СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рабочая программа по родному языку 5-9 кл.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Довзийтаран кехат

Дешаран предметах болу юкъара хаамаш

   Нохчийн мотт–иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культуран бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггар мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

  Нохчийн меттан метапредметни декхарша билгалбоккху «Нохчийн мотт» предмето  берана, цо школехь доьшучу хенахь, иза личность санна, кхиорехь массо тайпана а, юкъарчу амалехь а  бен тIеIаткъам. Нохчийн мотт дешархочун  ойла, кхетам, суртхIотторан, кхоллараллин хьуьнарш кхиоран; личность санна, ша-шен вовзийтаран, ша-шена керла хаарш карадерзоран хьунарш кхиоран а бух бу, дешаран гIуллакх а цхьаьна  вовшахтохар юкъа а лоцуш. Нохчийн мотт къоман культуран а, литературан синъоьздангаллин мехаллашка а, адаман оьздангаллин, историн зеделлачуьнга а кхачоран гIирс а, дахарехь дIалоцу меттиг къасторан некъ а бу.

   Юкъарадешаран юккъерчу  школехь  ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза  вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу.

   Нохчийн мотт караберзоро таро лур ю дешархошна вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьа, боккхачу кхиамца кхидолу меттанаш а, дешаран предметаш а Iаморехь онда гIортор хилла дIахIотта а, хийцалучу хIокху дахарехь шен меттиг карон а.

Просмотр содержимого документа
«Рабочая программа по родному языку 5-9 кл.»

Довзийтаран кехат

Дешаран предметах болу юкъара хаамаш

Нохчийн мотт–иза нохчийн къоман а, Нохчийн республикин пачхьалкхан а мотт а, къоман историн, культуран бух а бу. Мотт адамийн дахарехь уггар мехала гIирс бу. Цуьнца доьзна ду къоман кхиар а.

Нохчийн меттан метапредметни декхарша билгалбоккху «Нохчийн мотт» предмето берана, цо школехь доьшучу хенахь, иза личность санна, кхиорехь массо тайпана а, юкъарчу амалехь а бен тIеIаткъам. Нохчийн мотт дешархочун ойла, кхетам, суртхIотторан, кхоллараллин хьуьнарш кхиоран; личность санна, ша-шен вовзийтаран, ша-шена керла хаарш карадерзоран хьунарш кхиоран а бух бу, дешаран гIуллакх а цхьаьна вовшахтохар юкъа а лоцуш. Нохчийн мотт къоман культуран а, литературан синъоьздангаллин мехаллашка а, адаман оьздангаллин, историн зеделлачуьнга а кхачоран гIирс а, дахарехь дIалоцу меттиг къасторан некъ а бу.

Юкъарадешаран юккъерчу школехь ша-тайпа меттиг дIалоцу нохчийн матто. Иза вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьарехь, гонахара дахар довзарехь, кхетош-кхиорехь мехала гIирс бу.

Нохчийн мотт караберзоро таро лур ю дешархошна вовшашца юкъаметтигаш дIакхехьа, боккхачу кхиамца кхидолу меттанаш а, дешаран предметаш а Iаморехь онда гIортор хилла дIахIотта а, хийцалучу хIокху дахарехь шен меттиг карон а.

ХIума довзаран гIирс ша хиларе терра, матто ойла кхиаярна а, интеллектуальни а, кхоллараллин хьуьнарш кхиорна а, шаьш кхочушдечу дешаран гIуллакхийн шардарш карадерзорна а, шен хаарш лакхадахарна а, ша-шен вовзийтарна а тIехь аьтто бо.

Шен къоман культура а, литература а, синъоьздангаллин мехаллаш а, дуьненан Iилма а, культура а йовзарехь мехала гIирс а бу нохчийн мотт.

Нохчийн мотт дешархо къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кхиорехь, цуьнгахь кхидолучу къаьмнашка лерам хилийтаран коьрта чIагIо а ю.

5-чуй – 9-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехарна лерина долу сахьташ:

5 класс – 102с.

6 класс – 102 с.

7 класс – 102 с.

8 класс – 68 с.

9 – класс – 68 с.


Белхан программина юкъабахийтина бу 5-8-чуй классашкахь проектни белхаш кечбар.




V-XI классийн дешархойн ненан меттан

йозанан белхашна х1итточу оценкийн барамаш

Дешархоша кхошушбинчу ненан меттан йозанан белхашна х1итточу оценкийн ч1аг1йина норманаш лелоро г1о дан декхар ду ненан мотт хьехаран говзалла лакхаяккхарна а, 1аморан а, талларан а кепара болчу йозанан белхийн лехамаш цхьанакепара хилийтарна а.

Дешархойн хаарийн мах хадорехь коьра йолчу цхьанакепара йолчу оценкийн норманаша хьехархо мукъа ца вуьту х1ора йозанан белхан мах, массо аг1о а лоруш, шен-шен башхаллашца хадоран хьехархо декхарийлахь ву, г1алаташ а, церан масалла а тидаме эцна ца 1аш, кхочушбинчу белхан дикалла а, г1алатийн башхаллаш а тидаме эца.

Х1ора дешаран шо долалуш хьалхарчу четвертехь талламан белхан (диктантан) текстехь дешнийн дукхалла д1адахана дешаран шо чекхдолуш хиллачу талламан белхан дешнийн дукхаллехь маго еза.

Ненан маттана йозанан белхийн оценкийн норманаш х1иттийна, нохчийн меттан специфически башхаллаш тидаме эцарца.

  1. V-IX-чуй классашкахь бечу талламан белхийн мах хадор


Дешаран шеран кхоалг1ачу четвертехь V-XI-чуй классийн дешархошна лучу талламан белхан герггарчу хьесапера барам кху кепара хила магийна:

V классана – 80-90 дош

VI классана – 90-105 дош

VII классана – 105-120 дош

VIII классана – 120-135 дош

IX классана – 135-150 дош


Текст хоржуш, кху некъех пайдаэца беза:

  1. Талламан белхан текст шен чулацамехь дешархой кхеташ а, х1инцлерачу литературни меттан лехамашца юьззина нийса йог1уш а хила еза.

  2. Талламан белхан дерриге а дешнаш дешархошна кхеташ хила деза. К1езиг лелош а, девзаш доцу а дешнаш довза а довзуьйту, йозанан уьн т1е д1а а яздо.

  3. Талламан белхан текстехь хала дешнаш хилахь, цу дешнийн нийса яздар дешархоша 1амийна а дацахь, и дешнаш йозанан уьн т1е д1аяздо.

  4. Текст йоьшучу хьехархочо д1аешар литературни нийса а, муха яздан деза, дешархошна д1а ца хоуьйтучу кепара а хила деза. Масала, к1айн, 1ежийн, халкъан бохучу дешнашкахь литературни аларан норманашца цхьаьна а дог1уш, чаккхенгара н ца олу, ткъа саьрмик, ч1ег1ардиг дешнашкахь г-ний, к-ний хьалхахь долу и а долуш санна олу.


V-XI-чуй классийн дешархойн талламийн белхийн мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех:

  1. Талламан болх толлуш орфографин а, пунктуацин а, г1алаташ къаьст-къаьстина лору, оценка юкъара юьллу.

  2. Талламан балхана «5» дуьллу, нагахь цхьа а орфографин г1алат дацахь я цхьаннал сов пунктуацин а г1алат ца хилахь.

  3. «4» дуьллу, кхааннал сов орфографин а, шиннал сов пунктуацин а г1алат ца хилахь (я шиъ орфографин, кхоъ пунктуацин г1алат хилахь).

  4. «3» дуьллу, ялханнал сов орфографин а, пхеннал сов пунктуацин а г1алат ца хилахь (я пхиъ орфографин, пхиъ пунктуацин г1алаташ хилахь).

  5. «2» дуьллу, иттанал сов орфографин а, пхеннал сов пунктуацин а (я барх1аннал сов орфографин а, ворх1аннал сов пунктуацин а) г1алат ца хилахь.


Дешархочун балха т1ехь г1алат лара деза, орфографин а, пунктуацин а, муьлхха а бакъо талхош, талламан болх язбале оццу классехь я цул лахарчу классашкахь 1амийнчух иза хилахь.

Оценка юьллуш, ца лоруш дуьту:

  1. Программехь йоцу я 1амийна йоцу орфографин а, пунктуацин а бакъонаш талхош долу г1алаташ (масала, 5-чу классехь хандешан карарчу а, яханчу а хенийн чаккхенаш нийсаязъяр, спряженешкахь хандешнийн нийсаяздар, подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире йиллар-цайиллар ца 1амадо. Уьш VI а, VII а, VIII а классийн программехь ю).

  2. Тилкхаздаьлла г1алат (описка) лору, масала, белхало хила дезачохь белхано яздинехь, 1уьйре хила дезачохь 1уьйле яздинехь.

  3. Нохчийн маттахь зевне мукъаза й (йот) яздар, масала: йоза хила дезачохь ёза яздахь, йог1у (ёг1у), юьртахь (йуьртахь), юьгу (йуьгу) яздахь.

  4. Орам ларбеш а, ораман аьзнаш хийцалуш а терахьдешнаш яздар, масала: исс – иссалг1а – уьссалг1а, итт – итталг1а – уьтталг1а.

  5. Къовсамечу меттигашкахь чолхечу дешнийн нийсаяздар, масала: пайдаэцар – пайда эцар, нийсаяздар – нийса яздар, г1одар – г1о дар и. д1. кх.

  6. Дешнашкахь дифтонгаш язъяр: къега – къиэга, терса – тиэрса, оза – уоза, еха – йиэха, и. д1. кх.

  7. Лаамечу билгалдешнийн а, причастин а, рог1аллин терахьдешнийн а, доладерзоран ц1ерметдешнийн а дожарийн чаккхенаш шина кепара язъяр: чун (чуьнан), чух (чунах), чуьнга (че), черан (чийн) и. д1. кх. а, масала: дикачун (дикачуьнан), дикачух (дикачунах), дикачуьнга (дикаче), доьшучуьнга (доьшуче), дикачеран (дикачийн).

  8. Цхьадолчу хандешнийн шина кепара яздар: олура – алара, вог1ура – ваг1ара и. д1. кх.

  9. Ц1ердешнийн къовсаме яздар: стогалла – стагалла, мох – мохан – механ – махан, морха – марха и. д1. кх. а.

Дешархоша далийтинчу г1алаташна юкъара даккхий а, кегий а г1алаташ къесто деза.


Даккхий г1алаташ лору:

1. Хьалхенца 1амийна а, йозанехь алсам пайдаоьцуш а йолу орфографин, пунктуацин бакъонаш талхош долу г1алаташ.

2. Юкъарадешар доцуш, 1амо а, кхочушъян а атта йолчу бакъонашна а, кхечу эян оьшуш йоцчу бакъонашна а нислуш долу г1алаташ, и.д1.кх.


Кегий г1алаташ лору:

1. Талламан болх язбечу хенахь 1амийна чекхъялаза йолчу бакъонашна долу г1алаташ.

2. Мукъазчу элпашна юккъе яздеш долу къасторан хьаьркаш, масала: х1аллакьхилла, меттахъхьайра.

3. Дешхьалхенца йолчу я чолхечу инфинитиван суффиксийн язъяр.

4. Хандешнех хиллачу тайп-тайпанчу къамелан дакъойн яздар (оху-охуна я охана, тоьгу-тоьгуна я тоьгана).

5. Хандешан ихначу хенан язъяр, масала:бохура я бахара, моьттура я моттара.

6. Кху кепарчу ц1ердешнийн яздар:дечиган я дечган, эчиган я аьчган.

7. Ц1ердешнийн а, билгалдешнийн а массо къобалйина т1еэцна йолчу яцйинчу а, юьззинчу а форманийн язъяр, масала: г1уллакх я г1улкх, г1иллакх я г1илкх.

