СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш и,И яздар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш и,И яздар».»

9-г1а урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элп и,И яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш и,И довзийтар. Уьш яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан пан х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.

  • Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду(пурхнехьа искогберг).

3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • И элпах лаьцна байт 1амор.

Стенах тера ду элп?

Д1ахьажал хьо цу ринже

-Тардеш динчу И элпе:

Шина уьнна т1ехула

Пурх т1етоьхна кхоалг1а.

-Муьлха элп ду байт т1ехь дуьйцург? (Элп Ии).

-Схьагайтал шайгарчу элпаш юкъара зорбанан элп Ии.(Бераша схьагойту).

-Гайна сунна байта т1ехь дийцина ши у ,И элпа т1ехь. Ц1ен къолам хьакха. Гайта пурх тоьхна кхоалг1а. Сийна къолам хьакха цунна.

-Пурх тоьхна вуьштта муха эр дара? (Раз тоьхна).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш и,И.

3. 1алашо йовзийтар.

  • Йоханан элпашна юккъара элп Ии схьакъастор.

-Бераш , схьахаржа элпашна юкъара йозанан жима а , доккха элпаш и,И. (Цхьанаа дешархочо массарна д1агойту).

-Карадел шайгарчу элпашна юккъехь йозанан жима элп и, караде доккха элп И.(Бераша д1агойту).

-Тахана вайна даийтина шапталаш. Шуна езий шапталш? Цхьацца шаптал схьа а оьцуш шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.

  • Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.

  • Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.

  • Суна элп девзар ду.

  • Аса хаза яздийр ду.

  • Аса накъостана г1о дийр ду.

-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах байда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.

-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш у,У. Шуна 1емар ду уьш яздан.

4. Йозанан жима элп и яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп и яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е, лахарчу белхан мог1анна т1е сиз дохьу . Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь лечкъарга т1ехула юха охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаьсса ша волччохь хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз хьо.

  • Берашка ша д1ааларца яздойту элп и.

-Х1инца , уггаре дика ладуг1уш мила ву хьожур ю со. Аса д1ааларца , аша яздийр ду элп и. (Хьехархочо д1а а олуш ,д1аяздойту кхоъ элп).

-Шайн тептарш вовшашка д1ало. Тидам бе дика болх муьлхачо бина. Цунна лур ю вай шаптал. (Бераша тидам бой схьаолу, цунна совг1атана шаптал ло).

-Д1аязбе и мог1а буьззина.

  • Тептарш т1ера мог1анаш язбар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп и яздан).

  • Х1етал-металш.

Х1етал-метал хаийла хьуна?

Пхьар вац, амма морзахца-м ю. (Искогберг)

Ма1аш ю, амма сту бац, ялх ког бу, амма бергаш яц? (Искогберг)

Массо х1ума шаръеш д1асалела х1ордан кема? (Иту)

-Х1ун ю искогберг?

5. Сада1аран миноташ.

6. Йозанан доккха элп И яздар.

  • Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп И яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е, сиз хьакхарца гу буьллу вай, гу т1ера чу сиз яздеш охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Лечкъарг т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц.

  • Хьехархочо д1ааларца х1аваэхь яздойту элпаш.

  • Т1ептарш т1ехь яздо элпаш.

-Д1аделла шайн тептарш. Д1аязбе мог1анаш.

-Шаьш уггара хазачу элпашна т1ехула дахка т1адамаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха элп И яздан).

  • Фонетически зарядка яр.

-Говр муха терса ? («И-х1и-х1и-х1и-х1и»).

-Муьлха аз хеза хьалхахь? (Аз (И)).

-Аз (И) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо аз (И)? (И элпаца).

-Схьагайта йозанан элпаш и,И. Зорбанан элпаш и,И.

-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Ии).

6. Жам1 дар.

-Гайтал сунна элп Ии. Х1унда ду уьш шина тайпана?

-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.

-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Хьан язйира угаре хаза элпаш?

-Хьан делира угара дика жоьпаш?

-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?

-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , шапталш схьа оьцуш.

  • Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.

  • Суна йозанан жима а , доккха а элпаш и,И девзи.

  • Аса хаза язди.

  • Аса дика ладуьйг1и.

  • Аса накъосташна г1о ди.