СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Мукъа аз а,элп а И и

Нажмите, чтобы узнать подробности

1 классехь йоза-дешар 1аморан урок

Урокан ц1е: Аз а, элп а «И».

Урокан тайпа: керланиг довзийтар (изучение нового материала)

Урокан кеп: ловзаран

Урокан г1ирс: компьютер, проектор, интерактивни ун, учебник, прописаш, аьзнийн карточкаш …

1алашонаш: керла аз а, элп а довзийтар, и элп яздан а, и ша а, цуьнца долу дешнаш а деша 1амор.

Урокан хьесапаш:

1аморан:

  • дешархошна керла элп а, аз а довзийтар;
  • иэсехь элпан къеггина васт кхоллар;
  • элпан дуьззина диллар шардар;
  • зорбанан текста т1ера схьаяздан 1амар;
  • ешаран хьуьнарш шардар;
  • дешнийн аьзнийн анализ яран хаарш кхоллар.

Кхиаран:

  • дешархойн къамел кхиор;
  • сурткхолларан иэс кхиор;
  • ойлаястаран некъаш шардар: анализ, синтез, дустар а, тобанашка декъар а.
  • кхоллараллин жигаралла кхиорна т1ехьажийна хьелийн кхачояр.

Кхетош-кхиоран:

  • классера дешархойх тоба кхоллар;
  • уьйртасаран, цхьаьнаг1уллакхдаран хаарш кхоллар;
  • къамелан г1уллакхдаран кепе санна йозанца йолу юкъаметтиг дикачу аг1ор кхиор;
  • урокан низаман бакъонаш лело 1амор

Хьехархочун г1уллакхдар

Дешархойн г1уллакхдар

Кхуллу дешаран юкъара дараш ( УУД)

1. Дешаран г1уллакхдарна ойла т1еерзор. (Мотивация к учебной деятельности)

Де дика хуьлда шун!

Хьовсал, бераш, корах ара,

1алам вайн ма хаза ду.

Шу а ирсе лууш хила,

Стиглахь малх а боьлуш бу.

Хьоме бераш, вовшашка а хьажий, делалойша.

Урок д1айолаян кийча дуй шу?

личностни

регулятивни

2. Хаарийн актуализаци. (Актуализация знаний).

Суна ч1ог1а лаьа кху урокехь аша самукъадаларца хаарш карадерзо. Цундела вай х1инца ловзур ду «Хаал элп» ловзарх (артикуляционни гимнастика).

Ас шуна балдашца аз гойтур ду (ала а ца олуш),аш и аз билгалдеш долу

элп схьаала деза.

Х1окху ловзарх ловзуш х1ун бакъонаш ларъян еза вай?

И элпаш цхьаьнатухург х1ун ду? Х1унда?

Мукъа элпаш муьлхачу шина декъе д1асадекъало?

  1. к1еда мукъанаш : аь,оь, уь, яь, юь; 2. ч1ог1а мукъанаш: а, о, у, ю, я)

бераша ц1ерш а олу, и элпаш т1ехь долу карточкаш уьн т1е а ч1аг1до

жоп олуш, мохь а ца бетташ,куьг айдан деза. Ч1ог1а а,къаьсташ а жоп дала деза.

(шадолу и элпаш – мукъа ду. Аларехь цхьа новкъарло а йоцуш, парг1ат олу уьш).

довзаран (познавательни)

3. Керла хаарш, г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур (Изучение новых знаний и способов деятельности)

Таханлерчу урокан ц1е шуна хуур ю, аш х1етал-метална нийса жоп лахь.

Хьуна и элп девзаш ду.

Ул-уллохь лаьтташ ши хьокха бу,

Царна юкъахь раз т1етоьхна,

Кхоалг1а хьокха бу.

Нийса лоь. Х1ун ю вайн урокан ц1е?

Дика бераш ду!

Кхин вай тахана и элп яздан 1емар ду.

Ткъа х1инца шуна хазахеташ долу ловзар – «Д1аала дош».

Муьлха бакъонаш ларъян еза вай цунах ловзуш?

Лоруш дада, баккхийнаш,

Аьлларг деш шайн хьоме нанас,

Вон - дика а къасто хууш,

Бераш хилар ду доккха ….

Дуьйцу бабас гуттар а,

Муха дора т1ерг1ах ша …(истанг).