Дешархочун балха т1ехь цхьамог1а (кхоъ я цул сов) цхьана бакъонна нислуш г1алаташ хилахь, талламан балхана оценка лакхаяккха мега, масала, дешан чаккхенга н яздарехь, доца шеконан элпаш (а, и, у) яздарехь.



  1. Изложенийн мах хадор

Изложенин текст йозуш а, дешархой шех кхеташ а, кхетамца-кхиоран, 1аморан маь1на долуш а хила еза.

Изложенина текст харжа еза кху барамашкахь:

Vклассана – 100-120 дош

VI классана – 150-200 дош

VII классана – 220-250 дош

VIII классана – 300-350 дош

IX классана – 350-390 дош


Талламан изложенина хаьржина текст хьехархочо шозза йоьшу. Изложенина х1итточу оценкийн кху норманашкара куьйгалла эцар ца хилча ца торуш ду:

  1. «5» дуьллу:

а) нагахь изложенин текст хьалха-т1аьхьа нийса а, юьззина а, цуьнан идейни чулацамах нийса кхетош а, г1алаташ доцуш а, галдаьккхина х1ума доцуш а йийцинехь;

аь) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь кхаанал сов г1алат дацахь, цхьаннал сов орфографин я пунктуацин г1алат а дацахь.

  1. «4» дуьллу:

а)нагахь идейни чулацам нийса а бийцинехь, дуьйцучу г1уллакхийн ерриге коьрта меттигаш г1алаташ доцуш а, хьалха-т1аьхьа хила оьшучу кепара а йийцинехь;

аь) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь кхааннал сов г1алат дацахь, орфографин кхаа а, пунктуацин шина а г1алатал сов уьш ца хилахь.

  1. «3» дуьллу:

а) чулацам коьртачу декъана нийса а бийцинехь, бакъдерш гайтарехь цхьаъ-шиъ нийса йоцу меттиг а елахь, хьалха-т1аьхьа г1уллакхаш дийцарехь ладамбоццу ледарлонаш а ялийтинехь;

аь) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь деаннал сов г1алат дацахь, ялханнал сов орфографин а, деаннал сов пунктуацин а г1алат ца хилахь.


  1. «2» дуьллу:

а) чулацам кхачаме боцуш а бийцинехь, бакъонца йолу материал хьалха-т1аьхьа нийса йийцарехь яккхий ледарлонаш а, нийс йоцу меттигаш а елахь;

аь) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь ялханга кхочуш г1алат динехь;

б) дейттанга кхочуш орфографин а, пунктуацин а г1алат далийтинехь, царна юкъахь иссаннал сов доцуш орфографин г1алат а долуш.

Изложенина ши оценка юьллу: хьалхарниг грамматикана, шолг1аниг литературина.

III. Сочиненийн мах хадор

1. «5» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь цхьаннал-шиннал сов г1алат дацахь;

аь) цхьаннал сов доцуш жима орфографин я пунктуацин г1алат хилахь.

2. «4» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь кхааннал сов г1алат ца хилахь;

аь) шиннал сов орфографин а, шиннал сов пунктуацин а г1алат дацахь.

3. «3» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь пхеаннал-ялханнал сов г1алат дацахь;

аь) пхеаннал сов орфографин а, ялханнал сов пунктуацин а г1алат дацахь.

4. «2» дуьллу:

а) дешнаш харжарехь я предложенеш х1итторехь ворх1анга кхочуш г1алат делахь;

аь) кхойттанга кхочуш орфографин а, пунктуацин а г1алат делахь, царна юкъахь ворх1анга кхочуш орфографин г1алат а долуш.

Сочиненина ши оценка юьллу: хьалхарниг литературина, шолг1аниг нохчийн маттана.

Республикерчу берриге а ненан меттан, литературин хьехархоша шайн балха т1ехь пайдаэца безар бу оценкийн оцу норманех.


Дешаран предметана материально-технически кхачоярна лерина хьехамаш


Билгалбиначу кхиамашка кхачархьама, хьехар оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь долучу школашкахь нохчийн мотт Iаморехь пайда эца магийнарг:


1. Юккъерчу юкъарадешаран школашна лерина нохчийн меттан учебникаш: В.А.Янгульбаев , Ж. М. Махмаев 5-7 классашна.

2. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт» 8, 9-чуй классашна синтаксис. Грозный ГУ «Книжное издательство» 2015 шо.

3. Нохчийн меттан 5 классийн учебникашна методически хьехамаш.

4. Эсхаджиев Я.У. «9-чу классехь нохчийн мотт хьехар» Грозный Издательство «Абат» 2003 шо.

5. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 1-ра дакъа. Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

6. Джамалханов З.Д. , Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» 2-г1а дакъа «Синтаксис». Педучилищан студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.

7. Тайп-тайпана тексташ, тесташ. Диктантийн, изложенийн гуларш.

8. Дешаран словараш


Дешаран предмет Iаморан жамIаш


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза личностни жамIаш:

-нохчийн къоман культуран коьрта мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар;

-нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман культуран хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIаналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар;

- къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш тоъъал хилар; ша дечу къамелана тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар;

- нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар;

- вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар;

- шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар.


Коьрта юкъара дешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартана бина хийцамаш, Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствос омрица ч1аг1бина болу 17-чу декабрехь 2010-чу ш. № 1897.

(т1еч1аг1дина Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствон омрица 31-чу декабрехь 2015-чу ш. № 1577)


11.2. «Нохчийн мотт, нохчийн литература» 1аморан предметни декъо кхачо ян еза:

  • шен ненан матте, литературе болу безам кхиор, къоман культуран 1алашъяран дакъа и дуй хууш;

  • дешнийн т1аьхьало хьал долуш яр, дешархойн мотт бийцаран культура кхиор барта а, йозанан а къамелан норманашца, къамелан бакъонашца.

Нохчийн мотт:

  1. къамелан говзалла лакхаяккхар (ешар, къамел дар, яздар) шена гонахьарчу нахаца муьлххачу хьелашкахь къамел дан 1аморхьама;

  2. лингвистикин, грамматически категорийн ненан маттах долу юьхьанцара хаарш шордар (алсамдахар);

  3. адамийн юкъарчу мехалле санна, меттан культуре долу жоьпалла кхиор;

Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш:

1) къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар:

- барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар;

-ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар;

-тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш;

-билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар;

-хиндолучу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпанара жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар;

-паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар;

-шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар;


2) карадирзиначу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайда эцар;

- билгалбиначу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар;

- оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар;

- меттан башхаллех пайда эца хааар ( нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературан урокашкахь).

3) - тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар;


Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочун нохчийн мотт караберзоран предметни жамIаш ду:


1) нохчийн мотт нохчийн къоман, Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт, юкъаметтигаш дIакхехьаран гIирс санна бовзийтар; меттан а халкъан уьйр хила езар а; адаман дахарехь а, юкъараллехь матто дIалоцу меттиг йовзийтар;

2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар;

3) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар:


ладогIар а, ешар а

-барта а, йозанан а кепара хаамах цхьатера кхетар (Iалашонех, текстан теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех);

- тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар (хьажаран, йовзаран, Iаморан);

-книгаца а, роггIана арахоьцучу тептаршца а болх баран кепаш а евзаш хилар, ешна текст (план, тезисаш) хаамийн кепара хийца хаар карадерзор;

-паргIат электронни а, справочни а литературех а, тайп-тайпанчу словарех а пайда эца хааран хьуьнар хилар;

-тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ладогIарца цхьанатайпана тIеэцар; ладогIаран массо а кеп карайирзина хилар (текстан коьртачу чулацамах кхеташ, хаамаш схьахаьржина белахь а);

-къамелан аларш дуста хаар церан чулацамца а, меттан гIирсех пайда эцарца а, матто кхочушдечу гIаллакхийн тайп-тайпаналлица а.


къамелдар а, йоза а:


-билгалбиначу яцъяран барамехь барта а, йозанан кепехь а ешна я ладоьгIна текст юхаметтахIотто хаар (юхасхьайийцар, план, тезисаш);

-текст кхолларан норманаш а ларъеш (кхеташ а, хьалха-тIаьхьа йогIуш а, йозаелла а, темица йогIуш а хилар) паргIат барта а, йозанан а кепехь шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; хезначуьнга, гиначуьнга, ешначуьнга, хьайна гонаха долучу бакъдолучуьнга а, хиламашка болу хьежам цхьанатайпана хилийтар;

-дагалаьцнарг а, тIекаре яран хьал а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, хотIан барта а, йозанан а тексташ кхолла хаар;

-хьалха лаьттачу коммуникативни декхаршца йогIуш, кхетамца меттан гIирсаш харжарца тайп-тайпанчу жанрийн тексташ (дийцар, хетарг (отзыв), кехат (письмо), расписка, тоьшалла (доверенность), заявлени) кхолла хаар;

-цхьаммо дечу (монологан), шиммо дечу (диалоган) къамелан тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар; шен нийсархошна хьалха боццачу хаамца я доклад ярца къамел дар;

-тIекаре ечу хенахь нохчийн литературан меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш ларъяр; гIиллакхехь лексикех а, фразеологих а пайда эцар; йозанехь коьрта нийсаяздаран (орфографин) а, пунктуацин а бакъонаш ларъяр;

-къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар;

-шен къамелана ша-шена терго яр; хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачар а, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда эцар а, цуьнан чулацам а тидаме а оьцуш, шен къамелан мах хадон хьуьнар хилар; грамматически а, къамелан а гIалаташ, кхачамбацарш карон а, уьш нисдан а хаар; шен тексташ кхачаме ялон а, редактировать ян а хаар;

4) нохчийн маттах болу Iилманан хаарийн бух караберзор;

5) лингвистикин базови кхетамаш караберзор: лингвистика а, цуьнан коьрта дакъош а; мотт а, къамел а, тIекаре яр, барта а, йозанан а къамел; монолог, диалог; тIекаре яран хьал; маьIнийн-функциональни къамелан тайпанаш (дийцар, суртхIоттор, ойлаяр); текст, меттан коьрта цаIаллаш, церан билгалонаш а, къамелехь пайда эцаран башхаллаш а;

6) дешан тайп-тайпанан кепара таллам бар (фонетически, морфемни, дошкхолладаларан, лексически, морфологически), предложени а, дешнийн цхьаьнакхетар а синтаксически къастор: текстана, цуьнан чулацамца а, дIахIоттаман коьртачу билгалонашца, исбаьхьаллин гIирсех пайда эцарца а боьзна, таллам бар;

7) исбаьхьаллин литературан текстана талламбеш, нохчийн меттан эстетически декхарех кхеташ а, къамелан аларан эстетически агIонгахьара мах хадо хаа хьуьнар хилар.

  1. Чулацаман коьрта дакъош

Нохчийн мотт Iаморан декъехула программан чулацаман коьрта башхаллаш билгалйина коммуникативни, меттан, лингвистически, культуроведчески кхиарехь хаарш, шардарш карадерзорца доьзна. Герггарчу хьесапехь йолучу программан дIахIоттаман бухе диллинарг чулацаман и кхо дакъа ду:

- коммуникативни хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-меттан а, лингвистически а хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам;

-культуроведчески хаарш карадерзо аьтто беш болу чулацам.

Коммуникативни декъехула долучу хаарша шайна чулоцу массо а кепара къамелдаран а, барта а йозанан къамелан культуран баххаш карадирзина хилар; тайп-тайпанчу дахаран хьелашкахь а, шен нийсархошца (5-7, 8-9 классийн дешархой) вовшех кхеташ, психологически башхаллаш, зеделларг, дуьйцучуьнга шовкъ хилар а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу муьрашкахь тIекаре ян а, къамел дан кийча а, хьуьнаре а хилар.

