь ъ элпо цхьа а аз билгал ца до, кхузахь и къасторан хьаьркан маь1нехь лела.

Схьакараде абатан 77 –аг1он т1ехь элп ъ къасторан хьаьркан маь1нехь лела дешнаш. Д1адеша уьш.

-Муьлхачу элпана техьа ду элп ъ ? (Мукъаза ).

-Муьлхачу элпашна хьалхахь ду? (Мукъа элпашна Е , Я).

-Хьалхара дешдакъа мукъаза элпаца чакхдолуш делахь (къевлина), шолг1а дешдакъа Е, Я элпаца долош делахь , царна юккъе къасторан хьаьрк юьллу.

(амма, Г,К т1ехьа Ь яздо)


Шелъелла , хазъелла , малъелла, з1окьеттарг, шокьеттарг.

-Д1адеша и дешнаш. Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна аша хьлхарчу тобане? (Шелъелла , хазъелла , малъелла).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш хьалхарчу тобане? (Цаьргахь къасторан ъ хьаьрк ю).

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (З1окьеттарг, шокьеттарг).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш хьалхарчу тобане? (Цаьргахь къасторан ь хьаьрк ю).

-Маца язйо къасторан ь хьаьрк? (К элпана т1ехьа).

-Д1аязде и дешнаш. Къасторан хьаьркана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

9. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (элп Ъ)

-Х1ун г1уллакх леладо Ь элпо? (Цо билгалдо мукъаза аз )

10. Р1ефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?



Урокан ц1е: «Элп ъ яздар, ъ элпан ши некъ бовзийтар».

1алашо: йозанан элп ъ довзийтар. Элп ъ дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан элп ъ . 1емар ду и нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала , болх бан. Берашна хуур ду

  • Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.Берийн кхуьур ю меттан говзалла.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна хуур ду ъ элпошиъ некъ лелош хилар: мукъа аз билгалдо, къасторан хьаьркан маь1нехь лела. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо терахьаш. 2 3 4 5

-Д1адеша терахьаш. Ала ШИЪЪ. Муьлха аз хеза дешан чаккхенгахь? (Аз (Ъ)).

-Ала КХОЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Ала ДИЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Ала ПХИЪЪ. Муьлха аз хеза чаккхенгахь? (Ъ).

-Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Хьанна хаьа аз (Ъ) муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь? (Берийн жоьпаш).

-Бераш , йозанехь аз (Ъ) билгалдо ъ элпаца.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн дешар тахана д1адоладели терахьашна т1ера. Цундела таханлера т1едахкарш терахьаш т1ехь ду. Шайна езачу оценке а хьажий, схьаэца терахьаш. Билгалбаккха тахана шаьш бен болу болх. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан элп ъ. 1емар ду нийса а , хаза а элп ъ ша цхьаъ а , дешнашкахь а яздан.

4. Йозанан элп ъ довзийтар , яздар.

  • Элп ъ довзийтар.

-Бераш , яханчу урокехь муьлха элп девзира вайна? (ъ).

-Гайта массара зорбанан элп ъ. (Бераша гойту).

-Хьанна карор дара шуна йозанан элп ъ? (Хьехархочо д1аделла хила деза тайп –тайпана элпаш. Бераша д1агойту).

-Х1ара йозанан элп ъ ю.

-Стенах тер аду элп ъ? (Ь элпах тера ду ).

  • Элп ъ д1аяздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо элп ъ яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале. Билгалонна деллачу сизе терра хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь техкарг юьллу. Охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор воьдуш , д1акъовлу элп.

-Д1аязде элпаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • ШИЪ дешан схема х1оттор. Шиъ.

Бахбелла 1ийсана некъ:

Кхаьрдаш ву тахана шех.

Меллаша боккху цо ког.

Сихделла деттало дог

Кхуо нанас аьлларг ца ди,

Цундела кхо даьккхи шиъ.

«1амаде - бехира цо, -

Т1аккха бен ловза ма гlyo».

Буьркане бахийта гуо.

Цундела деана вон...

Бахбелла 1ийсана некъ,

Г1айг1а ю д1аеллар не1. (Т. Ахмадова)


-Муха к1ант ву 1ийса? (Ледара).

