СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Презентация по теме "1а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Презентация по чеченскому языку для 4 класса по теме "1а"

Просмотр содержимого документа
«Презентация по теме "1а"»

 Хьехарсахьтан ц1е:  Сочинени «1а т1едеана».        Хьехархо: Барзанукаева Х. А.

Хьехарсахьтан ц1е:

Сочинени «1а т1едеана».

Хьехархо: Барзанукаева Х. А.

 1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар; кхиоран: шена 1аламехь зеделлачух, гинчух, ша лелийначу х1уманех пайда а оьцуш, дийцар х1отто 1амор, дийцаран бакъонаш ларйан, кхочушйан 1амор; дозуш долу къамел кхиор; кхетам – кхиоран: 1аламе болу безам к1аргбар.

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: шена 1аламехь зеделлачух, гинчух, ша лелийначу х1уманех пайда а оьцуш, дийцар х1отто 1амор, дийцаран бакъонаш ларйан, кхочушйан 1амор; дозуш долу къамел кхиор;

кхетам – кхиоран: 1аламе болу безам к1аргбар.

 Догдаийтаран мур.  Кицанаш: 1. Стеган хазалла а ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара. 2. Стаг г1ийла ву алий, цадог1ург ма дийца. 3. Хабар - мох бу, динарг - г1ала йу.

Догдаийтаран мур.

Кицанаш:

1. Стеган хазалла а ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.

2. Стаг г1ийла ву алий, цадог1ург ма дийца.

3. Хабар - мох бу, динарг - г1ала йу.

 Мотт шарбар.  Лакха кхевдинарг лаха шершина,  лаха кхевдинарг лакха шершина.   - Д1адеша меллаша массара цхьана.  - Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.

Мотт шарбар.

Лакха кхевдинарг лаха шершина,

лаха кхевдинарг лакха шершина.

- Д1адеша меллаша массара цхьана.

- Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.

 Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.  Ц1ахь 1амийнарг хотту.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.

Ц1ахь 1амийнарг хотту.

 1алашо йовзийтар.  - Бераш, вай тахана йазйийр йу сочинени «1а т1едеана».

1алашо йовзийтар.

- Бераш, вай тахана йазйийр йу сочинени «1а т1едеана».

Сочинени «1а т1едеана».

Сочинени «1а т1едеана».

 Зеделлачух лаьцна къамел дар.  - Муьлха зама йу т1ейеанарг?  - Муха ду х1аваъ? Муха кхета малх?  - Х1ун йу арахь 1уьллуш? Цуьнан х1ун бос бу? Ло муха  ду? (к1айн, шийла, семса).  - Сагалматаш йуй гуш? Уьш стенга йахана?  - Муьлха олхазарш дисина 1а даккха? Цара х1ун леладо?  - Бераша х1ун леладо 1ай?  - Муха доккху 1а акхароша? Ч1ераша?  - Шуна муха хета 1а т1едеача?

Зеделлачух лаьцна къамел дар.

- Муьлха зама йу т1ейеанарг?

- Муха ду х1аваъ? Муха кхета малх?

- Х1ун йу арахь 1уьллуш? Цуьнан х1ун бос бу? Ло муха

ду? (к1айн, шийла, семса).

- Сагалматаш йуй гуш? Уьш стенга йахана?

- Муьлха олхазарш дисина 1а даккха? Цара х1ун леладо?

- Бераша х1ун леладо 1ай?

- Муха доккху 1а акхароша? Ч1ераша?

- Шуна муха хета 1а т1едеача?

  Суьртах лаьцна къамел дар.  - Шеран муьлха зама йу суьрта т1ехь гойтушйерг?  - Муха ду арахь? Адамаша муха духар доьхна?  - Бераш х1ун деш ду?  - Тарсал х1ун деш йу? Муьлха олхазарш ду 1а  доккхуш? Уьш стенах хене довлу? Аш х1ун г1о до  царна?  

Суьртах лаьцна къамел дар.

- Шеран муьлха зама йу суьрта т1ехь гойтушйерг?

- Муха ду арахь? Адамаша муха духар доьхна?

- Бераш х1ун деш ду?

- Тарсал х1ун деш йу? Муьлха олхазарш ду 1а

доккхуш? Уьш стенах хене довлу? Аш х1ун г1о до

царна?

