Просмотр содержимого документа
«Бессоюзные сложные предложения»
1алашонаш: 1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенин д1ах1оттам бийцар. 2.Кхечу чолхечу предложенех къасто хаар. 3. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь кхин муьлха сацаран хьаьркаш хуьлу дийцар. Чолхечу предложенийн исбаьхьаллин роль а,башхаллаш а.
- 1.1уьйрре г1евтина Мелиматан доьзал балха д1а а бахара, уьш гота аха а х1иттира.
- 2.1уьйранна г1евтина Мелиматан доьзал балха д1абахара, х1унда аьлча уьш гота аха езаш бара.
- 3.1уьйранна Мелиматан доьзал балха д1абахара, уьш гота аха д1ах1иттира.
- 1.1елас аларна, ялххе а белхало гота аха вахара.
- 2.Уьш шайн болх бина бевлира, цундела оха сихонца ялта д1адийра.
- Б1аьсте т1ееара/ йохъелира.
- 1.Б1аьсте т1ееара, йохъелира. (т1аьхьа-хьалха кхочуш хилар (перечисление))
- 2.Б1аьсте т1ееара-йохъелира. (хилам(вывод следствия))
1. Салташа, шайга хьоьжуш, дукха са ца гатдайтира Мелиматан доьзале: са ма-дайннехь баьхкина, ц1ийнан гуо а лаьцна, д1ах1иттира уьш. 2. Ц1ийнан гуо лаьцний а, салташа лелориг х1ун ду а ца хоуьйтуш, т1е юрг1анаш а диттина, шаьш а гуобина д1ах1иттина, къайлаяьккхира Мелимат чуьрчу а, арахьара чубаьхкинчу а зударша. 3. Ц1еххьана чулилхина, салтий Байсаг1уран коча бахара. 4. Дуьхьало еш а воцу иза, куьйгех буржалш а тоьхна, къевллина машшашца д1авихкира. 5. Т1аьхьа араваьллачу Бетас вордан чу тесира шаьш кечдина верта, амма г1алг1азкхичо, охьадожа ца дуьтуш, мийра тоьхна, юха арадожийра. 6. Меллаша т1е а вахана, верта хьала а эцна, д1ах1оьттира иза
Шима Окуев « Лай т1ехь ц1ен зезагаш»
- Рефлекси:
- 1.Х1ун 1емира таханлерачу урокехь?
- 2.Х1ун халонаш дуьхьалъевлира?
- 3.Х1иттийначу 1алашонашка кхаьчна я ца кхаьчна?
Дешархочо урокехь ша бинчу белхан мах хадор .
Ша-шен урокан мах хадор
Х1окху урокехь ХЧП къастаеллехь, г1алат а ца долуш, х1оттайо 2 балл.
Сан урокан мах
Г1алат хиллехь, доккха а доцуш, х1оттайо 1 балл. Г1алаташ шиннал сов хиллехь, балл ца х1оттайо .
ЧП-н дакъошна юкъера маь1нийн уьйр къастаеллехь, х1оттайо 2 балл.
1-2 г1алат динехь, х1оттайо 1 балл. Г1алаташ шиннал сов делахь, балл ца х1оттайо.
Тобанехь бечу балха т1ехь жигара дакъа лаьцнехь, х1оттайо 1 балл.
Тобанехь бечу балха т1ехь дакъа ца лаьцнехь, балл ца х1оттайо .
Ц1ахь бан болх: п.56, текста т1ера схьаязйинчу предложенешна синтаксически таллам бе, шайца йолчу цхьалхечарна характиристика а х1оттош. Буржалш, мекха бохучу дешнашца чолхе предложенеш х1иттае.