-Х1унда? (Цо вон доьшу , нанас аьллар ца до).

- Муьлха оценка яьккхина цо? (Шиъ).

-Маса дешдакъа ду ШИЪ дешан? (Цхьаъ).

-Ала ШШИЪ. Муьлханиг ду хьалхара аз? (Ш).

-Аз (Ш) мукъа ду я мукъаза ? (Мукъаза).

-Ала ШИИЪ . Муьлханиг ду шолг1а аз? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ? (Мукъа).

Ала ШИЪЪ. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Ъ).

-Аз (Ъ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп ду ШИЪ дашехь? Аз? Йилла схема.

Ц1

С


С

5. Сада1аран миноташ.

1уьйранна ши доттаг1 самаели

Юхь-куьг дили, гата хьаькхи,

Когаш туьхи,куьйгаш туьхи,

Д1а-схьа сетти,

Т1аккха школе еди.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнашкахь элп ъ яздар. Уьн т1е д1аяздо.

Шиъ , диъ , диъна, Залпаъ , Асмаъ.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? Муьлха аз билгалдо цо? Мукъа ду и аз я мукъаза ду?.

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан даьккхи пхиъ?



Урокан ц1е: «Мукъаза элп Хьхь.

1алашо: мукъаза къора аз (Хь) довзийтар, элп Хьхь довзийтар. Элп Хьхь дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:мукъаза къора аз (Хь) , элп Хь хь девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Хьхь юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъосташа дуьйцучунга ладог1а, кхета.

  • Познавательни: берашна девзар ду шалха элпаш , 1емар ду элп Хьхь юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь деха а , доца а мукъа аьзнаш довза а 1емар ду. Масех маь1на долчу дешнийн тидам бан 1емар ду.

3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза а , цуьнан тидам бан а , дола дан а.

Урок д1аяхьар.

  1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».


Х1етал-метал хаийла хьуна:

Бешшехь аьчгах бина со,

Когаш, куьйгаш ца дина.

Коьрте кхаччалц аннех бетта,

Къа ца хеташ, ж1ов т1еетта. (Хьостам).

-Х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцуш ерш? (хьостам).

-Муьлха аз хеза царна хьалхахь? (Аз (ХЬ) хеза).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна девзар ду мукъаза къора аз (ХЬ), элп Хьхь.

3 . 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла абатан 78-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе.

План х1отта е шайн белхан.

Суна девзар ду… Суна 1емар ду… Суна хуур ду… Ас дийр ду….

-Вайна тахана девзар ду аз а , элп а Хьхь. Шуна евзар ю Хьхь элпан башхаллаш . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь, чаккъенгахь деша.

4. Мукъаха къора аз (Хь) , мукъаза шалха элп Хьхь довзийтар.

Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз (Хь) довза 1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Хьайба ю)

-Ала ХЬХЬАЙБА . Муьлха аз хеза ХЬАЙБА дешан юьххьехь? (Аз (Хь) хеза)

-Ала ХЬХЬ . Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)

-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Хь) ца лакхало)

-Аз (Хь) зевне ду я къора ду? ( Аз (ХЬ) къора ду)

-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (Хь ) билгалдечу еък1овн? (Сийна)

-Маса дешдакъа ду ХЬАЙБА дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (ХЬАЙ)

-Шолг1аниг? (БА)

-Х1ара х1ун ю? (Буьхьиг)

-Маса дешдакъа ду БУЬХЬИГ дешан? (Шиъ ду)

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (БУЬ)

-Шолг1аниг? (ХЬИГ)

-Мича меттехь хеза аз (ХЬ) БУЬХЬИГ дашехь? (Дешан юккъехь)

  • Элп Хьхь довзийтар.

-Х1ара зорбанан доккха элп Хьхь ду , х1ара зорбанан жима элп хь ду.

И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?

-Тидам бе элпийн. Маса хьаьрках пайдаэцна элп Хьхь яздеш? (Шина)

-Муьлханаш ю уьш? (Х , Ь)

-Элп Хь хь шалха элп ду , х1унда аьлча и яздеш пайдаоьцу шина хьаьрках.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна девзи мукъаза къора аз (Хь). Мукъаза шалха элп Хьхь.

