СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Бераш , таханлера т1едахкарш ду  шапталийн   суьрташ  ч1охь. Шуна дукха езий  шапталш ? Цхьацца наьрс   схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша  тахана?

Просмотр содержимого документа
«Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».»



Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а оь , Оь . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , оцу планан рог1алла а ларъеш йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа. 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, луург д1аала. Берашна хуур ду гергара дешнаш лаха.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан говзалла. Берашна девзар ду керла дешнаш.

3. Личностни: берашна луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн амалехь диканиг , г1иллакхениг кхиор ду бераша.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Кагделла дош нисде!».

-Бераш, муьлханаш ду угаре оьшуш дика дешнаш? (Г1иллакх, доттаг1алла, лерам).

-Шуна ца девзаш кхин а ду цхьаъ дика ,оьшуш дош. Шуна и довзийта аса д1аяздинера уьн т1е. Амма иза каделлера , шуна т1едиллина иза хоттар. Шу дика бераш ду аьлла.

Ла оьз дан галл

-Муьлха дакъа х1оттор дара хьалха, вай ешаран урокехь Оь элп 1амийна хилча? (Оь хьалхахь дерг-ОЬЗ).

-Муьлха дешдакъа х1оттор дара шолг1а?Кхоалг1а?Доьалг1а?

-Муьлха дош ду иза? (Оьздангалла).

-Хьанна карор дара ОЬЗДАНГАЛЛА дешан гергара дешнаш? (Оьзда, оьзданиг).

-Муьлханиг ду церан юкъара дакъа? (Оьзда).

-Х1ун ю оьздангалла? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду шапталийн суьрташ ч1охь. Шуна дукха езий шапталш ? Цхьацца наьрс схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь. 1емар ду и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (оь , Оь).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп оь, доккха элп Оь.

-Хьанна девза йозанан жима элп оь? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Оь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп Оь яздеш? (Шина хьаьрках).

-Муьлханаш ю уьш? (О , ь).

-Элп Оь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду).

  • Фонетически зарядка.

-Легашкахь хгума йисича х1ун до вай? («1оьхь-1оьхь-1оьхь»)

-Муьлха аз хеза ? (Оь).

-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

  • Йозанан жима элп оь яздар.

(Хьехархочо тептарш т1ехь яздина хила деза элп оь. Уьн т1ехь а гойту элп уь муха яздан деза).

оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь

-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешдакъохкахь элп оь яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан жима элп оь муха хота деза кхечу элпех дешнашкахь).

оьл оьр оьз оьп

-Хьан т1едузар дара дешдакъа ОЬЛ? (Оьла).

-Дешдакъа ОЬР? (Оьрнаш).

-Дешдакъа ОЬЗ? (Оьзда).

-Дешдакъа ОЬПА? (Оьпа).

-Д1адеша дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

  • ОЬПА дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Месала ю, амма ча яц, аьхка ялта гулдеш лела,

1ай лаьтта буха юлу? (Оьпа)



-Х1ун ю иза? (Оьпа)..

-Маса дешдакъа ду ОЬПА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Оь)

-Шолг1а? (Па).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ?(Оь).

-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (П).

-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ?(А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса аз ду ОЬПА дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь?Йилла схема.


С

Ц1

С

-Караде оцу схемина кхин а дешнаш:оьла,боьра.

5. Сада1аран миноташ.

Бераш вовшийн куьйгаш а лоций,гуо а бой,д1ах1уьту. Цу гона юкъахьоьпа хелхайоккху,xlapa байташ а олуш

Оьпа , оьпа , оьпалиг

Хаза , жима оьпалиг!

Яла хелха йолало,

Дег1 а нисдеш

Хьо йолало!

Айдеш куьйгаш,ластош хьайн,

Вовшах тоха,лардеш дайн.

Шаршош экам,аьхна ког,

Ловзадо хуш дилха дог.

Оьпа , оьпа йолало,

Жиманиг , хьо йолало,

Куьйгаш вовшех дтета цо

Корта ларбеш лестабо,

Когаш тайна шаршабо,

Елакъежаш йолало,

Бал д1аберзош –кхоссало.


6. Йозанан жима элп оь дешнашкахь яздар.

  • Дешнаш йозанан жима элп оь яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Доьла, оьрси, боьра , оьпа,оьла.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдакъа ду ОЬРСИ дашехь? Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? (Иштта толлу важа дешнаш).

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е дешдакъошка а доькъуш.

-Шина тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?(Оьрси , оьпа, оьла).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Царна хьалхахь элп оь ду).

