СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Йозанан жима а , доккха а элпаш юь, Юь яздар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Йозанан жима а , доккха а элпаш юь, Юь яздар»

Йозанан урок 1 класс

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш юь, Юь яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а юь,Юь. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан.Берашна девзар ду я элпо лелош долу г1ууллакх(ши аз билгалдо дешан юьххьехь а , мукъачу элпана т1ехьа нисделча ).

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла хир ду нохчийн матах , лаам хир бу и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок д1аяхьар.



1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Х1етал-метал хаьийла шуна:




Абатехь со оьшуш ду,

Цунна дукха дезаш ду.

Абатехь сан йиша ю,

Сох и ч1ог1а тера ю.

Амма хьайна довза лаахь

Ган а , довза аьтту бу хьан.

Деша дешнаш : юьхьиг,

Юькъа , юьртахь , юьхьк1ам

-Билгалдаккха хьалхахь дерг.

Ала бераш: девзий шуна,

Юьхьк1ам дешча гуш а дерг? (Юь).

-Муьлха элп ду цуьнан йиша? (Ю).

-Х1ун хаьа шуна Ю элпах лаьцна? (Ю элпо ши аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Юь элп цуьнан йиша хилча , Юь элпан хир юй иштта башхаллаш? (Берийн жоьпаш).

  • ЮЬХЬ дош фонетически таллар, схема х1оттор.

-Маса дешдакъа ду ЮЬХЬ дешан?

-ала ЙЙУЬХЬ. Муьлха аз хеза хьалхахь? (Й).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ала ЙУЬУЬХЬ .Муьлха аз хеза шолг1а? (Уь).

-Аз (Уь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ЙУЬХЬХЬ. Муьлха аз хеза кхоалг1а? (Хь).

-Аз (Хь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп ду ЮЬХЬ дашехь? (Шиъ).

-Маса аз ду? (Кхоъ).

-Х1унда ду ЮЬХЬ дашехь ши аз , кхо элп? (Берийн жоьпаш).

-Юь элпо ши аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа.

-Йилла схема.

Ц1

С


С





-Х1ун керланиг хии шуна? (Юь элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Муьлха аьзнаш ду уьш? (Й,Уь).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха дагахь ду шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш юь ,Юь. 1емар ду и элпаш ша-ша дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш юь,Юь довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (юь,Юь).

-Схьагайта шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп юь, доккха элп Юь.

-Хьанна девза йозанан жима элп юь ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Юь ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Юь элп яздеш масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина).

-Муьлханаш ю уьш? (Й, Уь).

-Элп Юь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш?

Йозанан жима элп юь яздар.

юь юь юь юь юь юь юь юь юь

-Д1аязде и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Дешнашкахь йозанан жима элп юь яздар.

(Уьн т1е д1аяздо дешнаш).



Юьхк , юькъа , юьхь, юьхьиг , юьртахь ,юьстаха, юьхьк1ам.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта ЮЬСТАХА дош?

ЮЬСТАХА дашехь мича меттехь ду элп Ю?(Юьххьехь).

-Дешан юьххьехь хилча х1ун г1уллакх леладо Ю элпо? (Ши аз билгалдо).

-Муьлха аьзнаш ду уьш? (Й,Уь).

-Маса элп ду ЮЬСТАХА дашехь? (Ялх).

-Маса аз ду? (Ворх1).

-Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жиммасадо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.



6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Предложенеш язъяр.

(Уьн т1е д1аязйо предложенеш).

1уьйранна хьалххе хьалаг1отту Юсуп. Ша д1атабо цо

шен мотт . Сабанца юьхь юьлу.

-Д1аеша предложенеш. Маса дош ду хьалхарчу предложенехь? (Диъ).

-Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? Кхоалг1а? Доьалг1а? Муха къастайо предложенеш йозанехь вовшех? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?







  • Ловзар : «Де-буьйса».

-Бераш , аса д1аэр ду тайп-тайпана дешнаш. Аса Юэлп хьалхахь долуш дош алахь д1адийша. Юь долуш дош алахь хьалаг1овтта.

Юьхь, юкъарло, юза, юьхьк1ам, юькъа , Юшаъ, Юнади, юьстаха, юьхк, юххе , юрт, юьртахь ,юкъара.

  • Кхоллараллин болх.

-Бераш вай ян еза жима проект Юь элпах лаьцна.

-Вай кечбина г1ирс берриге Юь элпах лаьцна бу. Иза вай цхьана кехат т1е д1анисбан беза. Х1ун латор ю цу т1е дуьххьара? (Юьхкан сурт)

-Х1унда латош ду и сурт дуьххьара? (Элп Юь юьхк дашехь ду).

-Х1ун латор ю шолг1а? (Элаш яздийр ду : зорбанан а , йозанан а).

-Муьлха аьзнаш билгалдо Юь элпо? (Й,УЬ).

-Х1ун дийр ду царна? (Д1аяздийр ду).

-Хьанна хаьа байт Юь элпах лаьцна? Д1аязъе.

-Дешнаш а яздан мегар ду цу т1е.

-Схьадийца шайн проектах лаций.-Х1ун кхиамаш бехи аша?



7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи вайна? (Юь).

-Маса билгалдо Юь элпо ши аз?(Дашна юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).

-Юь элпо муьлха аьзнаш билгалдо? (Й,Уь).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду?Аз (Уь)?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика кхочуш?

-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.








Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!