  • Хьхь элпах лаьцна байт 1амор.

X ьалххе:шена лоьхуш ижу

Хьоза уьйт1ахь к х и й с а л о

Хьовсал — д1огахь теба Пису,

Хьанна хаьа цо х1ун до?

Хьавас Пису эккхадо.

5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.

  • Хьхь элпаца дешдакъош кхоллар.

-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Хь , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.

  • Хьхь элп юкъадог1у дешдакъош дешар.

(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)

(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми дешдакъош деша.

6. Дешнаш дешар.

  • Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Мила ву хьархо?

(Хьерахь болх беш волу стаг ву).

-Маса дешдакъа ду ХЬЕР дешан? (Цхьаъ).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ХЬАРАМ бохучу дашах? (Хьарам – иза ше йоцу х1ума шена йитча иза хьарам хуьлу)

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю, цундела уьш даккхийчу элпашца язйо)

(Иштта толлу важа дешнаш)

I-тоба «Малх»- олхазарин ц1е лаха.

II-тоба «Серло»- адамин белхан ц1е.

III-тоба«Седа»- адамин ц1ераш лаха..

7. Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дохкуш ду тхо зарядка.

Сихха шу д1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.


Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьата1а,

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)


Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде,

Когаш д1асахилабе,

Аьтту aгlop доьрзуш, (3-4-зза)

Аьрру aгlop доьрзуш, (3-4-зза)


Гонах долчу н тидамбе.

Динарг х1инца тоийта,

Дог1маш малдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

8. Барта къамел кхиор.

  • Дийцар х1оттор.

  • Ша х1ума а ца юуш, дерриг дуьне кхобург? (хьера)

-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? (Бераш)

-Уьш стенга боьлху? (Уьш экскурсе боьлху)

-Стенга экскурсе боьлху уьш? (Уьш хьуьнах боьлху)

-Х1ун до цара экскурсехь? (Цара 1аламан тидам бо,хьеро муха болх бо хьовсу).

-Шу хиллий экскурсехь? Х1ун дара шуна гуттар а дагахь лаьттинарг?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Аса дийцар х1отти.

8. Дийцар дешар.

  • Массара цхьана ешар.

  • Шайн дагахь ешар.

  • З1енаца ешар.

-Д1аеша хьалхара предложени. Хьаьнца дахара экскурсе? (Хьасанца экскурсе дахара тхо)

-Д1аеша шолг1а предложени. Мила ву Хьумид? (Хьумид хьархо ву)

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Стено хьийзайо хьер? (Хьер хьийзайо хино)

-Д1аеша йоьалг1а предложении. Х1ун йо цигахь? (Цигахь до дама а , ахьар а).

-Д1аеша пхоьалг1а предложении. Х1ун керланиг хиира берашна?

(Тхуна хиира хьерахь болх муха бо).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Тхуна 1еми предложенеш еша.

  • Ребус

Хьа + ша = хьаша.

10. Жам1 дар.

-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (ХЬ) )

-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)

-Зевне ду я къора ду? (Къора)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (ХЬ) ? (Хьхь элпаца)

-Элп Хьхь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду)

11. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?




Урокан ц1е: «Йозанан элп Хь».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар. Элпаш хь , Хь дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь . 1емар ду элпаш хь ,Хь нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , х1ора т1едилаллар кхочушдича шаьш х1ун кхиамаш боху ган. Берашна хуур ду шайн болх муьлхачу хорша берхо беза кхиамаш алсам хилийта. Дешаран кхиамаш шаьш х1ун дича бахалур бу хуур ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емарду , вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла. Берашна 1емар ду муьлхаччу адамца а лерамца къамел д1адахьа. Берашна 1емар ду шайн кхиамех баккхийбен , неханаш кхоъца т1еэца.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. берашна хуур ду нохчийн маттахь ша тайпана элпаш хилар , уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдохуш хилар.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина д1адахьа.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Дог1у дош ала!»

