СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 24.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х яздар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х яздар»

Чулацам : « Йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш х, Х кхин д1а а довзийтар. Уьш дешнашкахь яздан 1амор. Предложенеш язъян 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш х, Х. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг д1аала.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар дешнашкахь йозанан доккха а ,жима а элпаш хотта.

3. Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх гуттара дика хилийта 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Дешаран урокехь 1амийнарг карладаккхар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-метал».

Д1а - хьуна, схьа - суна? (Херх)


Тхан кухни чохь дийнна шарахь

Шкаф чохь веха Г1ура-Дада? (Холодильник)


Бакъ ма ду и дуьненор,

Тоьхна боцуш цхьа а лол.

Т1оьх-т1оьхула безамехь

Эзар коч ю нускалехь? (Хох).

-Муьха дешнаш карина шуна? (Хох, холодильник, херх).

-Х1ун ду церан юкъара? (Хьалхахь аз (Х) хеза).

-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Х)? (Х элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан докха а , жима а элпаш х ,Х яздан).

3. 1алашо йовзийтар.

- План х1отта э шайн белхан. Х1ун кхиамаш бохур бу аша? (Берийн жоьпаш).

-Вай тахана яздийр ду йозанан жима а , доккха а элпаш х , Х. 1амор ду и элпаш дешнашкахь яздан. Вай предложенеш а язйийр ю.

Схьаеллал шайн прописаш  

Муьлха элпаш ду лакхарчу мог1арехь

(зорбанан а, йозанан  «Х» элпаш) 

Стенца къаьста зорбанан элп яздар йозанан элп яздарх?

(зорбанан элп нийса (прямо) яздо, йозанан элп –  раз (охатаь1на) (под наклоном))

 

Муьлхачу меженех лаьтта «х» элп?

«Х» элп дилла хьовсий вай: ас уьн т1ехь, аша х1аваэхь, х1ора меженан нийсаязъар дага а лоцуш (дешархоша хьехархочуьнца цхьаьна кхочушбо и болх).

Хьехархо: Ткъа х1инца и элп  тетрадаш т1ехь яздале хьалха, дагалоцур ю вай йоза яздаран бакъонаш ( бераша: нийса охьахаа веза, тетрадь раз  дерзо деза (под наклоном), корта дукха охьабахийта ца беза).

(дешархоша хьехархочун куьйгаллица тетрадаш т1ехь болх бо)

Физминот

Оха язди, оха язди,

Хаттаршна а жоп дели,

Х1инца жимма са а даь1на,

Мерза, мерза наб йийр ю.

(бераша парти т1е кортош а дохкий, б1аьргаш д1акъовлу)

4.Йозанан жима элп х яздар.(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп х яздан).

-Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу буьллу. Гу т1ера чу вог1у аьтту аг1ор горга сиз хьокхуш. Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьрру аг1ор тасалуриг юьллу. Шолг1а дакъа дуьллу вай. Т1адам буьллу белхан мог1анна кхоалг1ачу декъе лакхахь. Хьалавоьду гу а буьллуш. Гу т1ера чувог1у аьрру аг1ор хьаьвзаш вукху меженах хотталуш. Охьакхочуш т1ехкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалург.

-Х1инца вай элп х х1аваэхь дуьллу.

5.Сада1аран миноташ.

Халаг1овта, дег1 нисде.

Куйгаш нийсса ирхдахийта,

Аьрзу хилий, д1асадахийта,

Хьалха лаца нийса д1а,

Парг1ат хеца уьш охьа.

Юх-юха а изза де.

Охьаховша, дег1 нисде

6. Йозана доккха элп Х яздар.

  • Уьн т1ехь гойту элп Х яздан.

Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Гу а буьллуш хьаьвзина охьавог1у аьтту аг1ор . Лахарчу мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу. Шолг1а меже юьллу. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула , Гу буьллий , хьаьвзаш охьавог1у аьрру аг1ор . Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу.

8.Предложени х1оттор,д1аязъяр.

-Цициганний,дахкиний г1о де. (дешдакъех дош х1оттаде)

Мамас молха молу.

-Муьлха дешдакъош ду, д1адеша?

- Дош караде, предложении х1оттае.

-Маца яздо дашехь доккха элп ? (Предложени йолош , адамийн ц1ерашкахь).

-Маса дош ду предложенехь? (кхоъ ).

  • Йозанан тетрадь т1ехь болх бар

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложени язъян).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзи шуна? (Йозанан жима а , доккха аэлпаш х, Х).

-Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?

Х –элпо билгалдо аз .. (Х).

Аз (Х) ца лакхало , цундела иза ду …(Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя