16-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р довзийтар. Уьш яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2. Метапредметни:
-
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
-
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.
3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
-Стенах тера ду элп?
Диг ахь ира х1оттаде,
Т1аккха дикка ти дамбе:
Девзий хьуна лаьтташ дерг?
Диг ма дац и, ду элп Р.
(Хьехархочо д1аешарца 1амайо бераша байт).
-Стенах лаьцна ю и байт ? (Р элпах).
-Стенах тер аду бах элп Р? (Дагарх тера ду).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р,Р).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , вайна тахана седарчий деана . Цу седарчашна т1ехь яздина ду т1едахкарш. Шайна деззачул схьаэца седарчий. Оцу т1ера т1едиллинарг кхочушдинчунна дуьсур ду уьш.
(Бераша седарчашна т1ера т1едахкаршка а хьовсуш шайн белхан план х1отта йо).
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана? (Берийн жоьпаш).
-Вайна тахана девза девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р, Р. 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш яздан. 1емарду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р дешдакъошкахь яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш с,С довзийтар ,яздар.
-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш р , Р . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш р ,Р ? Схьагайта.
-Х1ара йозанан жима элп р ду,х1ара йозанан доккха элп Р ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р).
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп р яздан).
-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е , сиз хьокху лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Лечкъарг т1ехула хьалавог1у лахкрчу белхан мог1анна т1е кхочуш , мог1анан кхоалг1а дакъа дисинчохь гу буьллу. Гу т1ехула чувог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкар юьллуш хьалавоьду белхан мог1анна юкъа кхаччалц.
(Хьехархочо ша д1ааларца яздойту берашка кхоъ элп р . Бераша шаьш толлу нийса яздина хилар.)
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп р яздан).
-Бераш , вай жима са а до1уш шарадаш толлур ду. Шарадашкахь довза деза къайлаха долу дош. Цхьа элп хийцийча карадо иза.
-Цхьана элпа чохь д1алевчкъина дешнаш схьалаха.
Хаза хьожа яржош,
Керт сов къагаеш,
Кхиадо со лардеш,
Эшахь, стоьл т1е х1иттош.
Хь элпаца беша додахь,
Т1ема дер ду со. (Роза - хьоза)
-Х1ун ю уьйтехь хаза хьожа а йолуш кхиош ерг? (Роза).
-РОЗА дашера муьлха элп хийо деза ? (Р элп хийцадо Хь элпаца).
-Муьлха дош хили? (Хьоза).
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту Р элпан яздар).
Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллуш хьалавоьду тасалург юьллуш. Юха т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е аьтту аг1ор хьаьвзаш хьалавоьду, юха аьрру аг1ор д1авоьрзу , хьаьвзаш т1евог1у лакхарчу белхан мог1анна.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп Р яздан).
5. Сада1аран миноташ.
Сурт дилларан урокана.
Тахана оха суьрташ дехки,
П1елгаш жимма к1аддели.
К1еззиг вай уьш ластор ду,
Юха а суьрташ дох кур ду.
Когаш - цхьаьна, когаш – д1асхьа,
Вай чутуху боккха хьостам.
6. Йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р юкъахь долуш дешдакъош кхоллар , уьш д1аяздар.
Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.
-Д1аяздо элп Р , т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (РА).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (РО).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (РУ).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (РИ).
(Дешдакъош яздо кегий , даккхий шина тайпана элпашца х1иттош).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош яздан).
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш язди аша? (Йозанан жима а , доккха а элпаш р ,Р язди оха).
8. Рефлекси .
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулди уггар дукха седарчий?
17-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р кхин д1а а довзийтар. Уьш нийса яздарах долу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна кхин д1а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан дешнашкахь.
2. Метапредметни:
-
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
-
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.
-
Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша. Берашна девзар ду керла дош рема. Берашна хуур ду предложени х1ун ю. 1емар ду предложении дешнех къасто. Берашна хуур ду предложении доккхачу элпаца йолор , чаккхенгахь т1адам биллар.
3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
-Аса д1айоьшу йоца байташ . Со сецча т1етоха дог1уш долу цхьа дош.
Хила лаахь дег1ехь ницкъ,
Доккхуш хила шортта.... (Рицкъ).
Велахь партал, вацахь сема,
Йодур ю хьан говрийн .... (Рема).
Денош хоьрцуш йоьду зама,
Тишлуш, корехь лаьтта.... (Рама).
Юьхь д1аюьлуш, ц1андеш хьаж,
1аьрбис ларйо дийнан... . (Раж).
Тхан уьйт1ара мокха г1аз
Иоду, бетташ когаш.... (Раз).
-Муьлха дешнаш туьйхи аша т1е? (Раз , раж , рама , рема , рицкъ).
-Муьлха дош ду шуна ца девзаш? (Рема).
-Рема –иза дуккха цхьана д1алаьхкина говраш ю.
-Х1ун ду аша т1етоьхначу дешнийн юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз (Р)).
-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (Р)? (Рр элпаца).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш р, Р яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , вайна тахана седарчий деана . Цу седарчашна т1ехь яздина ду т1едахкарш. Шайна деззачул схьаэца седарчий. Оцу т1ера т1едиллинарг кхочушдинчунна дуьсур ду уьш.
(Бераша седарчашна т1ера т1едахкаршка а хьовсуш шайн белхан план х1отта йо).
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана? (Берийн жоьпаш).
-Вайна тахана кхин девза девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш р, Р. 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш яздан. 1емарду йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р дешнашкахь яздан. 1емар ду предложенеш язъян.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш яздар.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Оха йозанан жима а , докха а элпаш язди).
-Х1ара х1ун ю? (Ч1ара).
-Маса дешдакъа ду Ч1АРА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (Ч1А).
-Шолг1аниг? ( РА).
-Оцу дешдакъошкахь аьзнийн цхьанаэдаларш дуй ? (Ду).
-Муьлхачу дешдекъехь ду? (Шина а дешдекъехь ду).
-Схеми т1ехь муха билгалдоху иштта аьзнийн цхьанаэдаларш? (Церан еък1овш ши бос болуш хуьлу).
-Муьлха аз ду Ч1Ч1АРА дашехь хьалхара? (Ч1).
-Аз (Ч1) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).
-Муьлханиг ду Ч1ААРА дашехь шолг1а аз? ( А).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Муьлханиг ду Ч1АРРА дашехь кхоалг1а аз? ( Р).
-Муьлханиг ду Ч1АРАа дашехь доьалг1а аз? ( А).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Басар е шайгара схеманаш. (Цул т1аьхьа уьн т1ехь гойту , нийса йина хилар толлуш).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Сунна 1еми дешан схема х1отто).
5. Сада1аран миноташ.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
(Хьехархочо уьн т1е д1аяздо).
-Тидам бе элпийн вовшех хиттаран. Муха хоьттина элп о , р элпах ? ( О элпна лахара хьала сиз дахьарца хоьттина).
-Д1аязбе и мог1анаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми дешнаш яздан).
-Бераш , вай жимма са а до1уш , 1амор ду аз (Р) ц1енанала шуна. Цунна лерина ду шардарш , царех ц1енааларш олу.
Ар - ара - ар - до л ад ел и... . (Ловзар)
Ор - ор - ор -ц1ийелла вайн... . (Помидор)
Ра - ра - ра - пеша таса... (Klopa)
Ро - ро - ро - ведда вог1у... . (Ламаро)
Ру - ру - ру -хьовзаде.... (Буру)
Ре - ре - ре - басар д1ало... . (Заре)
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми аз (Р) ц1ена ала).
-Говр муха сацайо? («Тр-р-р»)
(Х1ора бере шега-шега олуьйту).
7. Предложенеш х1иттор , уьш язъяр.
(Уьн т1е д1атуху суьрташ).
-Х1ара мила ву ? (Сулима )
-Х1ун до Сулимас? (Сулимас лам олу).
-Х1ун ю аша аьлларг? (Предложени).
-Маса дош ду оцу предложенехь? (Кхоъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара? (Сулимас ).
-Шолг1а? (Лам).
-Кхоалг1а? (Олу).
-Стенах лаьтта предложени? (Дешнех).
-Д1адеша дешнаш: олу , лам , Саламус. И дешнаш предложени хир юй? (Берийн жоьпаш).
-И дешнаш предложении яц. Предложенехь моссо а дош маь1ница дозаделла хила деза.
-Х1ара мила ву? (Саламу).
-Х1ун до Саламус? (Саламус лору).
-Х1ун ю иза ? (Предложени).
-Д1аязъе и предложенеш.
-Предложени муьлхачу элпаца йолайо? (Доккхачу).
-Х1ун юьллу чаккхенгахь? (Т1адам).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми предложенеш язъян).
-Х1ун керланиг хии шуна? (Предложени доккхачу элпаца йолор, чаккхенгахь т1адам биллар).
8. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш язди аша тахана? (Элпаш Р,р).
-Муьлха аз билгалдо Р элпо? ( Аз (Р) билгалдо).
-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
9. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша ? Хьан бехи уггар дукха седарчий?