7-г1а урок.
Тема: «Йозанан жима а , доккха а элпаш о,О яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш о,О довзийтар. Уьш яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш о,О . 1емар ду элпаш о,О яздан.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду хьехархочун г1оьнца халонаш эшо, йозанан кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн белхан мах хадо. 1емар ду кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш нисдан. Хуур ду кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду уггар хаза нисбеллачу белхах пайда а оьцуш, йозанан кхиамаш баха.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна оьшург хатта.
Познавательни: берашна 1емар зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а).
3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
-Бераш, вай 1амор ю хаза байт. Шуна довза деза цу т1ехь дуьйцуш долу элп.
(Хьехархочо д1а а олуш 1амайойту байт).
Горга ду и,
Горга ду.
Са а боцуш,
Чкъург и ю.
Д1ахьажал цу чкъурге хьо:
Гур ду хьуна горга ….(О).
-Муьлха элп ду цу т1ехь дуьйцург? (Элп О).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
3. 1алашо йовзийтар.
(Хьехархочо уьн т1е х1иттадо йозанан элпаш т1ехь долуш карточкаш. Берашка шайга къастадойту шаьш 1амор долу элп).
-Тахана вайна даийтина баьллаш. Шуна дезий баьллаш? Цхьацца балл схьа а оьцуш шаьш х1ун болх бийр бу дийца сунна.
Аса дуьйцучуьнга дика ладуг1ур ду.
Аса хьехархочунна жоьпаш лур ду.
Суна элп девзар ду.
Аса хаза яздийр ду.
Аса накъостана г1о дийр ду.
-Иза шун таханлерачу белхан план ю . Цу планах байда а оьцуш аша болх бахь, шуна дика 1емар ду.
-Хьалха ма дийццара вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш о,О. Шуна 1емар ду уьш яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш о,О довзийтар.
-Бераш, х1ара йозанан жима элп о ду, х1ара йозанан доккха элп О ду. И ши элп цхьатера ду я тайп тайпана ду?
-Шайгара карточкашна юкъара йозанан жима элп о гайта , доккха элп гайта. (Хьехархочо ло карточкаш йозанан а , зорбанан а элпаш т1ехь долуш).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш о,О.
5. Йозанан жима элп о яздар.
-Х1ун 1амор ду вай х1инца? (Вай 1амор ду элпаш д1аяздан).
-Т1адам буьллу мог1анна юккъе,хьала сиз яздо, лакхарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина аьрру аг1ор д1а горга сиз яздо. Охьавог1у ,лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина аьтту аг1ор хьалавоьду шаьш элп д1адолийначу сизах хутту.
-Х1инца д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.(Бераша д1аяздо).
о о о о о о о о о о о о о о
-Уггаре хаза нисделлачу элпана т1ехула т1адамаш бахка.
-Бераш ,х1инца аша дийца стенах тера ду элп О? (Хьехархочо гойту суьрташ: чкъуг, книга, 1аш, лимон).
-Аса д1айоьшур ю кегий байташ. Аша чаккхенгахь т1етоха цхьа дош.
Даа лаахь ирсан пхьор,
Нахана ма даккха.... (Ор)
Кегий бераш даьхки лийча, -
Уьш т1еэца ду тхо кийча.
Дика ду хьо доцуш к1орга,
Иллешкахь хестийна .... (Орга)
Ц1е ю летта, дитт цо морцу,
Лелий вала, даккха.... (Орца)
Яц и юуш йолу локъам,
Ю и йоккха т1улган .... (Окъам)
Пхьарс лозушшехь ас и лов,
Деттарх цо мел ч1ог1а .... (Ов)
Пена т1ехь тхан терза кхозу
Воллу цу т1ехь со кхоьш… (Оза)
Бераш, шу ма ловза ц1арца!
Даккха дезар ду тхан .... (Орца)
Яц цу денойн цхьа а нот,
Дедда кхечи схьа.... (Оршот)
Яц и шахьар, ю и хоти,
Лаьтта цигахь жима.... (Оти)
-Муьлха дешнаш хези т1етуьйхи аша?(Ов, оти, Орга, оршот , орца , оза, окъам).
-Муьлха аз хеза оцу дешнашна хьалха? (Аз (О)).
-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Х1унда ? (И лакхало).
6. Сада1аран миноташ.
Керчаш дог1у, керчаш дог1у,
Элп ду дог1уш О.
Багахь боху, г1ийла боху:
- К1адделла со.
0x1! До цо Axl! До цо Axl!
Керчаш дог1у О.
Массо а дешархо, хьала а г1оттий, д1ах1утту. Хьалхарчу мог1арехь хьалхха лаьтташ волчу дешархочо шегара х1оз (и элп О
ду) шена т1ехьарчу дешархочуьнга д1ахохку, ткъа вукхо - шена
т1ехьарчуьнга и. д1. кх. Байтан xlopa мог1а мел эли, х1оз д1ахохку. Шена юххехь х1оз сецначу дешархочо сихха аз О юкъахь долу дош ала деза. Дош ца далалуш воьхнарг, цкъачунна гонна юкъара волу, амма ловзар чекхдолуш кхо дош дало деза цо (шайца О дерш) дешан
юьххьехь, юккъехь, чаккхенехь.
7.Йозанан доккха элп О яздар.
-Х1инца вай яздийр ду йозанан доккха элп О.
-Ручка юьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Доца сиз а хьакхий аьрру аг1ор хьаьвзаш охьадуьйла юха лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь хьаьвзина хьалаг1о юха шаьш хьаькхначу сиза т1е кхаччалц.
(Цхьацца уьн т1е а валош яздойту хьехархочо. Бераша г1о до и яздан).
-Х1инца д1аязде шайн тептарш т1е. (Бераша д1аяздо кхох элп.)
О О О О О О О О О О О О О О
-Уггара шаьш хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.Цаьрга терра д1аязбе мог1анаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Тхуна 1еми жима, доккха а элпаш о,О яздан.
Фонетически зарядка яр.
-Цомгуш хилча муха узам бо? («OxI-oxI-oxI») .
6. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Оо).
-Гайтал сунна элп Оо. Х1унда ду уьш шина тайпана?
-Цхьадерш зорбанан, дисинарш йозанан ду уьш.
-Муьлханаш яздо тептарш т1е? (Йозанан элпаш)
7. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Хьан язйира угаре хаза элпаш?
-Хьан делира угара дика жоьпаш?
-Алал х1ун кхиамаш бехира тахана?
-Хьалаг1оттуш бийца х1ораммо шен кхиамш , баьллаш схьа оьцуш.
Аса хьехархочун хаттаршан жоьпаш дели.
Суна йозанан жима а , доккха а элпаш о,О девзи.
Аса хаза язди.
Аса дика ладуьйг1и.
Аса накъосташна г1о ди.