СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп л,Л яздар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп л,Л яздар».»

10-г1а урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп л,Л яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду (лаьхьа ,лан).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Л элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах тера ду элп?

Ирахбахна лам а лаьтта,

Шерра цуьнан бохь гуш бу.

- Лам буй и! - ахь соь ма хетта

Хьуна гушдерг Л элп ду.

-Хьан эр дара: стенах тер аду элп Л? (Ломах, тховнах).

-Схьагайтал шайгарчу элпаш юкъара зорбанан элп Лл .(Бераша схьагойту).

-Гайна сунна байта т1ехь бийцина лам , Л элпа т1ехь. Ц1ен къолам хьакха.

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л.

3. 1алашо йовзийтар.

  • Йоханан элпашна юккъара элп Лл схьакъастор.

-Бераш , схьахаржа элпашна юкъара йозанан жима а , доккха элпаш л,Л. (Цхьанаа дешархочо массарна д1агойту).

-Карадел шайгарчу элпашна юккъехь йозанан жима элп л, караде доккха элп Л.(Бераша д1агойту).

-Тахана вайна даийтина шапталаш. Шуна езий кхораш? Цхьацца кхор схьа а оьцуш шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах байда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпашл,Л. Шуна 1емар ду уьш яздан.

4. Йозанан жима элп л яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп л яздан.

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе. Лахарчу мог1анна т1е охьавола. Ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузара лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу мог1анна т1е, юха ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

  • Берашка ша д1ааларца яздойту элп л.

-Х1инца , уггаре дика ладуг1уш мила ву хьожур ю со. Аса д1ааларца , аша яздийр ду элп л. (Хьехархочо д1а а олуш ,д1аяздойту кхоъ элп).

-Шайн тептарш вовшашка д1ало. Тидам бе дика болх муьлхачо бина. Цунна лур ю вай шаптал. (Бераша тидам бой схьаолу, цунна совг1атана шаптал ло).

-Д1аязбе и мог1а буьззина.

  • Тептарш т1ера мог1анаш язбар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп л яздан).

  • Х1етал-металш.

  • Со ца кхоьруш лаца ваьхьа

Лаьттахь сетташ, бог1у (Лаьхьа).

  • Говрана т1екхаьчча хан,

Тоха деза когех.... (Лан).

-Х1ун ю лаьхьа? Кхечу дашца муха эр дара и дош? (Лаьхьа, текхарг).

-Х1ун ю лан? (Говран когах туху эчиг ду).

5. Сада1аран миноташ.

Л элпах тарбеш когаш д1асабохуьйту, хаьнт1е куьйгаш дохку. Шина a aгlop а те1аш, олу:

Аьтту, аьрру,

Хаза г1уллакх хуьлу.

Дика бераш шу ма ду!

Аьтту - аьрру, аьрру - аьтту...

Хьехархочо цхьацца х1уманийн ц1ераш йоху. Нагахь и т1ема йолуш елахь, берашка «т1емаш ластаде» олу. Дешнаш х1окху тайпана хила мега: йилбазговр, ц1а, беракема, кема, полла, г1арг1ули, тарсал, лом, маккхал.

6. Йозанан доккха элп Л яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Л яздан.

-Мог1анна юккъе т1адам буьллу,охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш , ша волчохь хьаьвзаш хьалавоьду г1оьнан мог1анна , лакхарчу белхан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

  • Хьехархочо д1ааларца бераша д1аяздо кхо элп.

-Аса д1а а олуш яздийр ду вай кхоъ элп Л. Суна хуур ду гуттар тидаме мила ву.

-Таллам бе вовшашна. Муьлхачу яздина элпаш нийса д1а? (Бераша толлий олу. Уггар дика яздиначунна кхор ло).

  • Т1ептарш т1ехь яздо элпаш.

-Д1аделла шайн тептарш. Д1аязбе мог1анаш.

-Шаьш уггара хазачу элпашна т1ехула дахка т1адамаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха элп Л яздан).

  • Фонетически зарядка яр.

-Дешнаш доцу йиш муха локху? («Ла-ла-ла»)

-Муьлха аз хеза хьалхахь? (Аз (Л)).

-Аз (Л) мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (Л)? (Л элпаца).

-Схьагайта зорбанан элпаш л,Л. Схьагайта йозанан элпаш л,Л.