-Бераш , аса йоца , самукъане байташ йоьшур ю . Аша со сецчохь цхьа дош т1е тоха , маь1ница дог1уш. Дагахь латтаде , муьлха аз хеза аша аьллачу дешан юьххьехь.

Дитта т1ехь ца волуш лач,

Ас схьабоккху хьаьрса — (Хьач) .

-Муьлха дош туьйхи аша т1е? (хьач).

-Х1ун ду цуьнан юьххьахь? (Оцу дешан юьххьехь хеза аз (Хь)).

-Даладе элп ХЬ хьалхахь долуш масалаш. (Хьун , хьер).

-Элп ХЬ юккъехь долуш. (Махьмуд , дехьа , сехьа).

-Элп ХЬ чаккхенгахь долуш. (Мохь , бохь , арахь).

-Х1ун 1амор ду вай тахана?

-Муьлха аз хеза ? (Хь).

-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

3. 1алашо йовзийтар.

- Бераш , вайн таханлера т1едахкарш хьайбанаш чу яздина ду. Х1ораммо шега балур болу болх къастош , план х1отта е шайн белхан. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь. 1емар ду нийса а , хаза а элпаш ша-на яздан , дешдакъошкахь а , дешнашкахьа кхечу элпех хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш хь , Хь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (Хь, хь).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп хь, доккха элп Хь.

-Хьанна девза йозанан жима элп хь ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Хь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Элп Хь яздеш масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках Х, Ь).

-Элп Хь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха).

  • Йозанан жима элп хь яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп хь.

Уьн т1ехь а гойту элп хь муха яздан деза).

-Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу буьллу. Гу т1ера чу вог1у аьтту аг1ор горга сиз хьокхуш. Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьрру аг1ор тасалуриг юьллу. Шолг1а дакъа дуьллу вай. Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1ачу декъе лакхахь. Хьалавоьду гу а буьллуш. Гу т1ера чувог1у аьрру аг1ор хьаьвзаш вукху меженах хотталуш. Охьакхочуш т1ехкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалург лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш , хьавзина мог1анна юккъе воьду . Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш д1акъовлу элп ь.

-Х1инца вай элп хь х1аваэхь дуьллу.

-Д1аязде и элпаш .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъохкахь элп хь яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп хь , кхечу элпех муха хотта деза.

хьа хьо хьу хьи хье

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Тидам бе , уггаре хаза яздинчу дешдакъошна буха сиз хьакха.

5. Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дохкуш ду тхо зарядка.

Сихха шу д1ах1иттий довла,

Цхьана меттехь юхадовда.


Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьата1а,

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)


Хьаж т1е куьг шайн х1оттаде,

Когаш д1асахилабе,

Аьтту aгlop доьрзуш, (3-4-зза)

Аьрру aгlop доьрзуш, (3-4-зза)


Гонах долчу н тидамбе.

Динарг х1инца тоийта,

Дог1маш малдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

Вайн зарядка ели х1инца.

6. Йозанан жима элп хь дешдакъошкахь , дешнашкахь яздар.

  • Йозанан жима элп хь дешдакъошкахь яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп хь кхечу элпех муха хотта деза)

хьа хьо хьу хьи хье

-Д1адеша дешдакъош.

  • Йозанан жима элп хь дешнашкахь яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

хьоза , хьехьархо , ахьар, мохь.

-Д1аязде и дешнаш. Хь элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • ХЬОЗА дешан схема х1оттор.

  • Дог1у дош ала.

Эшарш лакха хаза, говза

Хууш ду тхан бешахь ... (Хьоза).

-Маса дешдакъа ду ХЬОЗА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Хьо).

-Шолг1а? (за).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (Хь).

-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз ? (О).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг дукхоалг1а аз ? (З).

-Аз (З) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а аз ? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса аз ду ХЬОЗА дашехь? (диъ).

-Маса элп ду ? (пхиъ).

Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (йиъ).

Ц1

С

Ц1

С

(Уьн т1ехь юьллу схема).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

Адам хаздеш, куьце далош,

К1ади хуьлий лела со.

Ш - на метта Хь ахь диллахь,

Токхе бахам хир бу со. (Шал-хьал)

-Муьлха элп девзира шуна?