Меттан а, лингвистически а декъехула долучу хаарша шайна чулоцу юкъараллин хиламехь маьIне долу хIума санна маттаца доьзна хаарш карадерзор; цуьнан дIахIоттам а, кхиар а, цо ден гIуллакх а дика девзаш хилар; нохчийн литературни мотт а, оьшуш болу дешнийн барам а, къамелан грамматически дIахIоттам а карабирзина хилар; меттан хиламаш а, бакъдерш а мах хадо хаарца талла хааран хьуьнар карадерзор; тайп-тайпанчу лингвистически словарех пайда эца хаар.

Культуроведчески декъехула долучу хаарша шайна чулоцу къоман культуран кеп санна мотт тIелаца безарх а, халкъан истори а, мотт а вовшех бозабелла а, нохчийн мотт къоман-культуран башхалла а хиларх кхетар; гIиллакхехь, норманаш ларъеш, нохчийн маттахь къамелдан а, кхечу къаьмнийн векалшца оьзда юкъаметтигаш лело а хаар.

Программа мотт Iаморан керлачу методически некъех пайда эцаран буха тIе тевжаш ю: кхетаман-коммуникативни, гIуллакхдаран. Кхетаман-коммуникативни тIевигаран бух тIехь 5-9 классашкахь нохчийн мотт караберзоран принципаш хIорш хир ю.

Коммуникативни принципо билгалйо мотт Iаморан Iалашо- коммуникативни кепара охIла волуш кхиор. И Iалашо кхочушъяро шена чулоцу массо а кепара, тайпана къамелдар кхиор. Коммуникативность бохург – иза дешаран гIуллакх къамелдан хаарна тIеберзийна дIахIоттор ду, ма-хуьллу и гIуллакх Iер-дахарехь нислучу хьелашца тардеш, юкъаметтигаш лелор царна герга яло хьажарца. Юкъаметтигаш дIакхехьа а, тIекаре яр а оьшуш хиларна тIе воьхуш хила беза и болх. Юкъаметтигаш лелаярца тIекаре ян Iамар – хIара ду коьртаниг коммуникативность бохучун амалехь.

Кхетаман принципе диллича, меттан коьчал тIеоьцу органически а, цхьана системехь а вовшахтоьхна, шена тIехь дешархойн къамелдаран шардарш, карадерзораш кхиош йолу дешаран дакъа санна. Кхетам болуш меттан хиламаш, бакъдерш, бакъонаш караерзоре хьовсу нохчийн мотт шера караберзор ца хилча ца торуш долучу хьоле санна. Коммуникативни а, кхетаман а декъехула йолучу принципаша билгалдо кхетаман-коммуникативни кепара тIедахар нохчийн мотт Iаморехь а, караберзорехь а.

Вай йийциначу принципел совнаха, нохчийн мотт Iаморо билгалдо дешархой нохчийн къоман культура йовзийтаре кхачор, кхечу къаьмнийн культурашца уьйр тасарца диалог дIаяхьа кийча а, хьуьнар хила дезар а: вовшашца йозаелла йолу къамелдаран кепаш а, кхоччуш мотт караберзор а; оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморца доьзначу хаарех, ший а мотт караберзош пайда эцар, цара вовшийн бен тIеIаткъам мелла а жимбан хьажар; Iамор хууш долучунна тIетевжаш а, тIаьхьало хинйолучу кепара а дIадахьар.

Хьалхара чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Къамел», «Текст», «Къамел дарехула долу гIуллакх».

ШолгIа чулацаман дакъа лаьтта хIокху дакъойх: «Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш», «Фонетика. Графика. Орфоэпи», «Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а», «Лексика а, фразеологи а», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а».

КхоалгIа чулацаман дакъа хIокху декъаца билгалдина «Мотт а, культура а».

Дакъойн чулацам ша-ша къаьстина бовзуьйту, амма къамел кхиор доьзна ду хIора дакъа Iаморца а, цхьана кепе ялийначу меттан курсан хIор темица а. ХIора дакъа шина блоках лаьтташ ду: хьалхара (терахь 1) теманаш а, царах болу теоретически хаамаш бовзуьйту, шолгIа (терахь 2) хьалхарчу пунктехь цIерш яьхна теманаш караерзоран хьокъехь кхочушден дешаран коьрта гIуллакхаш довзуьйту.

Юкъарадешаран юккъерчу школан дешаран предметехула болу чулацам


Коммуникативни декъехула хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (лаххара а 150 с)

1-ра дакъа. Къамел а, къамелаца ен тIекаре а (лаххара а 25 с)

1. Мотт а, къамел а. Монологически а, диалогически а, барта а, йозанан а къамел. Монолог. Диалог. Полилог. Къамелаца ен тIекаре. Къамелан хьал а, цуьнан дакъош а. Юкъара а, книгийн а мотт. Юкъара меттан коьрта башхаллаш а, жанраш а. Къамелан стилаш: Iилманан, леррина-гIуллакхан, публицистически. Iилманан, публицистически, леррина-гIуллакхан стилийн коьрта жанраш. Исбаьхьаллин литературан мотт.

2. Барта а, йозанан а, юкъара а, книгийн, монологически, диалогически къамелан коьртачу башхаллех кхеташ хилар а, уьш вовшех къасто хууш а хилар. Монологан а, диалоган тайп-тайпана кепаш караерзор. Долучу хьоле а, тIекаре яран Iалашонашка а хьаьжжина, меттан гIирсех пайда эцар. ТIекаре яр дукхахолахь нислуш долучу хьелашкахь къамелан норманех нийса пайда эцар карадерзор. Стилийн, жанрийн башхаллаш тидаме а оьцуш, тексташ вовшашца юстар а, царна талламбар. Тайп-тайпанчу стилашкахь, жанрашкахь ша барта а, йозанан а, аларш кхоллар.

2-гIа дакъа. Къамелан оьздангалла1 (лаххара а 10с)

1. Литературни меттан норманех болу кхетам. Меттан норма а, цуьнан декхарш а. Нохчийн литературни меттан коьрта норманаш: орфоэпически, лексически, грамматически, стилистически, нийсаяздаран. Норманийн кепаш. Нохчийн меттан словараш.

2. Нохчийн литературни меттан коьрта норманаш караерзор а, шен къамелехь уьш ларъяр а. Литературни маттах лаьцна болу хаамаш схьалохуш словарех пайда эцар.

3-гIа дакъа. Текст (лаххара а 40 с)

1. Текст къамелан произведени санна, цуьнан билгалонаш а, башхаллаш а. Тема, коьрта ойла, текстан дIахIоттам. Предложенийн а, текстан дакъойн уьйрийн гIирсаш а, кепаш а. Абзац. Абзацо текстехь кхочушден гIуллакх. Текстан даран-маьIнин тайпанаш: суртхIоттор, дийцар, ойлаярца дийцар. Иэделла тайпанаш: ойлаяран кепашца суртхIоттор, суртхIотторан а, ойлаяран а кепашца дийцар и дI. кх. а. Къамелан тайпанийн стилистически кепаш. Хаамийн текст юха кечъяран коьрта тайпанаш: план, конспект.

2. Текстан даран-маьIнин муьлхачу тайпанан ю а, дIахIоттаме а, теме а, коьртачу ойлане а хьаьжжина, анализ яр. Шен ойланехь дерг маьIница хьалха-тIаьхьа догIург хила дезачу кепара нисдарца довзийтар. Текст маьIнин дакъошка екъар а, текстан план хIоттор а. Текстехь предложенеш вовшех йоьзна гIирсаш а, кепаш а билгалъяр, къамелехь царах пайда эцар. Текстан дIахIоттаман норманаш ларъеш (хьалха-тIаьхьа хила дезар цхьаьнадогIуш, кхеташ а, темица йогIуш а, йозаелла а хилар) тексташ кхоллар. Къамелан аларан мах хадор а, иза кхачаме далор а. Плане а, конспекте а ерзош, текст юхакечъяр.

4-гIа дакъа. Къамелдар (лаххара а 75 с)

Къамелдаран тайпанаш: ладогIар, ешар, вистхилар, йоза.

ЛадогIар. Юккъерчу барамехь лергана хозуьйтучу текстах цхьанакепара кхетар. Ша ладоьгIна йолу текст шорйиначу я яцйиначу барамехь кхечуьнга дIакхачор. ШГIХ маттах кхеташ хилар.

Ешар: талларан, йовзаран, лахаран хьесапехь. Ешаран тайп-тайпана кепаш а, дешаран книгица а, кхиболучу хаамийн хьостанашца болх бар а карадерзор.

Вистхилар. ТIекаре яран хьоле а, меттиге а, Iалашонашка а хьаьжжина, барта а, монологически а мехала а, социокультурни а, гIиллакх-оьздангаллин, динан, дешаран а теманашна аларш кхоллар. ХатI (стиль) а, жанр а тидаме а оьцуш, монолог-суртхIотторан, монолог-дийцаран, монолог-ойлаяран кепара шен аларш кхоллар.

Йоза. ЛадоьгIна я ешна текст йозане ерзор (ма-ярра, яцйина, хаьржина). Тайп-тайпанчу жанрийн, хотIийн (стилан) йозанан тексташ кхоллар. ГIуллакхан кехаташ хIиттор (дIахьедар (заявление), хаамбар (объявление), тоьшалла (доверенность), резюме).


Маттах долу хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (лаххара а 300 с)


1-ра дакъа. Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш (лаххара а 2 с)

1. Нохчийн мотт–Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт. Нохчийн мотт-нохчийн къоман мотт. Мотт–адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а гIирс.

2. Меттан мехаллах а, юкъараллин дахарехь цо дIалоцучу меттигах а кхеташ хилар.

2-гIа дакъа. Фонетика. Графика. Орфоэпи (лаххара а 16 с.)

1. Фонетика а, графика а, орфоэпи а лингвистикин дакъош санна. Аз – меттан уггар а жима дакъа. Озан а, элпан а дазар. ХIинцалера нохчийн абат. Фонетически транскрипцин цхьайолу кепаш (элементаш). Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Къамелдарехь аьзнийн хийцадалар. Нохчийн меттан шатайпанара аьзнаш. Деха а, доца а мукъа аьзнаш. Дифтонгаш ие, уо, оьв. Нохчийн меттан интонаци, интонационни конструкцийн коьрта тайпанаш. Орфоэпин коьрта норманаш. Орфоэпически словараш.

2. Деха а, доца а, мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а аьзнаш къестор. Дешан озан а, элпан а хIоттам дуьхь-дуьхьал хIоттор. Дешан озан-элпан анализ яр. Дешнаш дакъошка декъар. Дош цхьана могIанера вукху могIане сехьадаккхаран хаарш карадерзор. Нохчийн меттан интонаци а, орфоэпически норманаш а карайирзина хилар. Нохчийн меттан интонацин а, аьзнийн системин а башхаллех кхеташ хилар.

3-гIа дакъа. Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а (лаххара а 16с)

1. Морфема меттан жима а, маьIне а дакъа хиларх кхетар. Дешан лард а, чаккхе а. Орам. Цхьанаораман дешнаш. Орамерчу элпийн хийцадалар. Суффикс. Дешхьалхе. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Дошкхолладалларх а, хийцадаларх а болу кхетам. Дошкхолларан а, формакхолларан а морфемаш. Нохчийн меттан дошкхолларан коьрта некъаш. Дошкхолладаларан га (пара) а, дошкхолладаларан зIе а. Морфемни а, дошкхолладаларан а словараш.