6. Жам1 дар.

-Гайтал сунна элп Лл. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , шапталш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш л,Л девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.



11-г1а урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима л яздар».

1алашо: йозанан жима элпаш л яздар.Йозанан жима элпаца дешдакъош кхоллар, уьш нийса хуьттуш д1аяздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима элп л. 1емар ду элп л дешдакъошкахь ,дешнашкахь язда. Берашна 1емар ду т1адамийн меттана оьшучохь элп л яздар.

2. Метапредметни:

  • Регултяивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар ду цхьа элп хуьйцуш керла дешнаш х1итто , уьш д1аяздан. Дешан схема х1отто а 1емар ду. Керла дош девзар ду –лила.

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Хьехархочо уьн т1е д1аяздо.

Лам , лом , лами , лила, ло, илли.

-Д1адеша и дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Моссо дашехь ду элп Лл).

-Муьлха дош ду совнаха? ( Илли).

-Х1унда ду и совнаха? ( Дисинчу дешнашкахь юьххьехь ду элп Лл, ткъа ИЛЛИ дашна юккъехь).

  • ИЛЛИ дешан схема х1оттор.

Маса дешдакъа ду илли дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ИЛ).

-Шолг1а? (ЛИ).

-Маса элп ду ИЛЛИ дашехь? (Диъ).

-Муьлханаш ду уьш? (И,Л,Л,И).

-Маса аз ду? (Диъ).

-Муьлханаш ду уьш? ((И), (Л), (Л), (И)).

-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Йиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз ? (И).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза? (Мукъа).

-Х1ун бос хила беза цуьнан схеми т1ехь? (Ц1ен).

-Басар ел хьалхара еък1ов. Муьлханиг ду шолг1а аз? (Л).

-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза).

-Х1ун бос хила беза цуьнан схеми т1ехь? (Сийна).

-Басар ел и еък1ов.

-Муьлха дешдакъа ду вай схемех билгалдинарг? (ИЛ).

-ИЛ дешдакъа къевлина ду,х1унда аьлча цуьнан чаккъенгахь мукъаза аз ду.

-Муьлханиг дара шолг1а дешдакъа? (ЛИ).

-ЛИ дешдакъа дуй къевлина? (Берийн жоьпаш).

-ЛИ дешдакъа даьстина ду ,х1унда аьлча цуьнан чаккхенгахь мукъа аз ду.

-Шолг1а дешдакъа –иза аьзнийн цхьанакхетар ду : мукъаза а , мукъа а. И дешдакъа билгалден еък1ов ши бос болуш хила еза. Т1ехула сийна,х1унда аьлча хьалхара аз (И) мукъаза ду, бухара- ц1ен,шолг1а аз (И) мукъа ду.

Ц1

С

Ц1

С





(Берашка шайга д1а ло иштта схеманаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Карадел шайгарчу элпашна юккъехь йозанан жима элп л.(Бераша д1агойту).

-Тахана вайна даийтина хьайбанаш . Шуна езий хьайбанаш? Цхьацца хьайба схьа а оьцуш шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах байда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Вай тахана юха а яздийр ду йозанан жима элп л. Шуна 1емар ду элп л юкъадог1уш дешдакъош х1итто , уьш д1аяздан.

4. Йозанан жима элп л яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп л яздан.

(Бераша д1аяздо тептарш т1е).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп л яздан).

  • Дешдакъош х1иттор уьш д1аяздар.

Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (ЛА).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (ЛО).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (ЛУ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп л, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (ЛИ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош яздан).

5. Сада1аран миноташ.

6. Дешнаш яздар.

  • Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

-Д1адеша дешнаш. Д1аязде уьш тептарш т1е.

  • Дешнашкахь цхьа элп хийцош , керла дешнаш кхоллар.

ЛАЛА АЛУ

-Лала дашехь элп А д1а а даккхий , дилла элп И. Муьлха дош хили? (Лила).

-Х1ун ю ЛИЛА? (Сийна бос болу басар ду).

-АЛУ дашехь У элп д1а а даккхий ,дилла –А. Муьлха дош хили ? (Ала).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш яздан ,ерла дешнаш кхолла).
6. Жам1 дар.

-Муьлха элп язди аша тахана? (Йозанан жима элп л).

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , шапталш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.