(суьрташ схьагойту интерактивни уьн т1ехь: доьзало го бина нана а, истанган сурт а)

Хьанна хуур дара уьн т1ехь и дешнаш зорбатоха?

Оцу дешнийн аьзнийн анализ йийр ю вай ( аьзнийн карточкашца болх).

Тобанашкахь болх.

Хьовсал кху суьрташка. Х1орш х1ун ю? Ц1ерш яха.

Иту, диг, лами, истанг, шиша, исс, чами, зингат, к1ади

(интерактивни уьн т1ехь)

Тобанашкахь болх.

Аьзнийн анализ йийр ю вай кху дешнийн

И элп довзар.

Чакхъяллалц ладог1ар, мохь цахьекхар, куьг айдар, жоп къаьсташ а, хезаш а далар.

ирс

истанг

бераша уьн т1езь зорбатуху, аьзнийн анализ йо.

бераша ц1ерш йоху

(дешархойн кхо тоба ю).

Хьалхарчу тобано «И» элп хьалха долу дешнаш гойту суьрташ схьакъастадо, шолг1ачу тобано – «И» юкъахь долу, кхоалг1ачу тобано – «И» чаккхенехь долу.

уьн т1ехь цхьацца дешархочо (тобанан декъашхочо) кхочушбо и болх.

– х1ора тобано шен дешнийн аьзнийн анализ йо, уьн т1ехь х1ора тобанан цхьацца декъашхочо кхочушйо (учащиеся договариваются в своей группе кто, какое слово будет анализировать у доски).

Довзаран, регулятивни, коммуникативни, личностни

4.Физминот.

Куьйгаш ойу массара – иза цхьаъ,

Корта берзабо – иза шиъ.

Куьйгаш охьадохуьйтий хьалха хьожу – иза кхоъ.

Куьйгаш шуьйрра д1асатаса деанна,

Нуьцкъала уьш шена т1екъовла – иза пхиъ.

Дерриш бераш меллаша охьаховша - иза ялх.

5. Т1еч1аг1даран болх.

«И» элпан васт гарехь болх.

Схьаеллал шайн прописаш _____ аг1он т1ехь

Муьлха элпаш ду лакхарчу мог1арехь

(зорбанан а, йозанан «И» элпаш)

Стенца къаьста зорбанан элп яздар йозанан элп яздарх?

Муьлхачу меженех лаьтта «и» элп?

«И» элп дилла хьовсий вай: ас уьн т1ехь, аша х1аваэхь, х1ора меженан нийсаязъар дага а лоцуш

Ткъа х1инца и элп тетрадаш т1ехь яздале хьалха, дагалоцур ю вай йоза яздаран бакъонаш

зорбанан элп нийса (прямо) яздо, йозанан элп – раз (охатаь1на) (под наклоном

дешархоша хьехархочуьнца цхьаьна кхочушбо и болх

бераша: нийса охьахаа веза, тетрадь раз дерзо деза (под наклоном), корта дукха охьабахийта ца беза.

дешархоша хьехархочун куьйгаллица тетрадаш т1ехь болх бо.

Довзаран, регулятивни

6. Физминот

Оха язди, оха язди,

Хаттаршна жоп а дели,

Х1инца жимма са а даь1на,

Мерза, мерза наб йийр ю.

Дешархоша парти т1е кортош а дохкий, б1аьргаш д1акъовлу

7. Урокехь 1амийнчун жам1даран мур

Муьлха элп девзи вайна тахана?

Цунах лаьцна х1ун хии вайна?

Дика бераш ду! Ткъа х1инца керла т1едиллар ду шуна: дагарде кху текстехь маса элп И ду.

Х1ун бакъо ларъян еза х1ара т1едиллар кхочушдеш?

Имас И элп дика яздира.

Ислам х1инца а жима ву.

И шиъ дика ши бер ду.

Нанин ши накъост а ду.

И элп девзи. И мукъа ду. Цуьнан аз [и]. Дешнашкахь иза юьххьехь, юккъехь, чаккхенехь хуьлу…

тидаме хила веза

кхочушбина болх толлу

довзаран, регулятивни

8. Рефлекси.

–Дика болх бин аш тахана!

– Ткъа шуна муха хийтира тахана урокехь?

- Муха гира шуна кху урокехь маьлхан сурт?

Дешархоша урокехь шаьш бинчу белхан хьокъехь дуьйцу, маьлхан сурт къастадо.

Регулятивни

Личностни

27.09.2015 17:24