2. Нохчийн дешан хIоттаман башхаллех кхеташ хилар. Дешнаш а, дешан форманаш а кхолларехь морфемаша дечу гIуллакхах кхеташ хилар. Дешан морфемаш къастор. Дошкхолларан дакъошка хьаьжжина, дешан мехалла билгалъяр. Цхьанаораман дешнаш харжар, къамелехь царах пайда эцар. Дешнийн зIенаш а, дешнаш кхолларан а коьрта некъаш билгалдар. Тайп-тайпанчу некъашца дешнаш кхолла хаар карадерзор. Нийсаяздарехь дошкхолладаларан а, морфемийн декъехула карадирзиначу хаарех, шардарех пайда эцар. Тайп-тайпана хьесапаш морфемни а, дошкхолладаларан а словарашца кхочушдар.

Дешан хIоттамца дешнаш таллар, дошкхалладаларан талламбар.

4-гIа дакъа. Лексика а, фразеологи а (лаххара а 16 с)

1. Дош–меттан цхьа дакъа. Дешан лексически а, грамматически а маьIна. Къоман культуран маьIнан дакъа шайца долу дешнаш. ЦхьанамаьIнин а, дуккха а маьIнийн дешнаш, дешан нийса а, тIедеана а маьIна. Синонимаш. Антонимаш. Омонимаш.

Нохчийн меттан лексика шен схьаяларе хьаьжжина (билггала нохчийн а, тIеэцна а), жигара а, кIезиг пайда оьцу а (историзмаш, архаизмаш, неологизмаш), пайдаэцаран гуо (юкъара, шуьйра пайда оьцу дешнаш, диалектизмаш, терминаш, профессионализмаш).

Лексикин стилистически дакъош: книжни, юкъара, къамелан.

Фразеологизмаш, церан билгалонаш а, маьIна а. Аларш, дустарш, кицанаш.

Нохчийн меттан словараш. Шинаметтан словараш.

2. Дахаран хьелашкахь тIекареш дIакхехьарна оьшучу барамехь лексически а, фразеологически аларш карадерзор. ТIекаре яран хьоле а, Iалашоне а хьаьжжина, къамелехь шайн маьIнашца вовшашца даза тарлуш долучу дешнех пайда эцар. Дешнийн маьIнаш къасторхьама а, синонимаш, антонимаш, фразеологически цхьаьнакхетарш харжархьама а тайп-тайпанчу словарашца болх бар.

Дош лексически къастор.

5-гIа дакъа. Морфологи (лаххара а 145 с)

1. Морфологи–граматикин дакъа. Нохчийн меттан къамелан дакъош. Коьрта къамелан дакъош. Церан грамматически маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а. Нохчийн меттан дожарийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. Нохчийн меттан къамелан дакъойн хенийн, классни гайтамийн система: маьIна, кепаш, пайда эцар. ГIуллакхан къамелан дакъош. Церан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. ГIуллакхан къамелан дакъойн тайпанаш: маьIна, хIоттам, синтаксически гIуллакх. Айдардешнаш а, азтардаран дешнаш а.

2. Шайн коьртачу билгалонашца тайп-тайпана къамелан дакъош довзар. Дош морфологически къастор. Нохчийн литературни меттан норманашца догIуш тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнийн кепех (форманех) пайда эцар. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн къамелан дакъойн юкъара а, башха а долучух кхетар.

5 класс. Проект «Муха кхолладелла «Даймохк» боху дош».

6-гIа дакъа. Синтаксис (лаххара а 75 с)

1. Синтаксис–грамматикин дакъа. Нохчийн меттан синтаксисан дакъош. Дешнийн цхьаьнакхетар а, цуьнан дIахIоттам а, тайпанаш а. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйр а, тайпанаш а (бартбар, урхалла, тIетовжар). Предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически маьIна а. Аларан Iалашоне а, эшаре а хьаьжжина, предложенийн тайпанаш. Предложени кечъеш болу гIирсаш: эшар (интонаци), логически тохар, дешнийн къепе. Предложенин грамматически бух. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. Цхьалхе предложени. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш а, церан хилар а. Цхьалхечу предложенийн тайпанаш: шинахIоттаман а, цхьанахIоттаман а, яьржина а, яржаза а, юьззина а, юьззина йоцу а, чолхеяьлла а, чолхеялаза а. ЦхьанахIоттаман предложенийн тайпанаш. Чолхеяьлла предложени. Цхьанатайпанарчу а, шакъаьстиначу а меженашца а, тIедерзарца а, юкъадалочу дешнашца а, юкъаялочу конструкцешца а йолу предложенеш. Чолхе предложени, цуьнан дIахIоттам а, грамматически бух а. Чолхечу предложенийн тайпанаш: хуттургийн а, хуттургаш йоцу а, чолхе-цхьаьнакхетаран а, чолхе-карара а. Чолхе-цхьаьнакхетаран предложени: дIахIоттам, тайпанаш, вовшехйозаран гIирсаш а, кепаш а. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Чолхе-карара предложенеш: дIахIоттам, тайпанаш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирс. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Хуттургаш йоцу чолхе предложени, дIахIоттам. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Нехан къамел довзийтаран кепаш. Текст синтаксически дакъа санна. Предложенийн а, текстан дакъойн а уьйрийн гIирсаш а, кепаш а.

2. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйран кеп къастор, предложенин грамматически бух билгалбар. Цхьалхечу а, чолхечу а предложенийн тайпанаш билгалдар. Предложени синтаксически къастор. Чолхе-карара предложенеш цхьалхечу а, цхьалхенаш чолхечу а предложенешка ерзор. Текст а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а кхолларан норманаш ларъяр.

7-гIа дакъа. Орфографи а, пунктуаци а (лаххара а 30 с)

1. Орфографи дешнаш а, церан форманаш а нийсаязъяран раж (система) санна. Орфограммех кхетам балар. Орамера элпаш нийсаяздар. Дешхьалхенаш, суффиксаш, чаккхенаш нийсаязъяр. Ъ,Ь нийсаяздар. Цхьаьна а, дефисца а, къаьстина а яздар. Доккха а, жима а элп яздар. Дош сехьадаккхар. Орфографически словараш а, справочникаш а. Пунктуаци нийсаяздаран бакъонийн раж (система) санна. Пунктограммех кхетам балар. Предложенин чаккхенгахь, цхьалхечу (чолхеяьллачу а, чолхеялазчу а), чолхечу предложенешкахь, ма-дарра къамелехь, цитаташкахь, диалогехь сацаран хьаьркаш.

2. Орфографически а, пунктуационни хааршца йоьзна само кхиор. Йозанехь орфографически а, пунктуационни коьрта норманаш ларъяр. Дош орфорграфически къастор. Пунктуационни къастор. Орфографически а, пункуационни а хьесапаш кхочушдеш орфографически словарех, нийсаяздаран справочникех пайда эцар.

Культуроведчески хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (лаххара а 20 с)

1-ра дакъа. Къоман оьздангалла маттахь а, къамелахь а (лаххара а 20 с) 1. Мотт а, оьздангалла а вовшех йозаелла хилар. Нохчийн мотт–исбаьхьаллин литературан мотт. Маттахь къоман истори а, культура а гайтар. Нохчийн къамелан оьздангалла а, цуьнан башхаллаш а. Россехь дехачу къаьмнийн меттанаша вовшашна бен тIеIаткъам.

2. Халкъан барта кхоллараллин а, исбаьхьаллин литературан а произведенешкахь къоман-культуран дакъа шеца долу меттан цхьааллаш билгалъяхар, лингвистически словарийн гIоьнца церан маьIнаш дастар. Матте культуран хиламе санна кхетаме хьажар. Мотт ларар а, цуьнга шовкъ

кхоллар а.

Тематически планаш


Теманийн коьрта чулацам

Дешархочо кхочушдечу коьртачу гIуллакхийн мах хадор

(дешаран гIуллакхашкахула болучу барамехь)

Коммуникативни декъехула хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (150 с)

1-ра дакъа. Къамел а, къамелаца ен тIекаре а (25 с)

1. Мотт а, къамел а – 5 с.

Къамелаца тIекаре яран Iалашонца санна, маттах пайда эцар.

Барта а, йозанан а, диалогически а, монологически а къамелан коьрта башхаллаш.

Къамелан оьздангалла.


2. Къамелаца тIекаре яр- 5 с.

ТIекаре яран хьелаш. Къамелан хьал (Iалашо, бахьана, хьаьнца до, хьанах (стенах) лаьцна ду, юкъара мотт). ТIекаре яран хьоле хьаьжжина, вистхилар.


3. Книгийн а, юкъара а къамел- 15 с.

Книгийн а, юкъара а къамелан коьрта башхаллаш.

Юкъара къамел: пайдаоьцу меттиг, декхарш, башхаллаш. Юкъара къамелан жанраш: къамелдар, дийцар, долара кехаташ.

ХотIаш (стилаш): Iилманан, леррина-гIуллакхдаран, публицистикин. Пайда эцаран гуо, юкъ, кхочушден гIуллакх, башхаллаш.

Коьрта жанраш Iилманан хотIан (стилан) (хаам, доклад, статья), публицистикин (къамел дар, заметка, инфрмационни хаам, рецензи), леррина-гIуллакхдаран (дIахьедар, расписка, резюме).

Исбаьхьаллин литературан мотт; цуьнан башхаллаш (васте, шовкъе хилар), эстетически декхарш. Меттан суртхIотторан гIирсаш (эпитеташ, метафорш, дустарш, олицетворенеш и дI. кх. а). Инверси, риторически хаттар.


«Мотт», «къамел» боху кхетамаш вовшех къестор.

Барта а, йозанан а къамел, диалог а, монолог къасто хаар.

Диалог-хаттам, диалог-дискусси дIаяхьар, тIекаре яран Iалашонца меттан гIирсаш схьахаржар.

ТIекаре еш къамелан оьздангалла ларъяр.


Текстехь чагIделла дах1оьттиначу тIекаре яран хьолан таллам бар.

Хьалха хIоттийначу Iалашоне а, къамел хьаьнца дан лерина ду хьаьжжина а, шен аларш кхоллар.




Книгийн а, юкъара а къамел вовшех къастор.

Шех, шен доьзалх, юьртах, гIаланах и дI. кх. лаьцна дийцар.

Iер-дахаран а, дешаран а теманашна диалог дIаяхьар.

Тайп-тайпанчу хотIан (стилан) тексташ къасто хаар.

Iер-дахаран а, дешаран а теманашца йоьзна диалог дIаяхьар.

Билггалчу текстан хатI (стиль) билгалъяккхар, ша аьлларг тIечIагIдеш, делил далор.

ХатI а, жанр а тидаме а оьцуш, шен тексташ кхоллар.

Исбаьхьаллин текстехь дика бевзаш, шуьйра баьржина а болу исбаьхьаллин-суртхIотторан гIирсаш схьакарор.

2-гIа дакъа. Къамелан оьздангалла (10 с)

Къамелан оьздангалла- 10 с.

Литературни маттах а, цуьнан хотIех (норманех) а болу кхетам.

Меттан барам (норма) а, цуьнан декхарш а.

Орфоэпически, лексически, дошкхолларан, морфологически, синтаксически, орфографически, пунктуационни а норманаш.

Нохчийн меттан нормативни словараш.

Нохчийн литературан коьрта хотIаш (норманаш) карадирзина хилар, къамелехь царах пайда эцар.

Шен къамел нийса ду дац хьожуш, цуьнан мах хадор, грамматически а, къамелан гIалаташ карор а, уьш нисдар а.

Тайп-тайпанчу словарех пайда эцар: орфоэпически, орфографически, фразеологически, доштидаран, синонимийн, антонимийн, кхечу пачхьалкхийн меттанийн.

3-гIа дакъа. Текст (40 с)

1. Текст къамелдаран гIирс санна – 10 с.

Текстан коьрта билгалонаш а, башхаллаш а: маьIне а, дийнна а, йозаелла а, чаккхе йолуш а, дакъошка екъалуш а хилар.

Тема, проблема а, текстан коьрта ойла а.

Текстан дIахIоттам.

Абзац а, цуьнан дIахIоттам а.

