Чеченская литература
Тема: туьйра «Дехкий дийна муха дисира »Ш. Макалов
1алашо: «Дехкий дийна муха дисира »Ш. Макалов довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна туьйрана коьрта маь1на, хьекъал довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза и шен дешнашца йийца цуьнан васт х1отто 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша,; вочу х1уманех ларбала , диканиг дан 1емар ду берашна.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар
Бераша д1айоьшу стихотворени «Акхарой долчохь»
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Туьйра, туьйра дахана боху,
Лекхачу гаьн т1е хиъна боху,
Б1аьргаш боцучунна гина боху,
Куьйгаш доцучо лаьцна боху,
Когаш боцучо эккхийна боху, Бага
йоцучо кхаьллина боху.
(Халкъан)
Меллаша д1аеша байт. Кица «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина»
-Муха кхета шу кицанах?
3.1алашо йовзийтар
-Муьлха туьйра ду вайна тахана 1амо билгалдина?
-Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?
Суна девзар ду
Суна 1емар ду…
Суна карор ду хаттаршна ..
Суна 1емар ду схьадийца…
--Бераш, вайна тахана девзар ду керла туьра«Дехкий дийна муха дисира »Ш. Макалов.Вайна 1емар ду туьйра кхеташ , нийса дийцар деша.Вайна 1емар ду лахарчу хаттаршна жоьпаш дала,туьйра схьадийца.
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1адоьшу ««Дехкий дийна муха дисира »Ш. Макаловн» туьйра
аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Муха дара цициг?
-Цо х1ун дора дехкашна?
-Х1ун киртиг х1оьттира цицигна?
-Муха барт бира дехкаша?
-Хьекъалдолчу дехко х1ун элира?
-Муха кхета шу кицанах: «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина»
-Дехкий сихделлехьара х1ун хир дара?
5.Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у дог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу туьйра.
-Муха хета шуна цициг? (х1илла долуш)
-Х1унда?Хьайна хетарг книги т1ерачу мог1анашца бакъ де?( ша делла моттийта охьадуьйжира иза)
-Муха ду дехкий? (Хьекъале ду?)
-Х1унда? (уьш ца тийшира цицигах)
7.Рефлекси.
-Х1ун болх бан ницкъ кхечу шун?
Суна девзи керла ….
Суна 1еми иза деша…
Суна хии сайн дешнашца жоп…
Суна хии туьйра схьадийца …
8.Жам1 дар.
-Муьлха туьйра вай? Стенах лаьцна ду иза?Хаза да рий туьйра ?Х1ун дара гуттар хазделларг?Х1ун хьоьху вайна цо?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Бераша туьйра схьадийца кечам бо