СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ненан маттахь-нохчийн маттах!

Нажмите, чтобы узнать подробности

Дуьненан къамнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду: уьйр, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам. Деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду.

Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлххачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхаза чIагIо а ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахана дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялор-йигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам я пачхьалкх а хир яц.

Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду. Царах коьртаниг – дешар, Iилма ду. Вайн къоманна тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьненан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх.

25.04.2025 20:40


Рекомендуем курсы ПК и ПП