Информационни текст кечъяран коьрта кепаш: план, конспект.





2. Функционально-маьIнин къамелан тайпанаш – 30 с.

СуртхIоттор, дийцар, ойлаяр.

СуртхIоттор, цуьнан дIахIоттаман схема.

ХIуманан, меттиган, Iаламан хиламан, адаман хьолан суртхIоттор. ХIуманан маьIна шайца долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а. Предложенийн уьйрийн параллельни кепаш. Исбаьхьаллин, Iилманан, гIуллакхан декъехула суртхIоттор.

Дийцар-хенаца доьзна хиламийн кхиар. ДIахIоттаман схема. СуртхIотторан коьрта тайпанаш: дийцар, хаам, инструкци. Хенан латтамийн а, хандешнийн а гIоьнца хиламийн кхиар бовзийтар. Дийцарехь предложенийн уьйрийн зIе. Дийцар исбаьхьаллин, публицистически, Iилманан, гIуллакхан хотIашкахь (стилашкахь).

Ойлаяр-ойла кхиар (делил, кхетам балар, хьесап дар). Ойлаяран дIахIоттаман схема. Уьйран синтаксически гIирсаш: хуттургаш, хуттургийн дешнаш.

Ойлаяр исбаьхьаллин, публицистически, Iилманан, гIуллакхан хотIашкахь (стилашкахь).

Къамелан иэйелла кепаш: ойлаяран кепаш (элементаш) шеца йолу суртхIоттор, ойлаяран а, суртхIотторан а кепаш (элементаш) шеца йолу дийцар.

Текст абзацашка екъар.

Текстан дакъойн, предложенийн уьйран гIирсаш, тема, проблема, коьрта ойла билгалъяккхар.

Текстан юьхь, коьрта а, дерзоран а дакъош схьакарор.

Абзацан дIахIоттам къастабар.

Текст маьIнийн дакъошка екъар.

Коьрта а, коьртаза а информаци билгалъяккхар.

Текстан маьIне долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш схьакарор.

Юьхьанцара текст плане а, конспекте а ерзор.



Къамелан тайпанаш, мича Iалашонца а, хьанна (стенна) лерина ду а хьаьжжина, къестор.

Текстехь суртхIоттор схьалахар, шен харжамна тоьшалла далор.

Iаламан хиламийн, адаман куьцан, амалан, хIуманийн, меттиган суртхIоттор.

Дийначу текста юкъара дийцаран дакъош схьакарор.

Дийцаран хотIан(стилистически) тайпанаш билгалдахар.

Дахарехь хуьлучух а, исбаьхьаллин произведенешкахь бийциначу, телеперадехь гиначу а хиламех лаьцна дийцарш кхоллар.

Дийначу текста юкъара ойлаяран дакъош схьакарор.

СуртхIоттор, дийцар, ойлаяр вовшех къасто хаар.

Ойлаяран хьесапаш дар: тезис хьалхаяккхар, цунна делил далор, Iамош долучунна тIера масалш далор, жамIаш дар.


Алсам пайда оьцучу къамелан кепе хьаьжжина, текстан кеп билгалъяр.


4-гIа дакъа. Къамелдар (75 с)

1. ЛадогIар – 15 с.

ТIекаре яран хьоле а, Iалашонашка а хьаьжжина, барта а, йозанан а къамел цхьатера тIеэцар. ПаргIатчу, юккъерчу барамехь лергана хозуьйтучу хаамах кхетар (телевиденин, радион диктор, куьйгаллехь болучу наха ден къамел и дI. кх. а).


2. Ешар – 15 с.

Йовзаран, лахаран, тIеххулара, дIасалистаран кепара ешар. Тайп-тайпана хотIехь йолу тексташ ешар а, царах кхетар а: исбаьхьаллин (дийцарийн, повестийн, романийн дакъойх), дешаран-Iилманан (учебникийн текстех), Iилманан-гIараяьлла, публицистически (газетийн, журналийн статьях, хроникех) гIуллакхан (рекламех, цхьадолучу гIуллакхан кехатех).

Книгица а, хаамийн кхечу хьостанашца болх баран оьздангалла.





3. Къамелдар – 20 с.

ТIекаре яран хьоле а, Iалашоне а хьаьжжина, мехала йолучу а, социально-культурни а, гIиллакх-оьздангаллин а, Iер-дахаран а, дешаран а теманашна барта а, йозанан а аларш кхоллар.

Шех, доьзалх, гIалех, юьртах, белхан говзаллех, къоман гIиллакхех, ламастех, нохчийн цIайх (дезчу денойх), ловзарех, говзаллех (промыслех) лаьцна дийцар.

Фильман, книгин чулацам схьабийцар, хетарг алар.




4. Йоза – 25 с.

ЛадоьгIначу я ешначу текстан чулацам йозане берзор (буьззина, хаьржина, боцца).

Литературни хотIаш (норманаш) а лардеш, маьIница хьалха-тIаьхьа дIанисъялар тидаме а оьцуш, шен тексташ кхоллар. ГIуллакхийн кехатийн чулацаман а, дIахIоттаман а башхаллаш.

Газетийн статьяш а, литературан произведенийн даккхий доцу дакъош а оьрсийн матте дахар

Дечу къамела юкъара дешнийн цхьаьнакхетарш а, дешнаш, аларш схьакъастор.

Дошкхолларан дакъойн а, контекстан а гIоьнца девзаш долучу дешнийн маьIнаш дастар.

Текстах кхетарехь коьрта дакъа лоцуш долу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а билгалдар.

Хезна болучу хааман коьрта чулацам иэсехь сацор.


Ешаран тайп-тайпанчу кепех пайда эцар.

Текстан дIахIоттаман некъ бовзар, текст дакъошка екъар, текстан дакъошна юкъара уьйр билгалъяр.

Авторна хетарг а, тема а, коьрта ойла а, кеп, хатI билгалдеш, текст таллар.

Текстехь болучу хаамашна тIе тевжаш, жамIаш дар, цу тIехь долучу бакъдолучеран юкъара маьIна дар.

Бакъдолучийн мах хадор, текстан кхетам балар.

Коьрта а, коьртаза а хаам къастор.

Книгица а, кхечу хаамийн хьостанашца а (Интернет а, ШХ ГI а юкъа а лоцуш) болх бан хаар карадерзор.


Билггалчу юкъаметтигаллин хьолехь къамел долор а, дIадахьар а.

Къамел деш волучуьнга гIиллакхе вистхиларан кепех пайда эцар.

Мукъ шен карахь а болуш, диалог дIаяхьар, шеца къамел деш волучо аьллачунна сиха жоп далар, диалогически цхьааллийн коьртачу кепех пайда эцар.

ТIекаре яран хьал тидаме а оьцуш, барта а, йозанан а аларш кхоллар монолог-суртхIотторан, монолог-дийцаран, монолог-хьесап даран кепехь.

ГIиллакх-оьздангаллин, Iер-дахаран, дешаран теманашна лерина къамелаш дар, дискуссеш дIаяхьар.



Тайп-тайпана изложенеш, диктанташ язъяр.

Дика евзаш йолучу темина сочинени-ойлаяр язъяр.

Текстана цхьалхе а, чолхе а план хIоттор.

Цхьана темица а, идейца а йозаеллачу шина я масех текстан чулацам юкъарчу хьесапехь схьабийцар.

Хьаьжначу кинох, телепередачех, ешначу книгех, ладоьгIначу текстах лаьцна йозанца хаамаш кечбар.

Цхьадолу гIуллакхан кехаташ хIиттор (дIахьедар, тоьшалла, резюме).

Маттах долу хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (300 с)

5-гIа дакъа. Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш (4 с)

Нохчийн маттах болу юкъара хаамаш – 4 с.

Нохчийн мотт – Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт.

Нохчийн мотт – нохчийн къоман мотт.

ХIинцалера нохчийн мотт.

Таханлерчу дахарехь а, пачхьалкхехь а, хIинцалерчу юкъараллехь нохчийн матто дIалоцучу меттигах а, цо кхочушдечу гIуллакхах а кхеташ хилар.

6-гIа дакъа. Фонетика. Графика. Орфоэпи (16 с)

Фонетика, графика, орфоэпии - 16 с.

Нохчийн меттан мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Аз а, элп а, церан дазар а. ХIинцалера нохчийн абат.

Мукъа аьзнаш: деха а, доца а.

Мукъаза аьзнаш: зевне а, къора а. Сонорни мукъаза аьзнаш. Аффрикаташ. Нохчийн меттан шатайпанара аьзнаш.

Къамелехь аьзнийн хийцадалар: мукъазчу аьзнийн гIелдалар, мукъачу аьзнийн кIаддалар, ассимиляци.

Фонетически транскрипцийн цхьайолу кепаш (элементаш)

Дешдакъа. Логически тохар.

Орфоэпически норманех кхетам балар. Литературни хотIаца (норманашца) догIуш нийса алар. ТIеэцна дешнаш нийса аларан башхаллаш.

Интонаци а, цуьнан декхарш а. Нохчийн меттан интонацин башхаллаш. Интонационни конструкцийн коьрта тайпанаш. Литературни хотIаца (норманашца) догIуш аларан коьрта бакъонаш. Орфоэпически словараш.

Аьзнаш вовшех къестор, нийса схьаалар деха а, доца а, зевне а, къора а аьзнаш, аффрикаташ.

Шайн йолучу билгалонашца аьзнаш тайпанашка а, тобанашка а, билгалдиначу аьзнийн хьесапашца дешнаш а дIасадекъар.

Дешнаш цхьана могIанера нийса вукху могIане дахар.

Дешнаш дакъошка декъар, уьш нийса схьаалар

Барта а, йозанца дешнаш фонетически къастор.




Литературни хатI (норманаш) лардеш дешнаш ала дезарх кхеташ хилар. Литературни хатI (норманаш) лардеш алар карадерзор.

Аьзнийн башхаллашца а, меттан интонацица йоьзначу халонех хьалхадовлар. Поэтически а, прозаически а тексташ къастош ешар.


7-гIа дакъа. Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а (16 с)

Дешан хIоттам а, дошкхолладалар а – 16 с.

Морфемех кхетам балар. Морфемийн тайпанаш. Дешан хIоттам: лард а, чаккхе а. Орам, дешхьалхе, суффикс. Цхьанаораман дешнаш.

Нохчийн а, оьрсийн а дешнийн дIахIоттамашна юккъехь йолу башхо.

Дошкхолладалар а, дешнийн хийцадалар а.

Дошкхолларан коьрта некъаш. Морфемийн гIоьнца дешнаш кхоллар (дешхьалхенийн, суффиксийн, дешхьалхенийн-суффиксийн, суффиксаш йоцу а). Дешнаш кхуллучу а, хийцалучу а хенахь орамера аьзнийн хийцадалар. Лардаш цхьаьнакхетарца дешнаш кхолладаларан кеп.

Чолхе дешнаш. Чолхе-дацдина дешнаш. Композитийн грамматически классаш. Цхьа къамелан дакъа вукху къамеле дерзар дошкхолладаларан цхьа кеп санна. Дошкхолладаларан га а, дошкхолладаларан зIе а.

Дешан морфемни а, кхолладаларан таллам.

Нохчийн меттан морфемни а, дошкхолладаларан а словараш

Дешнийн морфемаш къастор.

Дошкхолларан дакъойн гIоьнца дешан маьIна тидар.

Цхьанаораман дешнаш къастор а, лахар а.

Схьаяьлла а, схьаялаза а лардаш вовшех къастор. Дешан хIоттамца дешнаш къастор.

Дошкхолларан коьрта некъаш билгалдахар, дошкхалладаларан зIенаш кхоллар.

Дешхьалхенийн а, суффиксийн а гIоьнца дешнаш кхоллар.

Шуьйра пайда оьцучу суффиксийн коьрта маьIнаш билгалдахар.