 

 Дийцар схьадийцар.  Сочинени йазйан кечам бар.  - Муха йолор йу сочинени? (1аламехь хийцамаш).  - Х1ун йазйийр 1аламах лаьцна? Мичахь чакхдер ду и дакъа?  (1аламан хийцамех лаьцна предложенеш чекхйевлча).  - Стенах лаьцна хир ду шолг1а дакъа? Х1ун йазйийр йу аша олхазарех  лаьцна? Мичахь чакхдер ду и дакъа?  - Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анна чуьра).  - Муха йерзор йу сочинени?

Дийцар схьадийцар.

Сочинени йазйан кечам бар.

- Муха йолор йу сочинени? (1аламехь хийцамаш).

- Х1ун йазйийр 1аламах лаьцна? Мичахь чакхдер ду и дакъа?

(1аламан хийцамех лаьцна предложенеш чекхйевлча).

- Стенах лаьцна хир ду шолг1а дакъа? Х1ун йазйийр йу аша олхазарех

лаьцна? Мичахь чакхдер ду и дакъа?

- Муха доло деза х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анна чуьра).

- Муха йерзор йу сочинени?

 План. 1. 1аьнан зама. (1аламехь хийцамаш). 2. Басе т1ехь бераш. (Берийн ловзарш, церан пайда). З. Лайх йина баба. (Берийн самукъадалар). 4. Берийн самукъадалар.

План.

1. 1аьнан зама. (1аламехь хийцамаш).

2. Басе т1ехь бераш. (Берийн ловзарш, церан пайда).

З. Лайх йина баба. (Берийн самукъадалар).

4. Берийн самукъадалар.

 Орфографически кечам. Маь1на лело дешнаш карор. Къега, шелйелла, к1айдина, д1адахана, лайн чимаш, ловзу, охьаэга, пайде ду, хехкало.

Орфографически кечам.

Маь1на лело дешнаш карор.

Къега, шелйелла, к1айдина, д1адахана, лайн чимаш, ловзу, охьаэга, пайде ду, хехкало.

 Керла тема кхин д1а а хьехар.  (Бераша йазйо сочинени).  «1а». Т1едеана шийла 1а. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Цара гонаха мел дерг, к1айн шаршу тесча санна, к1айдина. Арахь шелйелла. Дитташ т1ехь гуш г1аш дац. Олхазарш бовхачу махка д1адахана. Малх а, аьхка санна, къегина хьоьжуш бац. Басе т1ехь ловзуш гуш ду бераш. Уьш, шайна т1е йовха бедарш а йуьйхина, ловза арадевлла. Ахьмад, Адам салаз т1ехь басе т1ера чухахкавелла. Юсуп гу т1е йуха хьалаволуш ву. Берийн ч1ог1а самукъадаьлла. Цара лайн баба йина. 1ай х1аваъ ц1ена хуьлу, цундела арахь ловзар могушаллина пайдехь ду.    

Керла тема кхин д1а а хьехар.

(Бераша йазйо сочинени).

«1а».

Т1едеана шийла 1а. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Цара гонаха мел дерг, к1айн шаршу тесча санна, к1айдина. Арахь шелйелла. Дитташ т1ехь гуш г1аш дац. Олхазарш бовхачу махка д1адахана. Малх а, аьхка санна, къегина хьоьжуш бац.

Басе т1ехь ловзуш гуш ду бераш. Уьш, шайна т1е йовха бедарш а йуьйхина, ловза арадевлла. Ахьмад, Адам салаз т1ехь басе т1ера чухахкавелла. Юсуп гу т1е йуха хьалаволуш ву.

Берийн ч1ог1а самукъадаьлла. Цара лайн баба йина. 1ай х1аваъ ц1ена хуьлу, цундела арахь ловзар могушаллина пайдехь ду.

 

 

 Жам1 дар. 1.  - Муьлха сочинени йазйи вай?

Жам1 дар.

1. - Муьлха сочинени йазйи вай?

Рефлекси йар: Суна хии… Суна хазахийти… Со ца кхийти…

Рефлекси йар:

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 Ц1ахь бан болх:   Бакъонаш карлайаха.  

Ц1ахь бан болх:

Бакъонаш карлайаха.

 

Массарна а даггара баркалла! Беркате хуьлда шун хаарш а!!!

Массарна а даггара баркалла!

Беркате хуьлда шун хаарш а!!!


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!