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу чу тобане?(Доьла, боьра).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Царна хьалхахь элп оь дац).

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Предложенеш язъяр.


Уьн т1е язйо предложенеш.


Султанна оьпа гира. Оьпанан когаш доций дара. Оьпано бахамна зулам до.



-Д1аеша хьалхара предложени. Маса дашах лаьтта иза? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а? Муха къастайо предложенеш вовшех йозанехь? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзира шуна? (Йозанан жима а , доккха а элпаш оь, Оь).

-Оь элпо муьха аз билгалдо? (Оь)

-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду?(Мукъа ду).

-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Оь).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

62-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а оь , Оь . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , оцу планан рог1алла а ларъеш йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа. 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хата, луург д1аала.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан говзалла. Берашна девзар ду керла дешнаш.

3. Личностни: берашна луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн амалехь диканиг , г1иллакхениг кхиор ду бераша.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар: «Х1етал-металш».

Туьканахь юхкуша йоцуш, цхьана а

заманчохь ехча лур а йоцуш, нахана

юккъехь эша а оьшушйолу х1ума?

(Г1иллакх-оьздангалла)


Месала ю, амма ча яц, аьхка

ялта гулдешлела, 1ай лаьтта бухаюлу? (Оьпа)

-Х1ун ю уьш? (Оьздангалла, оьпа).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз (Оь)).

-Даладе масалаш кхин а аз (Оь) хьалхахь хезаш. (Оьшу,оьрси , оьла).

-Даладе масалш аз (Оь) юккъехь хезаш. (Боьра , доьла, тоьла).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едахкарш ду наьрсийн суьрташ ч1охь. Шуна дукха езий наьрсаш? Цхьацца наьрс схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана?

-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь. 1емар ду и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар.

  • Йозанан жима элп оь д1аяздо тептарш т1е.

оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Йозанан доккха элпаш Оь яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза йозанан доккха элп Оь ).

Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь

-Д1аязде элп Оь тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Харжаман диктант.

-Бераш , уьн т1ехь долчу дешнашна юкъара схьаязде Оь шайна юьххьехь дерш.

Оьзда, аьшкал , г1ала, оьла , оьпа ,оьрси, хьесап, г1алг1а.

-Оь элпана буха сиз хьакха.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • ОЬЛА дешан схема х1оттор.

-Аса д1айоьшу йоца байт, аша т1етоха оьшу дош.

Йоккхуш ву со сайна тоьла

Гулйина ас лаьттан .... (Оьла)

-Х1ун ю оьла?

-Маса дешдакъа ду ОЬПА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Оь)

-Шолг1а? (Ла).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ?(Оь).

-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (Л).

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ?(А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса аз ду ОЬЛА дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь?Йилла схема.


С

Ц1

С

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Предложенеш язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложенеш.

Тхан доьзал боккха бу. Сан да заводехь болх беш ву.

Нанас лоьралла леладо.

-Д1аеша хьалхара предложении. Шолг1аниг, кхоалг1аниг. Маса дашах лаьтта хьалхара предложени?Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а? Доьалг1а?

-Д1аязъе предложенеш шайн тептарш т1е.

  • Жима проект яр.

Бераш, вай х1инца жима проект йийр ю. Аша шайна Оь элпах лаьцна хаьарг шаьш урокехь болх ма бара д1анисде кехат т1ехь.

-Дуьххьара муха девзира вайна аз (Оь)? (Суьрташца болх беш).

-Муьлха суьрташ оьшу вайна ? (Оьпанан, оьланан).

-Д1алата де уьш. Оьпа , оьла аьлча муьлха аз хеза ? Аз буха яздо? (Къовларш юккъе).

-Д1аязде. Х1ун бос хила беза цуьнан? (Ц1ен).

-Х1унда? (Мукъа аз ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (оь) ? (Оь элпаца).

-Муьлха элпаш яздо книги т1ехь? (Зорбанан).

-Тептарш т1ехь? (Йозанан).

-Д1аязде уьш проект т1е.

-Хьанна евза байт Оь элпах лаьцна? Д1аязъе .

-Хьанна хаьа х1етал-металш, кроссвордаш? Х1итта е уьш.

-Хьан дуьйцур дара шеен балхах лаьцна?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан ойла:

Оьла ,оьпа , оьрси дешнашкахь хеза аз ….(Оь).

-Аз (Оь) олуш багахула х1аваъ парг1ат арадолу, цундела иза ду …(мукъа).

-Аз (Оь) йозанехь билгалдо жима , доккха а элпашца..(оь, Оь).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!