Чолхе-дацдина дешнаш нийса алар а, царах нийса пайда эцар а.

Композитийн грамматически классаш билгалъяхар.

Морфемни а, дошкхолладаларан а къастор барта а, йозанца а кхочушдар.




8-гIа дакъа. Лексика а, фразеологи а (16 с)

1. Лексика – 13 с.

Дош–меттан коьрта дакъа. Дешан лексически а, грамматически а маьIна. ЦхьанамаьIнин а, дуккха а маьIнин дешнаш.

Дешнийн нийса а, тIедеъна а маьIнаш. Синонимаш, антонимаш, омонимаш.

Шуьйра а, кIеззигчу меттехь а пайда оьцу лексика. Профессионализмаш, дешнаш-терминаш, диалектизмаш. Ширделла а, керла а дешнаш.

Юкъара (нейтральни) а, стилистически къагийна йолу а лексика.

Билггала нохчийн а, тIеэцна а дешнаш. Интернациональни лексика. Нохчийн а, оьрсийн а меттанийн юкъара дешнаш.

Доштуьду словараш.


2. Фразеологи – 3 с.

Фразеологизмаш, церан маьIна, пайда эцар. Фразеологизмийн башхаллаш.

Фразеологически словараш. Фразеологически цхьааллийн стилистически башхаллаш.

Дешан лексически маьIна билгалдаккхар.

Къамелехь ши маьIна долучу дешнех шина а маьIнехь а, синонимех, омонимех, антонимех а пайда эцар.

Лексически цхьаьна дан тарлучу дешнех пайда эцар.

Нохчийн а, оьрсийн а дешнаш дустарца маьIнаш тидар.

Шуьйра а, кIезиг пайда оьцу а лексикаш къастор.

Исбаьхьаллин произведенешкахь ширъеллачу лексико стилистически декъехула кхочушден гIуллакх билгалдар.

ТIекаре яран хьоле хьаьжжина, къамелехь дешнех пайда эцар.

Дешнийн маьIнаш къасторан Iалашонца шинаметтан а, дешнаш тидаран словарех пайда эцар.



Фразеологизмийн маьIнаш дастар, синонимашца а, кхечу дешнийн цхьаьнакхетаршца уьш хийцар.

ТIекаре яран хьоле хьаьжжина, шен къамелехь фразеологизмаш ялор.

Кхечу меттанашкарчу фразеологизмашца йогIурш шен маттахь схьалахар а, уьш вовшашца юстар а.

Фразеологизмийн маьIнаш дастаран Iалашонца фразеологически словарех пайда эцар.

9-гIа дакъа. Морфологи. (143с)

1. Морфологи. Коьрта къамелан дакъош – 7 с.

Къамелан дакъойн маьIнийн а, морфологически а, синтаксически а башхаллаш.

Коьрта къамелан дакъош, церан грамматически маьIна, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а.


2. ЦIердош къамелан дакъа сана – 24 с.

ЦIердешнийн маьIна а, грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а.

Юкъара а, долахь а цIердешнаш.

ЦIердешнийн грамматически классаш. ЦIердешнаша билгалдешнашца, цIерметдешнашца, терахьдешнашца, хандешнашца бартбар.

ЦIердешнийн терахь.

ЦIердешнийн легар. Диъ легар.

Тайп-тайпана легалуш долу цIердешнаш. Цхьана дешдекъах лаьтташ долучу цIердешнийн легар.

Дожарийн маьIнаш. ЦIердешнаш дукхаллин терахьехь легор. Дожарийн чаккхенаш дукхаллин терахьехь.

Дукхаллин терахьан цIердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. ЦIердешнийн кхолладаларийн некъаш.

ЦIердешнаш морфологически къастор.



3. Билгалдош къамелан дакъа санна – 16 с.

Билгалдешан маьIна а, грамматически билгалонаш а. Билгалдешан синтаксически гIуллакх.

Билгалдашо цIердашца бартбар. Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

Мухаллин, юкъаметтигаллин билгалдешнаш.

Цхьадолучу билгалдешнийн терахь а, классан гайтам а.

Мухаллин билгалдешнийн даржаш. Дустаран дарж. ТIехдаларан дарж. Церан кхолладалар, суффиксаш.

Билгалдешнийн легарш. ТIеэцна билгалдешнаш а, церан легар а. Чолхе билгалдешнаш, уьш нийсаяздар.

Билгалдешнийн кхолладалар. Чолхе билгалдешнаш нийсаяздар.

Билгалдош морфологически къастор.


4. Терахьдош къамелан дакъа санна – 12 с.

Терахьдешан маьIна а, грамматически билгалонаш а. Масаллин а, рогIаллин а терахьдешнаш.

Масаллин терахьдешнаш. Лааме а, лаамаза а терахьдешнаш. Декъаран, дакъойн, гулдаран, билгалза-масаллин терахьдешнаш.

Цхьалхе а, чолхе а, хIоттаман а терахьдешнаш. Масаллин терахьдешнийн легар а, нийсаяздар а.

РогIаллин терахьдешнаш. Кхолладалар, легар, нийсаяздар.

Масаллин а рогIаллин терахьдешнаша цIердашца бартбар.

Терахьдош морфологически къастор.







5. ЦIерметдош къамелан дакъа санна – 18 с.

ЦIерметдешан маьIна а, грамматически билгалонаш а. Предложенехь цо кхочушден гIуллакх. ЦIерметдешнийн тайпанаш. ЦIерметдешнийн легар: цIердешнаш а, билгалдешнаш а санна дожаршца хийцалуш долу цIерметдешнаш. Яххьийн цIерметдешнаш цIерниг а, лач а дожаршкахь. Тхо, вай бохучу дукхаллин терахьан 1-чу юьхьан шина цIерметдашна юккъера башхо. Доладерзоран а, гайтаран а, къастаман а цIердешнашца терахьашкахь а, дожаршкахь а бартбар. Хаттаран а, юкъаметтигаллин цIерметдешнашна юккъера башхо.

ЦIерметдешнийн нийсаяздар.

ЦIерметдош тавтологи ца хилийтаран предложенин уьйран гIирс санна.

ЦIерметдош морфологически къастор.










6. Хандош къамелан дакъа санна – 25 с.

Хандешан маьIна а, грамматически билгалонаш а. Грамматически категореш: хан, саттам, спряжени, грамматически класс, цхьаллин, дукхазаллин кеп, терахь (цхьадерш). Синтаксически гIуллакх.

Хандешан юьхьанцара кеп (инфинитив). Хандош кхолладаларан некъаш. Хандешан юьхьанцарчу кепан маьIна, грамматически билгалонаш, синтаксически гIуллакх. Хандешан билгалзачу кепан суффиксаш: -а, -о, -ан, -ен, -он.

Хандешан хенаш. МаьIна а, пайда эцар а. Карара хан, йогIу хан:хила мега а, хин йолу а.

Яхана хан, цуьнан кепаш. 1-чу а, 2-чу а спряженийн хандешнаш. Орамера элпаш хийцадалар. Карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр. Хандешан хила мега а, хинйолу а хенаш кхоллар тайп-тайпанчу хандешнех. Яханчу хенан кепаш кхоллар. Яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр.

Хандешан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш.

Цхьадолучу хандешнийн терахьашца а, классашца а хийцадалар.

Хандешан саттамаш (билгала, тIедожоран, бехкаман-лааран). МаьIна, кхоллабалар, пайда эцар, нийсаязбар.

Кхечуьнга довлу а, цадовлу а хандешнаш.

Хандешан латтамийн а, хаттаран а кепаш.

Хандош морфологически къастор.





7. Причасти – 11 с.

Причастин маьIна а, грамматически билгалонаш а.

Причастин хандешан а, билгалдешан а билгалонаш.

Причастин синтаксически гIуллакх. Причастин карчам. Причастин карчамехь сацаран хьаьркаш.

Причастин хенаш.

Лааме а, лаамаза а причастеш.

Причастийн легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Причастийн суффиксийн нийсаязъяр.

Причастин кхоллаялар.

Причастийн билгалдешнашка а, цIердешнашка а ерзар.

Дацаран дакъалг причастица нийсаяздар.

Причасти морфологически къастор.






8. Деепричасти – 4 с.

Деепричастин маьIна а, коьрта грамматически билгалонаш а.

Предложенехь цо кхочушден синтаксически гIуллакх.

Деепричастин куцдешан а, хандешан а билгалонаш.

Деепричастин хенаш.

Деепричастин карчам. Деепричастин карчамехь сацаран хьаьркаш.

Деепричастица дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Деепричасти морфологически къастор.







9. Масдар – 5 с.

Масдар а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

Масдаран терахь, классаш, кепаш.

Масдаран легар а, дожарийн чаккхенаш а.

Масдаран карчам. Масдаран карчамехь сацаран хьаьркаш.

Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар.

Масдар морфологически къастор.





10. Куцдош къамелан дакъа санна – 8 с.

Куцдешан маьIна, грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх. Куцдешнийн тайпанаш. Куцдешнийн даржаш а, уьш кхоллар а. Куцдешнийн кхолладалар а (цIердашах, билгалдашах, терахьдашах, цIерметдашах, хандашах, цуьнан форманех), нийсаяздар а.

Куцдош морфологически къастор.







11. ГIуллакхан къамелан дакъош – 9 с.

ДештIаьхье гIуллакхан къамелан дакъа санна -3 с.

ДештIаьхье, цуьнан маьIна, морфологически билгалонаш, синтаксически гIуллакх.

ДештIаьхьенан тайпанаш: меттиган, хенан, даран суьртан, Iалашонан, юкъаметтигаллин.

Къамелан дакъойх кхоллаелла а, йоцу а дештIаьхьенаш.

ДештIаьхьенийн нийсаязъяр.


Хуттург гIуллакхан къамелан дакъа санна – 3с.

Хуттурган маьIна а, морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх.

Цхьаьнакхетаран а, карара а хуттургаш. Предложенийн дакъош, меженаш а вовшахтосуш болу уьйран гIирсах санна текстехь хуттургех пайда эцар.




Дакъалг гIуллакхан къамелан дакъа санна – 3 с.

Дакъалган маьIна, цуьнан морфологически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а.

Дакъалгийн тайпанаш.

Дакъалгаш нийсаяздар.

ГIуллакхан къамелан дакъош морфологически къастор.


12. Айдардош – 4 с.

Айдардашах лаьцна кхетам. Айдардешнийн маьIнаш. Айдардешнийн тайпанаш (маьIнашка хьаьжжина).

Айдардешнашкахь сацаран хьаьркаш.




Азтардаран дешнаш




Къамелан дакъойн коьрта билгалонаш евзаш хилар.




Хаттарш даларца а, юкъарчу маьIница а цIердош къамелан дакъа санна довзар; цуьнан грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а билгалдаккхар.

Йозанехь долахьчу цIерашкахь доккха элп а, кавычкаш а нийса яхкар.

Къамелехь цIердешнийн дукхаллин терахьан форманаш кхоллар а, царах нийса пайда эцар а.

Къамелехь цIердешнийн грамматически классаш нийса билгалъяр; цIердешнаш бакъонца догIуш легор. ЦIердешнаш билгалдешнашца а, хандешнашца грамматически классашкахь нийса далор.

Констектаца йогIуш оьшуш йолу дожаран форма нийса кхоллар а, къамелехь цунах пайда эцар а.

Суффиксийн гIоьнца кхолладеллачу цIердешнех, тIекаре яран хьоле хьаьжжина, пайда эцар.

Нохчийн меттан цIердешнийн башхаллех кхеташ хилар.

Грамматически а, лексически а, орфоэпически барамаш (норманаш) тидаме а оьцуш, цIердешнех пайда эцар.

Барта а, йозанехь а цIердешнаш морфологически къастор.