Элп Хь цхьалха ду я шалха ду?

Муьлха аз билгалдо Хь элпо?

Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?












Х1инца бераш хьалаг1овта,

Куьгаш ирах хьалдаг1айта,

Д1асдаг1айта,хьалха,т1ехьа,

Аьтто аг1ор,аьрро аг1ор,

Меллаша охьаховша,

Х1ун дало шайга хьовса.



 1уьйранна ши доттаг1 самаели

Юхь-куьг дили,гата хьаькхи,

Когаш туьхи,куьйгаш туьхи,

Д1а-схьа сетти,

Т1аккха школе еди.

1уьйренна полла самабели,тохабели

Меттахбели, озабели,

Малхе хьаьжна, белабели,

Самукъадаьлла, т1емабели.


Тарсал араели,

Га т1е охьахии,

Аьтто кога кхоссаели.

Аьрро кога кхоссаели.

Диттана го баьккхи,

Иштта кхиссалуш, де даьккхи.



Самолёташ г1овг1а яккхи (вращение перед грудью согнутыми в локтях руками),
  Самолёташ т1емадоьвли (руки в стороны, поочерёдные наклоны влево и вправо),
  Хазчу бай т1е охьахии (присесть, руки к коленям),
  Юха а т1емадоьвли.



Х1инца,бераш, хьалаг1овта,

Куьйгаш стигал ирах даг1айта,

Пелгаш т1егулде,д1адаржаде,

Меллаша охьадаг1ийта,

Иштта саце садо1а,

Таккха новкъа довла.


Ёлка мохо лестайо,

Лестайо, латте охьате1айо,

Гонах хийза полла,

Мохо д1абади.


Буратино озавели,

Охьатаь1и, д1асахьаьжи.

Схьахетарехь,дог1а кари.

И схьаэца,

буьхкаш т1е вала веза


1уьйранна бераш хьуьнах бахар (шаги с высоким подниманием ног)

Хьуьнахь грибаш царна карий (размеренное приседание),

Охьате1аш,уьш схьадехи (наклоны вперёд),

Новкъахь уьш охьаэгий (ритмичное разведение рук в стороны).


Дитт т1е кхокха охьахии (присесть, руки к коленям),

Наб а кхетта и чубеа. (встать, помахать руками).

Маьнги т1ехь вижна Доту, (присесть, руки под щёку)

Х1уъ дича хьала ца г1отту (встать, развести руками в стороны).





Хьалаг1овта,д1анисло,

Хелхадовла,го боккхуш,

Вовше хьаже,делало,

1илма 1амо кечам бе,

Оьшучунна,г1о а де!


Руку правую вперёд,

А потом её назад.

А потом опять вперёд

И немного потрясём.

Мы танцуем «Буги - буги»,

Поворачиваясь в круге,

И в ладоши хлопаем вот так:

Хлоп - хлоп!



Аьтто куьг хьалха даккха,

Т1аккха-т1ехьа.

Иштта важа хьалха даккха.

Ши а куьг ластаде

Вай хелха довлу «Буги-Буги»,





Ветер дует нам в лицо

И качает деревцо.

Ветерок всё тише, тише.

Деревцо всё выше, выше.



Вот помощники мои,

Их как хочешь поверни.

Раз, два, три, четыре, пять.

Постучали, повернули

И работать захотели.

Тихо все на место сели.



Неуклюжий шёл пингвин 
Посреди холодных льдин. 
И по ледяной дорожке 
Прыгал он на правой ножке. 
А теперь подскок на левой 
И присел, согнув колени. 
Встал, присел 
И пять прыжков. 
Очень климат уж суров. 


Самолёт летит по небу,

Крылья, подставляя ветру.

Он легонечко парит

И по воздуху кружит.

А теперь пора спускаться,

На посадку приземляться.

Опустились мы легонько

И садимся потихоньку.





1аьржа мархаш гулъелира,

1индаг1 х1оттош тхан юьртахь.

1анийча сана дог1а деара,

1ам х1оьттира майданахь

-Х1ун 1еми шуна х1инца?


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!