МаьIница а, грамматически билгалонашца билгалдош къамелан дакъа санна къастор; цо кхочушден синтаксически гIуллакх билгалдар.

МаьIнашца а, грамматически билгалонашца а мухаллин а, юкъаметтигаллин а билгалдешнаш вовшех къастор.

Цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса алар а, язъяр а.

Билгалйиначу морфологически билгалонашца билгалдешнаш тобанашка дIасадекъар.

Билгалдешнийн дустаран даржаш нийса кхоллар а, къамелехь уьш далор а.

Нохчийн меттан билгалдешнийн башхаллех кхеташ хилар.

Барта а, йозанехь а билгалдешнаш морфологически къастор.


Масаллин, рогIаллин, гулдаран терахьдешнаш довзар; оьшуш долу масалш далор.

Терахьдешан морфологически билгалонаш къастор, синтаксически гIуллакх билгалдар.

Билгалйинчу билгалонашца терахьдешнаш тобанашка дIасадекъар.

Терахьдешнаш шайх тера долучу вукху къамелан дакъойх къасто хаар.

Аларехь а, яздарехь а, къамелехь а нийса пайда эцар масаллин, хIоттаман, дакъойн терахьдешнех; тайп-тайпанчу дожарийн форманашкахь уьш къамела юкъа далор.

Масаллин а, рогIаллин терахьдешнаш цIердешнашца къамелехь далор. Массо а тайпа терахьдешнаш кхоллар шардар, уьш шен къамела юкъа далор.

Терахьдешнаш нийсаяздаран хаарш карадерзор.

Барта а, йозанехь а терахьдешнаш морфологически къастор.


МаьIница а, хаттаршца а цIерметдош къамелан дакъа санна къастор; цуьнан грамматически билгалонаш а, цо кхочушден синтаксически гIуллакх а билгалдаккхар.

Билгалйиначу морфологически билгалонашца цIерметдешнаш тобанашка дIасадекъар.

Массо а тайпана цIерметдешнаш нийса дожаршца хийцар.

Яххьийн цIерметдешнаш цIерниг а, лач а дожаршкахь далор.

ЦIерметдешнаш юьхьан а, юьхьза а предложенешкахь, диалогехь, лач къамелехь далор.

Доладерзоран, хаттаран, гайтаран, къастаман, юкъаметтигаллин цIерметдешнех пайда эцар, уьш нийсаяздар шардар.

Тхо, вай бохучу дукхаллин терахьан 1-чу юьхьан цIерметдешнех пайда эцар шардар.

Хаттаран а, юкъаметтигаллин а цIерметдешнаш вовшех къасто хаар карадерзор.

Къастамза а, дацаран а цIерметдешнаш предложенешкахь далор.

Текстан дакъойн а, предложенийн уьйран гIирсах а санна цIерметдешнех пайда эцар; литературни, гIиллакх-оьздангаллин хатI (норманаш) ларъеш, шен къамела юкъа цIерметдешнаш далор.

Барта а, йозанехь а цIерметдешнаш морфологически къастор.



Хаттарца а, юкъарчу маьIница а къамелан дакъа санна хандош къастор, грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а билгалдар.

Хандешан билгалзачу кепаца долу дешнийн цхьаьнакхетарш далор.

Хандешан спряженеш билгалъяхар. Вахаран, варан, волаваларан тайп-тайпанчу хандешнех пайда эцар.

Къамелехь йогIучу хенан шина а кепах пайда эцар.

Грамматически билгалонашца яханчу хенан хандешнаш билгалдахар; яханчу хенан кепаш нийса кхоллар а, язъяр; яханчу хенийн хандешнаша подлежащица терахьехь а, классехь а бартбар шардар.

Схьа а лохуш, билгала, тIедожоран, бехкаман-лааран саттамехь долу хандешнаш билгалдар, къамелехь царах нийса пайда эцар.

Шен лаам кхочушбаран Iалашонца тайп-тайпана тIедожоран а, лааран а кепаш харжар.

ТIедожаран а, лааран а саттамехь долу хандешнаш хила езачу эшарца алар шардар. Цхьана саттамехь долу хандешнаш вукху саттамашкахь далор.

Лач дожаршкахь долучу цIердешнашца хандешнаш далор, яханчу хенан хандешан-сказуемин подлежащица бартбаран уьйр караерзор.

Хандешнийн чаккхенаш нийса язъян хаар карадерзор.

Хандешан терахьан а, дукхазаллин кепан башхаллех кхетар.

Хандешан латтамийн а, хаттарийн а кепаш билгалъян хаар, уьш караерзор.

Нохчийн меттан хандешан башхаллех кхеташ хилар.

Барта а, йозанехь а хандешнаш морфологически къастор.


Хаттарца а, юкъарчу маьIница а хандешан форма санна причасти къастор, грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а билгалдар.

Причастехь йолу билгалдешан а, хандешан а билгалонаш билгалъяхар.

Шайн формица цхьаьнадогIу билгалдешнаш а, причастеш, а вовшех къастор, цаьрца предложенеш хIиттор.

Причастин карчамашкахь сацаран хьаьркаш хIиттор карадерзор.

Причастин карчамаш шайца болу предложенеш къамелехь ялор, шайца йогIуш йолучаьрца уьш хийцар (синонимични конструкцешца).

Бакъонца нийса причастеш кхоллар, билгалдечу дешнашца причастийн бартбар хила дезачу кепара хилийтар, дозаделлачу къамелехь царах пайда эцар.

Барта а, йозанехь а причастеш морфологически къастор.




Хаттарца а, юкъарчу маьIница а деепричасти къастор, грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а билгалдар.

Деепричастехь йолу куцдешан а, хандешан а билгалонаш билгалъяхар.

Деепричастеш нийса кхолла а, царах предложенехь пайда эца хаар карадерзор.

Деепричастин карчамехь коьрта дош а, цунах дозуш долу а дешнаш къастор, ткъа иштта деепричастин карчамца дозаделла хандош схьалахар. Шайн формица цхьаьнадогIу билгалдешнаш а, причастеш, а, деепричастеш а вовшех къастор, цаьрца предложенеш хIиттор.

Къамелан тайп-тайпана хотIаш (стилаш) тидаме а оьцуш, деепричастин карчамех шен къамелехь пайда эцар.

Барта а, йозанехь а деепричастеш морфологически къастор.


Юкъарчу маьIница масдар къастор, цуьнан грамматически билгалонаш а, синтаксически гIуллакх а билгалдар.

Масдарш нийса кхолла а, царах предложенехь пайда эца а хаар карадерзор.

Масдарш дожаршца хийцар, церан чаккхенаш нийсаязъяр шардар, карадерзор.

Масдаран карчамашкахь сацаран хьаьркаш хIиттор шардар.

Масдаран карчамех къамелехь пайда эцар шардар.

Масдарца дакъалг ца нийсаздан хаар шардар, карадерзор.

Барта а, йозанехь а масдар морфологически къастор.


Массо а тайпанара куцдешнаш довза а, церан морфологически билгалонаш а, цара предложенехь кхочушден синтаксически гIуллакх къасто а хаар карадерзор.

Куцдешнаш шайх тера долучу къамелан дакъойх (цIердешнех, билгалдешнех, терахьдешнех, цIерметдешнех, хандешан форманех) къасто хаар шардар.

Къамелехь куцдешнех нийса пайда эцар.

Куцдешнийн дустаран даржаш нийса кхоллар, уьш нийса шайн къамела юкъа далор.

Куцдешнашна синонимаш, антонимаш ялор, цаьрца дешнийн цхьаьнакхетарш кхоллар, къамелехь царах пайда эцар.

Барта а, йозанехьа куцдешнаш морфологически къастор кхочушдар.


ДештIаьхьенийн тайпанаш довза хууш хилар, дештIаьхьенаш къамелан дакъойх къасто хаар.

ДештIаьхьенаш тайп-тайпанчу дожаршкахь долучу

цIердешнашца а, цIерметдешнашца а цхьаьна къамелехь ялор.

ДештIаьхье хьакъ долучу дожарехь нийса яло хаар шардар.

Барта къамелехь а, йозанехь а дештIаьхьенех нийса пайда эца хаар карадерзор.



Шайн хIоттамца а, тайпанашца а, маьIнашца а хуттургаш йовза хаар карадерзор.

Хуттургаша билгалден маьIна къастор (цхьаьнакхетаран, карара).

ХотIан башхаллашка а, шайн маьIнашка а хьаьжжина, хуттургех нийса пайда эцар.

Къамелехь хуттургаш-синонимаш ялор.

Текстехь предложенеш вовшахтасаран Iалашонца хуттургех пайда эцар.


Шайн хIоттамца а, тайпанашца а, маьIнашца а дакъалгаш довза хаар карадерзор, царах пайда эцар шардар.

Шен аларшна дакъалгийн гIоьнца тайп-тайпана маьIнаш далар.

Дакъалгаш дешнашца бакъонца нийса яздан хаар шардар (къаьстина, дефисца).

Дакъалгашца йолу предложенеш къастош ешар.


Тайп-тайпанчу маьIнийн айдардешнаш шайн тайпанашца довза хаар.

Айдардешнашца тайп-тайпана маьIнаш, синхаамаш бовзийтар.

Къамелехь айдардешнаш эшарца билгалдар.

Предложенешкахь сацаран хьаьркашца айдардешнаш нийса билгалдар.


Исбаьхьаллин литературехь а, къамелехь а азтардаран дешнех муха пайда эцна тидамбар.

ГIуллакхан къамелан дакъош морфологически къастор.

10-гIа дакъа. Синтаксис (75 с)

1. Дешнийн цхьаьнакхетар – 4 с.

Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а нохчийн меттан синтаксисан коьрта дакъош.

Дешнийн цхьаьнакхетаран дIахIоттам. Цхьанакхетаран а, карара а уьйраш. Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн уьйран тайпанаш (бартбар, урхалла, тIетовжар).




2. Цхьалхе предложении – 40 с.

Цхьалхе предложенеш. Дийцаран, хаттаран, айдаран, тIедожоран предложенеш. Барта а (эшар, логически тохар, дешнийн къепе), йозанехь а (сацаран хьаьркаш, дешнийн къепе) предложени кечъяран гIирсаш.

Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи: грамматически, логически. Сказуеми: хандешан цхьалхе, ц1еран х1оттаман, хандешан х1оттаман.

Предложенин коьртаза меженаш. Нийса а, лач кхачамаш. Берта а, бертаза а къастамаш. Меттиган, хенан, бахьанин, Iалашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман, дуьхьалара латтамаш.

Коьртазчу меженашца доьзна цхьалхечу предложенийн тайпанаш.

ДIахIоттаме хьаьжжина цхьалхечу предложенийн кепаш: шинахIоттаман, цхьанахIоттаман. ЦхьанахIоттаман предложенийн кепаш: билгала-юьхьан, билгалза-юьхьан, юкъара-юьхьан, юьхьза, цIеран; церан башхаллаш, маьIна, синтаксически гIуллакх.

Юьззина а, юьззина йоцу а предложенеш.

Чолхеяьлла цхьалхе предложени.

Цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш. Хуттургаш а, юкъара дешнаш а цхьанатайпанарчу меженашца йолучу предложенешца. Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш.

Шакъаьстиначу меженашца йолу предложенеш. Шакъаьстина латтамаш, юххедиллар. Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш.

ТIедерзарца йолу предложенеш. Предложенехь тIедерзаран меттиг. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш.

Юкъадало дешнаш а, предложенеш а. Юкъадалочу дешнийн а, юкъаялочу предложенийн а маьIнаш. Эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш.


















3. Чолхе предложени – 20 с.

Чолхе предложени. ДIахIоттам а, грамматически бух а. Чолхечу предложенийн дакъош вовшахтосу гIирсаш: эшар (интонаци), хуттургаш, хуттурган дешнаш. Чолхечу предложенийн кепаш.

Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш; дIахIоттам а, дакъош вовшахтосу гIирсаш а. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Сацаран хьаьркаш.

Чолхе-карара предложенеш; церан дIахIоттам. Чолхе-карарчу предложенехь тIетухучу предложенин меттиг. Чолхе-карарчу предложенешкахь йолучу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирс: карара хутургаш, хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнаш. Сацаран хьаьркаш.

Чолхе-карарчу предложенийн кепаш (маьIнашка хьаьжжина).

Кхачаман, къастаман, латтамийн тIетуху предложенеш. Масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара предложенеш.

Хенан, бахьанин, Iалашонан, даран суьртан, бехкаман латтамашца йолу цхьалхе предложенеш изза тIетухучу чолхечу предложенешца цхьаьнаяр.

Хуттургаш йоцу чолхе предложени а, цуьнан дIахIоттам а. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкахь уьйран гIирсаш: эшар (интонаци), сацаран хьаьркаш. Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенин а, цхьалхечу предложенин а цхьаьнаяр.













4. Нехан къамел довзийтаран кепаш – 7 с.

Ма-дарра а, лач а къамел, диалог, цитата. Ма-дарра а, лач а къамелаца йолучу предложенийн дIахIоттам. Сацаран хьаьркаш. Цитата къамела юкъа ялор, диалогехь а, цитата ялорехь а сацаран хьаьркаш.





5. Текст синтаксически дакъа санна – 4 с.

Текстехь предложенийн дIахIоттаман уьйран гIирсаш: дешнийн къепе, анафора, синтасически параллелизм, юх-юха алар.

Юкъара-юьхьан а, хаттаран а предложенеш текстан дакъойн уьйран гIирс санна.

Уьйран кепаш: зIенан хьесапехь а, параллельни а.

Дешнийн цхьаьнакхетарх а, предложених а кхеташ хилар а, уьш вовшех къасто хаар а.

Предложенина таллам беш дешнийн цхьаьнакхетарш схьакъастор, дешнийн уьйран тайпа билгалдар.

Дешнийн цхьаьнакхетарш кхуллуш бартбарх, урхаллех, тIетовжарх пайда эцар, оьрсийн а, нохчийн меттанийн дешнийн цхьаьнакхетарш вовшашца дустар. Бартбарехь а, урхаллехь а дозуш долучу дешан кеп нийса ялор.


Предложенин грамматически бух билгалбаккхар.

Подлежащин, сказуемин тайпанаш билгалдар, уьш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу къастор.

Цхьалхечу а, чолхечу предложенешна юккъерчу башхаллех кхеташ хилар, уьш вовшех къасто хаар.

Аларан эшаре а, Iалашоне а хьаьжжина, ялочу предложенийн характеристика ялар.

Къамелехь тIедожаран, хаттаран, айдаран предложенех пайда эцар, маьIница билгалдан деза дешнаш озаца нийса алар.



Коьрта а, коьртаза а меженаш вовшех къасто хаар.

Цхьалхе предложени синтасически къасто хаар.

Текстехь цхьанахIоттаман тайп-тайпана предложенийн кепаш йовза хаар коьртачу меженан маьIних а, цуьнан хиларх а; уьш шайн къамела юкъа ялор.

Къамелехь берта а, бертаза а къастамех синонимех санна пайда эцар.

Синтаксически синонимаш санна юьхьан а, юьхьза предложенеш ялор.

Цхьалхе предложенеш вовшех къесто хаар.

Юьззина йоцу предложенеш чолхечу предложенешкахь а, диалогехь а ялор. Юьззина йоцу предложенеш юьззина йолучаьрга ерзор.

ЦIеран предложенеш меттиг а, хан а билгалъяран Iалашонца ялор.

Предложенешна юкъа цхьанатайпанара меженаш ялор, пунктуационни къастор дIадахьар.

Шакъаьстина меженашца йолучу предложенех кхетар, оцу предложенех къамелехь пайда эцар, пунктуационни къастор дIадахьар.

Шакъаьстиначу меженашца йоцучу а, чолхечу а предложенешца шакъаьстина меженаш шайца йолу предложенеш хийцар.

Предложенехь подлежащи а, тIедерзар вовшех къасто хаар карадерзор.

ТIедерзар диалогически а, монологически къамелехь, дохьуьйтучу кехаташ тIехь а, хаамашкахь а далор.

Юкъадало дешнаш а, предложенин меженаш а вовшех къасто хаар шардар.

Тидам тIеберзоран а, тайп-тайпана синхаамаш бовзийтаран а, мах хадоран а Iалашонца юкъадалочу дешнех пайда эцар.

Эшар а (интонаци), пунктуаци а ларъяр юкъадало дешнаш а, юкъаялийна конструкцеш а шайца йолучу предложенешкахь.




Текстехь чолхе предложенеш йовзар, уьш цхьалхечух къасто хаар.

Чолхечу предложенийн кепаш а, церан дакъош вовшахтасаран гIирсаш а билгалбахар.

Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш а, уьш вовшех йозаран гIирсаш а къастор.

Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана довзийтар.

Барта а, йозанан а къамелехь чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенех пайда эцар, уьш нийса сацаран хьаьркаш а хIиттош, эшарца схьаалар

Текстехь чолхе-карара предложенеш йовзар, схьахаржа хаар.

Чолхечу предложенехь коьрта а, тIетуху а предложенеш билгалъяха хаар.

Чолхе-карарчу предложени юкъа йогIучу цхьалхечу предложенийн маьIнаш къастор, уьш вовшахйозаран гIирсаш билгалбар.

Чолхе-карарчу предложенин кеп а, коьртачу а, тIетухучу а предложенийн уьйран гIирсаш билгалбахар.

ТIетухучу предложенин кеп а, цо дIалоцу меттиг а билгалъяккхар.

Цхьалхечу предложенех масех тIетухучуьнца йолу чолхе-карара предложенеш кхоллар.

Къамелехь тайп-тайпанчу чолхе-карарчу предложенех пайда эцар, нийсачу эшарца уьш схьаалар.

МаьIна а лардеш, цхьалхе предложенеш чолхечаьрга а, чолхенаш цхьалхечаьрга а ерзор.

Хуттургаш йоцучу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маьIнаш къастор.

Кхачаман, бахьанин, бехкаман маьIнехь йолу хуттургаш йоцу чолхе предложенеш оццу кепара йолучу цхьалхечу предложенех къасто хаар карадерзор.

Сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана довзийтар.

Хуттургаш йоцу предложенеш хуттургаш йолучаьрца хийцар, церан дIахIоттаман башхаллех кхетор.

Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш шен къамела юкъа ялор.

Тайп-тайпанчу кепара йолу чолхе предложенеш текстехь йовзар, уьш муьлха предложенеш ю хаар.

Сацаран хьаьркаш хIунда хIиттийна довзийтар.





Предложенехь ма-дарра къамел а, авторан дешнаш а билгалдахар; сацаран хьаьркаш хIитторан бахьана довзийтар.

Диалог а, ма-дарра къамелаца йолу а предложенеш вовшех къасто хаар; диалог йозанан къамеле ерзор шардар.

Ма-дарра къамелаца йолу предложенеш лач къамелаца йолучу предложенешка ерзор.

Шен йозанан аларна цитаташ юкъа ялор.

Уьйран гIирсийн гIоьнца текстерчу предложенийн маьIнаш билгалдахар.

Текстерчу предложенийн уьйран гIирсаш схьа а лохуш, билгалбахар.

Текстерчу предложенийн уьйран гIирсийн кепаш къастор.

Тайп-тайпанчу уьйран гIирсех пайда эцарца тексташ хIиттор.

Культуроведчески хаарш кхиорехь кхачо ен чулацам (20 с)

1-ра дакъа. Къоман оьзданагалла маттахь а, къамелехь (20 с)

Мотт а, оьздангалла а вовшех йозаелла хилар - 20 с.

Нохчийн къамелан оьздангалла а, цуьнан башхаллаш а.

Маттахь къоман истори а, культура а билгалъялар.

Къоман оьздангаллин маьIнашца йолу нохчийн меттан цхьааллаш.

Россехь дехачу къаьмнийн кицанаш а, аларш а. Россехь дехачу къаьмнийн меттанаша вовшашна бен тIеIаткъам.

Нохчийн къоман цIайш (деза денош), гIиллакхаш, ламасташ, пхьоланаш-говзаллаш (промыслаш).

Нохчийн къоман культуран гIарабевлла векалш.



Нохчийн а, оьрсийн къамелан гIиллакхийн башхаллех кхетар.

Къамелан гIиллакхечу кепех вистхиларехь пайда эцар.

Къамелан оьздангалла а ларъеш, кхечу къаьмнийн векалшца диалог дIаяхьар.

Вистхиларехь а, къовсамехь (дискуссехь) гIиллакхах цавохар.

Шуьйра девзаш долучу нохчийн кицанийн, аларийн маьIна даста хаар, царах тера догIурш кхечу меттанашкахь а карор.

Къамела юкъа кицанаш а, аларш а далор.

Шен а, кхечу къаьмнийн а халкъан говзаллех (промыслех), цIайх, гIиллакхех, ламастех лаьцна дийцар.


Дешаран-темин хьесап

5 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Карладаккхар

7

Диктант-1

Синтаксис а,пунктуаци а.

25

Диктант-1,сочинени -1

Фонетика,графика,орфографии

12

Диктант-2,изложени-1

Лексика

9

Диктант-1

Морфологи.Дошкхолладалар а,орфографии

8

Диктант-1

Ц1ердош

30

Диктант-2,сочинени-1 Изл-1

Карладаккхар

11

Диктант-1,излож-1,соч.-1, талламан болх-1

6 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Дикт.

Сочинени

Излож.

Карладаккхар

8




Билгалдош

19

5

4

3

Терахьдош

21




Ц1ерметдош

30




Хандош

22




6-чу классехь 1амийнарг карладакк

2




Дерриге

102




7 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан кеп.

Дикт.

Изл.

Соч.

Карладаккхар.

3




Хандош

45

3

2

1

Причасти

17

1

1

1

Деепричасти

6

1

1


Масдар

7

1

1


Куцдош

8

1

1


Дешт1аьхье

4

1



Хуттургаш

4



1

Дакъалгаш

3

1

1


Айдардош

5

1



дерриг

102




8 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан белхаш

Кхоллараллин белхаш

7-чу классехь 1амийнарг карладаккхар

2



Хьалхара дакъа. Орфографи.

3

1


Шолг1а дакъа. Дешнийн цхьаьнакхетарш.

4


1

Кхоалг1а дакъа. Предложенин коьрта меженаш.

5



Доьалг1а дакъа. Предложенин коьртаза меженаш.

14

2


Пхоьалг1а дакъа. Цхьалхечу предложенин тайпанаш.

9

2


Йолхалг1а дакъа.Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

7


1

Ворх1алг1а дакъа. Предложенин грамматически уьйр йоцу дешнаш.

1


Барх1алг1а дакъа.Предложенин шакъаьстина меженаш.

7

1


Уьссалг1а дакъа. Ма-дарра а, лач а къамел.

4

1


Уьтталг1а дакъа.1амийнарг карладаккхар

5

1


Дерриге

68

9

2

9 класс

Дешаран темин дакъа

Сахьтийн барам

Талламан болх.

Талламан кеп.

Кхолл.болх.


.Карладаккхар

3

1

1-соч

Чолхе-предложенеш

1


2-излож

Чолхе-цхьанакхетта предложени.

6



Чолхе-карара предложенеш

41

5


Хуттургаш йоцу чолхе предложени

2



Ма-дарра къамел

4



Маттах лаьцна юкъара хаамаш

5



Карладаккхар

4

1


Дерриге

68

7

3



1 Къамелан оьздангалла – культура речи

18